Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
28.05.2010, 13:27 | #1 |
...
|
Стунда вагIан хилла ше йоI йолча и маре яхан 3 де даьлча, ноьвце хаттар да..
Айха, сан йоIел хьалха ялийн хил йолу, ши зуда хIунд йитанахь аьлла..? И доьххьар ялийнар, ягIна са, со Ioвдал ву аьлла. Шолох ялийнаг, яхитан ас и ша Iовдал ю аьлла. ХIар кхозлох ялийн йол хьа йоI, да Iовдал ву аьлла йохитар ю ас. Элар бах, ноьвцо.. |
28.05.2010, 13:29 | #2 |
...
|
Реальный случай из жизни.
Один человек приехал в свое родовое село. Прогуливаясь по окрестнностям он остановился на холме и окинув взглядом раскинувшееся перед ним селение говорит: --Цхьан хеен са де-да хиллакх кхуз тур текхош лелш На что ему ответили: --Текхор децар ше размераьхь т1е доьхнаьхь. |
28.05.2010, 13:32 | #3 |
...
|
Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо.
- Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла. Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина: - Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла. Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa. Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла. Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу: - Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла. |
28.05.2010, 13:34 | #4 |
...
|
Чечана хьошалг1а а веана, ц1а ваха ваьлла цхьа г1ойт1архо. Дохк деана 1уьйре хилла, цундела иза некъах тилла.
Д1аоьхуш, керт еш воллучу цхьана чечанхочунна т1екхаьчна иза. Салам а делла, г1ойт1архочо шена Г1ойт1а боьду некъ гайтахьара аьлла. Чечанхочо дийцина: лакха д1а а вахана, аьрру aгlop д1а мa-хьевззина бу хьуна и некъ аьлла. Г1ойт1архочо шена и карор бац, ван а волий, айхьа гайтахьара суна и некъ аьлла дехна цуьнга. "Доккха х1ума ду-кх шега дуьйцучух ца кхетар" - бохуш, г1ам-г1им а деш, хьалха а ваьлла, некъ гайта веана чечанхо. Жимма д1авахча, юха а вирзина, чечанхочо хаьттина, вайшиъ мичахь ву аьлла. Г1ойт1архочунна хууш ца хилла. Д1аоьху-уш, пхьоьхана т1е кхаьчна xlapa шиъ. Салам а делла, чечанхо т1евеъча, царна юккъера цхьаммо аьлла: "Ва дада, ахь х1ун леладо?" (Иза цуьнан вешин к1ант хилла). Шен куьг к1ентан кара а делла чечанхочо, шен зудчунан ц1е а яьккхина, и шен куьг кхин д1а ца хоьцуш, шен зудчунга д1алохьа со аьлла. К1анта хаьттина: "Ткъа хьешана х1ун до вайша?". Юха а хьаьжна, чечанхочо аьлла: "Варийлахь, хьо волчуьра меттах ма валалахь, дуьненчуьра т1ап-аьлла вовр ву хьо". |
28.05.2010, 13:38 | #5 |
...
|
Цхьана дийнахь нохчий г1алг1ай хилла талла ваха ара ваьлла.
-Д1авоьдуш г1алг1айчо олуш хилла -шен топп ч1ог1а нийса кхеташ йу, -нохчийчо олуш хилла -х1ах1а сайнаг йу ч1ог1а нийса кхеташ. Т1аккха г1алг1айчо олуш хилла аса ч1ог1а нийса а, дика хьажа йой топп туху оли, нохчий къар ца луш шенаг дуьйцуш хилла, - х1ах1а, топп нийса аса туху бохуш. Иштта и къовсам латтош д1авоьдуш цу шинни тосаелла цхьана коьллаш йуккхехь, х1ун йу а ца хууш цхьа х1ума. Шиммо а хьажа а йина коьллаш йуккъе топп а тохна, ведда т1е вахар бах нохчий г1алг1ай. Коьлш д1аса а теттина хьаьжча, вина 1уьллуш стаг гина царна. Г1аг1айчо бахар бох, нохчичуьнг д1а а хьаьжна - Делиъдоьхь Нохчи ма нисаъ тух ахь и топп. |
28.05.2010, 13:43 | #6 |
...
|
Цхьа стаг велла аьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
- XIapa ахь тховса ларван веза, тахана латта т1ехьакха ца магадина вайна. 1усман резахилла Каш лардеш 1усман 1аш буьйса юкъал т1ехъяьлла 1усман кхеро дагахь кошахь верг меттах хьеволавелла. - Хьо дакъа делахь, дакъа санна 1илла, дацахь аса дийр ду хьох, - аьлла 1усмана. |
28.05.2010, 13:53 | #7 |
...
|
Моллин бераш хилла цхьа чехка йоьттучу вотанийн мукъамана чу а боьлла, махкахь доцу хелхар деш. Т1ехволучу стагана гина уьш. Корах чу а хьаьжна, цо аьлла:
- Ой, шу дена хаьий аша лелош дерг? - Хаа-м хаьа, амма тхуна санна дика-м ца хаьа, - аьлла бераша дуьхьал. |
01.06.2010, 12:23 | #8 |
...
|
Цхьан несо олш хилла бох шай маьрйише, "хаз йо1!" але мохь тохе, д1аерзе "Дала къина ма лорил" але))
|
02.06.2010, 02:29 | #9 |
Рейхсканцлер
|
Баккъалла хил х1ум ду шун Чечнахь,,дик хьалг1, цхьа доьзал хилла Чечнахь 1аш,,Актмар,,, Маьтк1 -Хизар бохаш да к1ант хилла,,,шии докхха онда даьг1 долш хилла,,, Маьтк1-Хизар жим ше зуддчун х1ум узаш хилла сих сих, а Актмар ше нанна дас йатташ товш ца хилла , амма юкъ г1орта ваьхьш ца хилла, ше деца ша лалур вуй я вац ца хууш,,,цера к1ет1ахь цхьа бокх чхьар хилла 1уьллаш (х1инца бу и чхьар цера к1ет1ахь), Актмарс и чхьар хьала айан лаг к1ел кхаччалц кхи д1а ай а ца белла охьбиллан, юг1 ше дега элир бах дада хьайга ай алой хьажахь и чхьар хал аьлла,,,г1ора дуст г1аьрташ хилла из , дас хьала ай ан т1аьхь кхоьссир бах к1антан ,,,К1ант хьуна моьтташ генахь ду аьлла!
|
03.06.2010, 10:37 | #10 |
...
|
Беночун буц юккъе эппаз доьжна хилла. Шен эппаз буц юккъехь леха к1ордийча, уллорчу асвалтан новкъа а ваьлла, беночо аьлла:
- Со 1овдала-м вац, бецашна юкъахь эппаз леха, уллохь сирла асвалт хилча. |