Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 19.06.2008, 10:13   #21
Solnce
странник
 
Аватар для Solnce
 
Регистрация: 17.06.2008
Сообщений: 196
Вес репутации: 38
Solnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможноSolnce невозможное возможно
По умолчанию

Даймехкан Илли

Массо а суьранна,
Тхан беша долий,
Хьозано юх-юха
Локху цхьа йиш...
Карара сайн къолам
Охьа а буьлли,
Ладуг1у ас, хуттуш
Б1аьргаш чу хиш.

Ц1а а цу эшаран
Дош а ца кхетам,
Мел ч1ог1а ойла йеш,
Ладег1арх ас.
Амма цхьа ша тайпа
Гергара хета
Сан дагна, ца к1ордош
Цу иллин аз.

-Алахьа, х1ай хьоза,
Юх-юха боху
Хьан хьоме и илли
Х1ун илли ду?
Хьан даим и лекха
Дог хунда дог1у,
Суна а и хунда
Ца к1орда до?

Хьозано, ладоьг1на,
Элира доцца:
- Сийлахьчу Даймахках
И илли ду
Даймехкан иллига
Шен безам боцург
Ша винчу махкаца
З1е йоцуш ву.



Ахьмад Сулейманов
__________________
Ваше счастливое число - 7352685223431656234754. Ищите его всюду! :p )))
Solnce вне форума   Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 03:53   #22
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду.

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю,
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду.


Апти Бисултанов
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 03:55   #23
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Схьахьажахьа соьга...

Сирлачу шовданан коьртехь,
Хих к1удал юьзна а яьлла,
Д1аяха кечъелла хьо ас
Сацийра: - Хи лохьа, - аьлла.
Хьоь хьаьжча, дог ч1ог1а хьагло,
Б1арзвелла, къурд байта соьга.
Дагахьдерг соь ала ца ло,
Ца керчаш, мотт багахь соьцу.
Кховдабе хин чаме соьга,
Хьостано д1о седа санна,
Дог хьастий, схьахьажа соьга,
Кхин рицкъа хьашт дац-кха вайна.
Лам айбар белшо а лайна.
Х1уттур ву со хьуна хьалха.
Ахь соьга, ела а елла,
Дош алахь ирс деъна вайга.
Елало, дог ц1ена хьовза,
Д1аэца сан са а хьайна.
Реза ву т1улг хилла саца,
Ахь декъахь сан дахар хьайца.
Ахь чами кховдийна къурд бахь,
1ебар ду шовданан хих са;
Сакъераделла, ахь дош лахь,
Хала дац халонца къийса...


Мамакаев Мохьмад
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 03:59   #24
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию



Хьоьга


Нисса шо кхаьчнера
Суна хьо еза,
Хьоь болу безам ас
Сайн дагчохь къуьйлу.
Яйнера мерза наб,
Байнера синтем,
Дог дара диллина
Безамо 1уьйшуш.

Хийлазза вог1ура
Хьо йолчу аг1ор,
Сайн дагца ч1аг1о йой
Ц1енна д1адийца.
Хийлазза вирзира
Ца дуьйцуш хьоьга,
Кхоьрура хиларна
Хиллариг х1инца.

Амма ницкъ бацара
Кхин д1а садетта,
Бовхачу безамо
Боттура кийра.
Дийцира сайн ницкъал
Безам а тоьлла
Кхоьррушехь хетарна
Хьан дагна хийра.

Ахь лехахь куц хаза,
Дац иза соьца,
Яц соьца куралла,
Кочалла яьсса.
Ткъа сан дог къайлехь ду
И хьуна довзац,
Амма хьо тешалахь:
Дац иза даьсса.

Массаьрца хьанал ву,
Шалха мотт боцуш.
Дог ду сан тешаме
Харцо ца езаш.
Ч1аг1о ю ас йина
Йохалур йоцуш,
Дуьненчохь хан яккха
Халкъана вецаш.

И ойла кхочушъеш
Къахьега деза,
Ирс кара ца дог1у
Д1а ка ма туьххи,
Дуккха а ирхонаш
Яха сан деза,
Амма со соцур вац,
К1адваларх воьхна.

Цундела хиндолчу
Дахаран новкъахь,
Везара дог эца
Тешаме накъост.
Соьца ирс, ткъа нислахь
Халонаш екъа,
Хилахьа доттаг1а
Цкъа а ца къаста.

Даггарчу безаман
Х1у дийнчу арахь,
Лен доцчу зезагийн
Хазалла иэшац.
Сох тешна дахаран
Новкъа хьо ялахь
Хьо дохко ер яцарх
Хилахьа тешаш.

Кхетац хьо, кхетац хьо
Сан дагахь долчух,
Я тешац даггара
Дуьйцучух хьайга.
Ницкъ хилча, дависарг,
Кийра д1абелла,
Хьо езаш догу дог
Хьоьга д1агайта!


А. Айдамиров

  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 04:01   #25
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дагахьбаллам

Ойла ца еш ас хьан сина дина халахетар
ТIедазделла, балехь бу сан стихийн хIора могIа…
Ма зовдаха тIера дара хьан эсалчу деган хедар
Сан сихаллин моханечу дешнийн чIиркъе догIа.

И дIахудуш, саьхьарбаьлла сан шеконан орам
Гирий хьуна, цIубдар санна, вайн безамах бекхаш?
ХIетахь чIогIа хало ларна, дагна хилла хорам
ДIа ца болуш, дукъделла ду cан синтеман легаш…

Ирс хиллий-цца йокъанехь а таро йолуш хьекъа,
Йочанера гIо ца лоьхуш дегнийн кораш дила…
Лууш ву сайн бIаьргийн стигал даим Iахар къекъа,
ДогIа теран билгалонна хьан стелаIад хила!..

Iилман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 04:06   #26
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Цкъа сан ц1ехьа сагатделча генехь,
Элира соь нанас, хьостуш со:
«Аг1орвалахь, дуьхьалтесна г1енах,
Вина юрт а хьуна ган тарло!»...
Сан дог оьцуш, малхбузера седа
Суна г1евле ха дан хиира,
Сан б1аьрнег1арш охьадийшош к1еда,
Мела мох а эсал хьаькхира.
Шен тулг1енаш сан ойланца йоьзна,
Татол мерза лерехь декара -
Дашо марха сайна т1е а оьзна,
Меллаша со аг1ор таь1ира...
Гира суна: Г1ойт1а, вина эвла,
Тхешан ц1енош, шира можа тхов,
Кет1ахь леста таьллаш, лакхадевлла;
Г1ой-хи дог1у, уьйуш хьоме зов,
Со левзина уьйт1е - бацах сийса,
Д1огахь гуш ю 1аждар-бецан колл,
Тхан ж1аьла а - Дамка - кертахь хьийза,
Суо а цуьнца ловзуш суна го...
Ярабби! Мел дукха зама яьлла
Ур-атталла г1енах ганза уьш!
Хетарехь, б1е шо а хир ду яйна
Дамкин даь1ахк, 1аждар-бецан ч1еш!
Х1етте, сецош, хьоьжу со цу г1ене,
И д1адарна кхоьруш, дог 1алац:
Юхадерзар вешаш беран хене
Вайна г1енах бен хуьлуш ма дац!..

Магомед Сулаев


Х1ара байт билгал ч1ог1а хазахета суна Сулаев Мохмадан.
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 04:07   #27
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сай..
(Ошаев Халидан безамна)


Вахнера цкъа гурахь
Со ламчу тала,
Мажар а оьллина
Белша т1е сайн,
Схьалаха лаьмнашца
Илли т1ехь буьйцу
Ц1ен огар шен багахь
Леш болу сай.

Эххар а ги суна
Сай бахна гора,
Шовданан хи муьйлуш,
Шен дегош т1а,
Гарачу ма1а т1ехь
Дай-й дегадора
Генарчу хьуьнхара
Цо деъна г1а.

Шовданан куьзганахь
Гуш дара дегош
1ожаллех идийна
Сен оьзда куц,
Чов хилла, и хьаьдча,
Яаза йисна,
Схьагора сен багахь
Ц1ийелла буц.

Мелла хи ц1ийделла,
Багара 1аьнна,
Цо бай т1е харцийра
Шен кура кур.
Сатоссуш довш хуьлу
Седарчий санна,
Кхоьлина сен б1аьргаш,
Шайн дайна нур.

Кийрара дог 1ийжаш,
Синтем а байна,
Лаьттира со, хьоьжуш
Мажаре сайн...
Ма холчу х1оьттира
Со, гича сайна
Ц1ен огар шен бахахь
Леш болу сай...

1961 шо

Мохьмад Сулаев
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 04:22   #28
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Синтем бац...

Денош ма д1аоьху,
Хьо гучу ца волуш,
Буьйсанаш яхъелла,
Хьан къамел ца хезаш.
Сингаттам даг т1ера
Суна бац д1аболуш, -
Хьомениг, алахьа,
Хьо х1унда ца вог1у?
Набарха ма-елли,
Со коре хиира,
Батте ас хаьттира:
«И х1ун деш ву?» - аьлла.
Соьга схьахьаьжначу
Батто схьаэлира:
«Цунна гуш даима
Хьан сурт ду, йо1», - аьлла...


Раисa Ахматовa
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 04:23   #29
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Корталих-м хьерчар ю, шеллуш, 1ай санна,
Амма дац сан белшех кортали - к1ац ю.
Къийлало-кх, хьомениг, хьо даиманна...
Х1унда ву хьо ишта, хьуо везаш хилча?

Кхечунна дакъа а цкъа а хир доцуш,
Хьан ц1е ю даима сан деган эла...
Ткъа х1унда вац-те хьо и дог сан хьостуш,
Х1унда ву хьо ишта, хьуо везаш хилча?

1ай хьоькху мох санна, шийлачу даг чохь
Безам а, я ц1е а кхин йоцуш санна...
Эцахьа соьгара, хьайна ца тоьъчахь, -
Д1алур ду дерриг а, везарна сайна!

Х1унда ца лаьа-те даггара хьуна,
Эсала вистхилла, сох дагавала?
Хуъушехь оццул хьуо везийла суна,
Хьо ишта х1унда ву, хьомениг, ала?!


Раисa Ахматовa
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 04:25   #30
so jar isam
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Х1ун хилла суна...


Хууш яц, х1ун хилла сайна:
Ницкъ кхачац йовза хьан къайле,
Я сан дог к1адделла-техьа,
Я хьан дог шелделла-техьа?

Б1аьргаш чохь гергарло кхайкхош,
Лийцира вай вовшийн куьйгаш.
Дегаза хилла-те довзар?
Я хилла хьо харц дерг дуьйцуш?

Сайн х1усам шелъелла хета,
Декхна де хетало буьйса,
Хьо ца гуш, сагатло - кхета:
Безамо даг чохь к1еж туьйсу.

Дог парг1ат лелачу хьуна
Хаац со, сагатдеш, хьегар.
Хууш яц, х1ун хилла сайна,
Лалац-кха хьо сайца эг1ар...


Раисa Ахматовa
  Ответить с цитированием
Ответ

Метки
байташ, стихи

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Чему бы вам хотелось научиться? Б1ов Образование 171 12.12.2017 00:32
Новости мира высоких технологий Б1ов Интернет и софт 10 22.11.2017 04:11
Ачхой-Мартановский район Б1ов Населенные пункты ЧР 39 13.09.2011 00:39


Часовой пояс GMT +4, время: 11:43.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot