Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 01.03.2013, 20:28   #1
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию Ахьмад Сулейманов

Батто стиглахь г1ийла текхаш,
Оьхьу суна дато лан.
Седарчаша дохку некъаш,
Самах дуьхьал туьйсу г1ан...

Лаац суна д1абузийла,
Лаьа даима стиглахь ган!
Нур 1енийла лаьтта г1ийла,
Цкъа а кхача ца луш хьан!

Х1ун дара-техь цу седарчех
Даьхна дато хьастамаш,
Стиглан тхевнах д1алатийча,
Хилийта хьо даима гуш?

Х1а-х1ан! Таро яц хьо къовла!
Дуьне мел ду д1аг1о хьо!
Езарг хира ю хьоьца къайле,
Екъа лууш, лууш ган!
  Ответить с цитированием
Старый 01.03.2013, 20:44   #2
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьан б1аьрхиш сан
Дагчу кхечи тахна,
Дог а 1авжош
Ас уьш хала лайн!
Хьан г1айг1анна
Со г1айг1ане вахна-
Хилла сох хьан
Сингаттамийн лай!...

Хьайн лех х1инца
Хьайна луъург дехьа!
Вей д1авакхахь,
Лаахь вацаве!
Сан ницкъ кхочург,
Ца кхочург а дехьа!
Хьайн ницкъ белахь,
Ахь сан безам бе!

Вецар вар-кха,
Хьох къастарна кхоруш,
Хало хьегарх,
Доккхадеш сайн дог.
Къаьхьа денош
Мерзачарех лоьруш,-
Цунна тахна
Ас мук1арло ло!

Ма хетта сайн,
Боккха ницкъ белхьара,
Схьагулдина
Дерриг зезагаш,
Кхолур дара
Хьан когаш к1елхьара
Дерриг некъаш,
Цунах воккхавеш!
  Ответить с цитированием
Старый 01.03.2013, 21:12   #3
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ма ала соьга

Бовхачу безамца
Хьайга дог кхийдаш,
Хьо ца гуш дахна де
Кхоьлина хеташ.
Мацалла, хьогалла
Хьо йолчохь йицлуш.
Хьо езначуьнга ахь
Йицъе ма ала!

Х1ара дуьне дита а
Хир ву со реза,
Амма со дуьненчохь
Мел веха г1оза,
Самах а, г1енах а
Хьо сайна езар
Далхадеш вехар ву:
Йицъе ма ала!

Шалг1а мотт вайшинна
Юкъе ма буьйли,
Соьцара хьан безам
Шелбелла бели
Сан даго т1аьххьара
Хьоьга мох эли:
Сан безам, соьга хьо
Йицъе ма ала!

Сан б1архих, сан дуйнех
Хьо ма ца кхийти.
Езар сов мел дели,
Со хийра хийти.
Шелделла т1улга дог
Ахь суна гайти,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Сай кийра йижий ахь
И 1аьржа буьйса,
Вити ахь со хьайга
Къайлах сатийса.
Ахь суна дихкина
Хьо йолчу хьийзар
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Ахь алахь кийча ву
Лекха лам ахка,
Кийча ву хьо лоьхуш
Вала а акха.
Ма таса вайшинна
Юккъе ахьа мекха,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Реза яц хьо соьца
Сан безам бекъа,
Вехар со валлалца
Безаман шовкъехь.
Хьаг1 йоцу сан безам
Хьанна бу новкъа?
Сан безам соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Валлалца хьо йицъян
Хир вац со реза,
Хьуна со ца везарх,
Суна хьо еза.
Вайшинна метта хьо
Ехийла г1оза,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!
  Ответить с цитированием
Старый 02.03.2013, 14:00   #4
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Календаран т1аьххьара лист


Гуттар а санна,
Керлачу Шарца
Ас даггара хьо
Декъалайо!
Хеназа къеналло
Кийра ца морцуш,
Б1е шовзткъе итт шарахь
Ехийла хьо!

Хьан зама лечкъаеш,
Д1акирчи денош,
Кхин юха а ца дерза
Чакхдели шо.
Азъели календарь,
Листаш а 1енош.
Т1аьххьара дисина
Цхьа лист а го...

Г1елвелла лаьтта со,
Цу листе хьоьжуш.
Дог 1ийжа.
Кхоьру со
И даккха схьа,-
Бертаза я бертахь
Хьо даг чохь лелош,
Яккхина мерза хан
Яларна д1а.

Кхоьру со! Кхоьру со
Яларна б1аьсте:
Зезагаш г1овтур ду,
Къарз а беш бай...
Хьох тера бос богу
Зезагаш къестош,
Карор вац царна со,
Илланча шайн.

Нагахь со ларамза
Шаьшна т1е кхачахь,
Эхь хеташ,
Бай т1е охьтиэ1ар ду уьш...
Ас шаьшка хьо йийцахь,
Шайн тхишлахь луьйчуш,
Къахеташ, эгор ду
Цара б1аьрхиш.

Б1аьста-м ша бешар бу
Шовданаш т1ера.
Б1е шарахь бешар бац
Даг т1ера сан!
Сайн ирсан беттаса
Д1адуьзна лоьруш,
Йоккхур ю ас г1ийла
Йисина хан...

Бертаза хьо даг чохь
Кхаба дац атта,
Хийрачу хьоь хьежа
Ницкъ а бац сан.
Маржа-я1! Велар-кх со
Т1улг хилла лаьтташ
Шуьйрачу цу нокъахь
Хьо наггахь ган!

Нагахь хьо г1елъелла,
Шена т1етобжахь,
Хьан ненал эсала
Хир бара и.
Хьагъелла, йохъелла,
Ницкъ боцуш дег1ехь,
Ахь дехча лур дара
1индаг1а, хи.

Г1елвелла, лаьтта со
Цу листе хьоьжуш.
Дог 1ийжа. Кхоьру со
И даккха схьа.
Бертаза я бертахь
Хьо даг чохь лелош,
Яккхина мерза хан
Ели-техь д1а?!
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2017, 22:25   #5
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Кхин цкъа а хьоьжур вац
Со б1аьсте яре,
Хьоьжур ву кхачаре
Хьо йина де.
Зезагех кхолур ю
Гарманан аре,
Седарчех юьллур ю
Хьан сирла ц1е...
Кхана хьо ткъолаг1чу
Шар чу ма юлу.
Тахна-м хьо зезагах
Таръелла сан!
Лаьар-кха, б1е шаре
Кхаьчна хьо йолуш,
Х1инца ма-гарра хьо
Декъала ган!

Лаьар-кха, хан яларх,
Хьо йоьлуш, ловзуш,
Даима дог къона
Лаьттийла хьан!
Лаьар-кха сингаттам,
Г1айг1а ца евзаш,
Даима сирла хьан
Ойланаш ган!

Тешалахь, цхьанна а
Суначул сов хьо
Езалур ю аьлча,
Хир ма ду харц!
Тешалахь, къа доцчу
Кхело хьо човхош,
Йожаяьхь, сол хьалха
Кхин вог1ур вац!

Тешалахь, сайцанний
Зезагаш делхош,
Ас хийла 1енийра
Сирла б1аьрхиш.
Тешалахь, стиглара
Седарчий лехьош,
Ойланца ас хьоьга
Кхийдийра уьш!

Кхана хьо ткъолаг1чу
Шар чу ма юлу...
Тахна-м хьо зезагех
Таръелла сан.
Лаьар-кха б1е шаре
Кхаьчна хьо йолуш,
Х1инца ма-гарра хьо
Декъала ган!
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2017, 22:28   #6
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьо марша 1ойла...


Диц ма де: хьо хир ю
Сан деган эла.
Со воьду валлалца
Хьо йоцчохь лела.
Хьайн делахь,
Дог хьостуш,
Т1аьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхин гур дац,
Хьо марша 1ойла.

Бешара мох тийна,
Декаш ду хьоза.
Хастам беш йиллинчу
Хена хьо ярна,
Стиглара седарчий
Нур 1енош, кхозу.
Вайшинна айкх довлахь,
Эхь деца царна.

Буьйсанна серло лун
Беттаса санна,
Хьо яр-кха сан серло
Ерриг а ханна.
Сан деган беттаса
Ца кхета дуьзнехь,
Сан г1ийла дог-ойла
Хуур-техь хьанна?

Дешица хи доккхуш
Говзачу пхьеро
Дети т1ехь диллина
Беттан сурт санна,
Сан даг т1ехь язйина
Хьоме ц1е хир ю
Дуьненчохь ас яккха
Йисинчу ханна.

Диц ма де: хьо хир ю
Сан деган эла.
Воьду со, валлалца
Хьо йоцчохь лела.
Хьайн делахь, дог хьостуш,
Т1аьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхин гур дац,
Хьо марша 1ойла...
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2017, 22:28   #7
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Даймехкан Илли

Массо а суьранна,
Тхан беша долий,
Хьозано юх-юха
Локху цхьа йиш...
Карара сайн къолам
Охьа а буьлли,
Ладуг1у ас, хуттуш
Б1аьргаш чу хиш.

Ц1а а цу эшаран
Дош а ца кхетам,
Мел ч1ог1а ойла йеш,
Ладег1арх ас.
Амма цхьа ша тайпа
Гергара хета
Сан дагна, ца к1ордош
Цу иллин аз.

-Алахьа, х1ай хьоза,
Юх-юха боху
Хьан хьоме и илли
Х1ун илли ду?
Хьан даим и лекха
Дог хунда дог1у,
Суна а и хунда
Ца к1орда до?

Хьозано, ладоьг1на,
Элира доцца:
- Сийлахьчу Даймахках
И илли ду
Даймехкан иллига
Шен безам боцург
Ша винчу махкаца
З1е йоцуш ву.
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2017, 22:32   #8
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Весет

Вовшийн хила доьг1на доцуш,
Дуьне дисар сох хилахь,
Хьуо езнариг дагалоцуш,
Цкъа сан коше ялалахь.

Сох дисина дуьне делхош,
Б1аьрхиш охь ма хецалахь.
Къа ца хеташ,дог ца лозуш,
Екхалой а х1отталахь.

Безам буйцуш байташ язъеш
Чурт кхала ма г1ерталахь.
"Хьо чекхвели!"-охкуш , яздай,
Цхьа акха т1улг бог1алахь.

Цу т1улга т1е х1ора сарахь
Цхьа олхазар хуьйшур ду..
Безам хестош и декарехь
Х1ан дог доьлхуш хезар ду.

Вовшийн хила доьг1на доцуш,
Дуьне дисар сох хилахь,
Хьуо езнариг дагалоцуш,
Цкъа сан коше ялалахь.
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Часовой пояс GMT +4, время: 03:39.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot