Grommus
 

Вернуться   Grommus > Творчество и искусство > Литература и искусство > Поэзия

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 01.10.2017, 22:56   #11
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

КЪАСТАМ !
1
Ваша а ,мостаг1 а, къастош хьо вацахь.
Дика а, вониг а ,луьттуш хьо вацахь.
Гергар а, хийра а , декъна хьо вацахь.
Хьуна йоьвзар яц хьуна, Бакъуо а харцуо !
2
Накъостана г1о эшчахь , д1ах1уттуш хьо вацахь.
Муьлхха вайн йо1-Йишин, Ваша хьо вацахь.
Хьайн къоман,Умматан ,Сий лардеш хьо вацахь.
Хьуна йоьвзар яц хьуна, Къонахийн Яхь !
3
Хьан Дайша ларйина ,Маршо ца къийлинехь.
Цуьнца шайн ч1агъелла ,амал ца евзинехь.
Эхь-бехко кхиийна, ларам ца ларбинехь.
Хьуна боьвзар бац хьуна, Дайн Мехкан бохь !
4
Доьналлехь ч1аг1йина,вайн лаьмнийн тархашт1ехь.
Доккхачу хьунарц, йоьг1начу б1оьвнашкахь.
Маршонца х1иттийначу ,г1аланаш б1аьннашкахь.
Лардинарг ду хьуна К1ант, ахь дойъуш Доь !
5
1уьйренан з1аьнаршца ,ломан куц ца дайнехь.
Кийра бузош тог1ешца,шовданаш ца меллехь.
Акхачу вайн стоьмийн ,мерза-моз ца довзинехь.
Хьуна боьвзар бац хьуна ,Дайн Мехкан чам !
6
Делан хьакъ лелорехь,малуоно хьо лаьцнехь.
Хьайн дешан Да волу, олалла а доьжнехь.
Дайн г1иллакх д1атесна, хьо "парг1ат" ваьллехь.
Хьан дезарш дац хьуна, шен болуш мах !
7
Хьайн дег1ехь, доьзалехь, Эхь доцург магийтахь.
Стаг 1ехош дозанаш, Тешамах дохийнехь.
Сутарчу ойланех, хьайн дуо ахь бузийнехь
Хьан хьайн а бац хьуна, ши мискъал мах !
Аьрсбин Абу-Бакр
02.10.11 шо :
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.11.2017, 12:34   #12
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

ОЙЛАННА ДОШ-2 !
1
Хьо къар ма лолахь бакъонан къовсамехь ,т1аккха Дала мостаг1а къарвелла гойтур ву хьуна.
Хьайн дег1ана г1ора к1езга ду алий, ондачунна цкъа а хьайн бакъо а ма йиталахь.
Доьналлехь долчу турпалчу даго,тур-тапчанца г1ора ницкъаш а нисдо хьуна.
Хьайна дина зулам ма дитилахь дехар доцуш,сов ца волуш дика а ма диталахь .
2
Цу Делан Нийсонца ахьа букътохахь,хьо шайт1анан харцоно сихонца лоцур ву хьуна .
Сий дайъина ахча лоьхучаьрца хиттало хьайн уьйраш а,дахаран некъаш а ларделахь.
Т1аккха Дала хьо вочух ларвеш деган парг1атонехь,Шен беркате кхачийна а карор ву хьуна .
Хьан Дайша кхиийна мерзачу дахаран пусар долуш,кху
дуьнанах чекх а валалахь...
Аьрсбин Абу-Бакр 24-28.11.17 шо :
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 14.12.2017, 21:59   #13
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

УВАЖАЕМЫЕ форумчане поддержите нашего Брата, который трудится ради возрождения нашей самобытности и языка!

АССАЛАМУ 1АЛАЙКУМ, НАХ ОРАМАХ БОЛУ НАХ !
БисмиЛлах1ир-Рохьманир-Рохьийм .

Шоьгаран вошалла оьшуш болх бу х1ара (проект) , вайн къоманна юкъарчу г1уллакханна д1аболийна,вайн х1аллак мел динарш меттах1иттош,керлачаьрца т1едуза 1алашонца .
Кху аг1онна -ORDIN NAHAR-(
) канале ЮТУБчохь,шу ма хуьлла дукха хьовсарца пайда оьцуш лайкаш а х1иттош,цулла а иштта коьртачех ду, вай кху чохь алссама д1аяздаларца дерг (регистраци еш),вайн аьтто сов бера бу т1аккха.Дала мукъ лахь...

ВАРИЙЛАШ МАЛО МА ЕЛАШ КХУННА ! Х1ара массанхьа а даржош г1уллакх дар, дехар а ду шоьга Вежарий.

Х1ара канал формальны долучера,официале доккхуш,массуо дуьненчуьра вай Наханна пайда эца аьттонна,шен барам (статус) лаккхарчу т1ег1ане баккхарехь лерина 1алашо ю,цул т1аьхье кхунна чухула кхин долу даакъош а (филиалаш) схьаделла,цу ЮТУБАН бехкамашца (условешца) боьзна болх бу иштта билгала баьккхина.
Кхунна чухула вай бан леринна дуккха а ладаме (важный) баккхийра белхаш бу,вайн къоман КХЕТАМ метта х1уоттон лаамехь, Делан пубанца !

Нохчийн къоман мотт айбар, иза 1аморехь шен ширачу бухт1ера схьаоьцуш.

Керла вайн б1оьвнашт1ера т1аамарех (иероглифех ),зайл йозанех (клинописех ) кечдинчу Нохчийн Абат-алфавит 1амош хьажгаршца (видеошца) ,вайн керла кечдина исбаьхьа йоза 1аморца,1амарш (урокаш) д1адахьа а лерина ду вай т1ейог1учу ханна.Иштта уьш ватсап,телеграмма хоршашкахула аздаршца а (головойш) даржош Нахе д1акхачо лаам болуш.

Вайн а Дуьненахь г1арбевллачу 1илманчаша Нохчийн марг1алах (исторех) язбина болу белхаш а довзийта лерина ду вай.

Иштта цхьаьна кхиберш санна карарчу хенахь ,Нохчийн меттан энциклопедеш х1иттош жигара белхаш бу беш,технически,академическ и кхи долчу 1илманийн а дешнаш ду кечдеш вайн маттера схьадохуш, х1ара канал схьадиллинчу тобано.

Вайн 1алашонехь ду Нохчалла толлуш Академи схьаелла а,цул т1аьхьа и белхаш институтан т1ег1анашкахь шордина, вайн берашна 1амраташкахь (ишколашкахь) хьоьхуш ,вайн къам шен бухт1ера ондачу кога х1оттон а, Дала мукъ лахь.
Аллах1-Дала Шен г1о дойла вайна кху йоккхачу 1алашонан белхашт1ехь...

Ларамца шун Ваша, Аьрсбин Абу-Бакр 14.12.17 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 14.12.2017, 22:36   #14
BarbaroSSA
أبو صقر
 
Регистрация: 19.07.2016
Адрес: died...
Сообщений: 1,496
Вес репутации: 653
BarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможно
По умолчанию

Дел бе-кх хьан Дала аьтту!
__________________
يَا رَبِّ قَدْ حَلَفَ الأَعْدَاءُ وَاجْتَهَدُوا بِأَنَّنِي رَجُلٌ مِنْ سَاكِنِي النَّارِ
أَيَحْلِفُونَ عَلَى عَمْيَاءَ؟ وَيْحَهُمُ ما عِلْمُهُمْ بكريم العَفْوِ غَفَّارِ؟
BarbaroSSA вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.01.2018, 01:53   #15
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

ДА ВУЬСИЙЛА !

1
Дависа вайн Элчанца 1амарца, вахар хилла делара сан.
Цу Асхьабех и масаллаш оьцуш,Са дузуш ирсенехь ваьхна.
Дела Ша реза а хилла ,цаьрца д1акхалхар хилла делара сан.
Х1ун до кху дуьненах хийра,дуьссун долу хьацарца лиехна.
2
Баьчча Идиг хьан б1онехь лаьттина,йа воьжначех велара со.
Йа Имам Тини Вуьсица ваьхна ,цуьнгара Доьналла довза.
Бакъ долчу Нохчаллийн дахарехь,Эхь лоьруш Яхь йолуш массо.
Дахаран г1иллакхийн лакхенца,Адамалла нисдина говза.
3
Маржа-я1, Шайх-Мансуран заманахь, ваьхна хилла велара со.
Йа Таймин Биболат къовсамо ,чахчийна шайн Сийлаллехь кхиъна.
Бенойн Бойсхарна б1аьрхьоьжуш, даьккхина мукъа делара цхьа шо.
Йа Имам-1албаган заманахь ,Къонахийн кхетамах вуьзна.
4
Къар ца луш обаргалла хаьржина, Вара,Зелимха,Хасуха.
Тхо кхиънера шу лоьруш дезнарш, До1анаш тхайн хиттина шоьца.
Аша лайнарг къийсамехь лардинарг,тхуна а кхачийна юха.
Цхьаъ ву вайн къомана мостаг1а,и Маршо къуьйсуш верг вайца.
5
Цхьаъ ду вайга хоттун дерг Дала,цхьаъ ду вайн дерриге къоман Дин.
Цхьаъ бу вайн исбаьхьан Даймохк,цхьаъ бу вайн Ненан мотт дог долу.
Шиъ ю вайн чаккхенан меттиг,Ялсамане йа Жоьжаг1атин 1ин.
Цу 1инчу вай тоьтту мостаг1а,ца вовзахь вай дакъаза довлу.

Аьрсбин Абу-Бакр 14.08.93 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.01.2018, 20:17   #16
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

КХАНЕННА ЛИЕХАМ !
1
Х1ора а дийнахь вайн лехамаш гуллойла.
Х1ора а сохьтехь вайн дустараш толлийла.
Х1ора вайн ойланаш кханенна ецийла.
Вайн ц1ена До1анаш Маршонца доьхкийла.
2
Х1ора а Нохчо К1ант орцаха волийла.
Леш долчу къомана лоьралла лоьхийла.
Х1ора а олу дош кхетамна децийла.
Вайн г1елдина дахар ша самуоне доккхийла.
3
Х1ора а Къано вайн 1уьналле х1уттийла
Х1ора а доьзал Да жоьпалле волийла.
Х1ора а во1-Ваша Иймане кховдийла.
Вайн массо йо1-Йиша эхь-бехке йог1ийла.
4
Х1ора а боккху ког Нийсонна хуьлийла.
Х1ора а кховдо куьг хьанала кховдийла.
Х1ора а хьожу б1арг марзонехь кхерстийла.
Вай вовшийн эшарца Барт болуш ч1аг1лойла.
5
Х1ора вайн лаамаш дог-ц1ена баьржийла.
Х1ора вайн г1иллакхаш шайн бохье кхочийла.
Х1ора вайца хьаг1 йолу гамуонаш отийла.
Вайн яххьаш къагийна довха дош олийла.
6
Х1ора вайн къийсамаш Яхь дебош бехийла.
Х1ора вайн х1усамаш 1уьйкъанна г1уьттийла.
Х1ора вайн эвлашкаш Маьждигаш дузийла.
Вайн Делан къинхетам Нохчийчу буссийла !

Аьрсбин Абу-Бакр 24.01.18 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 17.02.2018, 18:32   #17
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

САН ДЖОВХ1АРШ !
1
Вайн Делан Дашца дуста дош дац сан.
Даймехкай Сийца дуста йа Сий а дац.
Доттаг1чуьнца вуста Ваша а вац сан.
Нохчийн Йо1ал экамие х1умма а дац !
2
Маршонал хьалха къовсам бац сан.
Ламазал хьалха кхин диекхар дац.
Хьешалла а веза доьзалхо вац сан.
Даймахкал сов дезаш кхин латта а дац !
3
Вайн Бартал боккха кхин лаам бац сан.
Цуьнца буста вайна цхьа а ницкъ бац.
Со хьалха ваха х1умма а дац сан.
Вешелла а Тешамие аг1уо а бац !
4
Г1иллакхал ховха кхин йовхуо яц сан.
Вайн Яхьаллаъ онда Синехь ницкъ бац.
Оьздангалла юста терза а дац сан.
Вайн Доьналлал онда ч1аг1о а яц !
5
Неналла мерза кхин Адам дац сан.
Сан Делла а бехке кхин стаг ма вац.
Сайн товжар-дехар Деле бен дац сан.
Элчаналла а дезаш кхин Адам дац !

Аьрсбин Абу-Бакр 03.02.18 шо :
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 31.03.2018, 23:14   #18
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Х1У ХИЛЛА ХЬУНА НОХЧО ?
1
Дуьненан бахамах к1орге ша д1абоьг1на.
Шайт1анан гура буьйцуш ца хезна хьуна ?
Хьан Ден Дас хьо ларвеш цунна т1едоьг1на.
Хьо кхетош далхийнарг дицделла хьуна ?
2
Хьарамчух ларвалар Элчано далхийнарг.
Ца оьшуш д1атесна къарвелла саьхьарна.
Дала хьо кхолларца хьуна т1едиллинарг.
Хьо кхетош далхийнарг дицделла хьуна ?
3
Де-Ненан марзонаш гергарло дохийна.
Йиша-Вешин хьаштонаш букът1ехьа ластийна.
Хьайн шичой,ц1ийна Нах,эвлахой хербина.
Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ?
4
Ахчанах 1абийна шайт1ано стаг вац хьуна.
И хьоьца лахьтийчу дуьллур а дац хьуна.
Массо а шайнах а жоп доккхур ду хьуна.
Хьо тешахь ца тешахь башхалла а яц хьуна !
5
Ахчанна лерина х1илланаш нисдина.
Бохчанна лерина аьшпаш а кечбина.
Гергара,Махкара,Бусалба 1ехийна.
Жоьжаг1атийн ц1е ма ю,ахь хьайна кечйина.
6
Йалсаманен не1 йолу Г1иллакхаш хьашна.
Бусалбан дог долу к1едалла къахкийна.
Нохчочун т1ум йолу Оьздалла човхийна.
Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ?
7
Ахчанах дерриге хьайн Сий а доьхкина.
Дайша мел лардинарг бертала а тоьхна.
Буо-бераш,мисканаш ца вешаш хербина.
Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ?
8
Хьо ма ву Дин дохош шайт1анан г1оьнча.
Ахчанах вайн ц1ена 1адаташ хийцина.
Хьо ма ву къам дохош мостаг1чуьн г1оьнча.
Ахчанах вайн Сийлахь и Маршо йоьхкина.
9
Кху гураш лаьцнарг хьо мостаг1а ву хьуна.
Далла а, Махканна а, хьо волчу Дена а.
Цу Нехан До1анаш кхочур а дац хьуна.
Дала Ша Вицвинарг, вицвеш а ву хьуна.
10
Ахчанах 1абийна шайт1ано стаг вац хьуна.
И хьоьца лахьтийчу дуьллур а дац хьуна.
Массо а шайнах а жоп доккхур ду хьуна.
Хьо тешахь ца тешахь башхалла а яц хьуна !
Аьрсбин Абу-Бакр 31.03.18 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.04.2018, 19:30   #19
Marty
бакъйолу аккази..)
 
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: у себя
Сообщений: 1,021
Вес репутации: 619
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

ДАХАРАН КЪИЙСАМ !
1
Аганчуьра воьссина лаьттат1е со ваьлча.
Нанас ша довхачех г1иллакхаш 1амийра.
Халонаш иешорехь лакхене кхача.
Дадас ша Доьналлийн б1ог1амех кхетийра.
2
Къоналло вадийна дахарчу ластийча.
Цу дагца г1оьнча ша х1отторехь кечбина.
Дуьненан массо а йистошка кхача.
И гездан Гила-Дин оьшара лаамна.
3
Аса цуьнца лоьхура ринжанаш гатвича.
Халонан хьовзамаш когашк1ела лоьцура.
Аренца стешхалла яьржина карийча.
Сан Гила бацара хиламашна къера.
4
Буьйдачу кхетамна накъостий боьвзича.
Массо вайн К1ентех аса Вежарий лоьцара.
Г1о оьшуш де-доьхна дийно со хьовзийча.
Цу К1ентийн Вошалла кхочуш са ойъара.
5
Дахарца къийсамехь хьалхенаш йахалла.
Вайн къоман 1адато лакхиене вохура.
Харцонаш эшорехь Юьхь-к1оман чувола.
Толамехь чекхвала Гила-Дин оьшара.
6
Гила-Дин кхиарехь Синан-Дин хилла.
Берзан вайн амало Гила-Дин хаьхкича.
Дег1анна хьуьнарехь Кхетам-Дин хилла.
Вай эшон ницкъ ма бац Бертахь д1ах1иттича.
7
И Барт вайн хира ма бу Нийсонна 1уй хилча.
Харцонаш,1есанаш, Эхь дайнарш совцийча.
Вайн Дайша лелийна г1иллакхаш лардича.
Синан-Дин хе х1оттош Вай Далла къарделча !

Аьрсбин Абу-Бакр 24.04.18 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 07:02. Часовой пояс GMT +4.


Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2018, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot