Старый 22.09.2021, 20:45 #31
Aminat Aminat вне форума
странник
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: Грозный
Сообщений: 369
Вес репутации: 214
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

в продолжение темы птиц, вспомнилось имя чеченское: Човка. Кажись, грач.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.09.2021, 22:13 #32
BarbaroSSA BarbaroSSA вне форума
died
Аватар для BarbaroSSA
 
 
Регистрация: 19.07.2016
Адрес: .....
Сообщений: 5,098
Вес репутации: 2122
BarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможно
По умолчанию

Човк галка юй техь
__________________
...
BarbaroSSA вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.09.2021, 08:41 #33
Aminat Aminat вне форума
странник
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: Грозный
Сообщений: 369
Вес репутации: 214
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от BarbaroSSA Посмотреть сообщение
Човк галка юй техь
аа, хила а там бу хьуна.
Кху боцчу коьртаца, перепутал дукха нисло сан)
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.09.2021, 08:59 #34
Aminat Aminat вне форума
странник
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: Грозный
Сообщений: 369
Вес репутации: 214
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Хила а хилла и галка, Вспомнила про книгу Хож Ахмеда Берсанова, о птицах и животных нашего края. Все собираюсь приобрести ее и никак не доходит очередь до книжных магазинов. Цкъа дорваться дичи м, исписка йоккха яра сан. Вот она, кстати: http://orga.narod.ru/akharoi/olhazar.htm
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.09.2021, 09:37 #35
Aminat Aminat вне форума
странник
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: Грозный
Сообщений: 369
Вес репутации: 214
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Хатуев Iабдулхьамид

Дицдан йиш йоцу дешнаш
(нохчийн турпалаллин иллешна тIехь нислуш долчу ширачу дешнех кхетор)

Нохчийн турпалаллин иллеш тIехь, уьш даьхна дуккха зама хилар бахьана долуш, таханлерчу дешархочунна кхета хала дустарш, ца евза хIумнаш, ца хуу дешнаш нисдала тарло. Масала, терсмаймал тур, салойн элий, Боьлкъазар гIала, пиренг тапча, цIокъболат, хьенапан шаьлта ишта кхин дIа. Уьш дукхахдерш ширделла, кхузаманахьлерачу нохчийн маттахь наггахь бен цалелаш долу дешнаш ду, амма оцу архаизмех ца кхетча, хала хуьлу дерриг иллин чулацамах кхета, цуьнан историн маьIна дан.
Барзакъ боху дош тахана духар бохучу маьIнехь лела. Амма илли кхуллучу заманчохь цуьнан чулацам тIемалочун духар аьлла хилла. Цу юкъадогIуш хилла гIагI – аьчкан хIазарех юьйцина коч, турс олуш йолу мостагIчун шаьлтанах ларвеш йолу дуьхьало. Дукха хьолахь уьш еш, пайдаоьцуш хилла булан (зубр) цIоканах. ТIемалочун духар хьахийначуьра билгалдаха деза кхин цхьа могIа ца кхеташ долу дешнаш. Масала, бІоржамаш (кхакханах, бIегIагах, тIаьрсигах эеш йина мачаш), гІовтал (тIехула духу духар - бешмет) , чилхьесан бухкар (чилланан хьесах йина аса), пезагаш (мачашна чухула юху тIаьрсиган еха юткъа пазатийн тайпа), кисин тІам (коьрта туьллучу шипонан тІам), еза дари (Езда гІалахь дина дари), гуьлмаьнда (цІен-къорза дарин йовлакх), вендиг, пиренг тапча, осмалойн тапча, мажар топ, бархIсонара топ, кIожам буьллу топ. И ериг цIераш Кавказан тIом болчу хенахь тIемалоша пайдаоьцуш хиллачу герзийн цIераш ю.
Вендиг – венецианский пистолет
Пиренг тапча – франкский пистолет бохучу дешнех схьадаьлла ду. Цунах терра туркойн ( осмалойн импери) тапчанах схьаяьлла ю осмалойн тапча боху цIе. Мисар топ – Египтера топ. Мажар топ – мадьярийн, венгрийн топ бохург ду.
Терсмаймал тур – цхьаболчу Iилманчаша Гоьрдас динчу таррийн тайпа лору (оьрсийн «ревущая обязьяна»).
БархIсонара мажар топ – (восьмигранное мадьярское ружье) хьалха заманчохь австрийхойн, венгрийн тоьпаш сенаш болу биргIанаш йолуш хилла. Ширачу заманчохь тIемлоша лелош хилла герз дийцича, хьахо деза секха Iад. Саттийна болчу цIулла серах бахтарца цуьнан ши юьхьиг вовшашна тІе а озайой деш хилла и. Кхузахь а пайдаоьцуш хилла булан цІоканах. МостагIчунна тIе чIунаш (пхерчий) кхуьйсуш хилла цуьнца.
Массо илли тIехь бохург санна, тасадаларш дуьйцуш, хьахош ю хьенапан шаьлта. Цхьаццадолчу хьостанашкахь турпалхочуьнгахь гоьрдин шаьлта хуьлу.
И ший шаьлта доларчу цIерех схьаяьлла ю. Хьенап, Гоьрда бохуш ерриг Кавказехь гIараваьлла хилла нохчий ши пхьар. Цара йина шаьлтанаш чIогIа лоруш, сийдеш хилла тIемалоша. Гоьрдас йина шаьлта Лев Толстойн хенахь уггар мехала герз хилла Оьрсийчохь. Цара и йина долчу болатана цIе тиллина «гурда» аьлла. Цунах лаьцна яздина ду Лев Толстойн «Казаки» цIе йолчу повестан авторан дешхьалхенехь.
Иштта турпалаллин иллеш тIехь нисло тахана цхьаболчу дешархошна муьлш бу ца хуучу къаьмнийн цIераш.
Масала, ташхойн, таркхойн, салойн элий, желтой, мисархой, шемахой, гIезалой, осмалой, гIебартой, и. дI. кх.
Таркхой, салой, ташхой элий – гIумкин элий бу. Желтой – грекаш, мисархой – египтянаш, шемахой - сирийцаш, осмалой – туркой, гIезалой – татараш, гIебартой – кабардинцаш бу.
Иштта нисло турпалхой лелабаханчу меттигийн цIераш. Масала, Таркхойн хIорд – Каспийн хIорд, Боьлкъазар гIала – Кизляр, Ширванан аренаш – хIинцалерчу Азербайджанера Ширванан кIошт, пана аре, пана мохк – йистйоцу акха, адамо когбаккхаза латтанаш, гIулозан боьранаш – Черказийн раьгІнашца йолу хьаннаш евлла таьІна меттигаш. ГIоба - Кубань хи. Ийдал - Волга хи.
СалттIай – паччахьан заманчохь эскарш дехьа–сехьа дохуш хилла бурам.
Эндари – Дагестанера Андрей – аул. ХIинжа-гIала – кхузаманахьлера Махачкала ю.
Акхаройн цIераш хуьлу иллеш тIехь. Тахана нислуш ю цхьаццаболчу нехан Була цIе. Була – зубр бохург ду. Алмас – адамех тера, нахана дика дохьу, туьйранашкара васт ду. Иштта цIе а туьллу нохчаша шайн берашна.
Гила борз – тІахъаьлла турпал борз. Цуьнан сийнна туьллуш ю берана Гила боху цIе.
Нана борз – уггар дера шен бен, кIезий лардеш, леташ ерг ю ширчу нохчийн кхетамехь.
Царал сов била борз хила тарло иллеш тIехь. И бIаьстенан юьххьехь йина, кхиъна ялаза борз ю.
Гила – дин бохург ду.
Iовла Iахар – Iай биначу Іахарх олу.
Деций – уьстагІий ду
Пхьаьрчий – толлу жIаьлеш ду. Ширчу заманчохь, тІехуу дин санна, чIогIа хьоме лелош хилла уьш нохчаша.
Биэр – дань, налог, ясакх.
Базанан дечиг – тис ягодный
ДаIам – ондатра ю. ДаIам санна ву олу дилхалахь, могаш, онда волчу стагах.
ЧагIалкх – нохчаша вирца цхьаьна уггар оьзда йоцучу дийнатех лору акхаро ю.
Туодакх – къора котам (дудак).
ЦIокъ – ша болчу ломан баххьашкахь ехаш йолу дера акхаро, (барс).
Борзанан ков – босболчу эчигах (борза) дина ков, (бронзовые ворота).
Мимпес – амнистия, манифест, паччахьан омрийца лаьцначуьра паргІатваккхар.
Гуьмалг- даьтта чохь лело кхийра кхаба.
ГІарбаш – рабыня
Бурчам – стихия
ГІарол – часовой
ГІера – тIемалойн тоба, (военная дружина)
Кано – конвой
Чалтач – палач
Меташка – оьрсийн зуда, (матушка).
МухІажар – цаваьлла махкара дІавахана стаг.
Сахь – бархI кана ялтийн барам.
Йитаб – дIасабуьгучу тутмакхийн тоба, (каторжный этап).
ЦIоькъа – акха, караІамоза бохург ду.
ЦIоькъа айгIар – акха, тІехаа Іамоза говр ю.
Эсаран мох – Iуьйренан йис тІера хьоькху шийла мох бу.
ХІордан мох – Таркхойн хІорд болчу агІорара хьоькху догІанна хьалхара мох бу.
Туш – адам деха меттиг, стоянка, городище
Йора кIайн кехат – мохехь, карахь саца ца луш, йорт етта кехат.
ЦIен цIет – бекхаман билгалонна йоккхуш хилла дегIан меже (цIeт) цIийх юзий хилла, цундела цунах цIен аьлла.
Букара тоьла – корта охьатаIийна бен чоьхьа ца валалуш йолу, лаьттах яьккхина къайле.
ЦIоькъа рема – караIамозачу, акхачу говрийн рема.
ДорхI – гуьйренан малхо дохдинчу лаьттах хьалайолу сийна буц.
Екъа йорт – говрахь воьдучу беречунна лан хала долу говран болар, иноходь.
Дерматан дуьрстанаш – стоммачу цIоканах йина дуьрста.
Докхан нуьйр – дакх олучу дечигах (березех) йина нуьйр.
Нуьйран гIонжукъа – говрана тIехууш атта хилийта, куьйга схьалоцу нуьйран дечигах йина меже.
Децийн дилха – уьстагIийн жижиг.
Гуьржин цIен чагIар – гуьржаша кемсех доккхучу мустдинчу муттан цхьа тайпа.
Муьшан дечиган текх – карагач.
Къохка дечиган кад – клен.
Акха борц – арахь дIабеза болуш болу борц ( дикое просо).
Куьйган кохьар – куьйга хьийзаеш дама, ахьар, цу боккхуш йолу коьчал (ручной жернов).
Оьзиган шед – дика дабагI динчу цIоканах йина шед.
Совран ботт – стоммачу цIоканах йина туьран, шаьлтанан ботт, (кожанные ножны).
Iаьржа гIалмакхо – черный калмык.
Iаьржа иэр – толлу жIаьлийн цхьа тайпа.
Машин чоьш – гезго маша буцу хьесий. Илли тIехь кху кепара далийна ду: оьхучу цIийнна машийн чоьш дагийна, аьлла. Гезган маша багийча оьхучуьра цIий соцуш хилла.
Дехаран кехат – цхьа гIоли, нийсо, бакъдерг лоьхуш паччахан хьаькамашка яздеш хилла кехат (прощение).
Тхьамда – тобанна хьалхаваьлла стаг.
Сало – токхо (изобилие)
Сет – хIост (отметина)
Сур – эскар, бIо (войско)
ЦІетта – вийначу мостагIчунна чIир екхна хилар тоьшалла деш даьккхина лерг, куьг, корта я кхин йолу дегIан меже.
ЦІура - евнух
Сардал – паччахьан векал, наместник царя
ГIера – дуккха а цхьанагулъеллачу акхаройх арданг, гIера олу, цунах схьадаьлла ду мостагIийн гIера бохург.
Аьрта лоьраш – шайн корматалла кхоччуш караерзийна боцу лоьраш.
КIайн истанг – кIайчу машех беш болу нохчийн куз.
Мокхазар бердаш – мокхазан тIулган бердаш.
Сухара леча – аренца бен беш долу леча.
Къорза эпсар – бес-бесара духар дуьйхинчу паччахьан эпсарех (драгунех, уланех) олуш хилла.
Ханнийн божла – тIеттIа стоммий дечигаш (ханнаш) йохкуш диначу божлех олу.
Тесина некъ – уьшала йолчохь, я охьтаьIна меттиг йолчохь латта тосуш бинчу некъах олу.
Берцан сискал – берцах (просо) сискал, худар, локъмаш еш хилла хьалха.
Мекха зIенаш – мекхано йиъна, тишъелла аьчкан хIазарех йина зIе.
Огаран буц – хи йисте йолуш йолу сеналла.
ГIота – даьхнин керт, цхьацца долчу иллештIехь чохь Iен цIа.
ГIундалгIеш – адамал лекха йолу, басар доккху яраш (черная бузина).
Ботт – тур, шаьлта, урс чудуьллу ботт (ножны).
ГIалмакхойн аре – гIамаран аре, (калмыцкая степь).
Нуьйран бухка – нуьйр динан букъа тIехь чIагIен бахтар (седельная подпруга).
Акха эмалк – караIамоза, акха говр.
ГIап – патармаш чудохку гIап, (патронташ), мостагIашна дуьхьал чIагIйиначу меттигах а олу гIап, (крепость).
ГIура – тоьпан молха чудухкург (пороховница).
ГIап – тIеман чIагIо.
Истанг – батийначу тIергIан, машин куз (войлочный ковер)
Черт – эрзах йина кIелтосу хIума (рогожа, циновка).
МазлагIа – накхарш лело меттиг.
ГIели диллина ботт – гIелин (олово) кIурбиллина ботт (луженные оловом ножны).
ГIала – стен сай.
Докхан дечиг – береза.
Кера мекхаш – хьийзина мекхаш. «Болатан бурош ва санна, чIабийна ва даьIна, хьан кера и мекхаш», аьлла ду илли тIехь.
Базаран бамба – базарахь духку кIади.
Оьрсийн мокха – саттийна шена чудуьллуш масех дитт долу мокха (урс). Кхечу кепара цунах олуш хилла «Завалун мокха» и Завъялов цIе йолчу оьрсийн совдегархочо духкуш хилла дела.
Йохаран гIала – лийрдолу адам санна, юхур йолу гIала боху маьIна ду оцу дешнийн. Изза чулацам болуш далийна ду илли тIехь: «Йохаран паччахьан набахти» боху дешнаш.
Сетта пошта – говраш южуш йолу хьалдолчу нехан кIеда пайтон (ворда, фаэтон).
БIарз – говрах, вирах хилла тIаьхье.
ГIирмийн мохк – Iаьржачу хIордана йисттехь гIирмин (Крым) гIезалой (татараш) беха мохк.
КIайн ловзар – кхузахь бакъ ловзар бохучу маьIнехь лела.
Иштта иллеш тIехь нисдала тарло кIайн йийсар.
Хьоьхан гирда буьззина цIен деши – липа олучу дечигах йина 12 кийла хIума чухоьа пхьегIа.
ДоьгIначу гIокхана мажар кхеттачу кIантана... – дIахIоттийначу Iалашонна (мишень) нийсалла топ тохар.
Дерматан жуларш – дабагI динчу цIоканан дуьрстанаш.
Дермат, дабагI дар – цIока шех пайдаэца кечъяр.
Эрмалойн турмал – эрмалоша (армянаша) юхкуш хилла бинокль, (подзорная труба).
Анда – болат.
Арц – хьун яьлла лам.
Алаша – южуш лелош йолу говр.
Акъари – ломахь шера меттиг (плато, плоскогорье),
Яйдакх говр - нуьйр тиллаза говр.
Курпал – йоккха топ, (мортира).
Йохаран курпал – оьккхуш болу йоккха тоьпан хIоъ.
Кху материала тIехь билгалдахаза дисина кхин а дуккха а кхета хала долу дешнаш хир ду иллеш тIехь.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.09.2021, 13:00 #36
BarbaroSSA BarbaroSSA вне форума
died
Аватар для BarbaroSSA
 
 
Регистрация: 19.07.2016
Адрес: .....
Сообщений: 5,098
Вес репутации: 2122
BarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Aminat Посмотреть сообщение
салой
салой г1умкий бац, т1аьххьарчу хенахь вай ваьш т1елаьцна г1алат ду. салой нохчий бу, ваштаройх а бу. 1840-чу шерашкахь шеш г1умкиш диначу тоьшаллашца салой а, гуенаш а нохчий хилар кардо вайна, цул совнах тахана днк анализаш а т1еч1аг1ди а къамел.


Цитата:
Сообщение от Aminat Посмотреть сообщение
ДаIам – ондатра ю
вай наха барсуках олаш ду да1ам/д1ама
__________________
...
BarbaroSSA вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.09.2021, 15:33 #37
Aminat Aminat вне форума
странник
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: Грозный
Сообщений: 369
Вес репутации: 214
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от BarbaroSSA Посмотреть сообщение
салой г1умкий бац
Цитата:
Сообщение от BarbaroSSA Посмотреть сообщение
вай наха барсуках олаш ду да1ам/д1ама
__________________
Мехала билгалдахарш ду, BarbaroSSa. Дела реза хуьлийла, тидам а бина, аларна.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 07:19. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2021, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017