Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 15.06.2008, 19:08   #1
Б1ов
Нашхо
 
Аватар для Б1ов
 
Регистрация: 12.06.2008
Сообщений: 281
Вес репутации: 61
Б1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможно
По умолчанию Нохчийн маттахь байташ

Нохчийн маттахь байташ
__________________

Отрицать всё
Б1ов вне форума   Ответить с цитированием
Старый 15.06.2008, 19:19   #2
Б1ов
Нашхо
 
Аватар для Б1ов
 
Регистрация: 12.06.2008
Сообщений: 281
Вес репутации: 61
Б1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможноБ1ов невозможное возможно
По умолчанию Мамакаев Мохьмад

Мамакаев Магомет (1910-1973 гг.)
М. Мамакаев — поэт, прозаик, публицист, литературный критик - один из тех, кто стоял у истоков современной чеченской литературы.Родился М. Мамакаев 16 декабря 1910 года, в чеченском селе Ачхой-Мартан в семье крестьянина. Оставшись в 10 лет круглой сиротой, воспитывался в детском доме. Все пережитое в детстве: боль утраты, горести и радости лирически изложены в его поэме «Разговор с матерью»(1934 г.). В молодости М. Мамакаев был комсомольским активистом, учился в Москве в Коммунистическом Университете трудящихся Востока. Мировоззрение того периода отразилось в его первые литературных произведениях - «Утро над Аргуном», «Ласточка», «Пондар», лиро-эпическая поэма «Кровавые горы» (1928 г.).

На стыке 20-х и 30-х годов М. Мамакаев писал публицистику. На страницах журналов «Революция и горец», «На подъеме» он полемизировал с авторитетами того времени по вопросам освещения истории Чечни периода гражданской войны на Северном Кавказе. Общение с крупными советскими литераторами - М. Горьким, В. Маяковским, Э. Багрицким, (который стал первым переводчиком стихов М. Мамакаева на русский язык), впоследствии с А. Фадеевым, А. Серафимовичем, М. Шолоховым, А. Твардовским, Н. Тихоновым - оказало влияние на формирование взглядов М. Мамакаева. Он подчеркивал в своих статьях роль русской интеллигенции в становлении чеченской литературы и искусства, значение сближения культур русского и чеченского народов.
__________________

Отрицать всё

Последний раз редактировалось Б1ов; 16.06.2008 в 23:26.
Б1ов вне форума   Ответить с цитированием
Старый 17.06.2008, 13:09   #3
Solnce
странник
 
Аватар для Solnce
 
Регистрация: 17.06.2008
Сообщений: 196
Вес репутации: 38
Solnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможно
По умолчанию

Чiегiардиг

Чiегiардиг, чiегiардиг,
Ласточка, ласточка,
Хьо стенга доьдуш ду?
Ты куда летишь?
Бос хаза олхазар,
Красивая птичка,
Хьо хьенан хьаша ду?
Чей ты гость?
Собарде, сих ма ло,
Подожди, не спеши,
Тiам шера олхазар,
Легкокрылая птичка,
Сан дехар-кост дiало,
Мою просьбу передай,
Дiаала хьайна гар.
Передай, как увидишь.
Дiахьаьжча гуш болчу
Посмотрев, увидишь
Теболтан лома кiел,
У подножья горы Теболтан,
Къилбехьа лаьттачу,
На Востоке земли,
Бовхачу малха кiел,
Под горячим солнцем,
Бехаш бу сан безам,
Живет моя любовь,
Со вицван дог долуш,
Чье сердце забыло меня,
Ойланца хервина,
В мыслях отдалило,
Со дийна вац, бохуш.
Говоря, что нет меня в живых.
Ахь цуьнга алалахь,
Ты ей скажи,
Со дагахь латтаве,
Пусть хранит в сердце,
Шен шира доттагiа -
Своего старого друга -
Де доьхча ма вицве.
Не оставляй в беде (тоске).
Чiегiардиг, чiегiардиг,
Ласточка, ласточка,
Дерриг а хаалахь,
Все узнай,
Езачун дагахь дерг
Что на сердце у любимой
Ма-дарра схьадалахь.
Как есть принеси.


Последний раз редактировалось Kamila; 19.06.2008 в 10:07.
Solnce вне форума   Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 18:49   #4
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ас лазам алий хьох, Дахар?
Оьг1азло-м йийр яц ахь суна?
Ас Iийжам алий хьох, Дахар?
Дог догу. Ницкъ лохьа суна.
Ас Туьйра алий хьох, Дахар?
Сийначу геналлехь д1адай сан туьйра.
Хазалла алий хьох Дахар?
Ахь к1иллой бийр баций декъал?
…Х1ун ала ас хьох, х1ун ала?
Сел мерза, сел къаьхьа туьйра

Бана Гайтукаева


Гайтукаева Банин байташца д1айолон луур дара суна х1ара тема. Вайна массарна а дукхаезаш ю аьлла хета суна Банас язйина байташ. Дала гечдойла Банина!

Последний раз редактировалось so jar isam; 20.06.2008 в 07:17.
  Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 18:51   #5
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

К1айн ойла
(Дуриев Рамзане)


Мокха ойла ас мархашка хохку.
Сийна ойла 1алац доцчохь хи.
1аьржа ойла ю сан латта охкуш.
К1айн ойла ю шуьца, доттаг1ий.

К1айн ойла ю доккхуш денна заза.
Латор бу цо, к1ентий, мерза стом.
Чомана а хир бу мазал мерза,
Маьлхан басахь догуш г1орг1а чкъор.

Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла,
Шун бехкенна, сан бехкенна я,
Заза лаьтта дужуш, сан к1айн ойла,
Стом ца латош,1ахар йисарна…

Хоттане, 1976 шеран май

Ибрах1им Юсупов


Юсупов Ибрах1им нохчийн поэташна юккъехь суна уггаре дика а, гергара а хеташ поэт ву. Цуьнан байташ ч1ог1а инзаре сиха дагах кхеташ карайo суна. Цуьнан стихашкахь къеггина го адамашка, махке , лаьтте болу безам, иштта го къинхетам, оьздангалла, к1орггера нохчийн г1иллакх! ( Дала геч дойла Ибрах1имна!)

Последний раз редактировалось so jar isam; 20.06.2008 в 07:10.
  Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 18:56   #6
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Нана-аьрзу...

Iажаркх-буц т1унъелча суьйренан тхишлахь,
Кху ц1енчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
Х1ай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн к1орни яйъи ахь, суна хьох къахета.

Инзаре мохь бетташ суьйренан к1уьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.
Хьан доьхна дог Iийжош, т1ехъюьйлу к1орнеш,
Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха.

Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу д1акхето сайн ирсе г1ан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«Х1ай, Нана, со ва-й и-м — хьан вайна к1ант!».

1977 шеран июль


Ибрах1им Юсупов

Последний раз редактировалось so jar isam; 20.06.2008 в 08:24.
  Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 18:58   #7
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

***
Кхин цхьа де а чекхдели сан, урчакх санна, хьийзаш,
Эханг санна, адамаш а луьстуш шена т1е:
Шайн боларшца, аматашца сан кхетамехь зийзаш
Кхолламаш а болуш нехан, вац со парг1ате.

Малх чубуззуш сецна урчакх ас сайн кара ийци,
Эзар ойла ечу цуьнан коьртах куьг хьаькхи.
Шен темех, цатемех лаьцна цо соь дукха дийци,
Дисиний-те аьлла хеттал бухахь дийца кхин.

Къеста ца беш хийраниш я сайна бевза-безарш,
Хеда ца деш, гулдалийти ас и синойн тай.
Ас сайн даг чу д1адийшийти ша массеран дезарш,
Сайн г1о оьшуш мел болчеран хабарш суна тай.

Даим суна уьш хазийта шаьш ма-дарра шера,
Дала х1оттош хилла тийналла а лаьтта т1ехь.
Ас сайн иэсехь Iалашйийр ю массо урчакх шеран,
Уьш сайн хьийзаш мел ю лаьттар ву со царна хехь.

Амма сайн денош т1е хьерча боьлча шийла Iеха,
Цкъа мацца а сайн дахаран суна гур чаккхе.
Дала т1аккха д1алур ду сан иэсехь Iаь1на эханг
Дуьне шена т1е луьстучу маьлхан урчакхе...

1илман Юсупов

Последний раз редактировалось so jar isam; 20.06.2008 в 08:25.
  Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 19:06   #8
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Заманан мазлаг1а

Заманан мазлаг1а хаддаза екайо адамийн ойланийн вено.
Х1оккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас Iа1ош балоз а, моз а.
Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено:
Коьртера цо х1ора г1аттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза.

Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре:
Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла…
Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех,
Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла.

Амма ду кхиндерш а, ц1уналахь дахкалуш, серлонна т1екъерзаш гома:
Гамо, Хьаг1, Питана – иштта д1а кхин а ю оцеран и ц1ераш дукха…
Синхьехам леллашехь, Iожаллин зезагах д1хехкош ойланаш т1ома,
Сан кхардам бевзачу сакхташа лергинчу зезаго леван там бу-кха…

Хьажахьа, Малонан парталчу зезаган хьожано тилийна ойла
Хьанала къинхьегам къахьбелла, эхьдоцчу жуккаран ц1е лелон яьлла.
Шен г1оьнца даьккхина доцу моз цо дууш цкъан цкъа а суна ма гойла!
И лалла доьналла соьгахь ца хилахь, со хьовзийла накхарх ц1е яьлла!..

Зуламан Iаьржачу зезаган дургало т1еийзон сайн цхьа кхин моза
Ас халла саций-кха, орца а даьккхина сайн долахь мел долчу вега…
Д1аьвше и зезагаш цхьаццадерш куц-хьарам хуьлуш ду – ма хиларш г1оза!
Х1нцца т1екхиъначу мозаша, Iехалуш, ма бала бахьа-кх шайн дега…

Делахь а, т1аьхь-т1аьхьа царна шен хьехар дан т1ера ю накхарийн эла:
Евза-кха суна и – Даймахках лаьцна ас хаддаза еш йолу ойла –
Малх санна, сирлачу зезагийн кортош т1е хуьйшу сан мозий цундела,
Iалам а бер долуш, вовшашлахь тийсинчу уьйраша церан барт бойла!

Баркалла, Даймохк, ахь кхиорна хьайн арахь зезагаш уггар сан хьоме.
Г1енийн к1ур бетташ, ас улхара моз оьцу хьоь болчу безаман Iайгахь…
Чудуьйла, адамаш! Ас шуна даьккхина деган моз, хьовсийша чоме,
Аша-ъ ца вуьтий со, синойн и улхан моз жимма а ца диъча шайгахь…

Ерриг а мазлаг1а шен дола яьккхинчу замано сонта к1еж туьйсу:
Диканиш-вониш а ца къестош, цо накхарш къоъмаза оту-кха хийла.
Ойланаш, Бакъдолчу Зезагийн хьошалг1ахь хьеелларш, лензаллехь юьсу –
Дуьненан иэсехь йохйо цара оьмарийн цхьайолу кийсигаш шийла…

Iилмам Юсупов

Последний раз редактировалось so jar isam; 20.06.2008 в 08:33.
  Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 19:10   #9
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ма деха дара и 1а,
Б1аьсте цо х1аллак ма йира,
Гуьйре цо 1ана ма йира,
Ма деха дара и 1а.

Ма деха дара и 1а,
Хьаькхча шен мохь хезар боцуш,
Орца т1е хьада стаг воцуш,
Дуьненчохь адамаш доцуш.

Ма буьрса дара и 1а,
Цхьа дахарш халбата ховшош,
Хьарамдеш ирс довза лаар,
Дуьненан къайленаш хаар.

Ма деха дара и 1а,
Б1аьсте цо х1аллак ма йина,
Гуьйре цо 1ана ма йина,
И ша а г1ора ма дина...


Хеда Батаева
  Ответить с цитированием
Старый 18.06.2008, 19:11   #10
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

***

Х1умма а ца дисна сан юхахьежа,
Цхьа некъан чан йоцург, д1аюьжуш йолу.
Ас сайца д1ахьош ду сайн къолам-кехат,
Синтем а боьхкина ас эцна долу.

Ас сайца д1ахьош ду хьан б1аьрхийн къа а,
Хьоьга а,цхьанге а гечдар ца доьхуш.
Ткъа хьуна буьсаш бу къастаран лазам,
Цхьамог1а хаттарш а,шайна жоп доьху.

Екъа хьуна юьсуш ю толаман байракх,
Вайшимма сел луьра къийсана йолу.
Амма де хир дац хьан,и хьалаайа,-
Ахь цунах дийр ду хьайн б1аьрхишна йовлакх.

Нахана дуьсуш ду,вайшиннах дийца,
Вайшимма ваьшшимма дитина дош а ....
Цхьаволачо дог лозуш дуьйцур ду иза,
Цхаволчо-эвххьаза,кхардадеш дог вайх....

Ткъа хьуна-анайист йоьжнначохь лаьтта,
Ц1ергахь малх багабеш,кхерсттачохь алу,
Жоп доцуш,дагадеш г1елделла б1аьрса,-
Кийрахь мохь буьжар бу,хуьлуш лен талу.

Т1аьххар а,дог дуьллуш дуьненах,Делах,
Буйнаш ахь къовлур ду,къовлур ду дог а.
Хуур ду сан безам ца хиллий бегаш-
Уггаре халачух кхетар ду дог хьан.

Кхетар ду,эрна дуй,мел т1аьхьа хьежарх,-
Вайн синойн къа летта со новкъа волуш,
Сайца д1адаьхьнехь ас сайн къолам-кехат,
Сайн са а доьхкина ас эцна долу.

Зелимха Яндарбиев
  Ответить с цитированием
Ответ

Метки
байташ, стихи

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Чему бы вам хотелось научиться? Б1ов Образование 171 12.12.2017 00:32
Новости мира высоких технологий Б1ов Интернет и софт 10 22.11.2017 04:11
Ачхой-Мартановский район Б1ов Населенные пункты ЧР 39 13.09.2011 00:39


Часовой пояс GMT +4, время: 05:11.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot