Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
30.01.2024, 00:22 | #91 |
Berz Borz, Dishni, Dep
|
И цхьа шира дош ду, суна цкъа хезна дац.
__________________
1аʼузу биЛлях1и мина-ш-шайт1ани-р-раджим. Аллах1у Акбар! Сложно прожить ту жизнь, против которой, ты поставил всю жизнь. © |
30.01.2024, 02:10 | #92 | |
mr. Учитель.
|
Цитата:
ГӀетакх де - тоам бе/экономить де/сэкономь! Далла бу хастам! Ps. Дуьххьар хезаш ду сун. Шу долчахь олуш ду ишт?
__________________
мираж. |
|
30.01.2024, 13:00 | #93 | |
Berz Borz, Dishni, Dep
|
Цитата:
Борза бу "хастам". - звучит как то бессмысленно. Борзан бу "хастам"! - точно определяем кому. Дела - Дело - Делан - Дала - Делера - для чего второй "л" вообще нужен, Агроном? Дела ву иза! Дело ло рицкъ! Делан доьхьа ду шадерг! Дала аьтто бойла! Делера ду массо х1ума!
__________________
1аʼузу биЛлях1и мина-ш-шайт1ани-р-раджим. Аллах1у Акбар! Сложно прожить ту жизнь, против которой, ты поставил всю жизнь. © |
|
30.01.2024, 16:00 | #94 | |
mr. Учитель.
|
Цитата:
Дательный падеж ца хуьл и, нохчийн маттахь? Пс. Вай дайш/нанойш ишт олуш схьадеан ду иза. Цундера ма хаьттира ас, шу долчахь ишт оли иза, аьлла.
__________________
мираж. |
|
30.01.2024, 17:36 | #95 | |||
mr. Учитель.
|
Масалан, маситта гочдин жайнашкахь ду "Далла" аьл йаздин, винительный, дательный падежшкахь.
Цитата:
Цитата:
Цитата:
__________________
мираж. |
|||
30.01.2024, 18:04 | #96 | |
Золото
|
Цитата:
Кхин а, жимма масалш: Дела къинхетаме ву. Далла муьт1ахь хилар. Далла 1ибадат дар. Далла бу хастам. (Шалха Л яздо) Но: Делан къинхетам боккха бу. Делан кхел ца лелча ца йолу. Иштта д1а, кхин а… Вайн мотт 1амийна ца хилча, хала ду дожарийн чаккхенаш ларъян.1амийна хилчи а, дац уьш-м, аттачарех). Эшахь а, аьлла, (ца эшахь а) х1ара дожарш a яздо аса, шайн хаттаршца. Ц1ердешнийн дожар 8 ду. Вайна ма-хаъара, церан шайн хаттарш ду: 1. Ц1ерниг дожар мила? муьлш? х1ун? 2. Доланиг дожар хьенан? стенан? 3. Лург дожар хьанна? стенна? 4. Дийриг дожар хьан? стен? 5. Коьчалниг дожар хьаьнца? стенца? 6. Хотталург дожар хьанах? стенах? 7. Меттигниг дожар хьаьнга? стенга? 8. Дустург дожар хьанал? стенал? Муьлхха а цIердош легош, дожарийн хаттарш хаа деза. Уьш Iамо гIо до кху байто: Мила ву? ХIун ю? – леговала. Хьенан, стенан сурт ду, ала. Хьанна, стенна ду вай реза? Хьан, стен вайна гIо дан деза? Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу? Хьанах, стенах лаьцна дуьйцу? Хьаьнга, стенга хьовсур ду? Хьанал, стенал гIоле ду? -Х1инца бухка, хьархо боху шиъ дош дожаршца хуьйцур ду вай. Ц1. Х1ун? Бухка Мила? хьархо Дл. Стенан? Бухкаран Хьенан? хьархочун Л. Стенна? Бухкарна Хьанна? хьархочунна Др. Стен? бухкаро Хьан? хьархочо К. Стенца? бухкарца Хьаьнца? хьархочуьнца Х. Стенах? бухкарх Хьанах? хьархочух М. Стенга? бухкаре Хьаьнга? хьархочуьнга Дс. Стенал? Бухкарал Хьанал? хьархочул |
|
30.01.2024, 20:25 | #97 |
Berz Borz, Dishni, Dep
|
Т1акх, грамматико юкъа далуша дукх и элп "л". Кхийта со. Баркалла!
__________________
1аʼузу биЛлях1и мина-ш-шайт1ани-р-раджим. Аллах1у Акбар! Сложно прожить ту жизнь, против которой, ты поставил всю жизнь. © |