Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 15.02.2010, 02:50   #11
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду.

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю,
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:51   #12
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Со цецвуьйлу
Со цецвуьйлу, со цецвуьйлу денна
Дикачу нехан дикачу г1иллакхех.
Кху дуьнен чу со цецвийла веъна,
Сайн вахарах сайна хета эхь.

Цхьамма даьккхи д1огахь сирла шовда,
Цхьамма кхоьлли керла х1усам-ц1а,
Цхьамма цхьаьнга безам кховдий бовха.
Ас х1ун дина? Со х1ун кхиъна дан?

Цхьамма доьг1на, мохехь синтар леста,
Ахорхочо кхиий беркат-кан,
Цхьамма илли эли, дахар хестош.
Ас х1ун дина? Х1ун дика ду сан?

Кху дуьнен чу со цецвийла веъна,
Сайн вахарах сайна чекх са ган.
Дикачу нехан беркат деба денна.
Ас х1ун дина? Со х1ун кхиъна дан
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:51   #13
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Шовданна 1индаг1 дан ножан дитт оьшу,
Кошанна упха ян ножан дитт оьшу,
Доллучу дуьненна дашо малх оьшу,
Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу..

К1орга ду боху ахь Нохчийчохь 1аьмнаш,
Лекха ду боху ахь Нохчийчохь лаьмнаш,
Мерза ду боху ахь лулахойн кхаьънаш,
Шорта бу боху ахь хьо йовза хьаьгнарш.

Б1аьргашца са к1амдар дац хьуна хьастар,
Амалшца садаар дац хьуна хьастар,
Делахь а бу хьуна илланчин хастам,
Ца хилча ца далахь хилийта къастар..

Да воцчу к1ентан а дог лозу хьуна,
Стаг воцчу стеган а дог лозу хьуна,
Амма кху дахарехь ца нисло хьуна
Т1екхаьчча адамо ловр доцуш х1ума..

Стогалла амалшна ца хуьлу говза,
Мел ч1ог1а хьаьгнехь а деза дог довза,
Цундела воьду со, 1одика йойла,
Декъала хуьлда-кха къастаран ойла..

Цхьаъ бен дац стиглахь Ча Такхийна Тача,
Цхьа а вац ницкъ кхаьчнарг цунна т1е кхача,
Даггара боху ас, сатийсам кхачош:
Декъаза хуьлда-кх со, хьо бен ирс дацахь...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:51   #14
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

до1анна дехар
хьо оьшу суна
и дехар хьеха
хьо оьшу суна

докъанна марчо
хьо оьшу суна
и марчо хьарчо
хьо оьшу суна

хьан дош а сан дош а
къайлаха жайнаш
азаллехь яздина дарий те вайна

г1енашна тешам
хьо оьшу суна
и тешам эша
хьо оьшу суна

чуьртана бала
хьо оьшу суна
и бала кхала
хьо оьшу суна

хьан дош а сан дош а
къайлаха жайнаш
эхартахь мукъна а гур дуй те вайна...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:52   #15
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дехар

Ахь суна лохьа цхьа 1уьйре
Хьайна бен ца гина 1уьйре
Со Далла вилхинчу хенахь
Сан б1аьрхи цкъа хьуна гурриг

Ахь суна лохьа цхьа меттиг
Хьайна бен ца гина меттиг
Сан садер долучу меттехь
Хьан сибат цкъа суна гурриг

Сино цкъа са хьоьстуш хилла
Азаллин шахтата санна
Мацах вайн суьрта т1ехь хилла
Юкъара 1индаг1а санна

Хьо ца гуш и дагалеца
Хьо гича воха ца воха
Со ала кхоьрург д1аэций
Со деха кхоьруш верг лохьа
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:52   #16
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

со хьоьца 1аш вара
хьо чоьхьа елира
1адийна цецваьлла
ас хьоьга элира
- цаевзарг алахьа
со вевзий хьуна?
-ца хаьа хьуна?

жоп цхьалха далале
хан-зама елира
юха а со хьоьца
т1екара велира
- цаевзарг алахьа
со гиний хьуна?
- ца хаьа хьуна?

цу хенахь ша-шеха
не1 екъаелира
кхин х1усам хир йоцуш
тхов бекъабелира
со сайца висира
хьо хьайца йисира
мел долу хаттар сан
жоп доцуш дисира

вайн къастар х1ораза
иштта ма хуьлура
хьо гучуяллалца
хьо соьца хуьлура
х1ораза хьуо оьций
иштта д1айовра хьо
д1аяйча кхин а сов
сан дагна товра хьо
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:53   #17
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

со хьоьца волало хуьлу хьо т1ома
со хьуна велало хуьлу хьо гома
со соцу мал хуьлий тулг1енаш яржош
юьжу хьо сан дагалецамийн 1ома

лаьхьанан когийн лар д1аевлла хенаш
зингатан б1аьрга го хьан куьйгийн кенаш
со вуьсу секха дог г1евланга дуьллий
хаддаза тергалдан хьох долу г1енаш

со т1ома г1отту хьо т1улг хуьлу кочахь
со хьуна дарло хьо елало коча
хьан йистцахиларо синбердаш херцош
хьоьга ладоьг1ий сан са лере кхочу

берд байна тулг1енаш д1адаьлла дахар
чуьртана доладар хьоьга догдахар
хьо юьсу б1е эзар бехкаман долахь
есаллехь сан деган мохь хуьлий яха

хьуна т1екхевдича г1оьмаша лоцуш
хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш
дерриг а карийна дерриг а дайча
мук1ало ду-кх хьуна хьуна бен доцу

ц1а доцуш лелла со ц1е йоцуш лелла
мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла
хьан озо вижавеш хьан озо г1аттош
хьо г1ам ду йиша ю ца хууш лелла
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:53   #18
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

хьоьга ладег1ар мохе ц1а дехар
хьоьга ладег1ар т1улге са дехар

хьо цхьаъ бен йоцуш ерг цкъа а ца хилларг
серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг
б1е эзар ц1е йолуш дуьненчу яьлларг
сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг

хьо йицъян г1ертар куьйга хи шардар
хьо йицъян г1ертар кога г1ан къардар

ден букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь
къастийна дара те гергара хийра
азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь
къастийна дара те самах я г1енах

хьоьга ладег1ар хьо йицъян г1ертар
соьцанна г1ур ду цкъа кешнийн керта.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:54   #19
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьо ара ца йолуш йиссичахьана
Хьан 1аса санна со ц хьалха ву нана
Хьо ламаз ца далуш йисичахьана
Хьан ойла санна со шийла ву нана
1уьйренан г1айг1а ю стигалан ами
суьйренан г1айг1а ю хьан беса лами
вахаран г1айг1а ю хьан къора уьйт1е
Нана цу г1айг1анах со къаьстар вуй те

Хьо ара ца йолуш йисина аьлла
вайн к1ета мел бог1у некъ акхабаьлла
Хьан саг1а юкъаха дисина аьлла
п1ераска вайн ц1енна пен бетта даьлла
1ауьйренан г1айг1а ю ков делла дезар
суьйренан г1айг1а ю хьох дисна дезарш
вахаран г1айг1а ю къаръелла зама
хала ду Наха и г1айг1а лан 1ама.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:54   #20
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сан байташна
Са гайтинарг
Хьо ма ю.
Сан вахаран
Цхьа бахьана
Хьан ц1е ю.
Кху дуьненахь
Сан 1уьйренаш
Хьоьца ю,
Сан ойланийн
Са ойушъерг
Хьан ц1е ю.
Со къийлинарг,
Со кхийринарг
Хьо ма ю.
Сан ницкъ хилларг,
Сан ирс хилларг
Хьан ц1е ю.
Сан некъашлахь
Со декъалвеш
Хьо ма ю,
Сан лакхенехь
Цхьа лакхе а
Хьан ц1е ю.
Амма,
Дахар дерриге а
Хьуна луш,
Сайн ирс-аьтто
Дерриге а
Хьоьца гуш,
Эзарнашлахь хьо езнаверг
Со бен вац.
Иштта ч1ог1а
Хьох тешнаверг
Со бен вац...
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Нохчийн маттах лаьцна 1илманан белхаш Enigma Чеченский язык 8 25.04.2010 03:56


Часовой пояс GMT +4, время: 11:42.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot