Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
|
02.02.2018, 17:48 | #1 |
...
|
Лам лекха бу аьлча ломах
аьлларг аьлла доцу дела х1орд к1орга бу аьлча х1ордах аьлларг аьлла доцу дела ломал лекха х1ордал к1орга нохчийн бала болу дела со мотт сецна висна тахна аьлларг аьлла доцу дела вайн дегнаш а вайн кешнаш а цкъа бухдохур долчу Дала цкъа бухбоккхур бу-кхa х1ара нохчийн къоман беза бала ишта ойла йина ас а кхачадича дош а аз а кхачадича дег1 а са а Деле велха дезна сан а Хьоьга деха хьакъ а волуш доьхуш вац со Везан Дела Хьуна хьалха бакъ а волуш доьхуш вац со Везан Дела байлахь бисначеран ц1арах доьху Хьоьга Везан Дела жоьрахь бисначеран ц1арах доьху Хьоьга Везан Дела к1ур хаьддачийн ц1арах Хьоьга доьхуш ву со Везан Дела х1у хаьддачиин ц1арах Хьоьга доьхуш ву со Везан Дела Тхан массеран к1ур хадахь а Х1у хадахь а Везан Дела Тхан къонахийн х1у ца хеда беркат лохьа Везан Дела |
30.09.2018, 16:54 | #2 |
Я вам не хабиби
|
Олхазаре
са хаддалц кхайкха хьо хIай маьрша олхазар ва дийна хиларан жоп Деле доьхуш тIам хаддалц кхерста хьо хIай маса олхазар вай дегнийн баланаш тиен меттиг лоьхуш вай вовшех кхаьрдича нийсдала мегачу гIуллакхан ойлаяр дита ахь суна вай вовшех къаьстича мага ца мегачу ойланна доладар дита ахь суна цу Далла хастамбеш тIома ца кхолларна тIам акха ца волуш вуьсучу суна цу Далла хастамбеш Нохчийчохь кхолларна ког акха ца волуш вуьсучу суна цу Далла хастамбеш дилха дог кхолларна тIулгаш а чIагIаллех духучу дийнахь цу Далла хастамбеш хьох тера кхолларна баьхнаберш Нохчийчохь буьсур бац дийна ирс долуш деца хьо хIай маьрша олхазар нахаца нийсо хьан леха ца дезна ницкъ болуш деца хьо хIай кура олхазар дуьненан кIезгалле лакхара хьежна тIемашкахь мох кхаьбна бIаьргашкахь Iожалла синметтехь яхь кхаьбна дара-кх хьо хийла наггахь ахь мохь тоьхча дIаьндарган озал а и маса хуьлура хуьлура шийла цу Делан Iаьршашна тхол гергахь кхоьллина цу Делан лаамна тхол гергахь даьхна ирс долуш дара-кхь хьо самаьрша кхоьллинарг кхоьллича дуьйна схьа гIазотехь даьхнарг хьо дезна дацара-кх лаьхьанал башха хьайн IиндагIа хиларна и лаьттахь текхаш Iаьршашкахь хьовза хьо шуьйра тIам баржабай хьайх хьоьгуш дуьсучу тхан къина декаш хьовза хьо кхарста хьо херцаршна тIехула дохк санна сингаттам лаьттачу махкахь сагIин гуо хьовзвбеш кху махка тIехула тийначу доIанехь меллаша тахка стигла а латта а мостагIех сийсачу кху махках гIайгIанаш баланаш хьерча есачу шахьаршкахь чангIалкхех цIийзачу мехаша лоькху тхан дохийна кхерчаш шайх къобал сагIа деш Делан дош толийта сийх шек ца довлийта ламанийн баххьаш кху махкахь иманан серло ца кхолийта гIазотехь эгначийн и нуьре яххьаш уьйш дуьхьалтуьйсу-кха хьо стиглахь хьевзича осаллех са паргIатдоккху-кх хьан озо сирла мохь тоьхна ахь тхан дегнаш кхевсича харцадеш массо а харцонан доза ког акха тIам акха са акха даьлла дерг адам я олхазар экха я дийнат де эшна нийсачу некъах шекваьлла верг Iожалла я маршуо къасточу дийнахь гIаттавеш къийсамехь мел воьжнарг хьахавеш маршуонан туркх хилий Iаьршашка дала доллучу дуьненна тIера шех сагIа деш дуьнене Нохчийчоь йогуш ю ала |
26.11.2023, 10:04 | #3 | |
Золото
|
Цитата:
|
|
11.01.2024, 17:06 | #4 | |
Золото
|
Цитата:
уверен, и через десятилетия. и столетия, чеченские сердца забьются когда будут читать медленно. по строчками. оценивая течение чеченского слова |
|
30.09.2018, 18:30 | #5 |
.
|
Янычар, одно из любимых, особенно в исполнении бирлант рамзаевой.
|
30.09.2018, 18:35 | #6 |
Я вам не хабиби
|
|
30.09.2018, 21:12 | #7 |
Я вам не хабиби
|
Кхулла романтичный нохчийн стих сун цкъа хезна яц)
Цаевзарг 1. Со хьоьца Iаш вара Хьо чоьхьа елира Iадийна цецваьлла Ас хьоьга элира — Цаевзарг алахьа Со вевзий хьуна? — Ца хаьа хьуна? Жоп цхьалха далале Хан-зама елира Юха а со хьоьца ТIекара велира — Цаевзарг алахьа Со гиний хьуна? — Ца хаьа хьуна? Цу хенахь ша-шеха НеI екъаелира Кхин хIусам хир йоцуш Тхов бекъабелира Со сайца висира Хьо хьайца йисира Мел долу хаттар сан Жоп доцуш дисира Вайн къастар хIораза Иштта ма хуьлура Хьо гучуяллалца Хьо соьца хуьлура ХIораза хьуо оьций Иштта дIайовра хьо ДIаяйча кхин а сов Сан дагна товра хьо 2. Со хьоьца волало хуьлу хьо тIома Со хьуна велало хуьлу хьо гома Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь Со хьуна дарло хьо елало коча Хьан йистцахиларо синбердаш херцош Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар Чуьртана доладар хьоьга догдахар Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш Дерриг а карийна дерриг а дайча МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла Мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла Хьан озо вижавеш хьан озо гIаттош Хьо гIам ду йиша ю ца хууш лелла 3. Хьоьга ладегIар мохе цIа дехар Хьоьга ладегIар тIулге са дехар Хьо цхьаъ бен йоцуш ерг цкъа а ца хилларг Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг Хьо йицъян гIертар куьйга хи шардар Хьо йицъян гIертар кога гIан къардар Ден букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь Къастийна дара те гергара хийра Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь Къастийна дара те самах я гIенах Хьоьга ладегIар хьо йицъян гIертар Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта. 4. ДоIанна дехар Хьо оьшу суна И дехар хьеха Хьо оьшу суна Докъанна марчо Хьо оьшу суна И марчо хьарчо Хьо оьшу суна Хьан дош а сан дош а Къайлаха жайнаш Азаллехь яздина дарий те вайна ГIенашна тешам Хьо оьшу суна И тешам эша Хьо оьшу суна Чуьртана бала Хьо оьшу суна И бала кхала Хьо оьшу суна Хьан дош а сан дош а Къайлаха жайнаш Эхартахь мукъна а гур дуй те вайна 1992 — 2009 |
30.09.2018, 21:20 | #8 |
Я вам не хабиби
|
Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю, К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю. Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду, Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду, Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду. Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю, Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду, 1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву. Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю, Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву, Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь К1айчу говро шен туьйра дохьур ду. Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю, Цара г1абали хьуна йохьур ю, Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду. |
30.09.2018, 21:42 | #9 | |
мимимишнайа
|
Цитата:
Мое любимое.яплакаюснихвсегда
__________________
Если у тебя нет пары, ещё не значит что ты не тварь.(с) |
|
30.09.2018, 21:44 | #10 |
Я вам не хабиби
|
|