Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
12.10.2018, 01:57 | #11 |
Я вам не хабиби
|
ва йиша Махьшарехь санна
ду-кх х1ара вайн вовшахкхетар хьуна сох къа хеташ санна суна хьох х1инца эхь хета сирла са харцахьа дохуш шеконе ду-кха хьан кхолар сан къинойн мохь эцна йог1уш санна ду хьан г1ийла болар ва йиша со вевзий хьуна къарлуш бу 1индаг1ийн белхам вовза ма вевзара суна йилбаз-мохь йист-б1аьрга лелха со дагавийлинчу цхьамма херцийна лекхенаш гучохь вала ирс ца хиллий сан-ма махкана хьуна ца гучохь са лоьхуш горгачу г1алахь сатуьйсуш хан-зама нисъян стаг воцуш орцаха вала хьийзина сан ойла-миска со х1инца цхьа жима бер ду к1ентан к1ант ден деда хеттал сан ойла лар лоьху эр ду хьем боцуш ден дашах кхеттал дена я нанна вовззал вевзинчийн мостаг1а хиллал ас идабина синхьовзам хиллера шайт1анан х1илла шаьлтанан дитт санна,вешин куьг лаьцна вог1учу новкъахь ас даржадина син деши ас яржайина син овкъарш цундела кхойкхий со-м йиша 1ожаллел хьо герга хеташ йиш яц сан лахьти чу вижа дуьненчу валарх ца кхеташ ницкъ лохьа дерриг а дицдан цкъа Далла дуьхьала ерза г1о дехьа цкъъа юха нисдан къиношца харцийна терза ва йиша Махьшарехь санна ду-кх х1ара вайн вовшахкхетар хьуна сох къа хеташ санна суна хьох х1инца эхь хета. 1989 |