Старый 06.04.2017, 16:14 #11
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,541
Вес репутации: 2501
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Лаьара стиглахь бетта нур леца,
Маршонца 1алашдан латта,
Амма уггара ч1ог1а, дог оьцуш,
Лаьара сайн Нана хьаста.

Лаьара суна заманаш сацийна
Цхьана м1аьргонна са даккхал.
Д1а яха мел долу дезараш дитина
Суо даго йоьхаче кхаччалц.

Лаьара юха а сайн дахар талла
Сайн хьостехь д1адевларш лоьхуш,
Сайн синан бешахь доггаха къевлина
Марзонийн йозанаш доьшуш.

Лаьара г1арг1улех т1ома а йуьйлуш
Iапказах цкъа дехьа йийла.
Сайна мел гинарг маь1ане дохуш
Дахаран къайленаш мийла.

Лаьара д1а яха х1орд кема хаьржина
Йитина мел йолу ачо,
Иза сайн сирлачу г1алартех доьттина
Сайн некъийн архьанах хьарчо.

Лааьра хьоьца хьан некъаш декъа
Iуьйрено г1енаш а туьдуш,
Йовзанза шовкъа б1аьргашчохь леца
Даимна ирсах цец юьйлуш.

Лаьара сецна, цкъа вахьа хаъал,
Эисана къоргенехь леха,
Экаме ирс довза хьехначийн аьзнаш,
Царна а Деле ирс деха.

Лаьара стиглахь бетта нур леца,
Маршонца 1алашдан латта,
Амма уггара ч1ог1а дог оьцуш
Лаьара сайн Нана хьаста.
2014ш

перевод не дословный, но написано по мотивам этой песни)

Marty вне форума   Ответить с цитированием
 


Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 21:02. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017