Старый 04.05.2018, 17:03 #21
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,541
Вес репутации: 2501
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Г1АЙГ1АНЦА САТИССАМ !
1
Х1ара дуьне цкъацц1а ша гатло вайн баланна.
Цхьаболу вайн К1ентий Оьздаллех буохарна.
Муьжгеха д1атарлуш х1уьмуьлгех ловзарна.
Шайн Дайн дукъ ца доьвзаш осала бовларна.
2
Х1ара дуьне наггахьа жимло сан даганна.
Хуорамо д1алоций кханенаш кхулорна.
Нохчийн къам орамех хедаш малдаларна.
Вай дайъинчу мостаг1ийн мотт буьйцуш леларна.
3
Х1ара дуьне сих-сиха б1арзло сан хьежарна.
Наной бу берашна Ден Дайн мотт хербина.
Ткъа марой шайн тергуо декхарех йицйина.
Доьзалшна хех лаьтта 1уьналла дайъина.
4
Х1ара дуьне наггахьа духу Са тиссарна.
Кху маттаца мел долу Сийлахь нур кхуолийна.
Вайн кхетам кхобу и баххаш д1атиссарна.
Моттарг1ийн шалхонех 1уй оьшуш диссарна.
5
Юха доьдий х1ара дуьне серлонца дог-оьцуш.
Ерриг вайн г1елонаш иэшорехь йагийна.
Доь долуш т1ах-аьлла Кегийрхойн гуча буьйлуш.
Лам санна Эхь долуш г1иллакхех буьззина.
6
Цу суьрто х1ара дуьне шовкъенехь ийъарна.
Кханенаш вайн К1ентийн белшашт1ехь хиларна.
Оьздачу Мехкарийн дог1мехь Сий дахарна.
Вайн къоман х1у лардеш жоьпалла хиларна.
7
Массо а ойланех лаамаш къагийна.
Ца темаш,эшамаш,хуорамаш байбина.
Маршонан туркх хилла,кхетамна нисдина.
Дерриге сайн дешнаш К1енташна хьажийна.
8
Воьхначу б1еналла ,Яхь ерг цхьаъ туолийна.
Шина шайна мах боцу дуьне ду хьуна.
Ларамца Толаман лакхение кхачийна.
Вайн къоман кхетамехь Сийлалла ю хьуна.
9
И кхетам схьабаьлларг Ислам Дин ду хьуна.
И ларбар Къонахийн Г1азот ду лерина.
Вайн г1илкхаш лиелийнарг ша Элча ву хьуна.
И кхетам Нохчаллийн орам бу кхиийна !

Аьрсбин Абу-Бакр 04.05.18 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
 


Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 22:11. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017