Старый 10.02.2022, 13:26 #14
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,480
Вес репутации: 8559
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию

Шовданна 1индаг1 дан ножан дитт оьшу,
Кошанна упха ян ножан дитт оьшу,
Доллучу дуьненна дашо малх оьшу,
Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу.

К1орга ду боху ахь Нохчийчохь 1аьмнаш,
Лекха ду боху ахь Нохчийчохь лаьмнаш,
Мерза ду боху ахь лулахойн кхаьънаш,
Шорта бу боху ахь хьо йовза хьаьгнарш.

Б1аьргашца са к1амдар дац хьуна хьастар,
Амалшца са даар дац хьуна хьастар,
Делахь а бу хьуна илланчин хастам,
Ца хилча ца далахь, хилийта къастар.

Да воцчу к1ентан а дог лозу хьуна,
Стаг воцчу стеган а дог лозу хьуна,
Амма кху дахарехь ца нисло хьуна,
Т1екхаьчча, адамо ловр доцуш х1ума.

Стогалла амалшна ца хуьлу говза, -
Мел ч1ог1а хьаьгнехь а деза дог довза,
Цундела воьду со, 1одика йойла,
Декъала хуьлда-кха къастаран ойла.

Цхьаъ бен дац стиглахь Ча Такхийна Тача,
Цхьа а вац ницкъ кхаьчнарг цунна т1е кхача,
Даггара боху ас, сатийсам кхачош:
Декъаза хуьлда-кх со, хьо бен ирс дацахь.

Апти Бисултанов
Райя вне форума   Ответить с цитированием
 


Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 10:09. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017