Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 18.04.2010, 18:08   #11
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Х1унда?

Х1унда сан ойлано хьоьсту
Сайна ца деттало дог?
Х1унда сан г1енаша лоьху
Месех ца хьекхало куьг?

Х1унда сан когашна хьоьшу
Д1акхача ца боьг1на некъ?
Х1унда ас кхолламе доьху
Сайна ца лерина хьакъ?

Х1унда со къайлаха йоьлху,
Ца ланлуш ца хезна дош?
Х1унда со юхахьоьжуш йог1у,
Т1аьхьа ца вог1ушверг гуш?

Тина Исмаилова
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 18:09   #12
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сан некъ...

Хиллачух, хиндолчух баьлла,
Цхьалха ма барий сан некъ,
Дуьненан кевнаш д1аделлал
Бала ма барий сан гиэхь!

Эзарнаш кийсигаш хилла,
Некъа т1е 1иэна сан дог.
Сан сино белхабо г1ийла
Т1ехула мел боккху ког...

Мича хьуо, мича охьабилла
Белшаш т1е биллина мохь?
Дуьненан къахьалла мийла
Йокъалла хилла-те сох?

Тина Исмаилова
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 21:52   #13
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сулейманов Ахьмад



Ма ала соьга...

Бовхачу безамца
Хьайга дог кхийдаш,
Хьо ца гуш дахна де
Кхоьлина хеташ,
Мацалла, хьогалла
Хьо йолчохь йицлуш,
Хьуо езначуьнга ахь
Йицъе ма ала!

Х1ар дуьне дита а
Хир ву со реза,
Амма со дуьненчохь
Мел веха г1оза,
Самах а, г1енах а
Хьо сайна езар
Далхадеш вехар ву:
Йицъе ма ала!


Шалха мотт вайшинна
Юкъа ма буьйли,
Соьцара хьан безам
Шелбелла бели.
Сан даго т1аьххьара
Хьоьга мохь эли:
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Сан б1аьрхих, сан дуйнех
Хьо ма ца кхийти,
Езар сов мел дели,
Со хийра хийти.
Шелделла т1улган дог
Ахь суна гайти,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!

Сан кийра йижий ахь
И 1аьржа буьйса,
Вити ахь со хьайга
Къайлах сатийса.
Ахь суна дихкина
Хьо йолчу хьийзар,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!


Ахь алахь, кийча ву
Лекха лам ахка,
Кийча ву хьо лоьхуш
Вала а акха,
Ма таса вайшинна
Юккъе ахь мекха,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!


Реза яц хьо соьца
Сан безам бекъа,
Вехар со валлалца
Безаман шовкъехь.
Хьаг1 йоцу сан безам
Хьанна бу новкъа?
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!


Валлалца хьо йицъян
Хир вац со реза,
Хьуна со ца везарх,
Суна хьо еза.
Вайшиннан метта хьо
Ехийла г1оза,
Сан безам, соьга хьуо
Йицъе ма ала!
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 21:57   #14
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Тахханалц ас лоьхуш
Х1умма дац хьуна,
Цхьа безам боцург.
Дуьнен чохь кхин бахам
Ца оьшу суна,
Еккъа хьо йоцург.

Амма хьо д1алур яц,
Хьомениг, цхьанна,
Са мел ду дег1ехь.
Хьо лоьхуш лелар ву
Б1аьрзениг санна,
Ца воьрзуш ц1ехьа.

Ткъа хьоьха суо къастахь,
Шийла т1улг хилла
Вужур ву лаьтта,
Йиш йоцуш суьйренца
Шовдане вийла,
Хьала ца г1атта...
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:20   #15
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Цу дашон маьлха нур хьан юьхьт1е 1енош,
1уьйренан г1ойлане олхазарш хийшош,
БИаьстенан махаца хьо ховха хьоьстуш,
Гур дуй-те ялале и хаза денош…

К1айн месийн мархашца хьан назбарш дузуш,
Зазашкахь гулдина мерза мутт мийлош,
Сан дагахь мел ИаьИнарг хьоьга д1адуьйцуш,
Гур дуй-те ялале и хаза денош…

Стиглара седарчий курсашка дуцуш,
Цу беттан датон са канашца луьйцуш,
Цецъяьлла, замано шен болар сецош,
Гур дуй-те ялале и хаза денош…

Заманан тийналле сан некъ д1акхачале,
Сан сирла ойланаш юккъехула хадале,
Гур дуй-те, гур дуй-те и хаза денош?
Гур дуй-те, гур дуй-те и хаза денош?…

Тина Исмаилова
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:22   #16
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ц1аволахь…
Кхузаххьа-м дог1анаш оьха,
Ясъелла, г1ийла ю керт.
Сан корехь техкаш ду цхьалха,
Т1адамех 1ийдало дитт…

Ц1аволахь…
Вайн юьрта гуьйре ма-кхаьчна,
Мархашца стигал язъеш…
Йох ца луш, со бойнах хьерча,
Г1араг1улийн 1адикаеш…

Ц1аволахь…
Т1уьна дечиг ц1ерга а тиллий,
Бийцахьа генара мохк.
Цигахь а йочанаш ярий,
Сингаттам хьерчабеш хьох?

Тина Исмаилова
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:30   #17
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьох дуьххьар б1аьрг кхетча,
Йистхуьлу хезча,
Хьан озе ладоьг1уш
Хьийжира хьоьга.
1аьржачу, эсалчу
Б1аьргаша хазчу
Дагчу ц1е йиллира
Хьаьжча хьо соьга.


Безаман цу ц1аро
Ботту сан кийра,
Наб яйна г1уьтту со
Хан йоцчу хенахь.
Амма ца х1утту со
Дагара дийца,
Кхоьру ахь со къиза
Таттарна гена.


Сих сиха генара
Хьо йолчу вог1ий,
Воьду со сайн дагахь
Хьо хьоьстуш хьоьжий.
Ткъа хьуна-м ца хаьа
Сан кийра богий,
Дарбанна хьоьгара
Хьан безам оьший.


Хьан деган къайленаш,
Ойланаш еша
Ца хаьа хьан хазчу
Б1аьргаш чу хьежарх.
Буй-техьа хьан даг чохь
Кхечуьнга безам?
Юй-те хьо х1инццалца
Къастоза везар?...

Абузар Айдамиров
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:33   #18
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьуна езнарг елла аьлла,
кхаъ соь баьккхи цхьаммо шийла.
Махаца г1аттарх орцахваьлла,
Шолг1а иза гур яц дийна.

Зезагийн курс марахь къуьйлуш,
Безам бахна вагарх цунна,
Вог1ий ларвеш, кет1а юьйлуш,
Шолг1а иза гур яц суна.

Буса стиглахь, седа бедча,
Т1аьхьа хьоьжуш г1ийла цунна,
Дуьне мел ду хьаьдда леларх,
Шолг1а иза гур яц суна.

Дагна валлалц 1ийжам битна,
1ожалла и йигна х1унда?
Леларх дерриг дуьне дитна,
Шолг1а иза гур яц суна.


Ш. РАШИДОВ
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:34   #19
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ялахьа орцах..

Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Малхбузе йогийца, стиглах ц1е яьлла,
Оьздачу безамца даг чу нур хецна,
Хьан амат догийца - малхах схьадаьлла!

Маьлхан х1оз чукерчи, буьйса т1ейоьхуш, -
Дуьненна т1ехаьрци стигланан бога...
Эзарне седаршка г1о эрна доьхуш,
Дог, хьоьга сатуьйсуш, ц1е яьлла, догу.

Кхоьллина хилла со цу ц1ергахь вала,
Хьан амат сайн даг чохь, сайн сих суо валлалц.
Ткъа тарлац цу ц1арах со хьалхавала,
Сан дег1ан мерза ц1е хьан дег1ах яллалц.

Мичча со водахь а, хьо лоьху б1аьрца,
Хьох терниг яйча а, дагна там кхочуш,
Ларамза соьцу со хьо евзачаьрца,
Хьо цара хьахоре къайлах догдохуш.

Лоьхуш, со д1асахьежарх, г1о дан стаг воцуш,
Безаман ц1аро со меллаша морцу..
И ц1е ю хьоьга бен яйалур йоцуш -
Сихлохьа, ницкъ кхочург, ялахьа орцах!


Мохьмад Сулаев
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:35   #20
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сан даг чохъ, орамаш хоьцуш
Кхоьлли ахъ безаман зезаг
Буьйсанна хъо дуьхъалтуьйсуш
Ас наб яц, сан деган безам
Аьхкенан малх суна хилла,
Ахъ йовхо кхидайо даге…
Нагахъ со лелахь а тилла,
Эшац г1о, дехац и стаге
Хъо йоцчоьхъ са ца го суна,
Миноташ хета сов еха
Лаьа ган даима къона
Лепаш хъо, сан ирсан седа
Реза ву со б1аьрзе хила
Къарвала, цахезаш х1умма,
Хилахъ сайн бакъо, хъан жимма
Куьг лаьцна, т1аьхъа ван хъуна….
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Часовой пояс GMT +4, время: 11:35.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot