Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
12.10.2018, 01:57 | #11 |
Я вам не хабиби
|
ва йиша Махьшарехь санна
ду-кх х1ара вайн вовшахкхетар хьуна сох къа хеташ санна суна хьох х1инца эхь хета сирла са харцахьа дохуш шеконе ду-кха хьан кхолар сан къинойн мохь эцна йог1уш санна ду хьан г1ийла болар ва йиша со вевзий хьуна къарлуш бу 1индаг1ийн белхам вовза ма вевзара суна йилбаз-мохь йист-б1аьрга лелха со дагавийлинчу цхьамма херцийна лекхенаш гучохь вала ирс ца хиллий сан-ма махкана хьуна ца гучохь са лоьхуш горгачу г1алахь сатуьйсуш хан-зама нисъян стаг воцуш орцаха вала хьийзина сан ойла-миска со х1инца цхьа жима бер ду к1ентан к1ант ден деда хеттал сан ойла лар лоьху эр ду хьем боцуш ден дашах кхеттал дена я нанна вовззал вевзинчийн мостаг1а хиллал ас идабина синхьовзам хиллера шайт1анан х1илла шаьлтанан дитт санна,вешин куьг лаьцна вог1учу новкъахь ас даржадина син деши ас яржайина син овкъарш цундела кхойкхий со-м йиша 1ожаллел хьо герга хеташ йиш яц сан лахьти чу вижа дуьненчу валарх ца кхеташ ницкъ лохьа дерриг а дицдан цкъа Далла дуьхьала ерза г1о дехьа цкъъа юха нисдан къиношца харцийна терза ва йиша Махьшарехь санна ду-кх х1ара вайн вовшахкхетар хьуна сох къа хеташ санна суна хьох х1инца эхь хета. 1989 |
12.10.2018, 19:39 | #12 |
бакъйолу аккази)
|
одно из любимых произведений..
дена я нанна ЦА вовзал- суна хетарехь иштта хила деза) Викинг, озвучить не пробовал? было бы интересно) |
03.11.2018, 16:15 | #13 |
Я вам не хабиби
|
|
25.06.2019, 17:01 | #14 |
...
|
Серлоно серлонехь кхоьллина 1индаг1а
Сан ойла ю. Иза дехха сан даг т1ехь 1иллича, бухахь юьсу лар Сан йоза ду. И хила тарло Сан куьйгашна к1елахь зарзбелла бода я боданехь зарзделлачех сан до1анан аьзнаш - иза серлонний бен хуур дац. Ткъа цунна а хуур дуй, и корера шагалш г1орийна ткъесаш дуйла я дац, я цунах, серлонах, х1унда къехка церан дерзина 1индаг1аш... |
23.12.2019, 00:04 | #15 |
Я вам не хабиби
|
Дег1аста
юха а ярташ т1ехь сенлуш ду к1арраш, юха а ц1инлуш ду ламанийн карраш, Дег1аста Дег1аста хьох дагайолуш, хетарехь, юха а б1аьсте ю йолуш… Далла хьо езарна билгало юй те, Делан мас-маликийн орца и дуй-те? цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш, сел серлаюьйлу хьан маршонан херцарш… сан цхьа ког кошахь ву важа хьан лаьттахь, шахидийн ц1ийх заза доккхучу лаьттахь, Дег1аста Дег1аста со а ву дийна, дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь… дагна т1е дог дуьллий хьоьга ладоьг1уш, дашна т1е дош уьллий хьо Деле йоьхуш, хьох дина до1а ду сан некъийн хазна, къеначу сан ненан хьох йолу назма… сан кхиндерг дацара лардан я дайа, весете дилла я байракхах айа, дуьненчу волуш цкъа гина хьан бос бен, мотт 1емаш дуьххьара хьох аьлла дош бен… хьох ведда д1авоьдуш ведда ц1а вог1уш, дуьненан г1айг1анаш ахь серлайохуш, сайн эрна кхерстар а хетара хьанал, маьрша цхьа к1ур болуш хьо хилчахьана… тийналлин к1оргенехь аьрцанийн к1ожехь, маьрк1аже т1ейог1уш назманан озехь, къорачу кхокханан г1айг1анехь нанас, некъе ладоьг1уш цхьа юьрт хилчахьана… ткъа тахна леташ верг летта д1аволуш, ида мел луучун идда садолуш, хьан Са1ди-к1отарахь хьан х1ора эвлахь, йогуш ю Дади-юрт Девкара-эвла… дийначун х1усам яц веллачун каш а, к1езга ду къанойн дош хьан къонойн даш а, ког ловза меттиг бац букъ тоха берд а, мостаг1а хьан оьзда х1у дайа г1ерта… хьан латта даьккхина кхерсташ ю алу, хьан стигал яьккхина 1ожаллин талу, амма хьо хазлуш ю 1ийданехь санна, хьайн г1азот дуьненна д1агайта санна… ткъа х1инца х1ун ала ас хьох а сайх а? хьо ларъеш оьгучу маршонан дайх а? Дег1аста Дег1аста 1аьмаран Заза, со цкъа а гина вац хьо ишта хаза. Имею наглость читать этот стих https://soundcloud.com/djofreepodcast/deg1asta |
25.12.2019, 07:21 | #16 | |
Я вам не хабиби
|
Цитата:
|
|
28.12.2019, 02:40 | #17 |
Инкогнито
|
Оффтоп удален.
|
06.11.2021, 00:31 | #18 |
Золото
|
со цкъа а гина вац г1арг1улийн б1аьргаш
со цкъа а хьаьжна вац г1арг1улийн б1аьра делахь а жут йина 1аьржачу мог1аре х1иттина Даймохк а битина уьш стиглахь къилбехьа йоьлхуш дуьхьала-м х1иттина суна уьш йоьлхуш со цкъа а хьаьжна вац г1арг1улийн б1аьра делахь а х1ора а г1арг1улийн назмано сан юьхь т1ехь хебарш-м дитина х1ора а г1арг1улийн назманца суна Даймохк дуьхьала-м х1иттина боьлхуш 1983 Апти Бисултанов. |
05.12.2021, 14:10 | #19 |
Золото
|
Даймехкан амат....
-Схьахетарехь, жулар к1езга ю, И дин-бекъа дукха аьрха ю. Гаьллаш оьшу иза караерзо,- Иштта ойла йира 1уьно цкъа, Амма дара оцу бокъан терсар Лаар цунна корта маьрша ган. -Схьахетарехь, баргол к1езга ю, Кхуьнан ойла дукха акха ю, Буржалш оьшу х1ара караерзо,- Иштта ойла йира 1уьно цкъа, Амма дара оцу говран терсар Лаар цунна когаш маьрша ган. -Схьахетарехь, архаш к1езга ю, Х1ара амал эцна йог1уш ю. Цхьа шад оьшу кхуьнан дег1ах кхерсто,- Иштта ойла йира 1уьно цкъа, Амма дара цу 1аспаран терсар Лаар цунна цкъа ша маьрша ган. Бисултанов Апти |
11.12.2021, 17:46 | #20 |
Золото
|
Дег1аста юха а ярташ т1ехь сенлуш ду к1арраш, юха а ц1инлуш ду ламанийн карраш, Дег1аста, Дег1аста, хьох дагайолуш, хетарехь, юха а б1аьсте ю йолуш… Далла хьо езарна билгало юй те, Делан мас-маликийн орца и дуй-те? цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш, сел серлаюьйлу хьан маршонан херцарш… сан цхьа ког кошахь бу, важа хьан лаьттахь, шахидийн ц1ийх заза доккхучу лаьттахь, Дег1аста, Дег1аста, со а ву дийна, дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь… дагна т1е дог дуьллий, хьоьга ладоьг1уш, дашна т1е дош уллий, хьо Деле йоьхуш, хьох дина до1а ду сан некъийн хазна, къеначу сан ненан хьох йолу назма… сан кхиндерг дацара лардан я дайа, весете дилла я байракхах айа, дуьненчу волуш цкъа гина хьан бос бен, мотт 1емаш дуьххьара хьох аьлла дош бен… хьох ведда д1авоьдуш, ведда ц1а вог1уш, дуьненан г1айг1анаш ахь серлайохуш, сайн эрна кхерстар а хетара хьанал, маьрша цхьа к1ур болуш хьо хилчахьана… тийналлин к1оргенехь, аьрцанийн к1ожехь, маьрк1аже т1ейог1уш назманан озехь, къорачу кхокханан г1айг1анехь нанас, некъе ладоьг1уш цхьа юьрт хилчахьана… ткъа тахна леташ верг, летта д1аволуш, ида мел луучун, идда садолуш, хьан Са1ди-к1отарахь, хьан х1ора эвлахь, йогуш ю Дади-юрт, Девкара-эвла… дийначун х1усам яц, веллачун каш а, к1езга ду къанойн дош, хьан къонойн даш а, ког ловза меттиг бац, букъ тоха берд а, мостаг1а хьан оьзда х1у дайа г1ерта… хьан латта даьккхина кхерсташ ю алу, хьан стигал яьккхина 1ожаллин талу, амма хьо хазлуш ю 1ийданехь санна, хьайн г1азот дуьненна д1агайта санна… ткъа х1инца х1ун ала ас хьох а, сайх а? хьо ларъеш оьгучу маршонан дайх а? Дег1аста, Дег1аста, 1аьмаран Заза, со цкъа а гина вац хьо ишта хаза. Апти Бисултанов |