Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
06.04.2017, 16:14 | #11 |
бакъйолу аккази)
|
Лаьара стиглахь бетта нур леца,
Маршонца 1алашдан латта, Амма уггара ч1ог1а, дог оьцуш, Лаьара сайн Нана хьаста. Лаьара суна заманаш сацийна Цхьана м1аьргонна са даккхал. Д1а яха мел долу дезараш дитина Суо даго йоьхаче кхаччалц. Лаьара юха а сайн дахар талла Сайн хьостехь д1адевларш лоьхуш, Сайн синан бешахь доггаха къевлина Марзонийн йозанаш доьшуш. Лаьара г1арг1улех т1ома а йуьйлуш Iапказах цкъа дехьа йийла. Сайна мел гинарг маь1ане дохуш Дахаран къайленаш мийла. Лаьара д1а яха х1орд кема хаьржина Йитина мел йолу ачо, Иза сайн сирлачу г1алартех доьттина Сайн некъийн архьанах хьарчо. Лааьра хьоьца хьан некъаш декъа Iуьйрено г1енаш а туьдуш, Йовзанза шовкъа б1аьргашчохь леца Даимна ирсах цец юьйлуш. Лаьара сецна, цкъа вахьа хаъал, Эисана къоргенехь леха, Экаме ирс довза хьехначийн аьзнаш, Царна а Деле ирс деха. Лаьара стиглахь бетта нур леца, Маршонца 1алашдан латта, Амма уггара ч1ог1а дог оьцуш Лаьара сайн Нана хьаста. 2014ш перевод не дословный, но написано по мотивам этой песни) |