Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
11.03.2019, 16:57 | #31 |
...
|
Ахматова Раиса "Везачун бIаьргаш"
ГIелвелла лаьтта хьо, Дукха го ишта... БIаьргаш хьан кIадделла, Генна дIахьуьйсу. Ас доьху: генарчу Хьайн бIаьргийн йовхо ЦхьакIеззиг суна а Йохъяла кхачор. Хьан бIаьргаш даима Исбаьхьа лепа. Лепа уьш диканехь, Вонехь а лепа. Лепа уьш. хIорд санна, Аьхкенан делкъехь, Амма уьш гена ду, Седарчий санна. Меллаша йогIу со Ураман шортехь, Хьо лоьхуш бIаьргбетта Бовзазчу нахе. Хьайчех тера бIаьргаш Тергалло шортта. Амма дац хьайниш гуш - Уьш ду ас лоьхурш. Дицлац цкъа суо латтар Iаьржачу буса, ХIетахь сан бIаьргеха Ледда и хиш а. Лаьара Сайн коьрта тIехула Стигла оьккхийла, - Схьагойтуш исбаьхьа Хьан сийна бIаьргаш. |
10.04.2019, 16:03 | #32 |
...
|
Абдулаев Леча. Диканиг хьахадан кхоьру со...
Диканиг хьахадан кхоьру со. Хазаниг хьахадан кхоьру со. Диканах, хазачух хьаьгна хьо ГIаггIъаьлла елхарна, кхоьру со. Да-нана хьахадан кхоьру со: Буо виснарг велхарна, кхоьру со. «ЙоI» ала, «воI» ала кхоьру со: ХIухаьддарг велхарна, кхоьру со. Гуо талла, бIов йоцуш висначохь, Букъ тоха берд боцуш висначохь, Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна, Хьо латто гIо доцуш висначохь Хьан лекха лам хьахо кхоьру со, Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со. Нохчийчоь, хьо йийца кхоьру со: Къонахий белхарна, кхоьру со. 2002 ш. |
17.06.2019, 11:29 | #33 |
...
|
Х1окху лаьттахь -
Синтем байначохь, Боцуш цхьа а Аьтто бала аг1о, Ас цхьа йовха ойла йича хьох, Кхолламо со Цхьанхьа бакъахьа хьо... Со цхьа воьхна, Воьхна хьийзачохь, Ирсе хила йоцчохь Я бакъо а, Ахь со цхьанхьа Нуьре ийзаво, Серлавоху Даг чу еъна къона. Довха илли Дагах деддачохь. Дуьтуш суна Латкъам балла оза, Ойланашка Сирла кхетта хьо, Со дуьненахь Ваха висна г1оза... |
14.01.2020, 17:14 | #34 |
...
|
|
01.02.2020, 18:29 | #35 |
Забанен
|
Ахь дагар дуьйцуш верг,
Хоьх т1аьх1ш кхаьрдш ву. Хоьх даг вуьйлу бохш верг, Хьа къейле толлуш ву Хьа къейле евзинарг, Ямартло лоьхш ву Хьа г1алат девзинарг, Сихалехь кхейкхош ву Ахь дукх везш лоьхуш верг, Хоьх ведда лелш ву Бокъала тешме нах Дуьнен чохь къезг бу |
30.06.2020, 21:23 | #36 |
...
|
|
25.08.2020, 12:12 | #37 |
...
|
|
18.09.2020, 10:09 | #38 |
Золото
|
"...вайн дегнаш а вайн кешнаш а
цкъа бухдохур долчу Дала цкъа бухбоккхур бу-кхa хIара нохчийн къоман беза бала..." До1а. Апти Бисултанов. https://www.radiomarsho.com/a/27368816.html |
14.11.2020, 08:39 | #39 |
...
|
-ТIулг Iуьллу.. -Битахь!
-Дог Iуьллу.. -Дитахь! -Стаг Iуьллу.. -Витахь! -Сом Iуьллу.. -Мичахь? |
29.01.2021, 16:37 | #40 |
...
|
Доттаг1а кхелхинчу дийнахь
Меттахъхьов лампанан серло - Лазадо цуо сан лерса. Меттахъхьов сан ц1оцкъамаш а - Тохалой чудужу олхазар. Меттахъхьоь т1улгаш а, чим а, - Дуьне ду маьлха каш санна... |