Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
02.03.2023, 15:52 | #11 |
...
|
X
Векхчуьра валанза – беввалаза, гIо дан дезаш, ша ца лелалуш, ца вахалуш; цIодар, ледара Корехулий бен дуьне ганза – таро йолчу нехан хьоме, лерина кхиош йолу йоI; къона; жима бер Къоьжа чо а баланза – къаналле ластанза, къона Маж-мекх даланза – къона; къиъна вогIуш МаIа-моза а хаанза /маIа-мозно хьаянза/ – цIена, кер-ла; йоIстаг; кIантстаг Мегарг дуьне даанза – чомехь дуьне даанза, дукха ца ваьхна Мегарг чо а баланза – маж-мекх даланза жима; кхиазхо Мегарг чо а бижанза – акха, эндаж, дуьне ганза Мегарг мас а яланза – жима кIорни; кхианза Ненан кийрахь ваттаваланза – цIодар, хьекъална аьсха; 7 баттттахь бен ненан кийрахь Iилланза Нускалара яланза – ялийна бутт а ца кхаьчна Олхазаро бен-м мас тасанза – пана, адаман лар йоцуш, адаман ког баланза меттиг Тхин чо а божанза – бераллера, жималлера валанза Хих волуш, говран цIога а лацанза – дуьне ганза, ха-лонаш тIехIиттанза Экхано бен-м ког баккханза – еса, акха, пана меттиг |