PDA

Просмотр полной версии : Тексты чеченских песен


Gezg
02.09.2008, 21:49
Шамхан Далдаев & Макка Сагаипова - "Безам"

Хьена ю те, мила ю те и хаз йо1
Мила ву те хьа дагчохь ва хаз йо1
Безам бахна набар суй соь ца бало
Хьо гич денца 1уйре буьйса къаст ца ло

Хьена ву те, мила ву те и хаз к1ант
Мила ю те, хьа дагчохь ва хаз к1ант
Хьо гича сун х1унда дуьне серла долу
Са дагчура хьо к1ант д1а х1унда ца вол

Припев:

Вайши ду цу Далас кхоьлин цхьан даха, цхьан даха
Зама йоккхуш денош дохуш ирсена, ирсена
Езаш хилча безам хилча, вайшинна вайшинна
Дехар ду вай вовше лоруш даима даима


Массо 1уьйренц массо хаз денц сунн хьо го
Ара велчи, къета велчи йиц ца ло
Хира юй те реза суна и хаз йо1
Дешне ваьлла и хьо хатта-м ницкъ ца кхоч

Безамо со лазам бина хьизош йу
И к1ант даггар д1а ца волуш лелаш ю
Хира вуй те реза суна и хаз к1ант
Ца ха1 те цун и са дагахь вехаш вуй

Gezg
02.09.2008, 21:49
гр.хемма...

хазчу гуьмсехь сунам хьо воьвзина
хазчу сарахь безам ас балхина
ахьам соьга йеза бохуш(2)
кхечуьнга йуьгур йу бохуш(2)
хьоменаг хьо х1унда лилира(2)
со цатеша х1инца со цатеша
ахь мабаха соьга сун хьо йеза
д1авало хьай йезар йолчу(2)
д1авало хьай безам болчу(2)
асс-ам хьоьга дуккха дуьцар дац(2)
хазчу гуьмсехь мерза бара
безаме сатуьйсуш цхьа йо1 йара
цу йо1на ахь тешна баьхк бира(2)
и йо1 ахьа байлахь йитна(2)
аьхь цахета хьуна хьоменарг(2)
хьо сан к1енти сунам оьшуш бац
со йицйина хьо д1алелар вац
х1унда бехир йеза хьайна(2)
х1унда бехир оьшу хьайна(2)
х1унда бехир оьшуш цахилча(2)

Gezg
02.09.2008, 21:50
Макка Сагаипова – шийла мох

ахь и илли хьаза олу
вай сан дагчу дижна и
гiайгiа бала коьрте беъча
бицбо суна мукъамо
гiайгiа бала коьрте беъча
бицбо суна мукъамо

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
махо аз хьахьоькху хьан
гiийла – гiийла хьоь ладугiуш
со кхи меллац эхар ю

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
махо аз хьахьоькху хьан
гiийла – гiийла хьоь ладугiуш
со кхи меллац эхар ю

вицлур вац хьо суна цiаа
хьена ву те, мила хьо ву
хьан леларо, хьан мокъамо
гiайгiа йойуш безам ло
хьан леларо, хьан мокъамо
гiайгiа йойуш безам ло

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
керчоч дийнахь кхойкхуш ба
кийрах санна керчош махо
валаве хьо суна схьа

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
керчоч дийнахь кхойкхуш ба
кийрах санна керчош махо
валаве хьо суна схьа

амал ецна кху сан даго
сацагатти соьга кхи
аьлла мукъам бола белчи
хелаха йолуш яца со
аьлла мукъам бола белчи
хелаха йолуш яца со

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
суна везарг соьца вац
гiийла – гiийла хьо ладегiуш
со кхи лела ойла яц

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
суна везарг соьца вац
гiийла – гiийла хьо ладегiуш
со кхи лела ойла яц

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
суна везарг соьца вац
гiийла – гiийла батте хьоьжуш
буьсанаш кхи йойъур яц

шийла – шийла мох бу хьоькхуш
суна везарг соьца вац
гiийла – гiийла батте хьоьжуш
буьсанаш кхи йойъур яц

Gezg
02.09.2008, 21:50
Милана Балаева - ненан хьоме

нена хьоме хьо ву бохуш
массара хьо воьцура
безама ц1е марса йог1уш
соьга хаза доьцура
кхи юх ца ялла яла гийча
реза хилла лелара
оццул хьайга хьоьжуш 1ийча
хьо х1унда ца виара

я хьо кура велитехьа
оццул ас хьо вазвича
я со ирсах елитехьа
хьан даго ца харжича

хаац к1ант хьо муха веха
дикчу йо1 ахь хан ца веш
куралли некъ бацкха беха
цуна хила хир ву теш
заза хецна хилла безам
хьан дагах ма кхехкина
ас хьоьга х1у алла деза
хьайх хьан догах ахь яккхича

я баркалла алетехьа
кураллина совг1ат луш
я ма вара бийца техьа
ахь лехнариг хьуна луш

я хьо кура велитехьа
оццул ас хьо вазвича
я со ирсах елитехьа
хьан даго ца харжича (2)

Gezg
02.09.2008, 21:51
Ильяс Аюбов - нана

1уьйренаш ях елла нана
суьйренаш ях елла нана
хетало ях елла зама
хьуна т1е ца кхочу нана (2х)

1аш хир ю хьо коре хиина
б1аьржаш хьай делха деш суна
г1азотехь со лела нана
елха ма елхалахь суна (2х)

сатухуш хилалахь нана
собаре хилалахь нана
алахьа дагара нана
хьо дала декъала войла (2х)

1ожалехь со кхалхахь нана
… со кхалхахь нана
доттаг1и бог1ур бу хьуна
ца жимма дог эц хьа нана (2х)

1уьйренаш ях елла нана
суьйренаш ях елла нана
хетало ях елла зама
хьуна т1е ца кхочу нана (2х)

хетало ях елла зама
хьуна т1е ца кхочу нана

Gezg
02.09.2008, 21:52
Ильяс Аюбов - хаалахь

безаман цу ц1аро вагина лелаш
хийлаза хьомениг хьан коре хьийзаш
хьан б1аьрги суьйнаш дагчура далац
хьоь хилла сан ойла дагчура ялац

хаалахь сан дог ду безаман догуш
езачу йо1анна ша иллиш дохуш
хаалахь сан аз ду и иллиш лоькхуш
ойла ю безамца даима ехаш

мостаг1чух тар вела санна со лела
хийлаза хьомениг хьан коре хьийзаш
куралла яш санна кхучунна елу
амма хьуна со дага ца вог1у

хаалахь сан дог ду безаман догуш
езачу йо1анна ша иллиш дохуш
хаалахь сан аз ду и иллиш лоькхуш
ойла ю безамца даима ехаш

Gezg
02.09.2008, 21:54
рани - "ядор ю"

хьо латтор ю дагчохь ас сайна,
хьо лоьхуш ю кийрарчу даго.
ас хьо ларйо школера йог1уш,
«хьо ядае!» - даго сан хьоьху.
со хийла хьоьжура хьо сайна ядая,
ахь соьга олура : «со х1инца а жима ю!»
со хийла хьоьжура хьо сайна ядая,
ахь соьга олура : «со х1инца а жима ю!»
го,го,го….йог1уш-йоьдуш гооо,
ю,ю,ю…массерал хаза ююю.
го,го,го…хьо йоккха хилла гооо,
ю,ю,ю…ас сайна юьгар ююю…

хьо жима ю школера яланза,
хьо кура ю боху соь наха.
кхи карор ю хьоьца йог1уш ериг,
«хьо жима вац!» - бохуш со хьийза во.
суна-м кхи оьшуш яц,хьоь бахна безам сан,
вайшиъ цхьан дехар ду нах хьоьгуш бертахь цхьан.
суна-м кхи оьшуш яц,хьоь бахна безам сан,
вайшиъ цхьан дехар ду нах хьоьгуш бертахь цхьан.

го,го,го….йог1уш-йоьдуш гооо,
ю,ю,ю…массерал хаза ююю.
го,го,го…хьо йоккха хилла гооо,
ю,ю,ю…ас сайна юьгар ююю…

го,го,го….йог1уш-йоьдуш гооо,
ю,ю,ю…массерал хаза ююю.
го,го,го…хьо йоккха хилла гооо,
ю,ю,ю…ас сайна юьгар ююю…

Gezg
02.09.2008, 21:55
Ильяс Аюбов - теша хьо

диснариг хьоьга ала дош.
хир йуй те хьо сан ойла еш.
ахь соьга йог1у ца аьлчи,
сан даге и ла ца ло,
хьо йоцуш ца ла ло.
теша хьо, теша хьо сан безамах.
еза баха хьоь къордина, нена хаза йо1.
кху хазчу, хазчу суьйранна,
лаьтта со хьоьца шовданехь.
хаза б1аьсте, хаза зезагаш.
зезагашца кхуьуш ю, ва нена хаза йо1.
теша хьо, теша хьо сан безамах.
еза баха хьоь къордина, нена хаза йо1.
диснариг хьоьга ала дош.
хир йуй те хьо сан ойла еш.
ахь соьга йог1у ца аьлчи,
сан даге и ла ца ло,
хьо йоцуш ца ла ло.
теша хьо, теша хьо сан безамах.
еза баха хьоь къордина, нена хаза йо1.

Gezg
02.09.2008, 21:56
Xамас - Hохчи къам

вовше гом ду адам дуьне сихделлахь хьийза,
дар дел ж1алеш сан вовше цергш хьекхош къиза.
марзо д1а яьлла, харцон т1ехь даьл дов,
г1ило сом дакх вах йиш яц т1епаз вов

нохчи чоь яра хьо тхуна хьоме
даггара вист хил йиш яц ше къоме,
гул бел нах, вовшах кхетта адам,
х1оран кертахь д1а хоьттин кадам

т1е беана т1ом хил стаг велхош,
хьал г1еттин къам шай-шай бал белхош.
йохин г1ишлош, нех д1а даьлла си
машар кхайкхош-тоьар ду бохш 1анин ц1и!

ам, цхьане бал бац
бал бац! - къа хет стаг висна вац
х1умма доцург даздеш, герзнал ч1ог1 хеташ
цхьам шег аьлларг бакъ хеташ

мал вел 1а ше дахар дешел ц1ен ду бохуш
ше керт бохам кхеч х1усмехь дог догуш
кийрар г1ийл аз бен ца далахь велар
бери аматехь леггер шад къийлар

бахам лахам тахан хал ду
вал ца лаьъ цхьанне, ше са мерз ма ду
сингаттам масанхьа ма бу, х1оран ма лаьъ вах
цун ойл яхьар нах!

нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

1аьржа бода хилла т1ом т1е беънера
нохчи чоь сина ц1е латийна
ягинера, ц1ел каьрчинера
цхьа тамашена къам хийца делира

цу хен дуьн верилахь лар лолахь
йоьхь-1аржо когаш къеллахь ю хьун, тас ма лолахь
хьаж юккъе кхет 1аьрж мохар
д1а ца докх хино марз делла вай ц1и 1ано

г1енахь доьхьул туьсу х1уманаш
баккъал хуьлуш ду и гойт хено
кхи дол къам марш дохил шу жоьжг1ат чу
хьер даьл цхьа дол адам нохчи чоь чу

дал т1е тес бал т1е тес ж1алеш
жими-воккху башхул яц ву лаьш
сов дойла кешнаш са ваш
хьой цхьа жим кхетам чохь велахь диц ма делахь ахь х1ар дешнаш!!!

нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

керст къам, бусулб къам вовшех хьаьрчира
дел цхьаъ веш болчу нахан юккъе 1ес 1едал даьржира
къалах йинарг бен 1амал яцар цу хан чохь
парг1ато яцар, дахар дацар, вацар

цхьа стаг даг чохь кхерам, 1ожалан орам боцуш
коьрта т1ира 1аьржа чо хиц балаз боцуш
т1амо адам гал ма даьккхи, дукх дезар
долчунах ма ваьккхи, шен йохург схьа ма яьккхи

кхоум букх хьал кхуьъ ч1ор адам
дахитар гор, коьрт кхохь кхи х1ума дац
хьекъал дац, бехк боцчун са даккхахь адам
декъал хир ма дац, тешам хир ма бац

кхи д1а т1е витахь эзар балехь валлуш вац
цу т1ехь шеко яц, цхьаммо шайн динарг дуьтар дац
г1илкхан ормаш д1а хедин, хьарам хьанал иэдин
нана латтехь си ца дин

х1ор шолх стаг мунафикъехь тар велла
къин хетам аьхь бох дош вайн юккъар д1а даьлла
гергарлонш хер дел, г1ел дел,
мал дел, гам дел, 1арж дел д1а даьл

ахчи хьаж, миск хьаж цхьане дег къаст ца ло
гамо, ямартло цу т1ехь ницкъ бо нахан
адмо ше бахам рицкъ цо ца кхоъ до ше са кхоъ до
хьер даьл вай къам тахан!

нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

Aset
02.09.2008, 21:57
Макка Сагаипова - МОВЛИД

эхарта даьрзале цу дела кхеле
къинхетам беха вай кхоьлин чу деле

[2х] ламазца, саг1ица 1амал сов ялла
иманехь кхиъ дойла веза чу далла

стиглане, латтане да волчу далла
мохьамад пайг1амар вазвинчу далла

[2х] ниц1къ лойла дуьненахь кхетамца даха
гатти ахь нийса некъ леха

хилла аш, хинн дераш хууш волу дела
хьалха дериг, къайлах дериг гуш волу дела

[2х] хир ма дац цхьа х1ума хьа лаам боцуш
миск хилар, жим хилар хьа х1ума доцуш


эхарта даьрзале цу дела кхеле
къинхетам беха вай кхоьлин чу деле

[2х] ламазца, саг1ица 1амал сов ялла
иманехь кхиъ дойла веза чу далла

эхарта даьрзале цу дела кхеле
къинхетам беха вай кхоьлин чу деле

[2х] ламазца, саг1ица 1амал сов ялла
иманехь кхиъ дойла веза чу далла

Aset
02.09.2008, 21:58
Мегар ду — мегар дац (Юрт-Да)

А мегар ду. Мегар ду — мегар дац
Мегар ду — мегар дац


Ма дара д1а дийцача х1ар х1ума
Дуьйцаш санна атта дац
Цу х1умане угара к1орге маь1наш
Бен вайн хуар дац


Цу ворхий деш дуьндахь
Олаш хилла бохаш нах дуьйца
Амма элир- бахар дерг вай дуьта,
Хунда аьлчи- маь1ан ***ца


Вайн мохкахь г1оттин хал ду шуна
Ч1ог1а г1илла

Вас йо хийла
1амал шена дикне йерзича, корматал т1е йерзича
Догахь долаш, даггар олаш
Дикне деба дар вай г1илла.


А мегар ду. Мегар ду - мегар дац.
Юрт-дас бохаш чунахь хьо тидам беш хунд вац?
Мегар ду- мегар дац


И уггар долаш лелина, угар лерина кегина х1уманаш ду
И лерина талла а товаш, к1оргера уза дина даькхан бахнаш ду
Йа мегар ду, мегар дац алли - цу т1ахь сацам ца беша
Адам хеца делла, довзан, хьагна – долачу х1умманехь тоам ца беша.


Бабин йо1а, мамин к1анта, нена веши сту
Велла д1а валлац дахаран т1аьхь кхьуш
Хар х1ун ду? Важа х1ун ду?

Сун даггар беза безаш, буьцаш болу нохчийн мотт
Керча ба ницкъа ма кхоча, хеста беш- инзаре ца мотт
Мегар ду, мегар дац. Йа дьуцаш санна дац
Д1а олаш дерг схьа лаца кхетам бацахь
Да х1умма ма дац


Вай эра дера цьунга, вай эра дар кхуьнга , вай эра дар нахи
Олаш хенахь, кхета кхеташ уьша алахь
Хир бу аьтто, вайн х1уа хетахь, вай хуарга дицахь
Ду йа дац, леларх ниса
Овдал ву ца бахита - дуьцаш чуна тидам беш


А мегар ду. Мегар ду — мегар дац
Юрт-дас бохаш чунахь хьо тидам беш хунд вац?

Aset
02.09.2008, 21:59
Макка Сагаипова-Хаза к1ант


Син к1ераме гул дела ду.
Хаза сюре вай хьура ю.
Вай безамаш хоржура бу.
Шайна везарг к1астура ву.
Вай безамаш хоржура бу.
Шайна везарг к1астура ву
.
До 1аш волу и хаза к1ант,
и мял хаза хета суна.
Хьо кхечунга дхьа ма хьежа,
со уоайлане 1ахь ма ита,
Хьо кхечунга дхьа ма хьежа,
со уоайлане 1ахь ма ита.


Ала соьга мичхьара ву.
Милхач нахах шьа вялла ву.
Синач стигал ялла ёлу,
везчу Дели выеха ёлу.
Синач стигал ялла ёлу,
везчу Дели выеха ёлу.


Со хьоьга бям яха лур яц,
хьо воцчунг со яха лур яц.
Безам бухург хала хум ду,
и массера лазама бу
Безам бухург хала хум ду,
и массера лазама бу.

Aset
02.09.2008, 21:59
Хасан Мусаев - Индира
________________________________________
Д1ауьду денош, д1ауьду зама,
Вог1у, хьоменаг, хьо йолче со.

Хьан б1аьра хьоьжуш,
Хьоьга дагар дуьйцуш,
Ца лаьа, хьоменаг, 1адика йан!

Тешор ю, хьомениг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!

1аьржачу буьйсанна, хьийзавеш набаро,
Хьоьжу со хьан суьрте, к1орда ца деш,

Дашо малх г1аттале, сан коре хьажале,
Кийча ву, хьоменаг, хьо йолче ван!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дешах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!

Йог1ур ю цхьа суьйре, вог1ур ву хин йисте,
Эра ду хьоьга, хьоменаг, йолахьа соьга,

Ахьа, охьа а таь1на, суна йела къежна,
Эра ду, эхь хеташ, ахь йигахьа д1а!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!!!...

Aset
02.09.2008, 22:00
Хасан Мусаев - Луиза
________________________________________
Хьоменаг, хьо шовдан йистехь лаьтташ го,
1аьржа б1аьргаш хино хьа дуьзна го.
Хьоменаг, хьо урам новкъа йог1уш го,
1аьржа б1аьргаш малхо хьа къагийна го.

Ма елха суна, езар сан,
д1ауьду денош сих делла,
д1а йоьду хьо, вуьтуш со цхьалха.

Стиглахь богу сирла седа, цуьнга хьоьжу со даимна, Луиза.
Боху сирла седано, вуьсу цхьалха йоцуш хьо, Луиза.

Ма елха суна, езар сан,
д1ауьду денош сих делла,
д1а йоьду хьо, вуьтуш со цхьалха.

Хазчу сарахь-суьренца, вог1у хьо йолчу сих велла, Луиза.
Кхечуьнца хьо лаьтташ го, дагар дуьйцуш йоьлу хьо, Луиза.
1адика йойла, езар сан,баркалла ду хьуна, сан даггара,
Ехийла ирсе даимна.

Aset
02.09.2008, 22:00
Хасан Мусаев - 1аьржачу Буьйсанна
________________________________________
Хьо йолче вог1ура со
Хьо сайна езарна
Хьо йолче вог1ура со
Хьан дешнах тешарна

Амма хьо хиллера ли веш
Хазачу хабарца
Амма хьо хиллера кхидош
Хьай безам кхичун д1а

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со

Д1аели ши шо хан зама
Ахь хьайна веза бохуш
Д1аиди хаза денош
Ахь соьга йог1у олуш

Чим хилла беги сан безам
Кхичуьнца сана йайча
Г1а хилла йоьжи даг т1ера
Баркалла ду соьгара

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со

Йог1ур ю цхьа шийла 1уьйре
Со хьуна дага вог1уш
Йог1ур ю цхьа ирча суьйре
Ахь соьга юха кхойкхуш

Мел эрна хир ду хьан елхар
Бузучу Малхе хьоьжуш
Мел эрна хир ду сатийсар
Со юха варе хьоьжуш

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со

Aset
02.09.2008, 22:01
Хасан Мусаев - Пет1мат

Доьхьара урамехь хьо сайна йог1уш яйча
Кийрара къона дог тулг1и хилла хьойзира
Ц1и беснеш безамна ягалуш хетало
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Хьан б1аьргар х1и даьлча кхоьллина ма хетало
Хьо сайга йист хилча кийрар дог кхоллало
Ма хетар хьан б1аьрг нур къагадеш малхано
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Доьхьара ц1ен безам ас хьайга д1а кховдича
Сих елир хьо хьаста кийрара дилха дог са
Ц1и беснеш безамна ягалуш хетало
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Aset
02.09.2008, 22:02
Ирс - Асет
________________________________________
Хаза суьйре т1емакхечи
Хьо х1ин йисте йог1и теша
Ломах долу шовда санна
Хьо йог1уш ю, жима Асет
Ц1а схьахьажа, елалохьа
Д1ахька парг1ат кийрара дог

Доьху хьоьга, йолахь соьга
Деги безам хьоме Асет

Хьо х1их къудал юьзна ялла
Вайшин къамел дула делча
Хьайна хиларг дийца аьлча
Ахь элира соьга Асет
Вайшин мерза безам бийна
Ца веза къант соьг веза бах

Кхоьри сомма сан хьоменаг
Вайша г1овшех кхи ца гарна

И маала сан хьоменаг
И ма дийца деги безам
Ас хьа ойла дукха йарна
Са корта къай белла бу хьун
Вайша вовше реза делахь
Вайшин безам ийна белахь

Кхи дахума вайшина дац
Д1аг1у вайша дуьне мел ду?

Ахьа те1на, ела к1яжна, цу элира жимчу к1анте
Хазчу сарахь нийсархошца, хьо вола хьа шовдан йисте.

Х1инца хьоьца со д1а яг1ахь са тайпана сий дайна ду

Сих ма ло хьа сан хьоменаг, кхана хьуна ас жоп лур ду.

Х1и йистера ша чу кхячна, чохь болчарех ша шек ялла
Цу элира йинчу ненег, шаьш лелориг дийца аьлла
Хьо тхай цхьаъ бен йоцу дела, уьш мегиш нах болу дела

Хаза бохькуш болу дела тховса оха, хьо д1алуш ю

Ша делла дош дага деъна, ша безамах йоли хиъна
Ша юхкуш юй шина хиъча, Асета ше 1ожал йира.

Йо1ал дукха бахам безна
Ше везарах йо1 якххина

Ши йо1 юхкуш йолчу нанна
Ша талхини хаа деза...

Aset
02.09.2008, 22:02
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКАН ГИМН

Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
1уьйранна лом уг1уш тхан ц1ераш техкина.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш т1ехь дой хьийзо дайша тхо 1амийна.

Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра д1ах1иттина.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.

Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха д1алур яц!
Бос 1аьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.

Тхо цкъа а цхьаннена къарделла совцур дац,
1ожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю!
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу б1аьргаша хьуьнаршна г1иттадо.

Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш б1арздахь, бецан тхин мийра ду!
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьт1ахь ду.

Aset
02.09.2008, 22:04
Тимур Муцураев - Даймохк
________________________________________
Даккхичу герзашца, эчиган г1овг1а йеш.
Цамгаро йестина, Россия хьо.
Тха махка х1оьттича, маьрша нах халлак беш
Нохчичун д1акхалг1ар, баьлла х1ар мохк.

Со халлакх хуьлда, са нана латта.
Къизачу мостаг1чух хьо д1алатта
Со висахь вуьсийла йух болаьхь вожа.
Со лахьа, ас сей са дуьтур ду хьоьца.

Ког боцуш со висахь, летарву текхаш,
Куьг доцуш со висахь, йухкур ю цергаш.
Вайх лета мостаг1 ас, воккхур ву дохко,
Мостаг1чун ирча ниц1, буьрса бац со кхеро.

Со халлакх хуьлда, са нана латта.
Къизачу мостаг1чух хьо д1алатта
Со висахь вуьсийла йух болаьхь вожа.
Со лахьа, ас сей са дуьтур ду хьоьца.

Сема1ашкахь бейъина, баккхи нах, зудари
Лазина бераша, хьикхина маьхьари
Диъ баьъ са д1адоьлли, жимачу юрто
Ч1ир йитин хьо сацахь, хьо ва вац НОХЧО.

Со халлакх хуьлда, са нана латта.
Къизачу мостаг1чух хьо д1алатта
Со висахь вуьсийла йух болаьхь вожа.
Со лахьа, ас сей са дуьтур ду хьоьца.

Ц1е лета богуш бу, нохчо даймохк
И бала ца лейна ма г1олахь гор
Кхелг1ина и синош, хьоьхь тешна ду таг1на.
Эхкита йишаца хьай дилха дог.

Ц1е лета богуш бу, нохчо даймохк
И бала ца лейна ма г1олахь гор
Кхелг1ина и синош, хьоьхь тешна ду таг1на.
Эхкита йишаца хьай дилха дог.


Хамас - Нохчи къам - 03.06.2007, 00:35
________________________________________
Вовше гом ду адам дуьне сихделлахь хьийза,
Дар дел ж1алеш сан вовше цергш хьекхош къиза.
Марзо д1а яьлла, харцон т1ехь даьл дов,
Г1ило сом дакх вах йиш яц т1епаз вов

Нохчи чоь яра хьо тхуна хьоме
Даггара вист хил йиш яц ше къоме,
Гул бел нах, вовшах кхетта адам,
Х1оран кертахь д1а хоьттин кадам

Т1е беана т1ом хил стаг велхош,
Хьал г1еттин къам шай-шай бал белхош.
Йохин г1ишлош, нех д1а даьлла си
Машар кхайкхош-тоьар ду бохш 1анин ц1и!

Ам, цхьане бал бац
Бал бац! - Къа хет стаг висна вац
Х1умма доцург даздеш, герзнал ч1ог1 хеташ
Цхьам шег аьлларг бакъ хеташ

Мал вел 1а ше дахар дешел ц1ен ду бохуш
Ше керт бохам кхеч х1усмехь дог догуш
Кийрар г1ийл аз бен ца далахь велар
Бери аматехь леггер шад къийлар

Бахам лахам тахан хал ду
Вал ца лаьъ цхьанне, ше са мерз ма ду
Сингаттам масанхьа ма бу, х1оран ма лаьъ вах
Цун ойл яхьар нах!

Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

1аьржа бода хилла т1ом т1е беънера
Нохчи чоь сина ц1е латийна
Ягинера, ц1ел каьрчинера
Цхьа тамашена къам хийца делира

Цу хен дуьн верилахь лар лолахь
Йоьхь-1аржо когаш къеллахь ю хьун, тас ма лолахь
Хьаж юккъе кхет 1аьрж мохар
Д1а ца докх хино марз делла вай ц1и 1ано

Г1енахь доьхьул туьсу х1уманаш
Баккъал хуьлуш ду и гойт хено
Кхи дол къам марш дохил шу жоьжг1ат чу
Хьер даьл цхьа дол адам Нохчи чоь чу

Дал т1е тес бал т1е тес ж1алеш
Жими-воккху башхул яц ву лаьш
сов дойла кешнаш са ваш
Хьой цхьа жим кхетам чохь велахь диц ма делахь ахь х1ар дешнаш!!!

Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

Керст къам, бусулб къам вовшех хьаьрчира
Дел цхьаъ веш болчу нахан юккъе 1ес 1едал даьржира
Къалах йинарг бен 1амал яцар цу хан чохь
Парг1ато яцар, дахар дацар, вацар

Цхьа стаг даг чохь кхерам, 1ожалан орам боцуш
Коьрта т1ира 1аьржа чо хиц балаз боцуш
Т1амо адам гал ма даьккхи, дукх дезар
Долчунах ма ваьккхи, шен йохург схьа ма яьккхи

Кхоум букх хьал кхуьъ ч1ор адам
дахитар гор, коьрт кхохь кхи х1ума дац
хьекъал дац, бехк боцчун са даккхахь адам
декъал хир ма дац, тешам хир ма бац

Кхи д1а т1е витахь эзар балехь валлуш вац
Цу т1ехь шеко яц, цхьаммо шайн динарг дуьтар дац
Г1илкхан ормаш д1а хедин, хьарам хьанал иэдин
Нана латтехь си ца дин

Х1ор шолх стаг мунафикъехь тар велла
Къин хетам аьхь бох дош вайн юккъар д1а даьлла
Гергарлонш хер дел, г1ел дел,
Мал дел, гам дел, 1арж дел д1а даьл

Ахчи хьаж, миск хьаж цхьане дег къаст ца ло
Гамо, ямартло цу т1ехь ницкъ бо нахан
Адмо ше бахам рицкъ цо ца кхоъ до ше са кхоъ до
Хьер даьл вай къам тахан!

Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

Aset
02.09.2008, 22:06
Бекхан

Йист




Саца а йист йоцуш, некъ бина велир.
Бакъонца малхане вирзина велир.
Дог бухахь юьзна йоьхь таккхина велир со,
Б1е шерахь бина мохь таккхина велир со.
Дог бухехь юьзна йоьхь таккхина велир со,
Б1е шерахь бина мохь таккхина велир со.

Пройден путь без конца и края,
Душа перед солнцем открыта, как мир...
Под сердцем кишку я тащил, наполняя,
Сто лет я носил свой накопленный жир...

Вай къастадан дезаш дуй ца хууш хилла со.
Вайн къастар долуш дуй ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со,
Нах баар хьакъ буйла ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со,
Нах баар хьакъ буйла ца хууш хилла со.

Не знал я, что нам все ж придется расстаться
Не знал, что на свете разлуке есть место,
Не знал, что людей пожирают собратья,
Не знал, что это считается честью...

Делчу дег1ахь ч1уг яккхарн каш даста волу со,
Лергахьа х1оз баккха каш даста волу со,
Сан негошна шозлаг1а г1ад даккха волу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха волу со...
Сан негошна шозлаг1а г1ад даккха волу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха волу со...

Могилу раскрыв, я возьму кольцо золотое...
Серьгу заберу я из уха мертвечьего ...
Найду для костей своих тело второе,
Разрою могилу, что для меня намечена...

Доккхачу дуьненахь ц1ий-шурий кхийссина,
Д1адекхар-схьадекхар, кхерамаш тийсина...
Саца а йист йоцуш, некъ бина велир,
Бакъонца малхане вирзина велир...
Саца а йист йоцуш, некъ бина велир
Бакъонца малхане вирзина велир...

Кровь с молоком вовек разливая,
Месть да расплата играют свой пир...
Пройден мой путь, без конца и края,
Душа перед солнцем открыта, как мир...


Альтернативный перевод
на русский язык:

Совершен путь, после которого уже не остановиться.
Солнце для вас сделало всё, что могло.
Всё, что не нужно, нами собрано.
А самое главное мы потеряли

Я не знал, что мы можем разделяться.
Я не знал, что это произойдет.
Не знал, что люди пожирают себе подобных.
Не знал, что это благословенно.

Вскрою могилу, сниму с покойника колечко.
Вскрою могилу, сниму с покойницы сережку.
Очерчу рамки своей могилы,
Которую, вы для меня уже вырыли.

На огромной планете борьба между жизнью и смертью.
Удары туда и сюда приходятся по тебе самому.
Совершен путь, после которого уже не остановиться.
Солнце для вас сделало всё, что могло.

Aset
02.09.2008, 22:10
Курачу цициган йиш
Песня избалованного котенка



Ду со месал, ду со кура,
Я пушистый избалованный котенок,
Писулиг ду Бабин со.
Бабушки котенок я.
Бабас йоттахь молу шура,
И если бабушка мне молока нальет- им я лакомлюсь,
Бабас тохахь доьлху со.
А если ударит и накажет- плачу я.
Суна корахь бен ца гина,
И только через окно я видел,
Арахь дог1уш шийла ло,
Как падает холодный снег.
Нанас пешан уллохь дина,
Меня мама возле теплой печки родила,
Пешан уллохь кхиъна со.
Возле теплой печки вырос я.
Сан дов дац-кха цкъа а цхьаьнца
И никогда я не ссорюсь,
Ж1аьлица йа дехкаца.
Ни с собакой, ни с мышкой.
Маьнги т1е д1а парг1ат хаьрций,
Лежу-валяюсь на кровати,
Дижна 1уьллу дехха со.
Вот так проходит жизнь моя.

Aset
02.09.2008, 22:13
I love you girl
Суна хьо еза, йо1


I love you girl. I love you girl. I love you girl. I love you.
Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза. йо1. Суна хьо еза.


I love you, короче дац ooh yaeh.
Йов, йо1, суна хьо еза. Номер лура яцар теш ахь, сунна хьо еза, дуууй хьун.


Вайшиъ девзин цхьанна сарахь, хьуна т1ехь яра хаза ц1ен х1уманаш.
Сан б1аьргаш чу хьоьжуш яра хьо. Ас элир т1аккха хьоьга: «Ваа, ма хазалла ю иза»
Т1аккха ахь элир хьо ц1ера еана ю аьлла, ваааа хьа ц1е х1у ю теш, дуй хьун.

I love you, girl. I love you, girl. I love you, girl. I love you, girl. I love you. I love you, girl. дукха-дукха-дукха еза хьо суна.
Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза йо1. Суна хьо еза. Суна хьо еза йо1, дукха-дукха-дукха еза хьо суна.



Ас хьоьхь лаьцна эшар язайира ю ткъа сарахь машенахь хьа коре г1ура ву, эшар латийна эра ду:

I love you, girl. I love you. I love you, girl. I love you, girl. I love you, girl, упапа-упапапай.
Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза. Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза, йо1. Суна хьо еза, йо1…….дуй хьунаааа.

Enigma
03.09.2008, 14:57
Автор слов Косам Оспанов. Я ставлю стих в оригинале, какой он на самом деле.
Следовательно вышеизложенный "альтернативный перевод" - неправильный.:;):

Вот слова етой песни, которую исполняет Барахоев:

Йист

Са цхьа а йист йоцу некъ бина дели,
Бакъонца, малх хене бирзина бели.
Дог-пехех дуъзна йоьхь дакъийна вели со.
Б1ешерехь бина мохь текхийна вели со.
х х х
Вай къеста дезаш дуй ца хууш хилла со.
Вай къестар долуш дуй ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со.
Нах баа хьакъ буйла ца хууш хилла со.
х х х
Лергаха х1оз баккха каш даста воллу со,
П1елгаха ч1уг яккха каш даста воллу со,
Сайн кошан шозлаг1а г1ат даккха воллу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха воллу со.
х х х
Доккхачу дуьненахь ц1ий, шурий къийсина,
Д1адекхар -- схьадекхар: кхерамаш тийсина,
Са цхьа а йист йоцу некъ бина дели.
Бакъонца, малх хене бирзина бели...


Оспанов Кьосам

MaDiNa
17.01.2009, 12:30
Помогите мне пожалуйста мне нужны тексты песен МИланы Балаевой Нуц ,Алал к1орни, ахьа лоьхура йац,вола. и Ташаевой Хавы Безам и Сатийслар...и вы не знаете где можно достать их минусовки?заранее спасибо!:;):

Зайчик
02.08.2009, 22:45
Хеда Хамзатова\Нана
у кого есть текст песни?

Амина
06.09.2009, 10:40
Мне очень нужны тексты песен Ильяса Аюбова - Джихад, Нохчи к1хъам, Заура Магомадова - Диана, Нускалш, Шамхана Далдаева - Вечеринка.:serenadi:
Спасибо за помощь! Очень жду!:Laie_80:

Gezg
06.09.2009, 20:18
включите магнитолу..проигрывайте по куплету и записывайте в тетрадочку..я так все песни Кино и Ласкового Мая в тетрадку переписала в 2001 году правда..пауза.плэй..пауза плэй..

Амина
07.09.2009, 13:22
А что делать, если чеченским не владею, а смысл песни знать хочется? Переводчика я нашла, мне тексты нужны, ну ПОЖАЛУЙСТА!!!!!! А то я как слышу, так и пишу, а мне перевести никак не могут(((((. Помогите, кто может! Кто может - ПОМОГИТЕ!!!

Молния
07.09.2009, 13:24
хьоме чьег1ардиг

хьоме чьег1ардиг, ау!
ты скажи мне, где хьо ду?
грустный песня ла-ла-ла
хьо йоцуш со никуда.

цхьанна аг1ор не могу,
суна чьог1а плохо ду.
хей, са стиглара звезда,
где ахь спрятаться дина?

хей, са хьоме чъег1ардиг,
где ахь спрятаться дина? чик-чирик!
хьо ца хилчи плохо, хьо ца хилчи тоска!
д1ахяжчи, схахаьжчи, нигде нет тебя.

сагат до сегодня, сагат дир ду кхана!
душа без тебя уже сагат да устала.
к1алд межарг легшкахь застревает,
т1оберам не лезет, а жижиг вообще убивает!

а помнишь, мел весело хюлара вместе?
вспомни, мел хаз ас хьуна лёкхара песни.
как ас дор тебе рассказывать про безам,
и с чем его едят и как и лело беза?

ты прячешься соьх цхьанна мичик1ажахь,
но без меня тебе везде будет лажа!
потому что цхьам да и никогда
хьо езаш не будет так, как я люблю тебя!

а помнишь, цхьан дийнахь, всё было all right,
вайщиъ цхьанна гуляли, вайщиъ мюлара спрайт.
и оц динахь, сайна цахуъш тебе я
даггар сказал: "ты безам моя"

это боккъула было, хотя и было как г1енахь...
ас хьо йир ю любить, а ты со любить велахь.
и хетар, что звезды только для нас...
я еще хотел сказать, но ахь соьг элир "атас!"

"са мама йог1, цюнца ву брат,
дёргай кхузара, а то со йир ю ругать!
масть хилахь, завтра вола обратно,
встретимся хи йисте около кранта"

но ты не пришла ни кхан, ни потом,
со висна один в этом мире большом.

хянца ты ходишь?
мичахь гуляешь?
меня, д1акхоьсчи и не вспоминаешь

Молния
17.09.2009, 11:13
джамлайл

1овдал безам

ахь лоьху машенаш
хьуна деза бахамаш-
хьо тарлур яц,
хьо тарлур яц.

хьоьг доцу хекъал
хьа 1овдал корта-
хьо йехар яц,
хьо йехар яц.

раз къужал хёкхуш,
.............................(слова не разберу)
раз тухуш вацахь
хьо реза яц.

1адика йойла хьа, 1овдал безам
1адика йойла хьа, 1овдал безам!

хьа нанна цахиъи
г1илкхе нуц харжа,
я хьуна цахиъи
хьайн маре лаха

ахь ляцна некъ
ма эрна хили,
хьуна деза бахамаш
ма эрна хили.

ахь боху машенаш
са хир яц хьуна,
я хир ю ала
меттиг бац хьуна.

хьа нана 1овдал ю,
хьо цулла 1овдал ю,
цо бохург схьаляцна
гал йели хьо!

хьо маре югур ю
хахк машен йолчо.
и хьуна хёхкур яц,
жерошна бен!

хьуна кхячна машен
цхьаъа ч1ург йоцуш хир ю хьуна!
цул хьуна г1оле ю
дечк ч1урга йолу са вир ворда!

ше хенахь мангале югуш!
ше хенахь дечк дахка югуш!
малхе йохйойтуш!
мохе якъйойтуш!
кхобар ю, дакъ дижарг,
йолахь сёга!

кхобар ю,
дакъ дижарг, йолахь сёга!

so jar isam
30.10.2009, 13:36
Хаза зурма ю))

Са кийра ц1е ахь латийна
Чов йина дахар лазийна
Са дега къайле карийна
Ахь соьга безам кховдина

Буьйсано ага тахкийна
Набаро г1ала йижийна
Седарчий серло д1амуьйлуш
Лела хьо 1индаг1 са хилла
Припев2р
Ехь доцу б1аьргаш хьажийна
Дашо церг ела къажийна
Боху ахь дагца со къуьйсуш
Безамо цхьа а ца вийна

Тап аьлла урамаш тийна
Деттало дог д1асацийна
Лаьтта со коре д1ахьоьжуш
Собарца лаам бахчийна

Хьа деган дог1а карийна
Ас хьа куралла эшийна
Хир ю са ирса беш бохуш
Сатийсам ц1у т1е д1абийна

Припев2р
Ехь доцу б1аьргаш хьажийна
Дашо церг ела къажийна
Боху ахь дагца со къуьйсуш
Безамо цхьа а ца вийна


Са кийра ц1е ахь латийна
Чов йина дахар лазийна
Са дега къайле карийна
Ахь соьга безам кховдина

Стигла ю бос эцна сийна
Безамо ойла яхийна
Хилахьа соьга ладуг1уш
1абаре дог хьай а дина

Припев2р
Ехь доцу б1аьргаш хьажийна
Дашо церг ела къажийна
Боху ахь дагца со къуьйсуш
Безамо цхьа а ца вийна))

Зайчик
21.11.2009, 13:12
люди помогите, не знаю кто поет((( могу немного напеть

припев:
лейна лейна хо везаш халонаш лейна
зийна зийна вай безам ушараша зийна
хар дуне вай шина тейна
ху де ас хо ешу суна

лейна лейна хо везаш халонаш лейна
зийна зийна вай безам ушараша зийна
хар дуне вай шина тейна
ху де вай со езча хуна

(написала как услышала) ))
у кого есть слова к песни пожжааалуйста киньте, и если можно с переводом
огромное спасибо заранее....=)

Sleepy
27.01.2010, 10:29
безамо дагийна сийна б1аьргаш
корта са цо хьовзина
х1инца ма генахь а лела хьо соьх к1ястина
chorus!
мялха серло суна ца го
хьо волчи д1а йигахьа со
ца деза хьо воцу дуьне
х1у дир ду техь
х1у дир ду техь

Yusup
13.02.2010, 01:31
маржа я1 хьо безам
Ницкъ бу хьан ч1ог1а
Делхо я дело а
Адамийн дог
Хьоьл тола луучо
Хьо хьеста беза
Собарца лоруш а
мел боккху ког
Кто-нибудь слышал эти слова?Если да,то мне хотелось бы узнать,кто исполняет эту песТню

SunShine
21.03.2010, 19:39
Мне все песни Мусы Н. (исполн. альбома "Волья стая"), Хусейна Бетельгериева (исполн. альбома "Свободная Ичкерия") и Б. Рамзаевой (исполн. альбома "Честь чеченца") нравятся,к сожалению их тексты песен нигде не могу найти.Без слез не послушать просто.Но мало кто слушает их песни на сегодняшний день.Сих диц ло вайн хум..

Yasmina
28.04.2010, 12:49
маржа я1 хьо безам
Ницкъ бу хьан ч1ог1а
Делхо я дело а
Адамийн дог
Хьоьл тола луучо
Хьо хьеста беза
Собарца лоруш а
мел боккху ког
Кто-нибудь слышал эти слова?Если да,то мне хотелось бы узнать,кто исполняет эту песТню

Эту песню исполняет Зара Эльмурзаева. если тебе эта песня нужна,то вот она--->[url]http:/www.sendspace.com/life/sq5qx9/[url]

Sleepy
15.05.2010, 20:41
вай безам декъалла ца хилла
чу харцахь сан даго йоьттина г1ала
оооуоооо
х1уттур яц хьоьха со дог дилла
т1яххара б1аьсте кху лаьттахь чакх ялла
ооооуоооо
сан ирс ду догуш хьан карахь
доьху и доха ма дехьа
безаман б1аьстенан арахь хьомениг со шел ма ехьа
сан ирс ду догуш хьан карахь
доьху и доха ма дехьа
безаман б1аьстенан арахь хьомениг со шел ма ехьа

хьо цхьаъ ву сан ойланаш хьаста
туьйранахь тар дина дуьненчохь йоьлхааа
ооуоооо
реза ю хьоьха д1а ца къаста
хьа б1аьрга хьажна чохь д1а дала дахар
ооуоооо
ну и припев о5)

Darkness
15.05.2010, 22:07
Тяркаца суьйре ю хаза йеана ,
Жима к1ант хи йисте йо1 га веана
безама ше кира ц1е латина ......
вот нравится песня,а кто поет и зачем не знаю)
слова хочууууу.....

это поет "Ансамбль Азнак"...............

Молния
03.05.2011, 20:26
***

хьа дас сун тоьх бол мир ас бютар бац хьун
хьа нанс сун тоьх дол шад ас дютар дац хьун
хьа вашас тоьх дол герз ас дютар дац хьун
ахь тоьх йол шадш ас хьун ютар яц хьун!

хьа щичо тоьх дол урс ас дютар дац хьун
хьа мяхча тоьх дол диг ас дютар дац хьун
хьа йиши к1антс тоьх йол кибарчк ас ютар яц хьун
хьа веши йо1о йоьхкин цергш ас ютар яц хьун

шу неннанс сун йелл йол к1алд ас йуьар яц хьун
шу нендас йелл йол мяхсиш ас лелор яц хьун
шу ненвашс делл дол сахьт ас д1адоьхкна хьун
шу ненйишс делл дол деши мог1ар ас чутоьхна хьун!

шу дедас йин йол сварк ас ютар яц хьун
шу девашс цу т1е тоьх долл хи ас дютар дац хьун
шу денанс сун дицин дол боьх х1умш сун дицлур дац хьун
шу дейиш мотт ца хилар - и са бехк бац хьун!

хьа котамо тоьх йол з1ок ас ютар яц хьун
хьа т1архо 1оьттан йол ма1 ас ютар яц хьун
шу ж1ало сун тоьх йол ка ас ютар яц хьун
ас яр ша дол х1ум дицдахь - со х1умма яц хьун!

шо д1адели, ас дицнарг т1едели

хьа дас сун тоьх бол мир ас юх тоьхна хьун
хьа нанс сун тоьх дол шад ас цун юх чутоьхна хьун
хьа ваша тоьх дол герз со жим бен лазацавир хьун
хьа щича сун тоьх дол урс ас ир дир хьун!

хьа мяхча тоьх дол диг ас дохадир хьун
хьа йишик1анта сун кхьоссна кибарчк ас йохин хьун
хьа вешийо1о сун йоьхкин йол цергш ас цун юх йоьхкир хьун
шу неннанс йелл йол к1алд ас д1айиир хьун!

шу нендас йелл йол мяхсиш ас лелир хьун
шу ненвашс сун делл дол сахьт ас д1адоьхкин хьун
шу ненйиш делл дол деши мог1ар ас чутоьхна хьун!

шу де дас сайн йин йол сваркяхь со цавешир хьун
шу де вашс тоьх дол хи, шун хиллер хьун
шу денанс дицин дол боьх х1умш ас имаме д1адицна хьун
шу котамо тоьх йол з1ок - кхи цун з1ок яц хьун!

шу т1архо 1оьттан йол ма1 цун кхи гур яц хьун
шу ж1ало сун тоьх йол ка - ка яц хьун
сун гин дол г1ан кхи юх гахь, со кхи сам вервац хьун!

Дашо йоI
02.06.2012, 20:37
Камета Садулаева "ДАХАР"

Деза ду адамийн дахар"
хийламо баьхна ду и..
Керла ницкъ карийна яха
цунна аса тоьшалла ди..
Чов хилла чоьвнаш дIа йоьрзу
дарбане уьш дагна ю..
Мацца а чаккхене доьрзуш
адамийн дахар а ду..

Дахар, сан гIайгIане дахар
цхьа жимма хьаста-хьа со..
Хаза де-хьа дуьненчохь яхар..
Со ца гуш тIехдуьйлу хьо..

Делахь а дуьсуш дерг даха
юха а адамаш ду..
Диканна дог делла вахар,
велча а вахар ма ду..
Дахаран гIайгIане хьаьркаш,
сан дагна ма мерза ю..
Мийларх цо сан деган бIаьрхиш
дуьненчохь со ирсе ю ..

Дашо йоI
30.07.2012, 23:12
Сулейман Хамзаев "Хьо Гаре Са тесна"

Шерашца ях елла суна
Бух боцу и 1аьржа буьйса
Ойланаш цо соьга йойту
Ца вуьтуш набарна товжа
Куьг кховди кхаьчначохь суна
Седарчий къагийна цо
Тийначу ураман новкъахь
Бетта нур цо 1ена до
Куьг кховди кхаьчначохь суна
Седарчий къагийна цо
Тийначу ураман новкъахь
Бетта нур цо 1ена до

Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна

Тамашин,тамашин хета
Хьо ца гуш д1аэхна хенаш
Сирла де кхуьйлина хета
Лоьху хьо саммах а,г1енахь
Хьоьца бен доцуриг сайна
Дахарехь кхи ирса ца лехна
Дуьненан бахам ца боьхуш
Ас сайна хьо герга ехна
Хьоьца бен доцуриг сайна
Дахарехь кхи ирса ца лехна
Дуьненан бахам ца боьхуш
Ас сайна хьо герга ехна

Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна

Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Амма сан кийрарчу дагна
Хьо йоцуриг х1умма ца эшна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна
Безаман суьйре т1е йеъчи
Хьо гаре даиман са тесна

Marty
14.04.2016, 20:11
Дога, это старая песня, если вдруг узнаешь кто автор слов, поделись)

а здесь вот так, по моему-
Суна дика хьайна лаахь
Со д1атасий ахь йитахьа.

ДенисА
15.04.2016, 20:38
Маршалла ду массаьрга а!
Приветствую всех на этом замечательном форуме! Очень нужна ваша помощь - подскажите, что за песня на видео поссылке ниже:
www.youtube.com/watch?v=hsh0W_eD3jA
Заранее спасибо!!

Marty
25.04.2016, 00:20
ДенисА, песня мне не знакома, а слова постараюсь на днях записать на слух)

Ters-Maimal
27.05.2017, 01:27
Т1адамаш, ц1оьмалгаш, хаттаран хьаьркаш, х1оттаран хьаьркаш мичахь х1итйам цахаъ сун.)

Гр.Президент - Зезагаш

Хьан хазчу б1аьргашчу
Даимна хьоьжу со
Йиц цало мел бахарх
Нур долчу б1аьргашна

Алахьа ахь соьга
Реза йуй теша хьо
Вай дегнаш цхьан тоха
Сан дагна йезнариг

Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, кховдийна

Х1инцалц сан дагахь йу
И хаза ва б1аьсте
Цу хазчу байт1аьхь и
Безаман зезагаш

Алахьа ахь соьга
Реза йуй теша хьо
Вай дегнаш цхьан тоха
Сан дагна йезнариг

Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, кховдийна

Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, зезагаш, зезагаш
Зезагаш, зезагаш, кховдийна.

Ters-Maimal
27.05.2017, 01:39
Х1ар кху чу кхос ас.

Милана Балаева - Схьа кхета малх (йа "Цайина ойла", цаха сун)

Ца йина ойла

К1ант:

Ахь ца йина ойла йу со
Ахь ца лехна безам бу со
Ойле безам боцчу хьуна
Коча беъна, бала бу со, со, со.

Йо1:

Ас йина ойла йар хьо
Ас ца лехна безам бар хьо
Ойле безам боцчу суна
Коча беъна бала бу хьо

Ойле безам боцчу суна
Коча беъна бала бу хьо

Хьам кхи 1уьйре йу ма боху
Хьам кхи суьйре йу ма боху
Лекха йукъахь нийсач новкъахь
Хьам кхи йезар йу ма боху

Лекха йукъехь нийсач новкъахь
Хьам кхи йезар йу ма боху

Лам терзанца оза йоллу
Терк ведаршца дуста йоллу
Хьо мел к1ант ву хьажа йоллу
Хьаьжна йаьлчи вита йоллу

Хьо мел к1ант ву хьажа йоллу
Хьаьжна йаьлчи вита йоллу

1уьйре йог1у хьо ца вог1уш
Суьйре йог1у хьо ца вог1уш
Хьом висина вала воллу
Сом са хьийзаш йала йоллу

Хьом висина вала воллу
Сом са хьийзаш йала йоллу

К1ант:

Ахь ца йина ойла йу со
Ахь ца лехна безам бу со
Ойле безам, боцчу хьуна
Коча беъна, бала бу со, со, со.

Йо1:

Схьа кхета малх цхьакхетале
Чу бузу малх, чубузале
Айхьа йигахь йиги вала
Сом шу лулах маре йог1у

Айхьа йигахь йиги вала
Сом шу лулах маре йог1у.

Ters-Maimal
13.04.2020, 00:41
Илес Болтмирзаев - Йог1ур ма ю

Йог1ур ма ю, дагна йезнарг
Сайна гаре а, къайлаха со хьоьжур ву
Ас х1ун де те, стигла вале
Лаьтта ворсе волалой со, волалой

Ишта безам, хьоьга болуш
Сан дог - ойла хьоьца йолуш
Хийла 1уьйре, хийла суьйре
Д1а ма йоьду, д1а ма йоьду.

Дагна йезнаг, марехь ма ю
Дагар дийца са йиш ма яц, йиш ма яц
Буьйсана наб ма яц, дийнахьа са синтем бац
Хьо цаго хан 1азапехь ю, кхетахьа.

Ишта безам, хьоьга болуш
Сан дог ойла хьоьца йолуш
Хийла 1уьйре, хийла суьйре
Д1а ма йоьду, д1а ма йоьду.

Йог1ур ма ю, дагна йезнарг
Сайна гаре а, къайлаха со хьоьжур ву
Ас х1ун де те, стигла вале
Лаьтта ворсе волалой со, волалой

Ишта безам хьоьга болуш
Сан дог - ойла хьоьца йолуш
Хийла 1уьйре, хийла суьйре
Д1а ма йоьду, д1а ма йоьду.

Ters-Maimal
13.04.2020, 01:10
Дешнаш. Гадаев Мохьмад-Салахь
Локхург. Рамзан Абумуслимов

Дуьне хьийзар ду

Дуьне хьийзар ду, дахар кхача деш
Вайшиъ къастийна, зама йог1ур ю
Некъаш хедар ду, со хьоьх хьега веш
Байлахь дисина, безам боьлхар бу.

Дуьне хьийзар ду, зама кхача йеш
Некъаш хедар ду, со хьоьх хьега веш
Нагахь балано, дог ца 1овжадахь
Хьайга са туьйсуш со вуй хаалахь, со вуй хаалахь.

Зезаг даг т1ера, лаьтта дужур ду
Вайшиъ лелла некъ, наха бустур бу
Ас сай лозу дог, карахь техкор ду
Сирла ойланца, хьа лар лоьхур ю.

Дуьне хьийзар ду, зама кхача йеш
Некъаш хедар ду, со хьоьх хьега веш
Нагахь балано, дог ца 1овжадахь
Хьайга са туьйсуш со вуй хаалахь, со вуй хаалахь.

Б1аьрхих буьзна х1орд, кийрахь ловзу са
Даго тоьтту д1а, къаста деза хан
Гуьйре кхочур ю, шийла хиш 1енош
Даьсса оьхур ду, хьо цагуш денош.

Дуьне хьийзар ду, зама кхача йеш
Некъаш хедар ду, со хьоьх хьега веш
Нагахь балано, дог ца 1овжадахь
Хьайга са туьйсуш со вуй хаалахь, со вуй хаалахь.

Батто дато нур, лаьтта хьоьрсур ду
Ас и лехьа деш, хьа ирс кхуллур ду
Са ца хилла ирс, маьлха дуьненахь
Ас хьо йоьхур ю, сайна эхартахь.

Дуьне хьийзар ду, зама кхача йеш
Некъаш хедар ду, со хьоьх хьега веш
Нагахь балано, дог ца 1овжадахь
Хьайга са туьйсуш со вуй хаалахь, со вуй хаалахь.

Мадина
15.04.2020, 22:33
Али Димаев

Нохчийчоь

Вайн дегнех кхерсташ ю алу
Вайн ирса дейина доь
Ларйойла хьо Везчу Далла
Бусулба сан Нохчийчоь

Дог доьхна Бер санна г1ийла
Оллалой ма хьежа соь
Хьан седа лепийта сирла
Со лойла хьан Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Йохийна х1оттор яц гора
Кур олла бойтур бац хьоь
Йиш яц дашо малх хьан кхола
Бусулба сан Нохчийчоь

Даш кхетта эгча син метта
Маршаллаш кьоьхьуьйтуш хоь,
Леш болчу хьан к1ентий метта
Со лойлаха Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо,
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Лечано хелхар деш говза
Баланаш, г1айг1анаш тоь,
Махканна дерриг ду ловзар
Елало сан Нохчийчоь

Вайн дегнех кхерсташ ю алу
Вайн ирса дейина доь
Ларйойла хьо Везчу Далла
Бусулба са Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо,
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо,
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Мадина
15.04.2020, 22:35
Марина Айдаева "Сан безам"

Хьо цхьаъ бен даг чоьх вац,
Хьо соьга хьоьжуш вац,
Хьо бен сун оьшуш вац,
Х1у де ас хууш яц.
Алахьа ахь соьга,
Сан хьоме дег безам.
Х1у де ас сай дагна?
Х1у де ас безамна?
Безамца къийсинарг
Цкъаа тоьлла вац,
Сан безам, сан безам
Хьохь яла са ницкъ бац,
Безамо 1овжина дог
Молхно тодийр дац
Сан безам, хьохь яла
Са ницкъ бац.

Хьо гари са туьйсуш,
Н1абарха сам йюлу,
Даг чура ца волуш,
Тилйелла со лела
Алахьа ахь соьга,
Сан хьоме, сан хазниг
Х1у бехк бу са, безам,
Хьо воцуш ца магар?

Безамца къийсинарг
Цкъаа тоьлла вац,
Сан безам, сан безам
Хьохь яла са ницкъ бац,
Безамо 1овжина дог
Молхно тодийр дац
Сан безам, хьохь яла
Са ницкъ бац.

Нани бера д1аскъастор
Мел хала ду хаа,
Хьо виц ва, хьо вита
Цул хала ду суна
Боданяхь некъ лоьхуш,
Б1арзвелла таг санна,
Безамо б1арзина,
Хиза со тахана.

Безамца къийсинарг
Цкъаа тоьлла вац,
Сан безам, сан безам
Хьохь яла са ницкъ бац,
Безамо 1овжина дог
Молхно тодийр дац
Сан безам, хьохь яла
Са ницкъ бац.

Мадина
15.04.2020, 22:37
Шовда

Вайн лаьмнашка бух дуьлуш ду шовданаш,
Шовданашца хаз кхуьуш ду зезагаш,
Оц кхуьушчу зезагашца ойла еш,
Йоьхур ю хьо йинчу нениг сайна ас.
Оц кхуьуш зезагашца ойла еш,
Йоьхур ю хьо йинчу нениг сайна ас.

Ма мотталахь хьо хаз елла со лела,
Хьан бахамехь 1еха велла со лела,
Жимчохь дуьйна хьоьга бахна сайн безам
Хууш вац со х1ухилла те сайн дагна.
Жимчохь дуьйна хьоьга бахна сайн безам
Хууш вац со х1ухилла те сайн дагна.

Стигла вала теша со хьо лоьхуш,
Дуьнен мел ду д1а г1о те со хьо лоьхуш.
Йинчу нениг йоьхур ю хьо сайна ас
Ехча ца лахь, ядор ю хьо сайна ас.
Йинчу нениг йоьхур ю хьо сайна ас
Ехча ца лахь, ядор ю хьо сайна ас.

Мадина
15.04.2020, 22:43
Даймохк Имран Усманов
Нанас берахь дуьйна суна хьо марзбина,
Хьоьга дагардуьйцуш, хийла ойла йина,
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Ахь кхиийна, ахь стаг вина, со новкъа велира.
Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма суна хьо хетара,
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Малх бицбина, нур къагийна, хьо суна лепара.
ХIора йогIу кхане хьоьца йоккхур, бохуш,
Винчу махка кхача ас сатийсинера,
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Хьоьх къаьстина, дог диллина, Iалур ца хиллера.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Хьоьх къаьстина, дог диллина, Iалур ца хиллера.

i.am
23.04.2020, 12:06
Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла,
Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта.

Дешнашца, хабаршца Iехийра ахь со,
Хумма дац, хьомениг, замано нисдо
Зама ма дIайоьду, доьду хи сана,
И дерриг нисдийр ду кхоьллинчу Дала.

Сунна хьо везара, хIинца а веза,
И безам бохуриг доккха дош хилла,
Хьуна ма мотталахь, со хьайха яьлла,
Кхин безам ца карош со гIийла лела.

Хьо декъала ма войла эра дац хьуна,
Езачух хьегийла эра дац хьуна,
Со-м хьалхе яьккхира ахь безамах, ирсах,
Хьо хьайна вехийла кхечуьнца гIоза.

Диц ма де, хьо хир ву сан деган ойла.
Йоьду со яллалца хьо воцчохь лела,
Хьайн делахь, дог хьостуш, тIаьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхи гур дац, хьо марша Iайла.

Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла,
Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта

Исполнение : https://ipleer.com/song/12233251/Dzhamilya_-_Jish_yalar_davisarg/

Сэр с ЧИАССР
03.09.2023, 03:01
Хьоме зезаг

I. Х1ай,зезаг ма хаза кхиъна хьо,
Х1ай, зезаг ма хаза кхиъна хьо.
Зандакъан ломахь ма хаза кхиъна,
Сан хьоме зезаг хьо.
Зандакъан ломахь ма хаза кхиъна,
Сан хьоме зезаг хьо.

II. Х1ай,к1енти хьовсийша шу хьала,
Х1ай,к1енти хьовсийша шу хьала.
И лаьмнийн хотеш эшаршца екош
Ламанхой болх беш го.
И лаьмнийн хотеш эшаршца екош
Ламанхой болх беш го.

III. Х1ай, нохчо, хьажахьа вайе лома,
Х1ай, нохчо, хьажахьа вайе лома
Зандакъан ломахь зезаг ду техкаш,
Эсала хьоьстуш со.
Зандакъан ломахь зезаг ду техкаш,
Эсала хьоьстуш со.

IV. Х1ай, вежри г1овтийша шу хьала,
Х1ай, йижри г1овтийша шу хьала.
Яхьаллехь къуьйсуш, Даймехкан сий деш
Сов бертахь дехар вай.
Яхьаллехь къуьйсуш, Даймехкан сий деш
Сов бертахь дехар вай.
-----------
https://mp3iq.net/m/6568263-zareta-dzhamalhanova/42571356-home-zezag-m95/
Стала очень редкой почему-то.