Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
21.08.2017, 12:15 | #11 |
странник
|
"К1анте"
Дуьненан ойла яй, тидаме лацалахь: Мичахь бу дуьнено 1ехийна лелларш, Шайн карахь х1ара дуьне ду моттаделларш? Хьарамчу рицкъанах шаьш 1ехабелларш, Дуьне шайх дуьсур дац моьттина баьхнарш? Хьекъал а ца тоьъна кхачийнарш собар, Аллах1ах ца кхоьруш, адамех кхеррарш? Кхолламо яздинччу хир бу уьш даржехь, Ткъа церан во-дика дуьненахь деха. Мелехь дац ца динарг Аллах1ан ц1арца Сийлахьверг хесторца ца дина къамел. Хууш дац кхолламо х1у кховдор кхана, Тоба далл ийманехь вай дисахьара. Цо бохург диннаг бен тоьлла вац хьуна, И реза хилларг бен декъала хир вац. Дика а, вуон а луш цхьаъ бен вац хьуна, Аллах1ан дуьхьа бен динарг а дош дац. Сийлахьверг ву хьуна къинхетам бен верг. Къиношна гечден верг И цхьаъ бен вац. Кхин цхьа а вац хьуна 1амалаш къобал ян. Вайн Далла хастам беш хьо вахалахь. Даггара нахана къинт1ера валий, Цхьанца а хьайн дагахь ца кхобуш хьаг1. Боккъала лераме цаьрца ца хуьлий, Хьуо лараре са ахь ма тийссалахь. Нах парг1ат ахь битахь, хир ву хьо парг1ат, Цабезам совбаларх хьайн дог ларделахь. К1оршаме ца хуьлуш, гайталахь ларам, Ма хуьллу т1ех забарш ярах ларлолахь. Маршалла хатталахь адамаш гича, Векхалой хилалахь урамехь, ц1ахь. Эсала хилалахь, ца волуш сийсаз. Варийлахь, г1иллакхах ма вохалахь. Далла Шех тешарца дог нуьре дойла хьан. Дуьненахь, Эхартахь декъала войла хьо. Вахар луш, дахарехь яхйойла оьмар-хан, Цо даржехь, мулкехь а воккхийла сов хьо. Азман Джабраилова
__________________
Молчание- великий друг, который никогда не изменит/Конфуций/ |