Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 24.10.2013, 15:11   #161
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

ГЕНАРА БЕЗАМ

Генара Iуьйре мел хала ю-кха,
Генара суьйре мел хала ю-кха,
Сагаттаделча ган йиш йоцуш,
Генара безам мел хала бу-кха.

Буьйса еъча гIайгIане юьйлуш,
Маца гур ву - даго - хьо, бохуш.
Генара хьо варе хьоьжуш,
Сагаттадеш, сан дог карзахдуьйлу.

Вай, мичахь хьо лелаш хилла-те?
Вай хIунда ца девзина хилла-те?
Делар вайша жимчохь девзина -
Хир дара вайша тахана цхьаьна.

Делар вайша жимчохь девзина -
Хир дара вайша кхолламехь цхьаьна.

Къастам-кхоллам хир буй-те суна?
Безам дагчуьра бер бац цкъа а дIа…
Хьо гича кхаъ хир бу даимна,
Мел къаналла тIеэхарх денна.

Генара Iуьйре ма хуьлийла,
Генара суьйре ма хуьлийла,
Сагаттаделча ган йиш йоцуш
Генара безам ма хуьлийла.
  Ответить с цитированием
Старый 11.12.2013, 02:57   #162
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Багийта сан ирсан суй...

Гой хьуна сан ирсе б1аьргаш,
Ма г1ерта уьш кхуола хьо,
Ма лела безамах кхаьрдаш,
Цо бекхам мел ч1ог1а бо...

Ма г1ерта шелъян сан б1аьсте,
Багийта сан ирсан суй.
Вай вовшех къаьстар дац, бохуш,
Ахь суна ма баа дуй...

Цкъа безам 1ехинчу стагна
Шозлаг1а не1 йоьллур яц.
Цкъа тешам байначу дагна
Ахь дуьйцург бакъ хетар дац...

Л.Арсалиева
  Ответить с цитированием
Старый 23.12.2013, 01:19   #163
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ма хилахьа массарна а хаза –
Массара а доккху хаза заза.
Хиларх со массарна хаза,
Лепар бу сан седа цхьанна.
Ма хилахьа массаьрца екхна –
Массара а муьйлу шовда хьаьъна.
Хиларх со массаьрца екхна,
Хьаьъна дог доьллур ду цхьанна.
Ма хилахьа массаьрца дика –
Дагахь хир ву массо а хьо йига.
Хиларх со массаьрца дика,
ТІехдика со хир ю цхьанца.
Ма латтабе массаьрга безам –
Бийр бу ахь хьайн дагна Іийжам.
Латтарх а массаьрга безам,
Цхьаьнга бийр бу озабезам.
Къаставе цхьаъ иллеш дохург,
Безаман цу цІергахь даим вогург.
Къастор ву ас шен иллешца,
Шех йогу цІе сох лато верг
ГІенан кхоьлах хьо дуьхьалхІуьттург,
Хьо гар шена доккха ирс лорург.
Лаьа суна гІенан кхоьлах,
Ас хьоьхуш берг барт хуьлийла.
Ахь «хІаъ» цуьнга алахь, цо хьо лома,
Юьгур ю-кха стигалхула тІома.
Ас «хІаъ» аларе ца хьоьжуш,
Цо юьгийла шен кхолламе.
Цуьнга алахь ахь «хьо суна веза»,
Хетар цунна хьо шен деган зезаг.
Шега веза ас цааларх,
И кхетийла дагахь долчух.
Цо дугІур ду и ломан басахь,
Малхехь, тхилахь къегийта хаза.
Шена сох тарделлехь зезаг,
Мохехь-малхехь ца тоьхкуьйтуш,
Деган кІоргехь дІатардойла,
Нехан бІаьргах, вонах лардеш.

Петирова Пет1амат
  Ответить с цитированием
Старый 12.03.2014, 21:46   #164
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дог

Охьакхетта, атаделла, делла...
Эзар дакъа хилла декъаделла.
Х1ора дакъа эзар лазам хилла,
Дисна хьалха дог хиллачохь 1илла.

Иккхина дог. Амма адам деха,
Шен лазамах б1аьрг ца кхардош неха,
Халахеташ шена къилахь хилар
Шен дахарна боцца т1адам биллар....
  Ответить с цитированием
Старый 23.12.2015, 02:47   #165
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Вага ма вехьа

Седа, со вага ма вехьа,
Вуьшта а вогуш ву со.
Цхьа к1еззиг къинхетам бехьа,
Лацахьа тутмакхан г1о.

Алахьа генарчу г1алахь,
Муха ду езачун хьал.
Ехий те боцуш и бала?
Яланза юй теша гал?

Я еха со виц а велла,
Биц бина ша йина мохк?
Кхечунна дог а д1аделла,
Коьрта чу д1адижна дохк?

Хаийта, вицвина яхахь,
Лууш вуй со цунна ирс.
Вожавеш г1айг1а т1еярах,
Ца еллий суна ша йиц...


Шаид Рашидов
  Ответить с цитированием
Старый 23.12.2015, 02:49   #166
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьо бен яц

Дуьнен чохь хьо бен яц
Сам дагна езнарг,
Дуьнен чохь хьо бен яц
Сан сина эшнарг.
Хьол хаза, хьол оьзда
Цхьа а ца хета,
Геннара гича а
Дагчу малк кхета.

Со муха вехар ву
Хьоьха д1акъастахь?
Хьо йоцург цхьа а яц
Дош аьлла хаста.
Хьуна ас кхиийна зезагийн аре.
Хьомениг, ма г1олахь кхечуьнга маре.

Юьгур ю лаьмнашка
Лакхенаш гайта,
Беттанур 1еначу
Шуца некъ байта.
Седарчий кховдор ду
Стиглара даьхна,
Поэтийн долахь ду
Хийламмо баьхна.
Дахарехь хьо бен яц
Сан дагна езнарг,
Дахарехь хьо бен яц
Сан сина эшнарг.
Дуьнен чохь хьан меха
Цхьа а ца хета,
Буьйсанна гича а дагчу малх кхета.


Шаид Рашидов
  Ответить с цитированием
Старый 29.04.2016, 01:53   #167
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дуьне хьийзар ду, дахар кхача даьш,
Вайшиъ къаьстина зама йoг1ар ю.
Некъаш хедар ду, со хьох хьегавеш.
Байлахь бисина безам боьлхар бу.

Зезаг даг т1ера лаьтта дужар ду,
Вайшиъ лаьлла некъ наха бустур бу,
Ас сай лаза дог карахь таьхкор ду,
Сирла ойланца хьан лар лоьхар ю.

Б1аьр хих буьзна х1орд кийрах ловзу са,
Даго туьтту д1а къаста деза хан,
Гуьйре йог1ар ю шила хиш 1енош,
Десса оьхар ду, хьо ца гуш денош.

Батто дети нур лаьтта х1оьрсур ду,
Ас и лехьа деш хьа ирс кхуллар ду,
Са-м ца хилла ирс маьлха дуьненахь,
Ас хьо йоьхар ю сайна эхартахь.

Дуьне хьийзар ду, зама кхача йеш,
Некъаш хедар ду, со хьох хьега веш,
Нагахь балано дог хьай 1овжа дахь,
Хьайга сатуьйсуш со вуй хаалахь....
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Часовой пояс GMT +4, время: 03:32.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot