Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
01.10.2017, 22:56 | #11 |
бакъйолу аккази)
|
КЪАСТАМ !
1 Ваша а ,мостаг1 а, къастош хьо вацахь. Дика а, вониг а ,луьттуш хьо вацахь. Гергар а, хийра а , декъна хьо вацахь. Хьуна йоьвзар яц хьуна, Бакъуо а харцуо ! 2 Накъостана г1о эшчахь , д1ах1уттуш хьо вацахь. Муьлхха вайн йо1-Йишин, Ваша хьо вацахь. Хьайн къоман,Умматан ,Сий лардеш хьо вацахь. Хьуна йоьвзар яц хьуна, Къонахийн Яхь ! 3 Хьан Дайша ларйина ,Маршо ца къийлинехь. Цуьнца шайн ч1агъелла ,амал ца евзинехь. Эхь-бехко кхиийна, ларам ца ларбинехь. Хьуна боьвзар бац хьуна, Дайн Мехкан бохь ! 4 Доьналлехь ч1аг1йина,вайн лаьмнийн тархашт1ехь. Доккхачу хьунарц, йоьг1начу б1оьвнашкахь. Маршонца х1иттийначу ,г1аланаш б1аьннашкахь. Лардинарг ду хьуна К1ант, ахь дойъуш Доь ! 5 1уьйренан з1аьнаршца ,ломан куц ца дайнехь. Кийра бузош тог1ешца,шовданаш ца меллехь. Акхачу вайн стоьмийн ,мерза-моз ца довзинехь. Хьуна боьвзар бац хьуна ,Дайн Мехкан чам ! 6 Делан хьакъ лелорехь,малуоно хьо лаьцнехь. Хьайн дешан Да волу, олалла а доьжнехь. Дайн г1иллакх д1атесна, хьо "парг1ат" ваьллехь. Хьан дезарш дац хьуна, шен болуш мах ! 7 Хьайн дег1ехь, доьзалехь, Эхь доцург магийтахь. Стаг 1ехош дозанаш, Тешамах дохийнехь. Сутарчу ойланех, хьайн дуо ахь бузийнехь Хьан хьайн а бац хьуна, ши мискъал мах ! Аьрсбин Абу-Бакр 02.10.11 шо : |