Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
06.04.2023, 18:09 | #11 |
Платина
|
ТIам сийна кхокха
ХАМИДОВ Iабдул-Хьамид. (Берийн туьйра-пьеса) Кхаа декъехь, ворхI суьртехь Дакъалоцушберш: Бикату – йоккха стаг Леча Лоьма Куьйра – цуьнан кIентий Iаьржа-Хожа Жоьра-баба – цуьнан нана Дугал – Хехо Мугал – Хехо Хьалхара Ялхо ШолгIа Ялхо Самарт – Йоккха стаг Iимран – Эвлара кIант Салман – Эвлара кIант Мангалхо Воккха стаг ТIам сийна кхокха Лергана семаниг Махал масаниг – БикатугIеран эраш Баккхий а, кегий а нах 1959-чу шарахь НГIАССР-хь хиллачу драматургийн конкурсехь республикански жюрино 2-гIа преми елла хIокху пьесина. .... .....Мугал: Со хьоьга ладугIуш ву-кх, Жоьра-баба. ХIун боху ахь? Жоьра-баба: Вайн бIов йолчу агIорхьа схьагIертачу адамийн хьожа еттало суна. Йоккха хиларна бIаьрса телхина сан. БIаьргтохал массанхьа а! Хьажал, хьайна хIумма а гой! /Мугал хьожу/ Мугал: Гуш хIумма а дац, Жоьра-баба. БIаьрго схьалоцу аренаш ерриге а еса ю. Жоьра-баба: Мугал, сан тахана, кхо эзар шо кхаьчна, тохара санна, дика ца дало соьга гIуллакх. Гена махка жа дало вахана, цIахь вац сан кIант Iаьржа-Хожа. И цIахь воцуш, вайна тIелата тарло, цундела хьо а, Дугал а чIогIа сема хила веза. Мугал: Дика ду‚ Жоьра-баба, тхойшиъ цкъа а ца хиллачу кепара сема хир ву. Жоьра-Баба: Маьлха-Аьзни хIун деш ю? Реза юй хIара Iаьржа-Хожин зуда хила? Мугал: Яц. Цкъа хьостуш‚ тIаккха кхерош, дийцира ас цуьнга. ХIуъа а дича а, иза резахирг а ца хилла, асий‚ Дугалссий вайн бIаьвна чохь хьостамашца пенах дIатоьхна иза. Охашимма цуьнга аьлла, Хожин зуда хила хьо резахиллалц, иштта латтор ю хьо, аьлла. Тахана кхоалгIа де ду иза чохь йоллу, хIетте а Хожин зуда хила реза ю ша ца олу цо. Жоьра-баба: ХIумма а дац, тахана ца алахь, кIира даьлча эр ду. КIира даьлча ца алахь, бутт баьлча эр ду. Амма, цо ша Хожин зуда хила реза ю аллалц, пенах дIатоьхначуьра схьаяккха мегар дац. Мугал: Дика ду. /дIавоьду/ Жоьра-баба: /эрна ара бIаьрг бетта, ладугIу/. Мугала хIуъа а бахахь а, кхузахьа схьагIертачу адамийн хьожа еттало суна. /Чехка чуэккха Мугал./ Мугал: Жоьра-баба, Жоьра-баба! Жоьра-баба: ХIун хилла? Стенна хьоькху ахь, ватIийча санна, и мохь? Мугал: Борз уьгIначу чхар тIера дIахьаьжча, ченан дохк ю гуш. Жоьра-баба: ШайтIанан мох буй-техьа хьуна гург? Мугал: ХIан-хIа, бац. Мох санна чехка, вай долчухьа говрашкахь вогIуш ши бере ву. Цу шинна тIаьха, ма-далло сиха догIуш, ши эр а ду..... https://izdat-dom.ru/dramaturgiya/ha...5qk49512164323
__________________
Желаю всем спокойствия духа и кротости сердца. |