Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
01.11.2018, 17:44 | #21 |
...
|
БIАЬРГАШНА БIАЬРЗЕ ХИЛЛА …
БIаьргашна бIаьрзе хилий Яха боху соьга. Лергашна къора хилий, Лела боху соьга. Маттана догIа тоха Iама боху соьга, Ас шун бакъдерг доьху дела, Со галъяьлла боху соьга. Елхаран метта соьга Тахана ела боху, Еларна мета соьга Тахана елха боху. Лайн амалш йолчу нахах Элий лара боху, Дела воцу мунепикъаш Соь къобалбе боху. БIешерийн мур бу боху Иштта чолхе хIуттуш, Керла пачхьалкх кхуллу боху, Маьрша синош дойуш, КIант шен ден дуьхьал хIоттар ГIиллакхе ду боху. Вашас ваша цIийла керчор, ГIазот хуьлу боху. БIаьргашна бIаьрзе хилла Лела ца ло, лела! Лергашна къора Хилла, Яха ца ло, яха! Когах хьерча къинойн маша, Цо галдоху болар, Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те Хьан лазамийн доза? Со хьан Iуьйре леха йоллу, Дитна пелхьойн ловзар, Со хьан суьйре лаха йоллу, Бицбеш хилла хьовзам, Со дIайоьду лаха, делахь, Хьан лазамийн доза, ЦIийлахь Iуьллу сан кортали Соьга хьоьжу доьхна… |
30.11.2018, 02:27 | #22 |
.
|
Можно на ингушском ?) хотя я сама с трудом понимаю его, подруги переводят.
очень трогательное было исполнение Йоайир 1а со, ва са Дада, 1ододача шовдал чу кхесса.. Хий мел додача г1ойла хьо, аьнна, Хьо хий соцача социйла.. - Дега я шийла.. Кигъенна уйла.. Д1абейннаб седкъа са керара.. - Йоайир 1а со, ва са Нана, Цу сийнача ц1ерал чу кхесса.. Ц1и мел йоагача йоагийла, аьнна, Из ц1и д1айовча йойла, аьнна. - Лоттабенна бала.. Дуненаг1 яьлар.. Са керара ала бейна баьннаб д1а.. |
30.11.2018, 03:17 | #23 |
Сэйдо
|
|
30.11.2018, 03:34 | #24 |
.
|
Перевод, боюсь, будет звучать странно на русском. с моих слов ))
https://m.youtube.com/watch?v=tbTqoiFVTys |
30.11.2018, 03:50 | #25 | |
Сэйдо
|
Цитата:
|
|
19.12.2018, 17:06 | #26 |
...
|
Ц1аволахь...
Кхузахьа-м дог1анаш оьха, Ясъелла,г1ийла ю керт. Сан корехь техкаш ду цхьалха, Т1адамех 1ийдало дитт... Ц1аволахь... Вайн юьрта гуьйре ма-кхаьчна, Мархашца стигал язъеш... Йох ца луш со бойнех хьерча. Г1арг1улийн 1адикайеш. Ц1аволахь... Т1уьна дечиг ц1ерга а тиллий, Бийцахьа генара мохк. Цигахь а йочанаш ярий, Сингаттам хьарчабеш хьох?.. |
14.01.2019, 12:58 | #27 |
...
|
Апти Бисултанов
lиндагlаш - царна а ма деза вовшийн, Бесачу, даима шийлачу царна, Амма шаьш кхоьллина цхьа малх дlабовш бен, Марзонан хама бан-м ца хаьа царна. Цкъа цхьана дитта тlехь дезначу вовшийн, Вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах Дисинчу lиндагlийн мох меттахъхьовш бен, Вовшех ца хьакхало догlмаш я гlенаш. Я Аллахl, ма марзо хила а еза-кх Доьдучу хи тlе чуэгначу церан! Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх Цкъа вовшийн дохдина доцучу церан! Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь Дегадар, эгадар бу церан мотт а, Шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь Ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар. lиндагlаш - царна а ца лаьа хlинца Бузучу цу малхе хlумма а хетта... Эгавеш марзонан хlора а цинцах Со а сайн lиндагlа хиларх со кхетта. Цу дакъаделлачу диттана тlера Ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь, Меттахъхьов, lиндагlийн санна, сан кхерам - Там бара со царел хьалха дlавала... |
24.01.2019, 16:20 | #28 |
...
|
Дахкарх хьерчаш йог1у х1ора 1уьйре,
Шийла хьацар детташ стигланна. Ахь юха а, цатам даг чохь къуьйлуш, Тешаво со дахарх, диканах.. Йочанийн ткъаршлахь текха денош, Шийла доь1у дитташа а са. Х1инций-х1инций бохуш, дог а сецош, Г1алаташ ахь лайна хийла сан.. Суьйренаша хьоьхуш шийла хорша, Ойланаша хьоьхуш бохамаш, Ваьхна со, хьан тешамо дог дохдеш, Цуо ларвина хийла бохамах.. Зама уьду, акха эмалк хилла, Наггахь текха, ц1ийзаш, дууш са... Амма доьху, цкъа а дог ма дилла Кханалерчу дийнан диканах.. Буьйса еъча, дарцехь барзах уг1уш, Хьайн ойланна б1агор хьийзабеш, Не1 д1акъовларх айхьа, дог1а тухуш, Хила-кх со кхочур вуй диц ца деш... |
05.02.2019, 11:23 | #29 |
...
|
Б1аьрго дог 1ехийна дац сан,
Са ду-кха лозуш дерг тахна. Хан сецна, зама а хаьдда, Мимшара мехийн са хаьдда. Нур лепа аматан дуьхьа, Дог дуьйлу малхана дуьхьал. 1уьйренан дикаллех тешна, Суьйренехь къинхетам лехна. Г1айг1ано г1айг1а ца къарйо, 1ехаман м1аьргонах ларло. Ахк дог1у, дераллехь маса, Мичхьа ду гечонан тача. Хьо цхьаъ бен дуьненахь цкъа а, Кхин суна езна ма яц-кха... Кадиев Руслан |
14.02.2019, 13:14 | #30 |
...
|
Цкъа а ма елхалахь, декъаза йоl
Цхьанна а адамна гучохь, Ворхl догlа дlатохий хьулделахь дог, Бlаьрхих ма тlунде пхьош кучан. Бlаьрсинойх лечкъабеш даг тlера тlулг, Тахана садетташ гlолахь, Хьайн бала балхабеш, нах кхардочул, Доглазар ду хьуна гlолехь. Дlа ца йовш латтийна син кхерчахь цlе, Буьйсанан мотт lамабелахь, Цо юьйлуш седарчийн мукъамна тlе, Эшаре ерзор ю гlело. Цул тlаьхьа lаьржаллехь къегар бу суй, Хьо цунна тlаьххье дlагlолахь. Ахь цунна тlекхача баалахь дуй, Ницкъ байча, текхаеш голаш. Ша шена маршо а йоккхуш хьан дог Айлур ду ворхl догlа дохош, Цул тlаьхьа ахь ондда баккхалахь ког, Цул тlаьхьа кхин адам ду хьо. Ткъа хlинца йоьлхуш хьо, маршо а луш Бlаьргашна, халонаш гинчу. Бlархишца жималлин бlаьрзалла ю, Хьан дегlахь къаьсташъерг хlинца. Хеда Батаева |