Старый 06.09.2015, 23:02 #1
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию Юсуп Яралиев

Математика Iамор дIадоло деза эцаран таблица дагахь Iаморна тIера. Оьрсийн маттахь ма-Iамаярра, нохчийн маттахь а дагахь Iамо еза и нохчаша!
Амма цкъа хьалха дагардан Iамо деза, «цхьаъ, шиъ, кхоъ…» бохуш, бIена тIе кхаччалц.
Цхьаверг цец-м волу, дагардан-м хьанна ца хаьара олий. Дагардан волавелча, кхета: ца хаьа.
Пифагоран таблице хьаьвсиний шу кесталгIа? Тидам тIебахийттина, ойла йиний аш цуьнан, шаьш школера дешна девллачул тIаьхьа? Деладуьхьа, ма говза хIоттийна хьесап ду-кх и!!!
Езткъе цхьаъ улх ю таблицин. Оцу алхаш чохь дIанисдина ткъе ялхитта терахь: цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, ялх, ворхI, бархI, исс, итт, шийтта, дейтта, пхийтта, ялхитта, берхIитта, ткъа, ткъе цхьаъ, ткъе диъ, ткъе пхиъ, ткъе ворхI, ткъе бархI, ткъе итт, ткъе шийтта, ткъе пхийтта, ткъе ялхитта, шовзткъа, шовзткъе шиъ, шовзткъе пхиъ, шовзткъе бархI, шовзткъе исс, шовзткъе дейтта, шовзткъе ялхитта, кхузткъе кхоъ, кхузткъе диъ, кхузткъе шийтта, дезткъе цхьаъ.
ХIара ткъе ялхитта терахьдош багах ала Iамо деза уггар хьалха: багара мотт а ма бу буолийта безаш, атта карчийта безаш. Терахьдешнаш юха-юха доьшуш, шардеш, багара мотт хьовха, бIаьрг а, хье а булуьйтуш, Iамаяхь, дика Iемар ю таблица.
Царах хIара пхи терахьдош: цхьаъ, ткъе пхиъ, шовзткъе исс, кхузткъе диъ, дезткъе цхьаъ – цхьаццазза деана Пифагоран таблицехь.
Шиъ, кхоъ, пхиъ, ворхI, итт, дейтта, пхийтта, ткъа, ткъе цхьаъ, ткъе ворхI, ткъе бархI, ткъе итт, ткъе шийтта, ткъе пхийтта, шовзткъа, шовзткъе шиъ, шовзткъе пхиъ, шовзткъе бархI, шовзткъе дейтта, шовзткъе ялхитта, кхузткъе кхоъ, кхузткъе шийтта – хIара ткъе шиъ терахьдош шо-шозза далийна.
Диъ, исс, ялхитта, ткъе ялхитта – хIара диъ терахьдош кхоккхазза далийна.
Ялх, бархI, шийтта, берхIитта, ткъе диъ – хIара пхи терахьдош доьа-доьазза далийна.
(Вайн дошамаш тIехь, муха яздан деза аьлла, гайтина дацахь а, хIокху терахьдешнийн кепаш юьззина яло хьаьвсина вай, дуьйцург бух болуш хилийтархьама. Цхьаццазза, шо-шозза, кхоккхазза, доьа-доьазза – хIара хIуманан мосазалла гойтуш долу терахьдешнаш тхайна ма-хеттара яздина, хуучо нисдахь, вас а хир яц).
Инзаре доккха маьIна чулоцуш а, кхета атта а ю Пифагоран таблица. Цу чохь дIанисдинчу терахьашца нохчийн маттахь болх бан Iамахь, кIорггера карадоьрзур ду-кх нохчийн берашна дерриг математикин Iилма! Муьлхха мотт а, Iама а Iемаш, бийца хуучу, хьекъал долчу нохчийн берана и хала хир дац.
Цхьаболчу вайн къомах бу бохучу хьекъалан дайшка хаьттича, оьрсийн мотт хууш ца хиллехь, хIотталур яцара Пифагоре шен таблица.
«Таблица умножения» олуш долу «эцаран хьесап» нохчийн маттахь ца лелийча ца долучу хьоле бовла беза вайн хьехархой (къаьсттина – юьхьанцарчу классийн хьехархой!), ткъа цул тIаьхьа – дешархой а! Массо а классехь нохчийн маттахь дагахь хаа еза и таблица! ТIаккха математикех хIинца кхетачул а дуккха а дика кхетар бу; математика, ша бакъдолу Iилма санна, кхачам боллуш Iамор ю. Нохчийн маттахь лара а, хьесап дан а, эца а, декъа а, тIетоха а, дIадаккха а хуур ду берашна атта, эвххьаза, таханалера вайн интеллигенци санна, холча а ца хIуьттуш. Кхечу къаьмнех долчу адамашна (дукха ма ду дуьненахь къаьмнаш!), оьрсийн маттахь и таблица дагахь а Iамийна, хууш яц математика. Пифагор а хиллачух тера дац оьрсийн мотт хууш. Iаьрбаша юкъадаьккхина долу математикан хьесапдаран Iилма дуьненарчу къаьмнаша шайн-шайн маттахь Iамийна, шаьш къаьмнаш долу дела!
Дагахь Iамаде эцаран хьесап! Жимачо а, воккхачо а!
Деша а деший, хIара-м суна хаьара, алий, Iадда ма дита. Дагахь Iамаде!!! Тахханехь! ХIинццехь!

Цкъачунна х1ара кхо кеп тоьар ю, схьахетарехь. Эцаран хьесапан важа кепаш т1аккхахула йовзуьйтур ю вай. Дала мукъа лахь!
1 х 1= 1 Цхьаазза цхьаъ – цхьаъ
1 х 2= 2 Цхьаазза шиъ – шиъ
1 х 3= 3 Цхьаазза кхоъ – кхоъ
1 х 4= 4 Цхьаазза диъ – диъ
1 х 5= 5 Цхьаазза пхиъ – пхиъ
1 х 6= 6 Цхьаазза ялх – ялх
1 х 7= 7 Цхьаазза ворхI – ворхI
1 х 8= 8 Цхьаазза бархI – бархI
1 х 9= 9 Цхьаазза исс – исс
1 х 10= 10 Цхьаазза итт – итт
2 х 1= 2 Шозза цхьаъ – шиъ
2 х 2= 4 Шозза шиъ – диъ
2 х 3= 6 Шозза кхоъ – ялх
2 х 4= 8 Шозза диъ – бархI
2 х 5= 10 Шозза пхиъ – итт
2 х 6= 12 Шозза ялх – шийтта
2 х 7= 14 Шозза ворхI – дейтта
2 х 8= 16 Шозза бархI – ялхитта
2 х 9= 18 Шозза исс – берхIитта
2 х 10= 20 Шозза итт – ткъа
3 х 1= 3 Кхузза цхьаъ – кхоъ
3 х 2= 6 Кхузза шиъ – ялх
3 х 3= 9 Кхузза кхоъ – исс
3 х 4= 12 Кхузза диъ – шийтта
3 х 5= 15 Кхузза пхиъ – пхийтта
3 х 6= 18 Кхузза ялх – берхIитта
3 х 7= 21 Кхузза ворхI – ткъе цхьаъ
3 х 8= 24 Кхузза бархI – ткъе диъ
3 х 9= 27 Кхузза исс – ткъе ворхI
3 х10= 30 Кхузза итт – ткъе итт

Г1оза 1амайойла!!!
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.09.2015, 23:37 #2
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию

__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.09.2015, 23:44 #3
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию

ЭЦАРАН ХЬЕСАП
1 х 1= 1 Цхьаазза цхьаъ – цхьаъ
1 х 2= 2 Цхьаазза шиъ – шиъ
1 х 3= 3 Цхьаазза кхоъ – кхоъ
1 х 4= 4 Цхьаазза диъ – диъ
1 х 5= 5 Цхьаазза пхиъ – пхиъ
1 х 6= 6 Цхьаазза ялх – ялх
1 х 7= 7 Цхьаазза ворхI – ворхI
1 х 8= 8 Цхьаазза бархI – бархI
1 х 9= 9 Цхьаазза исс – исс
1 х 10= 10 Цхьаазза итт – итт
2 х 1= 2 Шозза цхьаъ – шиъ
2 х 2= 4 Шозза шиъ – диъ
2 х 3= 6 Шозза кхоъ – ялх
2 х 4= 8 Шозза диъ – бархI
2 х 5= 10 Шозза пхиъ – итт
2 х 6= 12 Шозза ялх – шийтта
2 х 7= 14 Шозза ворхI – дейтта
2 х 8= 16 Шозза бархI – ялхитта
2 х 9= 18 Шозза исс – берхIитта
2 х 10= 20 Шозза итт – ткъа
3 х 1= 3 Кхузза цхьаъ – кхоъ
3 х 2= 6 Кхузза шиъ – ялх
3 х 3= 9 Кхузза кхоъ – исс
3 х 4= 12 Кхузза диъ – шийтта
3 х 5= 15 Кхузза пхиъ – пхийтта
3 х 6= 18 Кхузза ялх – берхIитта
3 х 7= 21 Кхузза ворхI – ткъе цхьаъ
3 х 8= 24 Кхузза бархI – ткъе диъ
3 х 9= 27 Кхузза исс – ткъе ворхI
3 х10= 30 Кхузза итт – ткъе итт
4 х 1= 4 Доьазза цхьаъ – диъ
4 х 2= 8 Доьазза шиъ – бархI
4 х 3= 10 Доьазза кхоъ – шийтта
4 х 4= 16 Доьазза диъ – ялхитта
4 х 5= 20 Доьазза пхиъ – ткъа
4 х 6= 24 Доьазза ялх – ткъе диъ
4 х 7= 28 Доьазза ворхI – ткъе бархI
4 х 8= 32 Доьазза бархI – ткъе шийтта
4 х 9= 36 Доьазза исс – ткъе ялхитта
4 х10= 40 Доьазза итт – шовзткъа
5 х 1= 5 Пхоьазза цхьаъ – пхиъ
5 х 2= 10 Пхоьазза шиъ – итт
5 х 3= 15 Пхоьазза кхоъ – пхийтта
5 х 4= 20 Пхоьазза диъ – ткъа
5 х 5= 25 Пхоьазза пхиъ – ткъе пхиъ
5 х 6= 30 Пхоьазза ялх – ткъе итт
5 х 7= 35 Пхоьазза ворхI – ткъе пхийтта
5 х 8= 40 Пхоьазза бархI – шовзткъа
5 х 9= 45 Пхоьазза исс – шовзткъе пхиъ
5 х10= 50 Пхоьазза итт – шовзткъе итт
6 х 1= 6 Йолхазза цхьаъ – ялх
6 х 2= 12 Йолхазза шиъ – шийтта
6 х 3= 18 Йолхазза кхоъ – берхIитта
6 х 4= 24 Йолхазза диъ – ткъе диъ
6 х 5= 30 Йолхазза пхиъ – ткъе итт
6 х 6= 36 Йолхазза ялх – ткъе ялхитта
6 х 7= 42 Йолхазза ворхI – шовзткъе шиъ
6 х 8= 48 Йолхазза бархI – шовзткъе бархI
6 х 9= 54 Йолхазза исс – шовзткъе дейтта
6 х10= 60 Йолхазза итт – кхузткъа
7 х 1= 7 ВорхIазза цхьаъ – ворхI
7 х 2= 14 ВорхIазза шиъ – дейтта
7 х 3= 21 ВорхIазза кхоъ – ткъе цхьаъ
7 х 4= 28 ВорхIазза диъ – ткъе бархI
7 х 5= 35 ВорхIазза пхиъ – ткъе пхийтта
7 х 6= 42 ВорхIазза ялх – шовзткъе шиъ
7 х 7= 49 ВорхIазза ворхI – шовзткъе исс
7 х 8= 56 ВорхIазза бархI – шовзткъе ялхитта
7 х 9= 63 ВорхIазза исс – кхузткъе кхоъ
7 х10= 70 ВорхIазза итт – кхузткъе итт
8 х 1= 8 БорхIазза цхьаъ – бархI
8 х 2= 16 БорхIазза шиъ – ялхитта
8 х 3= 24 БорхIазза кхоъ – ткъе диъ
8 х 4= 32 БорхIазза диъ – ткъе шийтта
8 х 5= 40 БорхIазза пхиъ – шовзткъа
8 х 6= 48 БорхIазза ялх – шовзткъе бархI
8 х 7= 56 БорхIазза ворхI – шовзткъе ялхитта
8 х 8= 64 БорхIазза бархI – кхузткъе диъ
8 х 9= 72 БорхIазза исс – кхузткъе шийтта
8 х10= 80 БорхIазза итт – дезткъа
9 х 1= 9 Уьссазза цхьаъ – исс
9 х 2= 18 Уьссазза шиъ – берхIитта
9 х 3= 27 Уьссазза кхоъ – ткъе ворхI
9 х 4= 36 Уьссазза диъ – ткъе ялхитта
9 х 5= 45 Уьссазза пхиъ – шовзткъе пхиъ
9 х 6= 54 Уьссазза ялх – шовзткъе дейтта
9 х 7= 63 Уьссазза ворхI – кхузткъе кхоъ
9 х 8= 72 Уьссазза бархI – кхузткъе шийтта
9 х 9= 81 Уьссазза исс – дезткъе цхьаъ
9 х 10= 90 Уьссазза итт – дезткъе итт
10 х 1= 10 Уьттазза цхьаъ – итт
10 х 2= 20 Уьттазза шиъ – ткъа
10 х 3= 30 Уьттазза кхоъ – ткъе итт
10 х 4= 40 Уьттазза диъ – шовзткъа
10 х 5= 50 Уьттазза пхиъ – шовзткъе итт
10 х 6= 60 Уьттазза ялх – кхузткъа
10 х 7= 70 Уьттазза ворхI – кхузткъе итт
10 х 8= 80 Уьттазза бархI – дезткъа
10 х 9= 90 Уьттазза исс – дезткъе итт
10 х 10=100 Уьттазза итт – бIе
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.09.2015, 23:48 #4
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию

ДАГАХЬ IАМОРАХ ЛАЬЦНА
Ялх шо кхочуш, берана дагахь хууш хилла Къуръан хьалха заманахь ДегIастанахь. Вайн адам Iилма Iаморехь маьршачу лехамехь, ийманца сов долчу хенахь. «ДегIаста» боху дош а хIинца долчу маьIнехь ца хилла хIетахь. Цунах нохчаша даймохк олуш хилла, иза даймохк лоруш хилла. Нохчийн берашна а Iамош хилла сийлахь Къуръан. Массарна цхьатерра, цхьабосса Iамо ницкъ кхочуш-м ца хиллачух тера ду, амма таро йолчо, тIаьхьалонан ойлаеш волчо, некъ лохий, шен бер Iамадойтуш хилла.
Ойлаейша, таханлера нохчий! Ялх шо кхаьчна и ЖИМА АДАМ, Къуръан дагахь хууш долу и ЖИМА АДАМ, доккха хила дезаш долу и ЖИМА АДАМ – мел хьал долуш хилла и! Ша воккха мел хуьлу, гонахарчу дуьненан дуьхе мел кхуьу, хIуманан хьесап дан хаъал ша мел хуьлу, деладенна шен хьекъал мел кхуьу, оцу Iилманах, хаарийн жовхIарех – дIадиллича санна долчу – маьIна а деш, тIаьхьакхуьуш ма хилла и! «ХIокху суратан хIокху аят чохь Дала боху вайга», – олий, хьехам беш, дан къамел долуш хилла и Iилма долу стаг. Дешна стаг. Iеламстаг. Тахана а вайна юкъахь болуш бу кIорггера Iилма долу нах, дукха бацахь а. КIезиг бу, халахетахь а, Iилма долчу нахера беркат схьаэца лууш берш.
И лаам мичара хир бу, ийман ца хилча? Iилма доцу стаг, жехIил стаг шен волчарна а ца оьшу. Ийман хьаьшна къам ду вай тахана. Вайн бехк бу ала хала ду оцу декъехь, вайн бехк бац алар санна. Цхьана къацахетарша, иблисан дайша, тIаьхьалонан ойла а йина, адаман ялх шо кхачале дуьйна гIайгIа бина, ийман доцу чкъор кхиоран. И иймандацар вайн кийрара дIадаллалц, и иймандацар вайн коьртера дIадаллалц, вай лелош ерг моттаргIа хир ю. Тахана школехь а, вузашкахь а вайн кегийрхоша лелош ерш а ю дукхахьолахь моттаргIанаш. Шаьш дешар, Iилма Iамор хьехархойн дуьхьа ду моьттурш бу, я дайн-нанойн дуьхьа шаьш доьшу моьттурш. И кегий моттаргIанаш лело Iамийна ма ду вай еххачу хенахь. МоттаргIанаш ца лелийча ца довлучу хьолехь даьхна ма ду вай бIе шарахь гергга. Везчу Дала оцу уьнах цIандала хьекъал а, ийман а лойла осала хила амал доцчу вайн къомана!
Дагахь Iамор бохург Iаламат доккха маьIна долуш гIуллакх ду. Цу хьокъехь цхьа шира дийцар дуьйцур ду вай.
Суна хIара дийцар Мисарахь вехаш волчу Iеламстагехула Адама Султана Олхазарехула девзина. Сан ирс хилла ткъе итт шо хьалха цхьана кIеззигчу ханна цуьнан хьехархо хила. Цо Iаьрбийн маттера нохчийн матте даьккхинчу Имам ГIазалис яздинчу жайни тIера схьаэцна ду хIара дийцар.
Исс-итт бIе шо хьалха ваьхначу, ийманца доцург харц Iилма леринчу Имам ГIазалис дукха тептарш дитина шел тIаьхьа. Цо шен яздаршкахь тидамбарца дийцина, ша накъосташца Журжан гIалара шен гIала ТIусе вуха цIа вогIучу хенахь, новкъахь шеца хилларг. ГIазалин хIетахь берхIитта шо хилла.
Новкъахь хIокхарна дуьхьалбевлла некъаца талораш деш болу зуламхой. ХIокхаьргахь мел долу хIума дIа а даьккхина, дIабаха бевлла уьш. Амма ГIазали тIаьхьавахана царна.
Цхьа хан яьлча, хIара гина церан хьалхаваьллачунна. Цо аьлла:
– Ахь хIун леладо, кIант? ХIаллакьхила лаьа хьуна? Юхаверза!
– Ахь хьайна маршо хилар доьхуш волчу Делаца доьху ас хьоьга, и сан яздарш «ТаIлийкъахI» схьалохьа, шуна цунах хила пайда а бацара, – аьлла ГIазалис.
ТIаккха зуламхочо хаьттина:
– ХIун ю и хьан «ТаIлийкъахI»?
– ДIора тIоьрмиг чохь долу сан жайнаш ду. Цаьрга ладогIархьама, уьш дIаяздархьама, довзархьама, хийра махка деша вахана, Iилма Iамийна вогIуш ву со.
Некъазуламхочо, вела а велла, аьлла:
– Ахь муха олу хьайна цу тIехь дерг хаа а хаьа, айхьа иза Iама а дина? Ас хьоьгара схьадаьккхича, дIадолуш дерг – и хIун Iилма ду?
ТIаккха шен накъосташка кхуьнан тIоьрмиг бухабалийтина. «Со сайн гIуллакхехь нисвалийта, Дала цуьнга алийтина хIума дара иза», – маьIна дина ийман долчу къоначу ГIазалис.
ЦIа кхаьчча, и ша дIаяздина мел хилларг дагахь Iамош, къахьегна ГIазалис кхаа шарахь. «ТIаккха со хилира, зуламхоша сан некъ хадийча а, сайн Iилма довр доцуш», – яздина цо.
ХIокху дийцаран маьIна хала лаха оьшуш дац. ТIулга тIе яздина йоза санна, хьан даг чохь чIагIделла доцург бакъ Iилма дац. Дагахь Iамор бохург онда хIума ду. Дагахь Iамийна доцург, даг чохь чIагIделла доцург Iилма дац. И доций, воккхахила воьлча бен, ца хаьа.
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.09.2015, 23:52 #5
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию

ВАЙНА ГОНАХАРА IАЛАМ
Аьхкенан чилла
ХIунда аьлла-те нохчаша шеран йовхачу хенах аьхке?
Вайн маттахь «аьхке» боху дош «ахк» дашах схьадаьлла долу куц ду. Лаьмнашкара, лаьмнийн боьранашкахула, бердашкахула, варшашкахула, чIожашкахула, Iаннашкахула охьадогIучу хих олу ахк. Аьхкенан тов хIоьттича, цу аьхка чохь луьйчу бераш а, баккхийнаш а.
«Аьхке» бохучу дешан маьIна туьдуш, хица йоьзна карайо кхечу къаьмнийн меттанашкахь а шеран уггаре а йовха хан. Аьхка хи тIе гIерта массо а адам, чохь са мел долу дийнат, хьайба, экха.
Аьхке – Iалам довха лаьтта хан – шеран еа хенах цхьаъ ю, бIаьстенний, гуьйренний юьккъехь хуьлуш йолу.
Кхо бутт бу аьхкенан: июнь, июль, август. Ткъа астрономин Iилманна тIедоьгIна аьлча, шеран уггаре дехачу денна тIера (ткъе цхьаалгIачу июнера) дей, буьйсий цхьатерра ши-шийтта сохьте дIанислучу дийне (ткъе кхоалгIачу сентябре) кхаччалц йолу юкъ ю иза.
Шеран уггаре деха денош – «малх цIа кхаьчна хан» лору. Нагахь санна оцу деношкахь догIа дагIахь, «малх цIахь йочана» олу, стигал гIайгIане хуьлу, лаьттахь мел долу са долу хIума, адамаш а тIехь, гIайгIане, кхоьлина, беса хуьлу, олу.
Йокъа хIоьттича а, йочанаш яхъелча а, ярташкахь сагIа доккхуш Iедал ду вайн.
Дезткъе кхойтта дийнахь-буса лаьтта аьхке, бакъду, географин тайп-тайпанчу асанашкахь малх схьакхетар цхьатерра ца хиларца доьзна долчу климатан хьелашка хьаьжжина, цхьайолчу меттигашкахь йоца а хила тарло.
Нохчийчоьнан аренца йолчу ярташкахь еха лаьтта аьхке, лаьмнийн ярташкахь чул.
Аьхкенан чилла йолало июль беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу август беттан тIаьххьарчу пIераскандийнахь. Ялх кIиранах лаьтта. (Кху карарчу 2015-чу шарахь вуьрхIитталгIачу июлехь йолаеллера иза, ткъе бархIачу августехь чекхйолу.) Аьхкенан чилланан шовзткъе кхаа дийнахь хадо магийна хьуьнхара дечиг, хIунда аьлча оцу муьрехь дитташ чуьра хи соцу. Иштта Iаьнан чиллахь а магийна гIишло еш гIуллакхана дечиг хадо.
Нохчийн маттахь аьхкенах лаьцна долчу кицанаший, фразеологизмаший гойту бIешерийн шираллера дуьйна схьаболу вайн халкъан тидамаш.
Аьхка хье ца кхихкинчун Iай яй ца кхехка. Аьхкенан цхьа де Iаьнан кIиранал ду. Аьхкено литта хIоттийна, Iаьно дIакхаьллина. Аьхка – мало, Iай – хало. Аьхкенан заман чохь мукъа леллачуьнга Iаьно ша гихь леладойту. Аьхка догIанах иддарг Iай лай кIел вахана. Аьхка Iиллинарг Iай идда. Аьхка тIаргIа ца Iалашбинчун Iай когаш бахьийна.
Нагахь санна аьхкенан чилла йоьллачул тIаьхьа кхоалгIачу дийнахь догIа дагIахь, гуьйре, ткъарш болуш, йочане хир ю, олу.
Аьхка коьртахь а, дегIа тIехь а кIайчу кIадийнан яйн хIума лелаяр могашаллина пайдехь лерина вайн дайша. Дукха хи мелар а, хьена хIума яар а дика дац.
Кху шарахь мархин бутт а нисбеллера аьхкенан чилла йолчу хенахь.
ДОШАМ:
Аьхкенан чилла (й) – уггаре а йовха хан.
Берд (б), бердаш (д) – чукхозаелла окъанаш йолу чхернийн лам (скала).
Боьра (б), боьранаш (д) – гонах тIулгийн ира бердаш долу деха кIорга Iин (лощина).
Варш (д), варшаш (д) – яраш евлла хьуьнан кIорге (дебри).
Географин аса (й) асанаш (й) – дуьненан есаллин го (географический пояс).
Ткъарш (б), ткъаршаш (б) – лаьттахь, новкъахь хIутту тIуьна хатт (слякоть).
ЧIаж (й) чIежаш (й) – шина лома юккъера чоь, шуьйра Iин, аьхкан чоь (ущелье).
Iин (д), Iаннаш (д) – шина берда юккъера чутаьIина меттиг (овраг).
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Старый 12.09.2015, 20:26 #6
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию



Цкъа доггах цхьа хаза

ХIара дуьне дааза,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дуьненан Iаламах

Цхьа илли алаза,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дайх ала дош доцуш,

Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дала ма лайла вай, кIентий!

Дицлур ду вовшашна,

Къаьстича вовшах вай.

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Безамо хьаьсттинчохь,

Я махках къаьсттинчохь,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дайх ала дош доцуш,

Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дала ма лайла вай, кIентий!

Вовшашка хьовсаза,

ГIиллакхца довзаза,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Ца кхуьуш совгIат дан

Халкъана хьомсарчу,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дайх ала дош доцуш,

Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дала ма лайла вай, кIентий!

Юсуп Яралиев
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Старый 12.09.2015, 20:36 #7
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию

Яралиев Юсупан дешнашт1аьхь Келоев 1исас даьккхинаина х1ара илли.
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 02:17. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017