Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 31.01.2010, 02:31   #1
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию Апти Бисултанов -Байташ

Мел дийцичи доца хира дукх..
Апти ву.......

Нажмите на изображение, чтобы открыть его в исходном размере.

Апти Бисултанов изучал филологию и работал в качестве доцента, редактора, издателя, вице-премьера,бывший министр социальной защиты в правительстве Ичкерии.

За свою поэму "В Хайбахе написанные", посвященную жертвам сталинской депортации, в 1992 году получил Национальную премию.

С осени 2002 года Апти Бисултанов находится в Берлине. Он принимал участие в Международном литературном фестивале, являлся стипендиатом Фонда Культуры.

В 2003 году в Роттердаме он получил премию Award фонда s of all Nations и N(o) Vib-Verlag. Публикации на чеченском языке: Плуг-Огонь-Дом, Грозный, 1986., Одно сказание, Грозный, 1988., Тень молнии, Грозный, 1991.

Т1амт1ехь

хьуна ца дезачо
хьо а ца везачо
сих-дег1ах хьакхалой
чов йо

даггара хьо дукхавезарг бен
хьан дагах кхетар яц хьуна
зуда а
даьндарг а

Делан ц1е яккха кхиахьара-кх.............


Хочу заметить,в теме приветствуются обсуждение его произведений,ваши мнения,ассоциации.
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 31.01.2010, 02:38   #2
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию

Бералле..........


Ков тоьхна веа со, хан йоцчу хенахь хьо г1аттош,
Мохь тоьхна веа со, хьан шерийн тийналла 1адош.
Утармех д1атесна 1аспар - сан къена сингаттам,
Хьан уьйт1а вели со, йохалла 1ожалла хадош.
Гой хьуна, къу ву-кх со, х1ара ду-кх ас дина къола,
Айкхалла диллина ахь лехнарг х1ара ду-кх хьуна.
Къена къанваллалца, дуьненах, эхартах волуш,
Къера къарваллалца идийнарг х1ара ду-кх хьуна.

Гой хьуна сан б1аьргаш - уьш эхьан мархано баьхна,
Гой хьуна сан куьйгаш -до1анаш дицделла царна,
Со, бода аьхкина, лаьхьанал лурвоьлла ваьхна,
Когаш а хуьйдда сан, сийлахьчу некъашна варна.

Ца ваьлла ког боккхуш, боьшана хьозано санна,
Ца ваьлла дош олуш, са къаьхьа замане хьийжи.
Ца ваьлла вижича, дуьне гуш маьлха каш санна,
Халбатахь мел1унан б1аьрхишца санна со тийжи.

Берд текхна хьехачохь аьзнашка ладоьг1уш санна,
Генара ларйи ас х1ора а дуьненан 1уьйре.
Набахтен наь1арехь серлонна сакх тутмакх санна,
Экама хьийжи со х1ора а адамийн уьйре.

Тоьшалла гулйина сайн денойн, буьйсанийн тоба,
Айкх йина мук1арло ца деза сайн деган аьрго,
Хьан кхеле деа ас эзарза дохийна тоба,
Хьан кхеле еа ас сайх эзарза кхаьрдина м1аьрго.

Гой хьуна сан дешнаш, хьан б1аьргийн серлонах хебаш,
Гой хьуна 1алашо, сан даг т1ехь т1улг хилла 1уьллу.
Боданех д1айоьлла, сан деган к1оргенехь теба,
Лурйоьлла ойла а х1инца ас хьан кхеле юьллу.

Гой хьуна къу ву-кх со, хан йоцуш-м ду х1ара х1инца,
Дела бен теш воцуш-м ю х1ара вайн шира тховса.
Цкъа мацахлерачу вайн ирсах диссина цинцаш,
Хьан синтем, хьан тешам ас юхаберзабо тховса...



Бералле хиллакх х1ар байт,аса-м безамца тиданер .....
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 31.01.2010, 02:43   #3
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию

"Оцу инзаречу тамашийначу некъехь а цара дуьненан г1оьнжаг1ашкахь 1индаг1аш вовшах хьакхадаллал вай герга даладой наггахь беш хилла болчу тешнабехках а
вай кораш хьалхахула т1ех а дуьйлуш цхьа лерина боларх а рожах а ца духуш д1аоьхуш хиллачу кеманех а денойх а.

хьан пхенаш дестадой миллиардаш д1аьвшечу гаьргашца хьан ц1ий лоьлхуьйтуш хиллачу цабезамах а

вайн д1акъистинчу вежарех а йижарех а

Випперсдорфехь ехаш хиллачу цхьалхачу г1ург1езах а

собарх д1авш даьллачу дешнех а

цхьаллех д1авш даьллачу ц1ийх а

(хьан кехата т1ера)

Нажмите на изображение, чтобы открыть его в исходном размере.
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.02.2010, 00:44   #4
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию

Х1усаман 1алашо йоцуш
И т1улгаш т1ек1ела дихкинарг
Г1иртина шен цхьаллех кхета

Со иза хууш ву сайн дайша йиначу х1ора а б1евнах
Со иза хууш ву Нохчийчохь гиначу дуьххьарчу б1аьвнан
Х1ора а кора т1ехь х1ора а не1ара т1ехь
Харцахьа баьккхина гуо гичахьана

Ширачу сан дедас зайлаца т1улга т1ехь бинаберг
Цкъа Шемахь бийцинчу шен седа-жайнанан маттахь
Ваалар а валар а вахаран гуонан цхьа ц1онга ду аьлла
Т1адамах кхоьллинарг т1адаме воьрзур ву аьлла
Гуо - иза цхьалла ю, цхьалла и маршо ю аьлла
Шен гуонах кхеттаверг дуьненан къайленех кхетар ву аьлла
Ч1уг карчарх кхеттаверг дуьненан хазаллех кхетар ву аьлла

Х1усаман 1алашо йоцуш
И т1улгаш т1ек1ела дихкинарг
Г1иртина шен цхьаллех кхета

Ткъа гидо-м боху уьш ю алха цхьа декорацеш
Нагахь и бакъ делахь
Даима Моцартах цецвийлла воллу

Со х1унда 1ехаво кху сарахь эчиган цаьпцалго
Цкъа сайна дуьххьара евзича санна
Угаре а хаза олхазарш
Х1ораза 1уьйренан ламазан хенахь декаран къайле

Я х1унда сапарг1атдели сан
Т1ебоьжна тхов хьала айбича санна
Хьала а г1аьттина д1о г1анта т1ера
Цхьа адам д1адоладелча

Доллучу дахарехь ерриг а пачхьалкхан харж йойуш
Херцарех х1оккхузахь г1ург1езийн руьйта Neuschwanstein а йина
Паччахьалин г1уда текхна а ваьлла
цхьаллин гуо буьзначу буьйсана

борз ехкаш дуьненчу ваьлла
Нохчо со хиларна

Ларт1ера ваьллачу Людвигна г1ург1езаш езаран бахьанах кхетта
Вала д1авоьдуш верг со волуш санна

Сел лехарх карош ца хилла
Нохчийчу боьду некъ ц1аьххьана схьагича санна

Нохчийчу боьду некъ

Ларамза хиллачу 1ийданех йисина нехаш
Ларамза хиллачу марзонех йисина ченаш
Цхьанхьа д1акхоьхьуче
Делера хиллачу 1ийдане
Делера хиллачу марзоне


Эзарнаш шерашкахь Шемера Кавказе кхаччалца некъ беш
К1адъелла йижначохь наб кхетта йисначу эмкалийн ковранах

Ас лаьмнаш олуче цханхьа
Мостаг1на юьхь-дуьхьал х1оьттича
Берриг а букъ т1ехьа лаццал бен боцучу махкахь

Мачаш т1е йиллина чан а
Ялсаманен басах лепачу
Нохчийн муджахидо ког биллал йисначу меттигах
Ас Даймохк олуче цханхьа

Дуьненан историн ц1онганехь лаьттачу
Цкъа а со шена т1ех1оьттина воцучу
Сайн ненан кошана уллохь
Сайн ц1онга суна схьакарадийр доллуче цхьанхьа

Х1усаман 1алашо йоцуш
И т1улгаш т1ек1ела дихкинарг
Г1иртина шен цхьаллех кхета.....
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.02.2010, 00:45   #5
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию

* * *

бакъдерг

со хилла
и лаха г1евттинчийн мог1арехь
банарлахь хьаьрчина олхазар санна

сайга букъ берзийна иза д1адоьдуш
со цуьнга кхайкхина
кхелхинчу тхайн дега санна

наггахь и юьхь=дуьхьал гича
со цуьнга хьежна ву
ша варах кхелхинчу шен нене цхьалха к1ант санна

бакъдерг

со цуьнца д1ихна
дуьненан къизачу некъашкахь
б1аьрзечу шен дедас куьг лаьцна д1адуьгу жима бер санна

1991
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.02.2010, 10:05   #6
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию

Да воцу ж1аьла.


Диларшкахь ду цуьнан дажар
Кхаьллешкахь ду цуьнан дижар
Да воцу ж1аьла ду иза
Ц1е йоцуш ша т1аьхьа даза

Токхенехь летачу пхьаьрчийн
Аьзнаша тийналла цоьстуш
Дуьжу и боданах хьаьрчий
Г1ан-набарх доьшано хьоьстуш

Массо а х1уманал хьалха
Г1отту и дакъаза г1аларт
Массо а х1уманал цхьалха
Юха а суьйренга дала

Ду иза ойланал маса
Даима д1аэккха кийча
Цхьа цеце 1адийна аса
Майраллин зирх боцуш ц1ийца

Амма цкьа и хьаста дагахь
Эсала дош далахь багах
Дарделла сох иза лета
Иза ду-кх цхьа х1етал-метал

* * *

Ас х1унда и дагалоьцу
Тахана и долуш санна -
Хьох йолу ойла ю соьца
Да воцу и ж1аьла санна.
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.02.2010, 10:06   #7
Тешам
Нана
 
Аватар для Тешам
 
Регистрация: 24.01.2010
Адрес: В реалиях
Сообщений: 397
Вес репутации: 89
Тешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможноТешам невозможное возможно
По умолчанию

Цаевзарг


1.

со хьоьца 1аш вара
хьо чоьхьа елира
1адийна цецваьлла
ас хьоьга элира
- цаевзарг алахьа
со вевзий хьуна?
-ца хаьа хьуна?

жоп цхьалха далале
хан-зама елира
юха а со хьоьца
т1екара велира
- цаевзарг алахьа
со гиний хьуна?
- ца хаьа хьуна?

цу хенахь ша-шеха
не1 екъаелира
кхин х1усам хир йоцуш
тхов бекъабелира
со сайца висира
хьо хьайца йисира
мел долу хаттар сан
жоп доцуш дисира

вайн къастар х1ораза
иштта ма хуьлура
хьо гучуяллалца
хьо соьца хуьлура
х1ораза хьуо оьций
иштта д1айовра хьо
д1аяйча кхин а сов
сан дагна товра хьо



2.

со хьоьца волало хуьлу хьо т1ома
со хьуна велало хуьлу хьо гома
со соцу мал хуьлий тулг1енаш яржош
юьжу хьо сан дагалецамийн 1ома

лаьхьанан когийн лар д1аевлла хенаш
зингатан б1аьрга го хьан куьйгийн кенаш
со вуьсу секха дог г1евланга дуьллий
хаддаза тергалдан хьох долу г1енаш

со т1ома г1отту хьо т1улг хуьлу кочахь
со хьуна дарло хьо елало коча
хьан йистцахиларо синбердаш херцош
хьоьга ладоьг1ий сан са лере кхочу

берд байна тулг1енаш д1адаьлла дахар
чуьртана доладар хьоьга догдахар
хьо юьсу б1е эзар бехкаман долахь
есаллехь сан деган мохь хуьлий яха

хьуна т1екхевдича г1оьмаша лоцуш
хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш
дерриг а карийна дерриг а дайча
мук1ало ду-кх хьуна хьуна бен доцу

ц1а доцуш лелла со ц1е йоцуш лелла
мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла
хьан озо вижавеш хьан озо г1аттош
хьо г1ам ду йиша ю ца хууш лелла

3.

хьоьга ладег1ар мохе ц1а дехар
хьоьга ладег1ар т1улге са дехар

хьо цхьаъ бен йоцуш ерг цкъа а ца хилларг
серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг
б1е эзар ц1е йолуш дуьненчу яьлларг
сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг

хьо йицъян г1ертар куьйга хи шардар
хьо йицъян г1ертар кога г1ан къардар

ден букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь
къастийна дара те гергара хийра
азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь
къастийна дара те самах я г1енах

хьоьга ладег1ар хьо йицъян г1ертар
соьцанна г1ур ду цкъа кешнийн керта.



4.

до1анна дехар
хьо оьшу суна
и дехар хьеха
хьо оьшу суна

докъанна марчо
хьо оьшу суна
и марчо хьарчо
хьо оьшу суна

хьан дош а сан дош а
къайлаха жайнаш
азаллехь яздина дарий те вайна

г1енашна тешам
хьо оьшу суна
и тешам эша
хьо оьшу суна

чуьртана бала
хьо оьшу суна
и бала кхала
хьо оьшу суна

хьан дош а сан дош а
къайлаха жайнаш
эхартахь мукъна а гур дуй те вайна



1992 - 2009
Тешам вне форума   Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:49   #8
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сан даг т1е 1ад хьоькху буьйсанан саде1аро,
Ас мукъам болабо б1аьргашца.
Хетало, тийналло, сан дехаро
Шедагах лоькху хьан б1аьрхиш а.

Б1аьсте ю-кх лешъериг вайн х1усамехь,
Х1инца а пхийттара яланза.
Д1аала йиш йоцург кху буса бен
Масане дайна хир-кх аланза.

Пхийттара бовланза сатийсамаш
Къежлуш бу, хено варкъ кхолонза.
Дуьненан сих оьху сан къийсамаш
Масане байна хир-кх толамза.

Маьлхан каш санначу вайн х1усамехь
Тийналла йоьлхуш ю хьаьркашца,
Декъалдан йиш йоцург кху буса бен
Декъалдо ц1еналлин б1аьргаша.

Ишттачохь лаамаш ца сецало,
Эсаллин мох ц1ийца хьоькхучохь,
Дег1 делла дисина са хецало,
Т1емашца лендацар лоькху цо.

Лоькху цо, лоькху цо д1адаьлладерг,
Мел хиндерг дуьхьала доху цо.
Цундела дахарехь цааьлладерг
Хьан б1аьра хьаьжначохь боху ас:

Вайн дахар хьан б1аьргийн цхьа шедаг ю,
Ерзонза сан б1аьргийн эшаро,
Йохъянза бужучу суй-седано,
Шелъянза дийнначу б1ешаро.

Вайн дахар ду еккъа цхьа дикалла,
Кхоьллина г1айг1анийн йохалло.
Хьан ц1ийца доьссина маликалла,
Дерзонза сан эвлаяалло...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:49   #9
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Х1ун дийр ду, х1ун дийр ду, хила ца доьг1нарг,
Мел ч1ог1а лаарх а, кхочуш ца хилча.
Хьуна со кхин гур вац ойланех воьхна,
Ахь со а ма хьеста кхин хьайн б1аьрхишца.


Дуьненан дуьххьарчу ножа к1ел ехна,
Дийцина дацахь а, езнера суна.
1аьпказан г1амаршлахь хьан лараш лехна,
Карийна яцахь а, эшнера суна.


Доьзалан хьашташа ца къанви со а,
Хьоа ца къежъели, ц1еннана хилла.
Ахь белахь баьллачу пайданах тоам,
Дерриг а дерзадеш, суна бехк биллий.


Бехке ву, кхерарна хьан б1аьра хьажа,
Бехке ву, чехорна х1ора а буьйса,
Хьох хила лаарна 1аьмаран Заза,
Сайх хила лаарна Бахьдаран Муьстарг.


Суна ца хаьара, эца йиш юйла,
Сайоккхуш бохка а йиш юйла безам.
Суна ца хаьара, суо бехке вуйла,
Кисанаш дузанза хьан б1аьра хьежна.


Аьрзуно синтемах ца юхку Маршо,
Къонахчо диканах ца духку эхь а.
Лазамах хуьлда-кх сан докъана марчо,
Хьан ц1ийца йоцу ц1ен ас хьоьга ехнехь.


Ткъа х1инца х1ун дийр ду, хила ца доьг1нарг,
Со вала вижарх а, кхочуш ца хилча,
Хьуна со кхин гур вац ойланех воьхна,
Ахь со а ма хьеста кхин хьайн б1аьрхишца.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:50   #10
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Райнсбергарчу т1ай т1ехь

М.

1индаг1аш - царна а ма деза вовшийн,
Бесачу, даима шийлачу царна,
Амма шаьш кхоьллина цхьа малх д1абовш бен,
Марзонан хама бан-м ца хаьа царна.

Цкъа цхьана дитта т1ехь дезначу вовшийн,
Вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
Дисинчу 1индаг1ийн, мох меттахъхьовш бен,
Вовшех ца хьакхало дог1маш я г1енаш.

Я Аллах1, ма марзо хила а еза-кх
Доьдучу хи т1е чуэгначу церан!
Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх
Цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!

Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь
Дегадар. эгадар бу церан мотт а,
Шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
Ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар.

1индаг1аш - царна а ца лаьа х1инца
Бузучу цу малхе х1умма а хетта...
Эгавеш марзонан х1ора а цинцах
Со а сайн 1индаг1а хиларх со кхетта.

Цу дакъаделлачу диттана т1ера
Ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
Меттахъхьов, 1индаг1ийн санна, сан кхерам -
Там бара со царел хьалха д1авала!
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Нохчийн маттах лаьцна 1илманан белхаш Enigma Чеченский язык 8 25.04.2010 03:56


Часовой пояс GMT +4, время: 05:17.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot