Старый 12.10.2018, 01:57 #11
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,512
Вес репутации: 2731
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию ВА ЙИША

ва йиша Махьшарехь санна
ду-кх х1ара вайн вовшахкхетар
хьуна сох къа хеташ санна
суна хьох х1инца эхь хета

сирла са харцахьа дохуш
шеконе ду-кха хьан кхолар
сан къинойн мохь эцна йог1уш
санна ду хьан г1ийла болар

ва йиша со вевзий хьуна
къарлуш бу 1индаг1ийн белхам
вовза ма вевзара суна
йилбаз-мохь йист-б1аьрга лелха

со дагавийлинчу цхьамма
херцийна лекхенаш гучохь
вала ирс ца хиллий сан-ма
махкана хьуна ца гучохь

са лоьхуш горгачу г1алахь
сатуьйсуш хан-зама нисъян
стаг воцуш орцаха вала
хьийзина сан ойла-миска

со х1инца цхьа жима бер ду
к1ентан к1ант ден деда хеттал
сан ойла лар лоьху эр ду
хьем боцуш ден дашах кхеттал

дена я нанна вовззал
вевзинчийн мостаг1а хиллал
ас идабина синхьовзам
хиллера шайт1анан х1илла

шаьлтанан дитт санна,вешин
куьг лаьцна вог1учу новкъахь
ас даржадина син деши
ас яржайина син овкъарш

цундела кхойкхий со-м йиша
1ожаллел хьо герга хеташ
йиш яц сан лахьти чу вижа
дуьненчу валарх ца кхеташ

ницкъ лохьа дерриг а дицдан
цкъа Далла дуьхьала ерза
г1о дехьа цкъъа юха нисдан
къиношца харцийна терза

ва йиша Махьшарехь санна
ду-кх х1ара вайн вовшахкхетар
хьуна сох къа хеташ санна
суна хьох х1инца эхь хета.
1989
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
 

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 23:20. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017