Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
10.06.2023, 22:13 | #51 | |
Сэйдо
|
Цитата:
Далла везийла, дукха хьолехь, воккхачо, жимчунга олуш хезна суна |
|
10.06.2023, 22:17 | #52 | |
Золото
|
Цитата:
Дукха хьолехь, суна хезаш дерг- Далла везийла, ду. Сан -Диканца дукха вехийла олаш 1едил ду- жимчуьнга а, воккхачуьнга а,- хьаьнгга а. |
|
10.06.2023, 22:19 | #53 |
Я вам не хабиби
|
|
10.06.2023, 22:24 | #54 |
Золото
|
|
10.06.2023, 22:28 | #55 | |
Berz Borz, Dishni, Dep
|
Цитата:
Валлах1и, суна хезна х1ума-м дац иза, Аминат. Амма, йухулла, аса аьра ду: Далла йоьзийла хьо, Аминат! И ахьа хетнаг билгал далалц.
__________________
1аʼузу биЛлях1и мина-ш-шайт1ани-р-раджим. Аллах1у Акбар! Сложно прожить ту жизнь, против которой, ты поставил всю жизнь. © |
|
10.06.2023, 22:29 | #56 |
Сэйдо
|
Са а ду цхьа хаттар, виц велла шолг1а хоттуш делахь бехке ма лаца.)
Вай ц1ахь, туькнахь цхьаъ иэцча, йохкархочо, ахь механа д1аделла ахчанна - Дала саг1а дойла, олуш г1илкх ду. Соьга хаьттачи г1илкх х1оьттина ду, х1унда аьлчи, хьалха, мах д1абеллачо - Дала беркате дойла, хьаэцнчо - дисинчунах, хьунаъ дойла, Дала беркат - олуш г1илкх дара. Со гал хила мега, суна чог1а нийса ца хеташ х1ума ду иза. Вай маттахь ала хуур дац суна, больше на маркетинговый ход смахивает |
10.06.2023, 22:31 | #57 |
Berz Borz, Dishni, Dep
|
Хьуна махаара, Сэйдо, со жима ма вуй, Аграномалаъ!))))
__________________
1аʼузу биЛлях1и мина-ш-шайт1ани-р-раджим. Аллах1у Акбар! Сложно прожить ту жизнь, против которой, ты поставил всю жизнь. © |
10.06.2023, 23:41 | #58 | |
бакъйолу аккази)
|
Цитата:
|
|
11.06.2023, 00:57 | #59 |
Замужем
|
Буьйса дика йойла шу, хьоме махкахой!
Х1етал-метал хаийла шуна: Говрал лекха, Ж1аьлел лоха? |
11.06.2023, 12:32 | #60 |
Золото
|
Нохчийн меттан алфавит.
https://www.gakish.com/shechen-langu...chijn-abat.htm Магийнчу рог1ехь д1ах1иттийнчу элпех абат (алфавит) олу. Нохчийн абатехь 49 элп ду. Шалха элпаш 15 ду: аь, г1, кх, къ, к1,оь, п1, т1, уь, хь, х1, ц1, ч1, юь, яь. Царех мукъанаш 5 ду: аь, оь,уь, юь, яь. (гласные ) Мукъазнаш 10 ду: г1, кх, къ, к1, п1, т1, хь, х1, ц1,ч1. (согласные) Кхин а, цхьалха, ша элп: 1 - 1аса, 1аж, 1а... Ерриг хало, вайн маттахь дешнаш нийса яздар- кху 21 элпах йозаш ю кх). Х1ара шалха элпаш а 1амийна, царна юкъара башхаллин тидам бичхьане, даьлла ду- кх дерриг. Х1ораммо а, оца алфавит т1ехь далийначу масалшка а хьожуш, шен масала далон хьажахь шалха элпашца, жим- жимма шарлур ду йоза. Даламукълахь. |