Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
13.03.2021, 14:26 | #41 |
Золото
|
Кху дешнашца даьккхина илли дар- кх, 1имран Усмановс д1а олуш. Если, ненароком, знаете где искать, или случайно наткнетесь -просьба, скинуть. Очень нужно. Суна ца карадо. Карийнарг -через время д1а даьккхина нисло.
Мохьмад Дикаев СО ВОГIУ, ДАЙМЕХКАН АЗ ХЕЗНА Туркойн махкахь гIийла лелла, Винчу юьрта со вогIуш ву. Iуьйре юлуш, лам тIе вуьйлуш, Сан дай баьхна юрт лоьхуш ву. ХIунда лоьху ас ширделла Берахьлера сурт? Хьо хазъелла, хийцаелла, Сан дай баьхна юрт! «Марша ва хьо», – аьлла, юьртахь Дуьхьалъяла нана яц; Берийн бераш даккхий хилла, Царна со а вевзар вац. ХIунда вогIу со, къежвелла, Лaxa ненан чурт? ХIунда суна хьо хазъелла, Сан дай баьхна юрт? Нехан махкахь Iалур доцуш, Ломан кийрахь сан дог ма ду; ТIемаш доцу леча санна, Даймохк боцург ма гIийла ву. ХIунда лоьху ас ширделла Берахьлера сурт? Хьо хазъелла, хийцаелла, Сан дай баьхна юрт. |
18.03.2021, 01:51 | #42 |
Золото
|
Мохьмад Дикаев. Сборник. https://chenetbook.info/knigi/nauka/...ex.html#page28
|
30.06.2021, 20:13 | #43 |
Золото
|
Вайн лаьмнашкахь хуьлаш йолчу дог -ойланах,
Люба Арсалиева ХӀокху лаьмнийн хӀора тӀулг а, ХӀокху лаьмнийн хӀора чурт а, ХӀора Ӏин а, хӀора тарх а, Кхузахь кхета хьаьгна малх а, Херцаршна тӀебоьду некъ а, Маьлхан кешнех юьзна хьех а, Кхайкханза мел дисна аз а, Шарбанза мел бисна барз а, ХӀокху мехкан хаьдда кхоллам, ХӀора юрт а – иэсан хӀоллам, ХӀокху лаьмнийн боккха бахам – ТӀулган бӀаьвнийн шира дахар, Къаночуьнан къена хьехарш, Къоначеран сийлахь декхарш, Къинойх цӀенчу берийн гӀайре, Хино яьхьна йоьӀан къайле, ХӀокху лаьтта ас ког ловззалц, Кхузахь суна сайн са довззалц, Кхузахь хилла йоцу цкъа а, Суо кху лаьмнийн хетча дакъа, Дагна, Ӏеткъаш, даз мел делларг, Сан Даймахкахь хилларг-лелларг, ТӀамарх доьлларг, цӀийца ийнарг Самадолу-кх хӀокху дийнахь. |
13.07.2021, 12:52 | #44 |
mr. Учитель.
|
__________________
мираж. |
27.07.2021, 00:15 | #45 |
...
|
|
03.10.2021, 22:32 | #46 |
Платина
|
Нана, со г1елвелла ч1ог1а,
Д1авижа воллу со кханналц. Цхьаьнгге ма яйталахь г1овг1а, Виталахь со наб ян 1аббалц. Со ч1ог1а г1елвелла хьуна, Х1оьттина, оханехь санна! Тамаше наб оьху суна, - Со хье ма вайталахь, нана! Со хоьттуш милла а варах, Ца оьшу со самаваккха. Амма... соь орцанна кхайкхахь, Со самаваккхалахь т1аккха! 1956 шо Магомед Сулаев
__________________
Желаю всем спокойствия духа и кротости сердца. |
03.10.2021, 23:16 | #47 |
бакъйолу аккази)
|
|
13.01.2022, 20:41 | #48 |
...
|
Сан тезетахь…
Веънер тхоьга молла, Со дlаволла, Боьлхуш бара гергарниш, lенош хиш… Долий, мохо идош гlаш, Даккха каш… Тезет лаьтта Кертахь докха, гlовгlане. Вац тезетахь Цхьа саготта, гlайгlане… Хилларш, лелларш Дуьйцуш, Доггах боьлу нах Наггахь волий, Веллачун ша хадош мах. Белхаш буьйцу, Базарш юьйцу… хьолахой, Эцнарг дуьйцу, Кхеттарг дуьйцу… захалой. Луьста, узу, Серлабоху аьшпийн кlур. Тусуш, ирдеш Карзахдолу адмийн сур… Сан верасаш Бу массарел чуьрабевлла, Со дlакхалхо Кешнийн кертахь йолчу эвла. Хьийзаш бу уьш, Сан тезетах ловзар хилла. Дика ду-кх со, Церан дуьхьаъ, велла хилла! |
26.01.2022, 21:08 | #49 | |
mr. Учитель.
|
Цитата:
Дешнаш хьен ду те..
__________________
мираж. |
|
10.02.2022, 13:22 | #50 |
...
|
Цавевзачу салтичун каш
Цхьанна а ц1е ца евза. Т1ехь 1уьллу т1емлочун таж. Х1ара ду и дуьненан девза Цавевзачу салтичун каш. Алахьа, хьо мила хилла? Хьан муха хилла-те сурт? Ахь мичахь йитила 1илла Махкана хьо велла юрт? Я хилла и йоккха г1ала? Ойла еш, т1ехь лаьтта со: Ницкъ хьенан хир бара ала - Мичхьара схьаваьлла хьо? Хилла-те хьо цхьаъ бен воцу Хьайн ненан хьомсара во1? Х1инца а хьо дагалоцуш Юй-техьа везна йо1? Т1аьххьара, хьо лечу хенахь, Х1ун дагалецира ахь? Я юьхь дагаеара ненан? Я луьрчу атакин къахь? Хаац, хьо мича къомах ваьлла, Хьо мичахь ваьккхина салт. Амма хьо билгала хилла Даймехкан хьанала к1ант! И коьрта, и доккха лоруш, Йогуш ю хьан сийна ц1е. Цу ц1арца, яйалур йоцуш, Къаьсташ ю салтичун ц1е! Сулаев Мохамад 1972ш |