Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
01.10.2017, 22:56 | #11 |
бакъйолу аккази)
|
КЪАСТАМ !
1 Ваша а ,мостаг1 а, къастош хьо вацахь. Дика а, вониг а ,луьттуш хьо вацахь. Гергар а, хийра а , декъна хьо вацахь. Хьуна йоьвзар яц хьуна, Бакъуо а харцуо ! 2 Накъостана г1о эшчахь , д1ах1уттуш хьо вацахь. Муьлхха вайн йо1-Йишин, Ваша хьо вацахь. Хьайн къоман,Умматан ,Сий лардеш хьо вацахь. Хьуна йоьвзар яц хьуна, Къонахийн Яхь ! 3 Хьан Дайша ларйина ,Маршо ца къийлинехь. Цуьнца шайн ч1агъелла ,амал ца евзинехь. Эхь-бехко кхиийна, ларам ца ларбинехь. Хьуна боьвзар бац хьуна, Дайн Мехкан бохь ! 4 Доьналлехь ч1аг1йина,вайн лаьмнийн тархашт1ехь. Доккхачу хьунарц, йоьг1начу б1оьвнашкахь. Маршонца х1иттийначу ,г1аланаш б1аьннашкахь. Лардинарг ду хьуна К1ант, ахь дойъуш Доь ! 5 1уьйренан з1аьнаршца ,ломан куц ца дайнехь. Кийра бузош тог1ешца,шовданаш ца меллехь. Акхачу вайн стоьмийн ,мерза-моз ца довзинехь. Хьуна боьвзар бац хьуна ,Дайн Мехкан чам ! 6 Делан хьакъ лелорехь,малуоно хьо лаьцнехь. Хьайн дешан Да волу, олалла а доьжнехь. Дайн г1иллакх д1атесна, хьо "парг1ат" ваьллехь. Хьан дезарш дац хьуна, шен болуш мах ! 7 Хьайн дег1ехь, доьзалехь, Эхь доцург магийтахь. Стаг 1ехош дозанаш, Тешамах дохийнехь. Сутарчу ойланех, хьайн дуо ахь бузийнехь Хьан хьайн а бац хьуна, ши мискъал мах ! Аьрсбин Абу-Бакр 02.10.11 шо : |
28.11.2017, 13:34 | #12 |
бакъйолу аккази)
|
ОЙЛАННА ДОШ-2 !
1 Хьо къар ма лолахь бакъонан къовсамехь ,т1аккха Дала мостаг1а къарвелла гойтур ву хьуна. Хьайн дег1ана г1ора к1езга ду алий, ондачунна цкъа а хьайн бакъо а ма йиталахь. Доьналлехь долчу турпалчу даго,тур-тапчанца г1ора ницкъаш а нисдо хьуна. Хьайна дина зулам ма дитилахь дехар доцуш,сов ца волуш дика а ма диталахь . 2 Цу Делан Нийсонца ахьа букътохахь,хьо шайт1анан харцоно сихонца лоцур ву хьуна . Сий дайъина ахча лоьхучаьрца хиттало хьайн уьйраш а,дахаран некъаш а ларделахь. Т1аккха Дала хьо вочух ларвеш деган парг1атонехь,Шен беркате кхачийна а карор ву хьуна . Хьан Дайша кхиийна мерзачу дахаран пусар долуш,кху дуьнанах чекх а валалахь... Аьрсбин Абу-Бакр 24-28.11.17 шо : |
14.12.2017, 22:59 | #13 |
бакъйолу аккази)
|
УВАЖАЕМЫЕ форумчане поддержите нашего Брата, который трудится ради возрождения нашей самобытности и языка!
АССАЛАМУ 1АЛАЙКУМ, НАХ ОРАМАХ БОЛУ НАХ ! БисмиЛлах1ир-Рохьманир-Рохьийм . Шоьгаран вошалла оьшуш болх бу х1ара (проект) , вайн къоманна юкъарчу г1уллакханна д1аболийна,вайн х1аллак мел динарш меттах1иттош,керлачаьрца т1едуза 1алашонца . Кху аг1онна -ORDIN NAHAR-( ВАРИЙЛАШ МАЛО МА ЕЛАШ КХУННА ! Х1ара массанхьа а даржош г1уллакх дар, дехар а ду шоьга Вежарий. Х1ара канал формальны долучера,официале доккхуш,массуо дуьненчуьра вай Наханна пайда эца аьттонна,шен барам (статус) лаккхарчу т1ег1ане баккхарехь лерина 1алашо ю,цул т1аьхье кхунна чухула кхин долу даакъош а (филиалаш) схьаделла,цу ЮТУБАН бехкамашца (условешца) боьзна болх бу иштта билгала баьккхина. Кхунна чухула вай бан леринна дуккха а ладаме (важный) баккхийра белхаш бу,вайн къоман КХЕТАМ метта х1уоттон лаамехь, Делан пубанца ! Нохчийн къоман мотт айбар, иза 1аморехь шен ширачу бухт1ера схьаоьцуш. Керла вайн б1оьвнашт1ера т1аамарех (иероглифех ),зайл йозанех (клинописех ) кечдинчу Нохчийн Абат-алфавит 1амош хьажгаршца (видеошца) ,вайн керла кечдина исбаьхьа йоза 1аморца,1амарш (урокаш) д1адахьа а лерина ду вай т1ейог1учу ханна.Иштта уьш ватсап,телеграмма хоршашкахула аздаршца а (головойш) даржош Нахе д1акхачо лаам болуш. Вайн а Дуьненахь г1арбевллачу 1илманчаша Нохчийн марг1алах (исторех) язбина болу белхаш а довзийта лерина ду вай. Иштта цхьаьна кхиберш санна карарчу хенахь ,Нохчийн меттан энциклопедеш х1иттош жигара белхаш бу беш,технически,академическ и кхи долчу 1илманийн а дешнаш ду кечдеш вайн маттера схьадохуш, х1ара канал схьадиллинчу тобано. Вайн 1алашонехь ду Нохчалла толлуш Академи схьаелла а,цул т1аьхьа и белхаш институтан т1ег1анашкахь шордина, вайн берашна 1амраташкахь (ишколашкахь) хьоьхуш ,вайн къам шен бухт1ера ондачу кога х1оттон а, Дала мукъ лахь. Аллах1-Дала Шен г1о дойла вайна кху йоккхачу 1алашонан белхашт1ехь... Ларамца шун Ваша, Аьрсбин Абу-Бакр 14.12.17 шо |
14.12.2017, 23:36 | #14 |
من بني عاجيك
|
Дел бе-кх хьан Дала аьтту!
__________________
بربروسا الشيشاني الغروزنوي الأدملي |
21.01.2018, 02:53 | #15 |
бакъйолу аккази)
|
ДА ВУЬСИЙЛА !
1 Дависа вайн Элчанца 1амарца, вахар хилла делара сан. Цу Асхьабех и масаллаш оьцуш,Са дузуш ирсенехь ваьхна. Дела Ша реза а хилла ,цаьрца д1акхалхар хилла делара сан. Х1ун до кху дуьненах хийра,дуьссун долу хьацарца лиехна. 2 Баьчча Идиг хьан б1онехь лаьттина,йа воьжначех велара со. Йа Имам Тини Вуьсица ваьхна ,цуьнгара Доьналла довза. Бакъ долчу Нохчаллийн дахарехь,Эхь лоьруш Яхь йолуш массо. Дахаран г1иллакхийн лакхенца,Адамалла нисдина говза. 3 Маржа-я1, Шайх-Мансуран заманахь, ваьхна хилла велара со. Йа Таймин Биболат къовсамо ,чахчийна шайн Сийлаллехь кхиъна. Бенойн Бойсхарна б1аьрхьоьжуш, даьккхина мукъа делара цхьа шо. Йа Имам-1албаган заманахь ,Къонахийн кхетамах вуьзна. 4 Къар ца луш обаргалла хаьржина, Вара,Зелимха,Хасуха. Тхо кхиънера шу лоьруш дезнарш, До1анаш тхайн хиттина шоьца. Аша лайнарг къийсамехь лардинарг,тхуна а кхачийна юха. Цхьаъ ву вайн къомана мостаг1а,и Маршо къуьйсуш верг вайца. 5 Цхьаъ ду вайга хоттун дерг Дала,цхьаъ ду вайн дерриге къоман Дин. Цхьаъ бу вайн исбаьхьан Даймохк,цхьаъ бу вайн Ненан мотт дог долу. Шиъ ю вайн чаккхенан меттиг,Ялсамане йа Жоьжаг1атин 1ин. Цу 1инчу вай тоьтту мостаг1а,ца вовзахь вай дакъаза довлу. Аьрсбин Абу-Бакр 14.08.93 шо |
25.01.2018, 21:17 | #16 |
бакъйолу аккази)
|
КХАНЕННА ЛИЕХАМ !
1 Х1ора а дийнахь вайн лехамаш гуллойла. Х1ора а сохьтехь вайн дустараш толлийла. Х1ора вайн ойланаш кханенна ецийла. Вайн ц1ена До1анаш Маршонца доьхкийла. 2 Х1ора а Нохчо К1ант орцаха волийла. Леш долчу къомана лоьралла лоьхийла. Х1ора а олу дош кхетамна децийла. Вайн г1елдина дахар ша самуоне доккхийла. 3 Х1ора а Къано вайн 1уьналле х1уттийла Х1ора а доьзал Да жоьпалле волийла. Х1ора а во1-Ваша Иймане кховдийла. Вайн массо йо1-Йиша эхь-бехке йог1ийла. 4 Х1ора а боккху ког Нийсонна хуьлийла. Х1ора а кховдо куьг хьанала кховдийла. Х1ора а хьожу б1арг марзонехь кхерстийла. Вай вовшийн эшарца Барт болуш ч1аг1лойла. 5 Х1ора вайн лаамаш дог-ц1ена баьржийла. Х1ора вайн г1иллакхаш шайн бохье кхочийла. Х1ора вайца хьаг1 йолу гамуонаш отийла. Вайн яххьаш къагийна довха дош олийла. 6 Х1ора вайн къийсамаш Яхь дебош бехийла. Х1ора вайн х1усамаш 1уьйкъанна г1уьттийла. Х1ора вайн эвлашкаш Маьждигаш дузийла. Вайн Делан къинхетам Нохчийчу буссийла ! Аьрсбин Абу-Бакр 24.01.18 шо |
17.02.2018, 19:32 | #17 |
бакъйолу аккази)
|
САН ДЖОВХ1АРШ !
1 Вайн Делан Дашца дуста дош дац сан. Даймехкай Сийца дуста йа Сий а дац. Доттаг1чуьнца вуста Ваша а вац сан. Нохчийн Йо1ал экамие х1умма а дац ! 2 Маршонал хьалха къовсам бац сан. Ламазал хьалха кхин диекхар дац. Хьешалла а веза доьзалхо вац сан. Даймахкал сов дезаш кхин латта а дац ! 3 Вайн Бартал боккха кхин лаам бац сан. Цуьнца буста вайна цхьа а ницкъ бац. Со хьалха ваха х1умма а дац сан. Вешелла а Тешамие аг1уо а бац ! 4 Г1иллакхал ховха кхин йовхуо яц сан. Вайн Яхьаллаъ онда Синехь ницкъ бац. Оьздангалла юста терза а дац сан. Вайн Доьналлал онда ч1аг1о а яц ! 5 Неналла мерза кхин Адам дац сан. Сан Делла а бехке кхин стаг ма вац. Сайн товжар-дехар Деле бен дац сан. Элчаналла а дезаш кхин Адам дац ! Аьрсбин Абу-Бакр 03.02.18 шо : |
31.03.2018, 23:14 | #18 |
бакъйолу аккази)
|
Х1У ХИЛЛА ХЬУНА НОХЧО ?
1 Дуьненан бахамах к1орге ша д1абоьг1на. Шайт1анан гура буьйцуш ца хезна хьуна ? Хьан Ден Дас хьо ларвеш цунна т1едоьг1на. Хьо кхетош далхийнарг дицделла хьуна ? 2 Хьарамчух ларвалар Элчано далхийнарг. Ца оьшуш д1атесна къарвелла саьхьарна. Дала хьо кхолларца хьуна т1едиллинарг. Хьо кхетош далхийнарг дицделла хьуна ? 3 Де-Ненан марзонаш гергарло дохийна. Йиша-Вешин хьаштонаш букът1ехьа ластийна. Хьайн шичой,ц1ийна Нах,эвлахой хербина. Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ? 4 Ахчанах 1абийна шайт1ано стаг вац хьуна. И хьоьца лахьтийчу дуьллур а дац хьуна. Массо а шайнах а жоп доккхур ду хьуна. Хьо тешахь ца тешахь башхалла а яц хьуна ! 5 Ахчанна лерина х1илланаш нисдина. Бохчанна лерина аьшпаш а кечбина. Гергара,Махкара,Бусалба 1ехийна. Жоьжаг1атийн ц1е ма ю,ахь хьайна кечйина. 6 Йалсаманен не1 йолу Г1иллакхаш хьашна. Бусалбан дог долу к1едалла къахкийна. Нохчочун т1ум йолу Оьздалла човхийна. Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ? 7 Ахчанах дерриге хьайн Сий а доьхкина. Дайша мел лардинарг бертала а тоьхна. Буо-бераш,мисканаш ца вешаш хербина. Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ? 8 Хьо ма ву Дин дохош шайт1анан г1оьнча. Ахчанах вайн ц1ена 1адаташ хийцина. Хьо ма ву къам дохош мостаг1чуьн г1оьнча. Ахчанах вайн Сийлахь и Маршо йоьхкина. 9 Кху гураш лаьцнарг хьо мостаг1а ву хьуна. Далла а, Махканна а, хьо волчу Дена а. Цу Нехан До1анаш кхочур а дац хьуна. Дала Ша Вицвинарг, вицвеш а ву хьуна. 10 Ахчанах 1абийна шайт1ано стаг вац хьуна. И хьоьца лахьтийчу дуьллур а дац хьуна. Массо а шайнах а жоп доккхур ду хьуна. Хьо тешахь ца тешахь башхалла а яц хьуна ! Аьрсбин Абу-Бакр 31.03.18 шо |
25.04.2018, 19:30 | #19 |
бакъйолу аккази)
|
ДАХАРАН КЪИЙСАМ !
1 Аганчуьра воьссина лаьттат1е со ваьлча. Нанас ша довхачех г1иллакхаш 1амийра. Халонаш иешорехь лакхене кхача. Дадас ша Доьналлийн б1ог1амех кхетийра. 2 Къоналло вадийна дахарчу ластийча. Цу дагца г1оьнча ша х1отторехь кечбина. Дуьненан массо а йистошка кхача. И гездан Гила-Дин оьшара лаамна. 3 Аса цуьнца лоьхура ринжанаш гатвича. Халонан хьовзамаш когашк1ела лоьцура. Аренца стешхалла яьржина карийча. Сан Гила бацара хиламашна къера. 4 Буьйдачу кхетамна накъостий боьвзича. Массо вайн К1ентех аса Вежарий лоьцара. Г1о оьшуш де-доьхна дийно со хьовзийча. Цу К1ентийн Вошалла кхочуш са ойъара. 5 Дахарца къийсамехь хьалхенаш йахалла. Вайн къоман 1адато лакхиене вохура. Харцонаш эшорехь Юьхь-к1оман чувола. Толамехь чекхвала Гила-Дин оьшара. 6 Гила-Дин кхиарехь Синан-Дин хилла. Берзан вайн амало Гила-Дин хаьхкича. Дег1анна хьуьнарехь Кхетам-Дин хилла. Вай эшон ницкъ ма бац Бертахь д1ах1иттича. 7 И Барт вайн хира ма бу Нийсонна 1уй хилча. Харцонаш,1есанаш, Эхь дайнарш совцийча. Вайн Дайша лелийна г1иллакхаш лардича. Синан-Дин хе х1оттош Вай Далла къарделча ! Аьрсбин Абу-Бакр 24.04.18 шо |
01.05.2018, 14:14 | #20 |
бакъйолу аккази)
|
К1АНТ -ЙО1 ДИНА 1УЬЙРЕ !
1 Х1у ду-тие хьол хаза Дена а ва Нанна Кьеначу Ден Дайшна Махканна К1ант вог1уш Вай гора К1ентий Дай Сий долчу ворх1ин Дайн ! 2 Варх1 вешин ваша хуьлда. Яхь йолуш кхуьилда Маршонна 1у хуьлда До1анаш вайн долуш. Вай гора К1ентий Дай Сий долчу ворх1ин Дайн ! 3 К1ант вича совг1атца Маса дой вай хохкуш Кху Тойнан марзонца Дика ц1ераш вай тохкуш. Вай гора К1ентий Дай Сий долчу ворх1ин Дайн ! 4 Йо1 еъча Беркатна Нена ирс ду дог1уш Вай Нанойн томанна Х1у ду вай дер доцуш. Вай гора К1ентий Дай Сий долчу Нанойн Дайн ! 5 Ши йо1 ша кхиийнехь Ирсанна Да ма ву Дуьненахь Эхартахь Баьхнарг вайн Элча ву. Вай гора К1ентий Дай Сий долчу ворх1ин Дайн ! Аьрсбин Абу-Бакр 30.04.18 шо. |