Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 18.04.2010, 17:21   #1
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию Безаман туьйрa

Г1арг1улеш д1аоьху, делхадеш вайн вовшех къастар,
Безаман мажделла г1а оьгу шийлачу кийра.
Кхин цхьа а х1ума дац ойлане сан б1аьргаш хьаста.
Къанло со, къежло со, доттаг1а, ишттачу дийнахь.

Ойлане т1ейог1у кху нохчийн ярташкахь гуьйре,
Гергара, генара ладоьг1у, сатуьйсу зама.
Долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра,
Деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама.

Мила ву догъэцан, хьо теван ишттачу хенахь,
Дахаро къастийна доттаг1а уллохь ца хилча.
Аренан назманаш, аш ойла хьоьстур ю хьенан,
Хиллачун, хиндолчун дозанехь цхьалха цхьаъ висча.

Аналлех чекхъюьйлуш, д1атекха г1арг1улийн аса,
Хетало дуьне а, цуьнга ладоьг1начохь, тийна.
Д1аоьху, делхадеш, кхайкхадеш вайн вовшех къастар.
Къанло со, къежло со, доттаг1а, ишттачу дийнахь...

Апти Бисултанов
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:23   #2
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Суна ела лаьа. Суна елха лаьа.
Кху сан дагчохь дерриг тховса цхьанаийна.
Ас хьан байташ ешча,
Йиси дош а эшна,
Ойла яха лаха и сан тайнигаш.
Суна хьега лаьа, суна кхета лаьа,
Мичхьа сеци сан бераллин сийна туьйра, хьо?
Сан месаш т1ехь къега
Ас кегийна ченаш,
Сийна туьйра, сан месаш т1ехь
Къесташ ду хьан б1аьрхиш.
Суна лаьа ела. Суна лаьа елха.
Кху сан дагчохь дерриг тховса иэди-кх ахь.
Ас сайн тайниг кечъеш,
Нанас дина дов а деза хета.
Суна лаьа ела. Суна елха лаьа.
Ахь бералле йиги-кх со, куьг лаьцна тховса...

Бана Гайтукаева
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:25   #3
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Кху сан дагах дакъа диъча санна,
Ж1аьлеш, шу ма ч1ог1а карзахдевлла.
Т1емаш кегдеш, лаьтта боьжча санна,
Сан ойланийн кхокха ма г1елбелла.

Со г1елъелла хьоьга кхин сатийса,
Ткъа хьо мичхьа, ткъа хьо муха веха?
Со шелъелла кху дахкарлахь лийча,
Ас кхин хьаьнга сайна орца деха?!

Когийн тата... Дагардо ас сица...
Ткъа уьш нехан хуьлу, д1адов геннахь...
Гуьйре, гуьйре, хьайн дахкаран киса
Хьарчадехьа сан йогучу чевнех.

Ж1аьлеш, тховса дуьне даа санна,
Ма летийша шу сел карзахдовлий.
Со ю тховса кху дуьненан ох1ла -
Х1ей нах, д1а ма дийша, не1арш къовлий...

Бана Гайтукаева
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:33   #4
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Саиев 1умар

Къинт1ераяла, байбехьа бала,
Х1ун дийр ду т1аккха, хилла-кх со г1алат!
Къинт1ераяла, х1ун де ас ала?
Я бен дац хьуна сан дохковалар?

Къинт1ераяла, ца барна т1алам,
Ца г1ерта со хьуна бехказа вала!
Къинт1ераяла, соьга ца лало,
Вайшиннан йоьхна безаман г1ала.

Къинт1ераяла, азалла ларий…
Кхолламан кхелах йиш яц-кха вала!
Къинт1ераяла, ловр бац ахь бала,
Доьхначу дагчохь даш хилла лалахь.

Къинт1ераяла, б1аьстенах кхалий,
Къинт1еравалар лийрина Дала!..
Къинт1ераяла,бакъо яц алий,
Ч1ир кхобуш дагчохь сох мостаг1 лара.

Къинт1ераяла, диканна алий,
Хьох ваьлчахьана дагчохь яц алу…
Къинт1ераяла, ца деш сох г1аларт,
Х1ун де ас т1аккха, хилла-кх со г1алат!

Къинт1ераяла, байбехьа бала,
Дог холчудуьйлу б1аьргех хи даллал!
Къинт1ераяла, х1ун де ас ала?
Я бен дац хьуна сан дохковалар?
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:35   #5
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Шовданна 1индаг1 дан ножан дитт оьшу,
Кошанна упха ян ножан дитт оьшу,
Доллучу дуьненна дашо малх оьшу,
Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу.

К1орга ду боху ахь Нохчийчохь 1аьмнаш,
Лекха ду боху ахь Нохчийчохь лаьмнаш,
Мерза ду боху ахь лулахойн кхаьънаш,
Шорта бу боху ахь хьо йовза хьаьгнарш.

Б1аьргашца са к1амдар дац хьуна хьастар,
Амалшца садаар дац хьуна хьастар,
Делахь а бу хьуна илланчин хастам,
Ца хилча ца далахь хилийта къастар.

Да воцчу к1ентан а дог лозу хьуна,
Стаг воцчу стеган а дог лозу хьуна,
Амма кху дахарехь ца нисло хьуна
Т1екхаьчча, адамо ловр доцуш х1ума.

Стогалла амалшна ца хуьлу говза,
Мел ч1ог1а хьаьгнехь а деза дог довза,
Цундела воьду со, 1одика йойла,
Декъала хуьлда-кха къастаран ойла.

Цхьаъ бен дац стиглахь Ча Такхийна Тача,
Цхьа а вац ницкъ кхаьчнарг цунна т1екхача,
Даггара боху ас, сатийсам кхачош –
Декъаза хуьлда-кх со, хьо бен ирс дацахь...

Апти Бисултанов
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:42   #6
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Апти Бисултанов

Тулг1еша, эсала ловзадеш,
1индаг1аш д1акхоьхьу цхьанхьа,
Аьрцанаш набарна товжадеш,
Батто нур 1енадо цхьалха.

Хетало, сел сирла-маьршачу
Буса кхин х1ун оьшу олий,
Амма дог 1уьйренаш яьржаче
Д1адоьду, некхера долий.

Д1адоьду, т1ам къагош сийналлехь,
Дош дуьтуш г1енашца декъа,
Синошна семачу тийналлехь
Къорачу кхокханах дека...
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:50   #7
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сан безам! Кхета хьо нийса,
Хала ду хьоьга сатийса!
Алахьа хьо йинчу нене,
Яхийта йиллинчу хене!

Хьох цхьаннах сан ойла хьерча,
Хьо гича, мотт д1а ца керча.
Хилийта хьо сайна реза,
Дийцахьа, ас х1ун дан деза?

Гур юй-те цкъа а хьо мукъа,
Жимма а даккха самукъа?
Б1аьрг тоха маьлхан дуьнене,
Г1уо вайша сийначу кхане?

Хьо ма ю ас Дела ехна,
Хьо цхьаъ ю сан даго лехна.
Гой хьуна, яьлла ц1е санна,
Дог-зезаг догуш ду сан а.

Со ирсе хилча, хьо гина,
Хьо х1унда йоьлху сан къина?..

Рамзан Джамбулатов
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 17:59   #8
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Рамзан Джамбулатов



К1адвелла со
Кху дуьненчохь ваха,
Ойлано дог
Коше ийзадо,
Кхолламо а
Бетташ д1аьвшен маха,
1азапхо веш,
Б1аьрза хьийзаво.

Хьере хуьлу
Хьуна гена ваьлча,
Тамашийна,
Ирча г1енаш го.
Х1ун дер-те ас
Цхьа хан-зама яьлча,
Х1ун дер-те ас
Вицвахь хьан даго?

Ирсан къуьда
Дагчохь къеда цкъацкъа,
Ахь б1аьргнег1ар
Тохале д1абов.
Лахь, вала а
Безаман цу ц1арца
Вехаш ву со-м,
Амал доцуш сов…

Хьере хуьлу
Хьуна гена ваьлча,
Тамашийна,
Ирча г1енаш го.
Х1ун дер-те ас
Цхьа хан-зама яьлча,
Х1ун дер-те ас,
Вицвахь хьан даго?
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 18:00   #9
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

И-м г1ан ду

Г1ан дайра
Суна суо леш.
Хьо яра
Доккхуш сан каш.
Дуьненан
1одика еш,
Стиглара
Оьгура шаш.

И-м г1ан ду,
Сан деган г1ан,
Цуо гойту
Сан шийла бен.
Т1ех1оттахь
Иштта цхьа хан,
Ма 1елахь
Ца хеташ бен...

Рамзан Джамбулатов
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 18:07   #10
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дог

Охьакхетта, атаделла, делла...
Эзар дакъа хилла декъаделла.
Х1ора дакъа эзар лазам хилла,
Дисна хьалха дог хиллачохь 1илла.

Иккхина дог. Амма адам деха,
Шен лазамах б1аьрг ца кхардош неха,
Халахеташ шена къилахь хилар
Шен дахарна боцца т1адам биллар.
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Часовой пояс GMT +4, время: 05:15.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot