Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 15.02.2010, 02:54   #21
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьо х1унда х1оьтти суна хьалха,
Сел къона, ховха, хазъелла?
Сан безам хилла хенал хьалха,
Со дукха хьалхе къанвелла.

Со хьо ца оьшуш дукха лелла,
Сайн ницкъаш лаьттахь баржийна.
Сан аьрха амалш кхечо мелла,
Со кхечо, чим беш, вагийна.

Ца оьшу хьуна елха, ела,
Сан къина б1аьрхиш ледадан.
Ас тоам бина ваьлла леларх,
Безачийн ц1ераш легаярх.

Кхин цкъа а лаьттан кховра дет1аш,
Х1окху б1аьстенан 1аьнарлахь
Хьо, когаш 1уьйра йолуш кет1а,
Хьайн ницкъех теша 1амалахь.

Со гена къинойл дехьа ваьлла,
Хьо сехьа лаьтта, хазъелла.
Со хенал хьалха новкъа ваьлла,
Со дукха хьалхе къанвелла...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:55   #22
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха
Кхеташ ма-хиллара г1айг1ане, цхьалха,
Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха
Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош...

Мостаг1а вог1ур ву - дуьссур ду дерташ,
Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,
Хьаша-да вог1ур ву - юьссур ю марзо,
И марзо елхайо хьан ломахь барзо,
Г1елашна г1ерг1ачу курачу сайно,
Ц1е йоцчу кошан т1ехь даьллачу стайно.
И марзо елхош ду сан х1ора дош а,
Хьан дато некъаш а, момсарийн бос а...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош...

Со кхуззахь вина ву, тийналлийн къоргехь,
Хьан сина тийжачу кхокханан къорни,
Пен боцчу х1усамехь, тхов боцчу кхерчахь,
Да воцуш кхиъна со, хьан ц1арах хьерчаш.
Хьан б1аьвнийн херцаршлахь бецан хал санна,
Хьан серло тергалъян ма дезна сан а,
Хьан стиглахь аьрзунийн мохь санна шийла,
Со а д1авовр ву цкъа, тийналлех ийна...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош...

Тхо девлла д1аг1ур ду, дуьссур ду дешнаш,
Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,
Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш,
Воьдучун, вог1учун до1анийн аьзнаш.
Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха,
Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш,
Юьссур ю назманаш, зуькарийн шовкъаш,
Юьссур ю тхан дагалецамийн овкъарш...

Хьо йиса, Нохчийчоь, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:55   #23
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дагалецамаш

Лам хаьрцича т1аьхьабисина берд а
Акхадевлла лела адамаш а
Берд хаьрцича т1аьхьадисина 1индаг1а а
Т1ома девлла лела кешнаш а
Шах1идийн яьххьаш а
Стигланаш а, латтанаш а мел ду д1асатоьхна нохчийн ц1ий а
Дуьненан маь11ехь д1ахецна цициган к1орни а
Х1орд болабалийтина пхьидан б1аьрхи а
Стигла а яьккхина д1ахецна уьнт1епхьид а
Поллано кагдина кор а
Берлин а
Со а
Сан са а, дег1 а мел ду д1асауьду дагалецамий зингатий а
Х1ора а ламазна т1ехь ас деш долу до1а а
Йа Аллах1, Дег1астанахь валар лолахь суна...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:56   #24
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ховхачу б1аьргаш чохь 1уьйренаш йоьлуш,
Ховхачу куьйгаш т1ехь суьйренаш йоьлуш,
Ден-ненан ц1арах со дуьненчу ваьлча,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан ховха б1аьрса.

Ден-ненан доккхадер дайн т1емаш хилла,
Декхаран жоьпалла беза мохь хилла,
Дуьххьарчу новкъа со волучу дийнахь,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан деган къийлар.

Къийсаман ц1е эцна со новкъа ваьлча,
Хела йо1 санна сан некъ хьийза баьлча,
Ца вуьтуш лела со аренца тилла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан некъан илли.

Вешина ва метта буто ша боьлхуш,
Йишина ва метта куьйса эрз боьлхуш,
Генарчу махкахь сан б1арзъелча ойла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан г1енийн г1овла.

Нуьречу б1аьргаш т1е к1айн марха еъча,
Сайн доьзал ца бевзаш сан б1аьрса эшча,
Висча со стаг воцуш г1о-дакъа лаца
Даймохк, хьо хуьлур-кха ас луьйзу 1аса.

Некъаша 1ийшина кура дог сецча,
Т1аьххьара къонахийн верта т1е тесча,
Т1аьххьарчу новкъа со ойучу ханна,
Даймохк, хьо хилалахь со ойу барма...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:56   #25
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

З1имарге духар ма деха,
Жух1арге г1айг1а ма еха,
Ма деха ахь соьга дешнаш,
Сан дагчохь туьханах дешнарш.
Хьо йоцуш дезна сан хийла
Хьан сибат синк1оргехь къийла,
Хийла чухирцина бердаш,
Сан некъаш д1акъовла г1ерташ,
Хийла д1абоьллина цара
Сан деган мохь эрна арахь,
Хийла д1ахьулйина цара
Сан дагалецамийн яраш.
Т1улга т1ехь кхиийна рицкъа,
Хьан ц1е а - сан деган ницкъ а,
Дерриг а д1адайа г1ерташ,
Хирцина сан некъийн бердаш.

Мехашка ма еха х1усам,
Арене ма деха пусар,
Ма деха ахь соьга лерса,
Ладег1на кхачийна лерса.
Некъашка ма деха т1емаш,
Замане ма беха темаш,
Ма деха ахь соьга б1аьрса,
Хьо ца гуш кхачийна б1аьрса.
Сан шераш х1ораш ду-кх хьуна,
Сан лораш йолуш ю-кх хьуна,
Х1ара ю-кх хьуна сан ойла,
Ас хьох бен ца йина ойла.
Хеттаршна ца оьшу зоьпарш*,
Деза ду эшамийн жоьпаш,
Дуьненан, эхартан доза
Ахь гайтар деза ду б1озза...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:56   #26
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Г1арг1улеш д1аоьху, делхадеш вайн вовшех къастар,
Безаман мажделла г1а оьгу шийлачу кийра.
Кхин цхьа а х1ума дац ойлане сан б1аьргаш хьаста.
Къанло со, къежло со, доттаг1а, ишттачу дийнахь.

Ойлане т1ейог1у кху нохчийн ярташкахь гуьйре,
Гергара, генара ладоьг1у, сатуьйсу зама.
Долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра,
Деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама.

Мила ву догъэцан, хьо теван ишттачу хенахь,
Дахаро къастийна доттаг1а уллохь ца хилча.
Аренан назманаш, аш ойла хьоьстур ю хьенан,
Хиллачун, хиндолчун дозанехь цхьалха цхьаъ висча.

Аналлех чекхъюьйлуш, д1атекха г1арг1улийн аса,
Хетало дуьне а, цуьнга ладоьг1начохь, тийна.
Д1аоьху, делхадеш, кхайкхадеш вайн вовшех къастар.
Къанло со, къежло со, доттаг1а, ишттачу дийнахь...
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:57   #27
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

ГIа лехначу лай тIе Iена гинсу,
Буьйса юьйлу хенан багара –
Мичахь Iа хьо, денда ваьхна ирзу,
Мукъам белхош попан, баганан?

Мичахь Iа хьо, хьайн да велла диснарг?-
И цхьа хаттар, хилла йилбазмохь,
Дека, даьржа, кхетий анайистах,
Доьлху, даьржа, доькъуш дилхан дог.

Махо лоькхуш нехан синойн саьлнаш,
Хьо дIадайна хир-кха тIепаза,
ДогIа санна, доьлхуш лекха лаьмнаш,
Зама яьлча нехан цIе ганза.

Хено ловзош хьаннийн хотийн кийрахь,
Хьо дIадайна хир-кха, буо хилла,
Алмаз санна боьлхуш мокха кхийра,
Гича уьрдан доза дуохийна.

Дола доцчу нахарх йоьлча мекха,
Хьо дIадайна хир-кха, яр хилла,
КIордадина лардан къора некъаш,
Малхе, лаьтте, гIайгIа ялхийна.

Мичахь Iа хьо? – и цхьа хаттар ду сан,
Дала хIокху «дикчу» бIешаре,
Мичахь дай хьо? – и цхьа лазам бу сан,
Белхо, беко иллехь, эшарехь.

Хаьа иза дукха аьрха буйла,
Карадарх а маьIна, бахьана,
Хаьа иза дукха цхьалха буйла,
Хаьа буйла шийла, бахьара.

Хаьа, амма хааро ца кхачош,
Лаам бу сан, лазам-йилбаз-мохь,
Белха аьлла, хенан бIаьрса кхачош,
Баржа аьлла, доькъуш дилхан дог.

Хаьа, леларх дикчу нехан гуо гуш,
Веларх, велхарх, вузарх кхачанах,
Ирсе хиларх, со кху лаьттахь буо дуй,
Дендайн некъийн кхерча кхачанза.

Ас цундела хоьтту хIокху буса
Лаьтте, нахе, хьаннийн гIайгIане,
Далла хууш и цхьа хаттар ду сан,
ТIулгал тийна, бIаьрхил кхайкхаме –

Мичахь Iа хьо, денда ваьхна ирзу,
Мукъам белхош попан, баганан?
…ГIа лехначу лай тIе Iена гинсу,
Буьйса юьйлу хенан багара.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:57   #28
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

суьйре, аьхна суьйре,
хаза, маьрша йог1у.
нана, дийцахь туьйра,
со хьо йолчу вог1у.


стигла оьху 1ана
эзар ц1арах тховса.
хьаьгна ву со, нана,
цкъа хьан марахь тхьовса.


к1адвелла со ч1ог1а,
хьоь сатуьйсуш лела.
хийла дог ца дог1уш,
хьо ца гучохь вела.


амма и хьан йовхо
даим даг чохь къуьйлуш,
веъна со сайн новкъа,
ирхонашца къуьйсуш.


эт1ош когийн айра,
гуш сайн ирсан кхане,
со чекхвийлла, майрра,
хьох дуй бууш, нана.


шир ца елла хьуна
сан кху кхерчан уьйраш.
нана, дийцахь сунна
хьайн къоьжаллин туьйра.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2010, 02:57   #29
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дирзина мехашна аг1ор
Дерзина лаьтта цхьа раг1у
Суна мел безначу нехан
Аьзнаш шен тхов к1елахь дехаш...

Д1адовлий д1адоьлху мехаш,
Схьадовлий схьадог1у мехаш,
Яржаеш б1аьрлаг1аш, нехаш,
Дагарадийцарехь дехаш

Дирзина заманна аг1ор,
Чекх са гуш, лаьтташ ду раг1у,
Суна мел безначу нехан
Ц1ераш шен тхов к1елахь йехаш

Д1айоьлий д1айоьду зама,
Схьайог1ий схьайог1у зама,
Кегаеш уппаг1аш, амалш,
Кегадеш 1ожаллин г1ама...

Ткъа раг1у-м лаьтташ ду, раг1у,
Мехашна, заманна аг1ор,
Суна мел безначу нехан
До1анаш тхов к1елахь дехаш.

Некъ а бац т1ебог1уш цхьа а,
Не1 а яц т1екъовлуш цхьа а,
Х1усам яц - хьаша ца кхойкху,
Маьждиг дац - молла ца кхойкху.

Ткъа раг1у-м лаьтташ ду, раг1у,
Чекх са гуш массо а аг1ор,
Суна мел безначу нехан
Ц1ераш шен тхов к1елахь ехаш.

Ишта ю со вина петар,
Со ваьхна, со вайна четар,
Со суо а цуьнан цхьа аз ду,
Цхьа чов, цхьа г1айг1ане арз ду.
  Ответить с цитированием
Старый 01.04.2010, 03:56   #30
Lamnxo
мираж
 
Регистрация: 22.03.2010
Адрес: ...
Сообщений: 42
Вес репутации: 0
Lamnxo достойноLamnxo достойноLamnxo достойноLamnxo достойноLamnxo достойноLamnxo достойноLamnxo достойно
По умолчанию

Йочанаш, йоькханаш ца къасталучохь
Стаг б1аьрзе ву.
Де буьйсанах ца къасталучохь
Стаг г1айг1ане ву.
Безам цабезамах ца къасталучохь
Стаг хьере ву.
Дика вонах ца къасталучохь
Стаг велла ву...
Lamnxo вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Нохчийн маттах лаьцна 1илманан белхаш Enigma Чеченский язык 8 25.04.2010 03:56


Часовой пояс GMT +4, время: 03:18.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot