Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
04.07.2023, 07:57 | #81 |
Золото
|
|
04.07.2023, 08:04 | #82 |
Золото
|
Иштта хила а там бу. В этом случае, опечатка вышла.
Обычно, если стих встречается просто в сети, а не на странице автора, я проверяю ошибки. Здесь тоже где -то что- то подправила. Но и ши дош, цхьана аг1ор, тида а ца хиъна, ца кхетташшехь, дитира. Проще уже спросить у автора) Наверняка, он есть на фб. |
04.07.2023, 12:37 | #83 |
من بني عاجيك
|
кто автор и о чем там речь шла?
__________________
بربروسا الشيشاني الغروزنوي الأدملي |
04.07.2023, 12:50 | #84 |
Золото
|
|
04.07.2023, 12:57 | #85 |
من بني عاجيك
|
название темы не глянул))))))
__________________
بربروسا الشيشاني الغروزنوي الأدملي |
04.07.2023, 22:26 | #86 |
Золото
|
Гадаев Мохьмад-Салахь
Дарта Ламанан дарта ю, хьегIарехь тийна, Шерачу аренгахь охьахиъна гуш. Когаш тIехь лаьтташ ю, тIемаш гIортийна, Лаьтта дегI дожадар деза ца луш. Мархаш кIел хьийзаш, цо зама текхнера, Турпалчу тIемашца хедадеш хIо. Сирлачу шовданийх дай а бекхнера, Мокхазар бердаша биллина го. Амма уьш генахь ду хIинца-ма цунна, Гонаха зил банза аренаш ю. Iазапо хьешна дегI доьжна Iачунна, Iаьршашка хьаьжна бIаьрг эрна ма бу. Жималла! дагна гена мел ели, Йицлой ткъа? ХIинца а йиц ма ца ло. Сирла ю. Тохало и йоьжна ериг, Лаьтта тIам гIортабой, айъа а ло. Генахь ду лаьмнаш а, ялалац стигла, ХIинццалц дайн идда дегI даш хилла ду. Эшначу тIемаша айъа ца тигна, Мархаш кIел хьийзинарг йоьжна ма ю. |
20.07.2023, 20:27 | #87 |
Золото
|
ДОГ ТIУЛГАХ КЪАЬСТАЧОХЬ
Ас хастадо – лам ломана горбахна аьлча, я охьадоьду хи хьаладирзина аьлча суо тешахь а, лазам боцчохь безам карор бу бохучух сайн цатешар. Ас хастайо – дуьхьала хIара доллу дуьне схьаделча а, айса дIалурйоцу сайн синмаршо. Ас хастадо – шайна тIекхоьвдича, къовзош болчу нитташкахь долу доьналла а. Ас хастадо – Нохчийчоь езаш сайх мел кхеттачу цамгарна айса цкъа а лохур доцу дарба. Ас хастабо – ша мила ву ца хаахь а, ша мила вац хаъал оьздачу стеган кхетам. Ас хастадо – ахчанах дохкалуш, амма ахчанца эцалуш доцу сий. Ас хастайо – шен кучан вета баьстина а паргIат ца волуш, къонахчо ларйина нохчийн оьздангаллин лаккхара кеп. Ас хастабо – лаьттан бIаьра а яхана, диттан га а лаьцна лаьттачу йоIа ечу ойланехь хила лааро кхуллуш болу сайн синхьагам. Ас хастадо – ас адамана кхоччуш адам доьвзур ду аьлча, со харцлуьйш ву бохучун бакълер. Ас хастадо – сан дегайовхо мел йолчу шеконех цIанъеш долу, карахь кхокхий дузочу стеган куьйгаш. Ас хастадо – «ДегI дац, кIант, бедарша дохдешдерг. ДегI хиллера – бедарш йохъешдерг», – аьлла, цхьана къаночо довзийтина долу дахарах шена зиэделларг. Ас хастадо – ловзаро кIаддина, ша долччохь дIакхетта Iуьллучу берана набаро оьхьучу гIенашкахь сайн самавала лаар. Ас хастадо – йитаза а ца ваьлла, ша йитина Нохчийчоь гIенах гина, хийрачу махкахь набархаваьллачун бIаьргаш чохь къегина хиш. Ас хастайо – дадас туьйра дийцинчу, бабас куьйра лийсинчу сан бераллин Нохчийчохь йисина марзонаш. Ас хастадо – «Чуьрк елахь а, хьуо везаш тIегIертарг цкъа а дIа ма татталахь», – аьлла, цхьана воккхачу стага сайна дина хьехар. Сайн дог тIулгах къаьсттачохь кхолладелла долу хIара сайн могIанаш а хестадо ас. Хабаев Исмаил |
02.08.2023, 15:29 | #88 |
Золото
|
М.-С. Гадаев
Гой хьуна, Даймохк, сан г1елбелла когаш? Хьуна т1е некъ бина г1елбелла уьш. Гой хьуна б1аьргаша дуьра хиш 1енош? Дагна т1ех ницкъ хилла доьлхуш ду уьш. Хьоьх хьегош со х1унда хьийзаво кхело? Ас хьоьца йоккхун ерг дукха хан яц. Хьоьх ваккхахь, кхин мохк бац Дог, б1аьрг сан дело, Хьан накха хадабахь, кхин кхача бац. Генахь мел хан яларх, хетац хьо хийра, Муьлххачу хьан маь11ехь хета сайн ц1ахь. Хьо берриг тарби ас жимчу сайн кийрахь, Со велча тарвелахь хьайн кийра ахь. |
13.08.2023, 16:49 | #89 |
Золото
|
Ца хууш а, кху чу вог1аш цхьаъ нислахь, шайна хетарг алийша) Вот эти моменты, оьрсийн маттахь муха эра дара аша?
...Дегнаш лелхарх, амал къар ца еш... ...Къоьжа къаной пхьоьханашка хуьйшу,.. Наной тийжа г1ож т1е аганан... Цара вуьгу к1ант сарахь хин йисте, Суьйре ларъян йо1 а хаайо... (продолжение следует)) |
13.08.2023, 17:31 | #90 | |
Я вам не хабиби
|
Kак совпало))
Я вчера хотел зачитать этот)) в итоге спел "Нохчийчоь Сан сирла седа"(естественно не для публики))) и зачитал "Сингаттам" Хоть разорвись, характером не поступился (не поступится / не поступаясь) Понятие пхьоьха тут сложно перевести конечно, я собрание старцев звучит как-то по партийному, слово сборище приобрело вульгарный характер, я бы сказал сонмище старцев, тогда можно будет сказать так: Сонмище старцев собирается Цитата:
картину себе в голове нарисовал, а вот как описать на русском не знаю, это тот момент, в завершении дня, когда ты качаешь колыбель, и уходя в раздумья качаешь ее оперевшись)) Они толкают ко встрече с возлюбленной Ждать любимого, заставляют они ))) |
|