Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
09.07.2018, 17:50 | #11 |
бакъйолу аккази)
|
минутка смеха от Хасана Бакаева)
"Ц1а г1уо алиш" Совет 1едал ч1аг1 деллачу хенахь, цхьана йуьрта г1алара хьаькамаш хилла баьхкан. Юртахой килса майданахь гула а бина, коьрта хьаькам къамел дан д1ахоьттан: -- Вай сийлахь Совет-паччалкхан сийлахь дозанаш лардеш сийлахь Ц1ие Эскар ду. Цу вай сийлахь Ц1ие Эскаран шуна санна даар а, малар а деза. Цундела, вай комаьрша вовшах а тоьхна, вай салташна бепиг, жижаг, шура, т1уо, к1алд, кхи бола кхача а д1абахьийта беза. Цхьана воккха стага вист хила пурба даьхна. Ша аьлларг т1етодан и волла моьтташ, хьаькамо пурба делла. Воккха стага аьлла: -- Делахь, хьаькам, и со ларва ваханчу салтига шие ц1а г1уо алиш. Шелара маьждиге боьда урам Моцах ц1а базар веан хилла цхьа стаг говр эца. Цхьа вуно товш динах б1арг кхаьтта кхуьна. Т1е а вахан, йухкаш волчуьнга мах хаьттан кхуо. Пхитта сом доьха ша говрах, аьлла вукхо. Лере а таь1ан, эца веанчуо хьаттан: -- Хьажахь, накъост, ма йорах йухка ахь хара говр. Лач1инам йац хара? -- Хьуо вала а волаш, Шела а ма г1уо, Шела кхачахь, маьждиге боьда урам т1е а ма вала. Т1аккха маьрша д1алелайан говр йукх хьуна хар, -- жуоп делла говр йухкаш волчуо. Пхитта соьмах говр а аьцна ц1а вахан важа. Цул т1аьхьа ши-кхо шо даьлча, ша муха кхоча а ца хуаш, Шела кхаьчна хилла иза говран т1аьхь. Воьдаш, к1ет1ахь 1аш волчу цхьана стаган т1е нисвелла хар. Цу стага дикка говре а хьаьжна, т1е а веан, дуьрст д1алаьцна. -- Накъост, хара говр хьена йу? -- хаьттан цуо. Важа доьхьал вист хилла: -- Хара Шела йуй? -- Йу дера! -- Хара урам маьждиге боьда урам буй? -- Бу! -- Т1аккха хара говр хьа йукх, -- аьлла, дин т1ера вахьа воьссан иза. "Берзан буолар" дола говр Хара хезза хила мега шуна. Цхьаъ веан базар д1айухуча хенахь говр эца. Йухкаш говрах б1арг а кхьатта т1евахан хар. Говр йухкаш верг хилла берд санна лекха, лергаш т1охал вахь хаьцна хьаьрса мекхаш а долуш, г1алакх-шаьлтан мукъ лаьцна, оьг1аза б1аргаш а къегош цхьа онда адам. Цхьа а цунна т1е а вахан оцу говран мах хатта а хутташ ца хилла, и дукха буьрса волаш. Ткъа и цхьаъ йоцарг йухкаш кхи говр а ца карина, цу къонахан т1евахан говр эца веанаг. -- "Хар говр йухкаш йуй ахь?" -- хаьттан цуо. -- "Йохка дагахь хьам йалина ас хара" -- жуоп делла вукхо. -- "Ху доьха ахь кхунах?" -- "Пхиъ туьмнах д1айала реза вукх со хар". -- "Ткъа буолар муха ду кхуьна?" -- "Буолар ша берза санна ду!" -- "Долчух тера а ду, жимма хахка а хаьхкан хьажа мегар дарий со?" -- хьаттан эца веанчуо. -- "Хьажа хьайна", -- аьлла дуьрст схьакховдина говр йухкаш волчуо. Говран т1е а хиан, хаьхкан эца веанчуо. Говр хилла 1амоза, д1акхоссалой ц1ингаш кхуссаш, схьакхоссалой шена т1аьхь 1ачунна це тоха г1урташ. Цу говро д1ай-схьай и виттан, хала цунна т1ера вахьа а воьссан, говран дуьрст йолчуьнга д1акховдина кхуо. Т1аккха аьлла: "Делахь, накъост, хара говр йохка йалина волчу хьуна ала хума дац сан. Ахьа йохка йалина йолчу кху говрана а ала хума дац сан. Амма шие ворхий а дена наь1алт хуьлийла ишта буолар долчу барзана!" |