Grommus
 

Вернуться   Grommus > Наши интересы > Культура и искусство > Проза и поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 18.04.2010, 22:36   #21
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Йиш ялар, да виссарг. 1уьйренин санна,
Йиш ялар, да виссарг. суьйренин санна,
Йиш ялар, да виссарг, кийра д1абелла
Хьо везаш догу дог хьуна д1агайта.

Дешнашца, хабаршца 1ехийра ахь со,
Хумма дан, хьомениг, замано нисдо,
Зама ма д1айоьду, доьду хи ва санна.
И дерриг нисдийр ду кхоьллинчу дала.

Суна хьо везара, х1инца а веза,
И безам бохуриг доккха дош хилла,
Хьуна ма мотталахь, со хьайха яьлла,
Кхин безам ца карош со г1ийла лела.

Хьо декъала ма войла эра дац хьуна
Езачух хьегийла эра дац хьуна,
Со-м хьалххе яьккхира ахь безамах, ирсах,
Хьо хьайна вехийла кхечуьнца г1оза.

Диц ма де, хьо хир ву сан деган ойла.
Йоьду со, яллалц хьо воцчохь лела,
Хьайн делахь, дог хьостуш, т1аьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхин гур дац, хьо марша 1айла.

Йиш ялар, дависарг, 1уьйренин санна,
Йиш ялар, дависарг, суьйренин санна,
Йиш ялар, дависарг, кийра д1абелла,
Хьо везаш догу дог хьуна д1агайта.
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:36   #22
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Д1аяха ца йостуш ховхачу са дега къайле
Мох санна сох хьерчаш йисикха са мерза г1айг1а
Г1аланах терра ас хьо хьоьстуш йоьтина ойла
Ма ч1ог1а лиънера ма ярра и хьуна гойла

Мила ву дог эца, са тедяш улло хьа хьовза
Дарбана ца доьху кхоламе ас къурдба шовда
Г1урано лацарах дитах д1а генаш ца хедда
Безамах вагар сай даимна сийлахь а хаьтта

Сом веха лаьтира,1илира керчавеш дарцо
Г1айг1ано дяг1 дийна суна т1е хьарчира марчо
Т1яьх дуьйлу адамаш хетара уьш сайха кхяьрдаш,
Бяхк хьуна ца буьлу ца хила хьо соьх а хьаьгна
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:37   #23
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Самах, г1енах езаелларг,
Хьо со воцчохь ма 1ало?!
Хаза яй хьо-м, декъалхиларг,
Безам мийла хьан даго!

Буьйса дийнах къаста ца луш,
Алу хилла сан дагах,
Цо хьийзаво, кийра моьрцу,
Сох къахета, схьаяло.

Дитташа шайн дашо месаш,
Лестош, гурахь эгайо,
Винчу к1антал хьоьха хьаьгна
Сан нанас а сагатдо.

Муьйлур вайша лаьмнийн шовда,
Летор вайша дегнех ц1е,
Цкъа а вовшех кхин ца довла,
Т1екхачийта ирсан де.

Самах, г1енах езаелларг,
Хьо со воцчохь ма 1ало?!
Хаза яй хьо-м, декъалхиларг,
Безам хьеста хьан даго!

Ш. Хасаров
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:38   #24
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Весет

Вовшийн хила доьг1на доцуш,
Дуьне дисар сох хилахь,
Хьуо езнариг дагалоцуш,
Цкьа сан коше ялалахь.

Сох дисина дуьне делхош,
Б1аьрхиш охь ма хецалахь.
Кьа ца хеташ,дог ца лозуш,
Екхалой а х1отталахь.

Безам буйцуш байташ язьеш
Чурт кхала ма г1ерталахь.
"Хьо чекхвели!"-охкуш , яздай,
Цхьа акха т1улг бог1алахь.

Цу т1улга т1е х1ора сарахь
Цх1а олхазар хуьйшур ду..
Безам хестош и декарехь
Х1ан дог доьлхуш хезар ду.

Вовшийн хила доьг1на доцуш,
Дуьне дисар сох хилахь,
Хьуо езнариг дагалоцуш,
Цкьа сан коше ялалахь.

Ахьмад Сулейманов
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:41   #25
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Ойла сан кура ю алий,
Дагна сан ма елахь чов,
Дерриг сан бехкана ларий,
Дижийта г1аьттина дов.

Вайшинна безаман хьаса
Зен г1ерташ, ма ийзабе.
Дегнаша кхайкхина «хьаша»
Бехк боцуш ма чехаве.

Ахь иза доггаха хьаста,
Хьайн йовхо ца кхоаеш,
Йиш ма яц вайшиннан къаста,
Ягаеш безаман беш.

Гой хьуна, хьо-хьуо а кхетта –
Хьан б1аьрхиш ду цунна теш.
Ма елха, елха дац атта,
Безамо дог делхадеш.

Д1адахнарг дуьхьала туьйсуш,
Лехь а хьо наггахь соь харц,
Шеконийн дорцаца къуьйсуш,
Аса хьох догдуьллур дац.

Амма ахь, кура а ялий,
Дагна сан ма елахь чов,
Хьо езар хьайн ирс а ларий,
Екхало – хьоьгахь и тов…

Ахматукаев Адам
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:41   #26
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Сатийсар

Даима, лам санна,
собаре хилла,
Безамо ца вуьтуш
хьоьха дог дилла,
Буьйсанна урамехь
ладоьг1уш г1ийла,
Сатийса кхоьллина
хилла те со?

Бай т1ера додамаш
п1елгаш т1е йохуш,
«Мичхьара далор ду
ас нускал?» - бохуш,
Шоьгахьа уьш евдча,
безамца вогуш,
Сатийса кхоьллина
хилла те со?

Сирлачу шовдано
шегахьа ийзош,
Таьллаша сенделла
гаьннаш т1етийжош,
Хьо лоьхуш ойлано
массанхьа хьийзош,
Сатийса кхоьллина
хилла те со?

Тийналлехь седарчийн
хьаша а хилла,
Хьо йолчохь б1аьсте еш,
йоцчохь еш чилла,
Безамо ца вуьтуш
хьоьха дог дилла,
Сатийса кхоьллина
хилла те со?

Рашидов Шаид
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:42   #27
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьо бен яц

Дуьнен чохь хьо бен яц
Сан дагна езнарг,
Дуьнен чохь хьо бен яц
Сан сина эшнарг.
Хьол хаза, хьол оьзда
Цхьа а ца хета,
Геннара гича а
Дагчу малх кхета.

Со муха вехар ву
Хьоьха д1акъастахь?
Хьо йоцург цхьа а яц
Дош аьлла хьаста.
Хьуна ас кхиийна
Зезагийн аре.
Хьомениг, ма г1олахь
Кхечуьнга маре.

Юьгур ю лаьмнашка
Лакхенаш гайта,
Беттан нур 1еначу
Шуца некъ байта.
Седарчий кховдор ду
Стиглара даьхна,
Поэтийн долахь ду
Хийламмо баьхна.

Дахарехь хьо бен яц
Сан дагна езнарг,
Дахарехь хьо бен яц
Сан сина эшнарг.
Дуьнен чохь хьан меха
Цхьа а ца хета,
Буьйсанна гича а
Дагчу малх кхета...

Рашидов Шаид
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:42   #28
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Хьан дагна г1енах гахь акхтаргийн заза,
Йог1учу б1аьстенна со вицлур вац.
Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза,
Бекхна д1ах1уттур бу ламанан арц.

Дийцахьа суна хьайн гуьйренан г1енаш,
Мел лууш вацахь а уьш тида со:
Мажделла г1аш оьгуш, дассалуш генаш,
Суна вайн къастаран б1арлаг1а го.

Хьайн Iаьнан г1енашца сан кораш кхала
Хьо йола ма-елли, ас ойла йо:
Ахь ша т1ехь йина-те сан ирсан г1ала,
Я суна сайн дахар лайн басахь го?

Iилман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:43   #29
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллар бу,
Хьун кхачаелча,
Ас дитташ дуг1ар ду.
Аьнгалин бошхепахь
Ца баьлла бай буьйцуш,
Са кхачалучохь
Цхьа илли кхуллар ду.

Ас сийна ойла
Мукъаме ерзор ю,
Ас можа гуьйре
Г1аш 1енош елхор ю.
Ас ц1еран меттана
Сайн б1аьргаш латийна
Сайна т1ебог1у
Некъ серлабоккхар бу.

Сан б1аьргийн серло
Кхоьлина хеталахь,
Суна т1ебог1у
Некъ ахь ма биталахь.
Сан б1аьргийн серло
Буьйсано мийлина,
Г1елделла б1аьргаш
Б1аьрахиш къийлина...


Хеда Батаева
  Ответить с цитированием
Старый 18.04.2010, 22:43   #30
Doga
Гость
 
Сообщений: n/a
По умолчанию

Дагахьбалам.

Йиц ца ло суна хьо гена яларх,
Дуьненнал бу-кха сан дагахьбалам!..
Хьо дагахь йоцуш минот ца йолу,
Гур ду-кха хьуна со хьераволуш!..

Со-м сайн садаллал дохко ма ваьлла,
Шен хеннахь хьоьга еза ца аьлла!

Цундела некъаш вайн д1асакъаьсти,
Вайшинна къахьеш безаман б1аьсте.
Сом лаьтта амат хьан дагалоьцуш,
Ма дуьне хилла диънарг ас хьоьца!..
Ткъа хинца-м даг т1ехь базбелла бала,
Дуьне дац суна самукъадала…

Со-м х1инца кхийти х1окху вайн дахарх,
Ца оьшуш суна дийца я баха!..
Нагахь йиш яцахь безам бу ала?
Хаьрцина йовр ю ахь йина г1ала !..

Дуьненан бахам хьан дола баларх,
Хир бац хьан меттиг ирсе ву ала!
Хьан дагна езнарг хьоьгара яьллехь?
Хьо дуьне диъна хаалахь ваьллий!..

Саиев 1умар.
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Часовой пояс GMT +4, время: 03:27.


Powered by vBulletin® Version 3.8.2
Copyright ©2000 - 2018, Jelsoft Enterprises Ltd. Перевод: zCarot