Старый 09.07.2022, 22:54 #11
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

доггах йаздо Мусас ша йаздириг)
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.02.2023, 11:22 #12
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

БЕКСУЛТАНОВ Муса

ЧIир

Дийцаре лодог1а кхузахь мега

КIант чехавора шен нанас. Нанас йеттара кIантана, хьан да валла хьакхийца, бохуш, жIаьла санна, хьан наха вийна да!
КIант воьлхура, эгавора, кIантана лата лаьара, ненах лата, дуьненах.
– Хьада, вало, – олура нанас, – тергалве, ма вицве, юьхьсибат даккха цуьнан!
КIант воьдура, халла, воьлхуш.
КIантана, ихна, кIордийнера, тергалвина, хьежна цуьнга.
КIант жима вара, бер дара кIант, кIантана ловза лаьара, шен хеннарчу берашца ловза, Органа чохь лийча, ида.
Ненан маьхьаро лоцура кIант: «Во-о, мичахь ву хьо, ван мичахь ву хьо, ва хьан да хьакхийца валларг, котам санна, наха вийна да!»
КIант воьлхура, ненан мохь хезча. КIант хебара, лечкъара кIант, Iуьрг дайна хьийза дахка санна, ведда вала меттиг боцуш, ненах чуван а ца ваьхьаш.
Нанна каравора Iуьйранна кIант, я алах, хьаьвди чохь, кIеза санна, хьаьрчина Iуьллуш.
ГIаттавора нанас, чувуьгура, вузавора кIант, хьостура:
– Нана яла хьан, – олура нанас, – хьан яла хьан жоьра нана, со цу хьайн дена дуьхьал юьхьIаьржа ма яхийталахь, гIуолахь цига, ларвелахь, хьажалахь цуьнга, тергалвелахь, стаг хено хуьйцу хьуна, итт-пхийтта шо зама а яьлла, иза кхечахьа ваха водахь, цавовззал хийцалуш, кхин стаг хир ву хьуна цунах, сурт эцалахь, сибат цуьнан… дукха чIираш йохку хьуна цунах… иза лечкъар ву хьуна тIаккха, нахе ма кхачийталахь, чIир лахалахь сан цIийнаден, кхаъ баккхалахь хьайн нене, хьайн дена чурт догIийталахь, со цкъа хелха хьовзийталахь, ког биллал йоцу хIара кIажа сан куогана шера майда еш, сан куьйгаша, тIемаша санна, со лаьттара стигала ойуш…
КIант, гIаттаза я гIаьттина, набарха а валанза, шуьри чу аьтта сискал яа гIерташ, тийсалора, шура Iенаш, сискал южуш, ненан хабар, туьйра долуш санна, чаккхене сатуьйсуш, туьйранан хазачу чаккхене.

Нанас кIант аравоккхура, ловцаш беш, куьг тухуш, мара цIанбеш, же, варлахь, варлахь, олуш, ларвелахь, дика хьажалахь, хьан да цо вийна хьуна, ахь иза а вен веза хьуна, дог лоцуш, дагах тоьхна, цхьана метте уьттазза тухуш…

КIант гIоттура, араволура, кIант воьдура цуьнга хьажа, цу стаге, нах бойучу, нах кхоьручу хьаькаме хьажа. КIантана иза говрахь гуора, кура сеттачу Iаьржачу говрахь, тIехь йоццачу кожанкица, хурашка а тIаьрсиган, Iаьржа эткаш а, хаьн тIехь кхозу тапчан хумпIар.
Говр цхьамма дIалоцура, кхечо – луьйта, и хьаькам говрара вуссуш, НКВД-ен коьрта хьаькам.
Наха гуо буора. Мерабетталора. ОхьатеIара. Соьцура. Нах къиэжара. Боьлура цунна.
Стаг кхоссалуш-кхос-кхоссалуш – НКВД-ен и хьаькам, – ши-кхо гIат долчу лами тIе, тIам тохарца, хьоза санна, хьалаволура, къайлаволуш.
КIантана говр хазахетара, хьаькаман и Iаьржа говр, тIе ваха а ца ваьхьаш – нанас чIогIа дихкинера, ша мила ву вовзийтар, – геннара говр тергалъеш, цуьнан егор, Iуьйшу гаьллаш, цхьана метта ца сацалуш, ша лаьттачохь хуьйцу когаш, кIарула Iаьржа еха кхес а цуьнан, цо керчо бIаьргаш а.
КIантана цуьнан гIап гуора юха, хьаькаман йиъкIов гIап, тIулган кертаца лекха йина, ши стаг тIекIелхIоттал лекха, механ Iаь чекхъерйоцу цу керта чу доьгIна ков а.

КIант водура, дIавоьдура, кIант бер дара, жима бер, кIантана ловза лаьара.
КIант ловзура сарралц, генна дукъал тIехьа вуьйлуш, Органа чIожа уллехь соьцуш, ненан аз хеза доцче, берашца цхьаьна, цаьрца луьйчуш.

Нанас кIантана нах буьйцура, Бокин воI Мус вуьйцуш, ЗIокин Хаза я Дерказан Джокъал, цой-цой иза динера, бохуш, ткъа вукхара – кхин динера, шен ненаден чIир лехнера, дин боцчунна дин беллера, цIа доцург ваха хаош, воI воцчуьн воI хилла, кхечунна декхар шена тIелоцуш, ядочу йоьIан орца хезча – йоI кIелхьараяьккхинера, бохуш, цу ламанца мел хилла болу Iоттабаккхамаш кIантана буьйцуш, кIант човхош, чахчош, кIентан са механ буьхье дуьгуш, дог кхарстош, ирдеш, дагах цIеран суй беш.

КIант, кхуь-у-уш, кхиа вулура, ненан дагах, цо дуьйцучух, де-дийне гIайгIане вужуш, суьрташ гуш, цхьа хиламаш, цхьаъ вийна, кхин вайна, бохуш, Iедало лаьцна ваьхьна, бохуш, денна-денна кхачалу нах, тIепаза бовш, докъаза, вахана-ваьлла я гина-хезна ала-дийца адам а я теш а воцуш, дерриг а цига кхачалуш, циггахь довш, лар туьлуш, НКВД-ен ков-кертахь чоьхьадаьлларг къора къарлуш.

КIант кхиаваьлча я кхуьуш, кIентан юьхь тIера чо Iаржлуш, нанас дуьйцу шен кIантана:
– Хьо бер дара – дуьйцу нанас, – кхаа-деа шеран, пхоьалгIа шо доладелла… хьуна дагадогIу хир дац я и сурт юхакхолла а – виъ вар-кх уьш, лаьцна валош кхин цхьаъ а волуш, нуьйран хIоънах тIаьхьа тесна, муьшаца дихкина ши куьг а долуш… лакхара охьа баьхкир-кх уьш.
Дукъа йистте уьш гучубевлча:
– ДIакъайла валахь, стаг, хьун кол йолчу охьавалахь! – элира ас хьан дега, тамаршна тIера хьаьжкIаш йохуш, суо Iаш, царах бIаьрг кхетташехь.
– Ас дина хIума-м дац, хIара кхош кегор бен, – жоп делира хьан дас суна, – сан дешича ведда хиларх, со ма вац бехке! – аьлла.
– Хьан дешича ма ву и веддарг, обаргех дIа а кхеташ, кхарна бен а вац, чалахь бинчу муьжгишна чухIоьттина лаьттачу кхарна, цара ве аьлча, шайн дай-ваший а вуьйр волчу кху жIаьлешна! – ас шега аьлча:
– Зуда, сацахь, – элира соьга хьан дас, – пхьагало, кхера а лой, доккху хьуна шена тIаьхьа эр! – аьлла.
Со кхин йист а ца хилира. Малх дикка охьалестина, малх лахбелла хан яра иза, IиндагIаш дуткъа дахделла.
Вайн беданан керта йистте схьахIоьттира царах цхьаъ, лаха Iачу соьга вист а хилла:
– ХIума кхоллур яра оха я кара-куьйга эцна а, – олуш.
Суна деза ца делира, хIума кхоллур яра, цо аьлча.
– Кхин кечйина хIума-м яц сан… – ас оллушехь, хьан да хьала гучувелира, цара лаьцна валош волчу стагах бIаьрг а кхеташ.
– ХIара Къедар мича вуьгуш ву аш, хIун диначунна? – хоттуш, бедана тIе хьала а ваьлла.
– Чудевр ду вай цкъа, – элира, соьга юург хьахийначо.
Иза хиллера и хьаькам а, нах лоьцуш волу Джебар, НКВД ву бохург – Хасранан воI Джебар.
Хьан дай, и Джебар, царна тIаьххье кхин цхьаъ волуш, чувелира, важа шиъ, лакха хьалаваьлла, маьI-маьIIе дIа а хIуттуш.
Лер-алар делира чохь, чIоггIа луьйш хезаш хьан да а волуш.
Хьо суна уллехь вара, церан говрашка хьоьжуш лаьтташ. Говраш гоьзанах дIатесна яра, вихкина валошверг, цара охьа а ца хоуьйтуш, ирахь лаьттара.
Со сени чуьра ахьар а эцна, и ловса цаца схьаэца, аьлла, лакха хьалакхевдича, герзан тата делира чохь, тIекIел кхузза-доьазза долуш: «Зуд, иштта-м ца доьду хьуна хьо…» – хьан ден аз дIа а хедаш. Цу чуьра аравогIучу Хасранан Джебара со, даг тIе схьа мийра тоьхна, бедана тIера даьхнийн керта чукхоьссира, тIулгаш тIе корта а кхеташ.
Сан корта бойра, дIакхетта, цIийн кIеж а туьйсуш лерга тIехьара. Юха, хьала а гIаьттина, со едда керта чуьра арайолуш, дехьахула хьалахьаьдча, хьан да вара садалаза, жимма дехьа-сехьара, тIома кIелхьара схьа а лаьцна, текхош, чуьра аравохьуш.
Вукху шимма – ха деш волчу – герз долийра, итт-пхийтта цIа долчу кху вайн жимачу юьрта тIехула. Суна сайна хIун кхийтира ца хиира, кхетамчуьра ялар бен.
Ахь мохь хьоькхуш хиллера. Хьан мохь суна ца хезира. Хьо суна ган а ца гира, кхано тIаьхьа – буьйса дIаяьлча – Iуьйранна цхьамма схьа чувалор бен.
Сан лерг иккхина дара, татол санна, чуьра цIий а оьхуш. Суна гуш хIума дацара. Сан бIаьрса дайнера.
Хьан да цара, говранна тIе бертал а воьхкуш, кIошта охьаваьхьира, хIокху юьртахь – уьш чекхбовлуш – дуьхьало ян я топ кхосса цхьа дийна дегI а ца даьхьаш.
Со кхоалгIачу дийнахь лецира, меттара хьалагIаттош, хьан да воьчу дийнахь валош хилла Къедар санна, говран нуьйран хIоънах, муьшца ши куьг тIехьа а дихкина, кIошта охьа а юьгуш.

Кхаа баттахь НКВД-ен ларми чохь яллийра со, гуш синтIадам а боцуш, дийнахь цкъа – сарахь – хих къурд байтар бен, мегарг ялтан буьртиг а ца луш.
Хасранан Джебара пхьара мотт лебора соьга эвхьазчу дешнашца, боьха мел дерг дуьйцуш, бандиташ кхаьбна ахь, ша хьо кху чохь яхкор ю, бохуш, сахьт, ахсахьт масазза долу, наб ца яйта, тайп-тайпаначу боьршачу наха барт а хоьттуш.
Кхо бутт баьлча – сахуьллуш,- Iаьржа йоллушехь, кевл ара ластийра, кIоштахь гучуялар а дихкина.
Со юьрта кхаьчча, цIа дагийна гира суна сайн. Хьо юьртахь а вацара. Хьо сан ненашичас – Зайтан Бексолтас – ша волчу дIавигна хиллера ТIерийчу.

КIантана халла дуьхьалхIуьтту цхьа говраш, герзан тата, нана меттахь Iиллина а, юха да а шена – гIенах санна – цхьа геннара дуьхьалхIуьтту, дена доьгIна чурт ду, бохуш, кешнашна арахь боьгIна лаьтта тIулг а.

КIентан итт шо дузуш, 1939-чу шарахь, Хасранан Джебар лаьцна, олий, хабар даьржа, пхийтта шо хан тоьхна а, бохуш.
Нана южу, кIентан нана, и хабар шена хезча, нана тийжа, барзах угIуш, АллахIе доIанца кхойкхуш: «Хенан яхо лолахь цунна, Йа АллахI, кху кIентан кхаж балийталахь цуьнан Iожална, кхунна виталахь, цуьнан Iожалла кхуьнга лолахь, сан кIанте лолахь, Дела, цу гIелонца – Йа АллахI! – хьайна дуьхьал ма йигалахь, бекхаман ирс лолахь!» – бохуш.

Дерриг а дуьсу, дерриг а дов – нах махках боху тIаккха, дийца-ала бахьана а доцуш, цхьана къоман хьашташна, кхарна хIун ду ца хуучу, шовзткъе доьалгIачу шеран чиллан беттан ткъе кхоалгIачу Iуьйранна.
ХIун-ма ду, ала стаг а вац я хатта а, дийца а.
Дуьне духу цу дийнахь, мел вийнарг чIираза вовш, мел велларг пана хуьлуш, хиш лекъаш, бердаш херцаш, Iаьнан чиллехь мох цIийзаш, бацалахь Iаьржа лаьхьа санна. Iаьржа цIерпошта кIайчу лайлахула, мохь бетташ, кIур туьйсуш, декъий чуьра ара Iеттош, цу ехачу Iаьнан буьйсанашца тIе-кIел таса, даа-мала доцуш, декъачу аннийн херошкахула махо чу дарц детташ, ткъе цхьа де цу новкъахула, жоьжахате боьдучу новкъа.
Нах мацалла, хIоралла ле, мозий санна, белла карош, мезаша бууш я хиъначохь, садаьлла гуш, чохь а, арахь а, пхьоьханахь а – дIакхиссина нехаш санна – Iохкуш, жIаьлеша бууш, къийгаша, каш-ор даккха орца а доцуш…

Къам ахгергга делла дIадолу, мацалла леш, дарцо бойуш, некъашкахь белла карош. Биснарш халла дийна буьсу, колхозан кхаш тIера кийла кIа лахьийначарна, ткъе пхиппа шераш хенаш а етташ, набахтешка чу кхуьссуш, Сталин велчий бен, юьртара кхечу юьрта ваха янне а бакъо а йоцуш.

И бакъо яьллачу дийнахь – и пирказ арадаьлча, – нана тIейоьрзу шен кIантана, зуда ялае, хьан йиш яц, хан яц хьан, хьо ден чIир лаха езаш ву, цхьа са дита хьайн сил тIаьхьа, кIентан цIарах цхьа маза, бохуш.
Юха шо даьлча – зуда ялийначу шолгIачу шеран кхо бутт бузуш, ненан кIантана кIант во, денанас кIентан кIантана ЦIокъ-Болат цIе а туьллуш.
Шен кIант чуьра аравоккху нанас, дуьне талла, стигала вала, мостагIчуьн корта боцуш, шена дуьхьал ма вола, олуш.
КIанта ярташ, гIаланаш, истанцеш, мехкаш толлу – Баскунчак, Аральск толлуш, Саранскера Караганда кхочуш, кIошташца лоьхуш, ярташкахула. Некъашца соьцуш, юх-юха хьоьжуш.
КIант цIа воьрзу, тIехь беркъа, меца, ша леллачу мехкашкара мачех летта ченаш бен, дош а я жоп а ца дохьуш.
КIентан нана гIийла гIелло.
Нана къанло.
Букарйоьду.
Ненан багара аз ца долу. Ша-шеца юьсу, шен гIелонца.
КIентан кIант а ца хьосту нанас.
Нана къарло, мотт сецча санна.

Цхьана дийнахь – чIир екха вахана кIант веса вирзина Iай-бIаьстей хийцалуш – йоккхачу стагана шен воI го, гуола тIе хаийна, ловзош шен и жима кIант а волуш, сакъераделла, воьлуш Iаш.
– Кестта вала хьо, хьо вала кестта, – долу ненан багара, аз а доцуш, шакарца шок, – хьан дена хьо а везара хьуна, иштта дукха, ша векха воI а воцуш, наха вийначу хьан дена хьо хIума а езара хьуна, тахана хьуна хьайн кIант санна! – олуш.
КIентан дегIах сийна цIе хьаьрча, бIаьрасерло а Iаржлуш.
КIант «тIап» а доцуш, вов, вахана-ваьлла лар ца хууш я хабар-дош а ца кхочуш.

Юха а иштта и гIаланаш, и кIошташ, ярташ – Рудник, юха Балхаш, тIаккха Бек-Пак-Дала, цигахула дIа Нурински, кхин дуккха а, масане – Темер-Тау, Алмата, Киевка, Уральск… ТIаьххье а цхьана кIошта кхаьчча, цигара ярташ толлуш – нохчий беха ткъе ши юрт, – тIаккха а кхин лар а ца гуш, Оскаровка кIошта вирзина, базарахула волавелла лелаш, цхьа миска го, сагIадоьхург, иза хьийзош, дIасауьду казахийн бераш а.
СагIадоьхург беркъа, гIийла хуьлу, юьхь тIехула хьала маж а яьлла, ши бIаьрг гуш а боцуш, томкано ерриг бат а мажйина, эттIачу тишачу баргалшца, кертах дIа букъ а тоьхна, лаьттахь хиъна Iаш, когаш генна дIа а хецна. Хьалхахь – мича басахь бу ца хуу – тиша куй а Iуьллу.
Бераша цхьацца кхардаме дешнаш олура цунна, геннара кхойкхуш, дуьйлуш, хIуманаш кхуьссуш.
Вукхо шен куй ларбо, куьйга схьа а лаьцна, цу берашка бада ца байта.
Тов ю кхехкаш, механ Iаь а яц. Ченаш гIуьтту куога кIелхьара.

Берех цхьамма кхоьссина тIулг юьхь тIе кхета сагIадоьхучунна: «Да жIаьлийца… шун да…!» – сагIадоьхурге мохь а болуш.
ХIара тIевоьду цунна улло, бераш дIа а къахкош, охьалахло чIинчIура.
Хьожана са ца даккхало, шарахь я эхашарахь хи кхетазачу дегIах, экханах санна, шен хьожа йогIуш.
ХIара цунна ган а ца го – ши бIаьрг тIебиллина бу, - цхьа бур-бур а ду хезаш.
– Нохчо ву хьо? – хотту кхуо.
Вукхуьнан корта меттахъхьов, бIаьранегIарш халла деллалуш.
– Ву… хьо… хьо мила… кхахь-кхахь-кхахь…со лаха… ИсмаьIалан кIант-м вац хьо… сан дешичин кIант… – велха волало «ув-ув» деш, чIениг некха тIе а южуш.
– Вац, – олу кхуо, – хьуна вевзар вац со, цхьа гергара стаг лоьхуш…
– Гергара стаг а… сан ма дукха бара гергара нах… кхахь-кхахь-кхахь… ма дукха бара… хIинца цхьа а ма вац… хьо мичара… лакхара я охьанехьара…
– Лакхахьара ву, – олу кхуо.
– Хьенан ву… муьлхачу тайпана…
– Хьуна вевзар вац со, – олу кIанта, – тхайн ненан шича лоьхуш…
– ЦIе…хьан ненан цIе… кхахь-кхахь-кхахь… ненан цIе Тайбат-м яц я Селимат… Залпаъ… уьш мичахь бу хиъча… цара вуьтур вацара со…кхахь…кхахь…кхахь…Iа аш ца веш…
– Яц, – олу кIанта, – хьуна евзар яц сан нана… ненан шичин цIе-м юьйцур ю ас хьуна, цIахь долуш лаьцна вайна волчу…
Муха… лаьцна вайна, маца лаьцна…
– ЦIахь долуш лаьцна ву… воккха хьаькам а хилла, дукха нах кIелхьарабаьхна, нехан гIуллакх дина… Хасранан Джебар олуш, наха чIогIа лоруш стаг…
– Муха… со лоьхуш… со ма ву Джебар… Хасранан воI… Дала валий-кх хьо… кхахь-кхахь-кхахь… суна хаа ма хаьара… – мохь болу сагIадоьхурге, – цхьаъ вер вуйла…кхочур вуйла… хьан нана… йийцал… дага ца йогIу…
– Сан ненан цIе Хазаш ю… дагайогIий хьуна Хазаш? – хотту кIанта.
– Мила Хазаш… и цIе суна… хьо мичара… хьенан…
– Со Дундин Асхьабан ву, ахь вийначу Асхьабан кIант…
Тийналла юьжу, эккха санна, къора къарлуш.
СагIадоьхург дIатоь, бенахь дижна хьоза санна, хеба-хебаш, жимлуш, вовш, садоьIу а ца хаалуш.
КIант кхин вист а ца хуьлу. Эххар а цхьа гIуьраш хеза я тийжам: сагIадоьхург велха волало, къурдаш а деш, кхахь-кхаххьанехь йовхарш а юуш, эга а веш.
КIантана цхьа гом го, буйннал хIума, адаман хьесап.
– Шух уьдуш… кхойтта-дейтта шарахь лагершкахула… тиф кхетта, доьзал а белла… кхахь-кхахь-кхахь… сан бехк… со Iедалан белхало… сайга аьлларг… омра кхочуш ца дича…
КIант цкъа а вист ца хуьлу. КIантана кхин сурт го, шен да вийна ирча сурт я нанас дийцина хилла, юха хIара стаг а, НКВД-ен коьрта хьаькам, ша нанас чехош, кхуьнга хьажа эхийтар а, кхуьнан говр а, кура сетташ, тIам тохарца – хьоза санна, – кхос-кхоссалуш, ламеш тIехула хьалавуьйлуш, хаьн тIехь тапча ловзуш, неIарх къайлавийлина хилла хIара хьаькам а НКВД-ен…
– Вехьа со… сан кхин дисина хIумма а дац… Iедало бохург… сан бехк бацара… хала зама…, сагIадоьхург дIатоь, лаьттара кхин хьала ца хьожуш.
Юха а иштта тийналла хIутту.
Тийналло хан Iуьйшу.
Хан яхло.
– Ма вехьа со… со хIинца мила… хьуна тIекхета хIун… вехьа со тIаккха… ахIи-ахIи… валахь вей… сихха вехьа, хIара бала кхин ца хьоьгуьйтуш…
КIант хьалагIотту.
Вист а ца хуьлу.
СагIадоьхург тохало, тIаьххьара санна шен дахарехь, цхьана кхерамна чIагIлуш.
– Йа АллахI! – хьаьвза кIентан ойла, – Йа АллахI, Ахь кхунна биначу бекхамал боккха бекхам бац-кх сан кхунна бан, хастам-кх Хьуна, Йа АллахI, хастам хьан кхелана! – кIант юхавоьрзу, дIа а волалуш.
КIант дIавоьду.
КIант юха а ца хьожу кхин.

СагIадоьхурге мохь болу, нанна доьлхучу бере санна, гIуьрашка хьодуш, узаршка.
КIант вовш лаьтта, генаволуш.
СагIадоьхург тIаьхьа кхойкху, ма гIолахь, ма гIуо, бохуш, ве ша, бохуш, ма вита ша, хьайн Делан дуьхьа, Элчанна дуьхьа, жIаьла санна вала ма вита ша, садаккха шен, ве ша, урс хьакха шена, хьакхийна санна…
ДIавоьдург юха ца воьрзу.
Цунна хIумма а ца хеза.
СагIадоьхург тIаьхьа уьду я тIаьхьа тиэкха, кхис-кхиссалуш, вужуш, гIоттуш:
– Ма гIолахь… ма вита со… дийна ма вита… ве со! – кхойкхуш.

Стаг дIавоьду, геннахь туьлуш, гIаларт санна, жим-жимлуш.

– Да хьакхийца, хьан да… ас жIаьла санна, вийна волу…ас говра тIехь, бертала, цIийх Iенаш, ваьхьна волу да хьакха юуш воллийла хьан… кхин къонах… ден чIир екха воцчу хьан да хьакхийца…, – сагIадоьхург тIаьхьа тиэкха, тIаьхьа уьду шен ма-хуьллу, астагIа лелхаш, вужуш, гIоттуш.

Стаг гуш а я хезаш а вац – ца хилча санна, вов кIант, гIан-набар хилча санна…
СагIадоьхург лаьттахь керча, ченашлахь хьоза санна, узарш деш, воьлхуш, АллахIе дехарца кхойкхуш, ма вахийта иза дIа, бохуш, ма вахийта, юхавалаве…

Геннахь гуш анайист а хуьлу, чубуза хьаьдда цIийбелла малх а, ши-кхо тIома олхазар а го, юьрта тIехула лахделла доьдуш…

16.05.2020 шо.
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 24.02.2023, 23:33 #13
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
БЕКСУЛТАНОВ Муса

ЧIир
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.02.2023, 02:09 #14
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

хорошая работа, Джо)
и сам рассказ очень сильный во всех отношениях..
впрочем, Муса только так и пишет)
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.02.2023, 14:11 #15
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Marty Посмотреть сообщение
хорошая работа, Джо)
и сам рассказ очень сильный во всех отношениях..
впрочем, Муса только так и пишет)
Дела реза хуьлда, Марти)

У Мусы очень живые персонажи, мне нравятся его рассказы очень, из наших прозаиков. Этот рассказ, «Буо», «Торг1а», «Лазам» и еще много других, которые перечитывать хочется.
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.02.2023, 09:08 #16
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,259
Вес репутации: 2660
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Дика йоьша. И оформлено удачно.
зы только заметила, что он в теме История.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.02.2023, 18:30 #17
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Aminat Посмотреть сообщение
Дика йоьша. И оформлено удачно.
зы только заметила, что он в теме История.
Живой легенда ма ву иза, видимо с этими мыслями в этом разделе создали тему))

Оформление) это мы в горах снимали кадры для видео о депортации, оттуда остался кусочек, решил применить)))


На очереди «Торг1а» и «Буо» Дала мукъалахь.

Кстати Торг1а как по вашему правильно читается с дифтонгом или без? Торг1а ву те иза или Туорг1а. Хотя Муса думаю уточнил бы.

П.с. По информации из пары книжных, это аудио повысило продажи книги автора, так что такое может вызывать интерес к чтению)
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.02.2023, 20:38 #18
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,259
Вес репутации: 2660
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Живой легендаш м кхин йу вай. В лит разделе бакъхьа ву.

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
Кстати Торг1а как по вашему правильно читается с дифтонгом или без?
Наггахь, сайн сагатделча...аьлла йолча цуьнан сборник т1ехь и дийцар Торг1а аьлла ду. А так, если бы даже и с дифтонгом, то при произношении не чувствуется же разница.
зы С этими переключениями с кириллицы на латиницу, кавычки не освоила еще. Как и многое другое...
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 12.03.2023, 12:53 #19
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,259
Вес репутации: 2660
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Суна ца хаьа, кху халкъах х1ун хир ду б1ешо даьлча я шовзткъа шо, бакъду, тахана санна долчу хьелашца (кхин хийцам боцуш) цу дийне вай довлахь, вай хIаллакьхилла-м ду, нохчий ду бахар бен, вайх нох*чийн къам дина болу нохчийн мотт белла д1а а болуш.
Вайна биснарг – мотт бен бац, цуьнца бен – кхин маршо а.
Мотт дийна хилча – къам а хир ду, Нохчийчоь а хир ю т1аккха, нох*чийн искусство а, литература а.

Муса Бексултанов.

Матто кхуллу Даймохк
(Эссе)
Стаг дуьххьара цецваьллачух тера ду, юха – сацавелла, шена гинчо 1ада а вина, т1аккха кхетта – и гушдерг хаза дуй а хиъна. Цо кхечунна дийцина иза, цу кхечо – вукхунна, вукхо – кхозлаг1чунна, кхозлаг1чо – дуьххьарчунна. Иштта, дуьйцу–дуьйцу-уш, дуьххьарчуьнга юхакхаьчна долу дуьх*хьарчунна гинарг (цхьанна цхьанхьа-м хезна бохуш) дийцар а хилла ч1аг1делча, иза шерашца даха дисина, т1аьхь-т1аьхьа, кхин а т1е а кхеташ. Дуьххьарлера литература иза ю, маттаца барта кхоьллина йолу. Туьйранаш цунна т1аьхьа дог1у, легендаш, иллеш, нах la1apцa, кхиарца, цхьана тобанах къам хиларца, ша къаьсттинчу цхьана махкахь, буьйцуш берг цхьа мотт а болуш. Иза гуш йолу, хезаш, ган йиш йолу ойла хилла, массо а кхеташ йолу. Шераш а, б1ешераш а довлу, т1емаш а хуьлу, къийсамаш а; нах бекъало, хийцало, хьал толо я духу; цхьаъ къен хуьлу, важа – вехаш, пачхьалкхаш а кхоллало. Романтизм боху ойла хьаьрча т1аккха цхьаннан сих, хилла-хилла йолу маьрша хенаш дагалецамашца дуьхьал оьхуш я ша-шена юхакхуллуш. Байронан а, Лермонтовн а я царел а хьалха баьхначу кхечеран а г1айг1ано синхьегаме дуьне кхуллу, цхьа нийсо а, барт а болуш, майралла а, доьналла а долуш. Литература къеста йолало, пачхьалкхаш а, къаьмнаш а санна; цхьаерг – халкъан, важа – 1едалан; кхозлаг1ъерг – къаьсттинчу нехан, абадех иэс санна, дуьненахь яха юьсург. Нохчийн литература циггара схьайог1у хир ю-кх, барта кхолларца, мифашкара, юха т1аьххье а ойланашкара – къаьсттинчу цхьана хиламе –бакъдолчуьнга – иллешка йоьрзуш, т1аккха жайнашца – бусалба динца –1еламнаха т1аьхьа дитинчу. Суна 16-17-чуй б1ешерашца йолаелча санна хета иза, иллешкара жайнашка йолуш, йозанца д1аяздина долчу. Юха дуккха а зама йолу,т1ом боцург х1ума а доцуш: б1ешераш т1епаза дов. Цул т1аьхьа жимма хан х1утту, итт а, пхийтта а, шовзткъа шо – литература г1атта йолало, цкъа 1аьрбийн элпашца, латинин, т1аккха оьрсийн графикца а. Хир ду баьхнарг – цхьа а ца хуьлу; т1еман бала хуьлу, эшаман г1айгla, харцонца юьсу г1ело а. Уьш яздан дихкина а ду т1ех1оьттинчу 1едало, ша еъна «серло» бен, кхидерг дийца бакъо а йоцуш.
Яздан ч1ог1а хала ду т1аккха, х1ун дийца деза хууш ца хилча я, мa-дарра дийцича, дийца х1умма а ца хилча. Нохчийн яздархочун (хьалха а, т1аьхьа а) цхьа тема ю язъян: т1ом, цу т1амах вайн халкъана ца хилла болу пайда а. Т1аккха х1ун аьлла яздийр ду-кх т1амах а, вай мел бинчу т1емаша гонахарчу къаьмнел эшор бен, вайна дика болх бина ца хилча – цхьана жам1ашка ван ца веза, цхьана некъан йист а гойтуш – тоьллачо-м ша вуьйцу варий, эшначо х1ун дуьйцур-кх! Ас юьйцург проза ю, поэзи яц. Поэзин тема – цхьа стаг ву, цу стеган са, синан 1аьрше. Поэтана атта а ду.
Поэтана поэт хила халкъ ца оьшу (шен ца хилча), ша цхьаъ оьшу, дуьненах кхеташ долчу шен цхьана сица. Поэтан тема – дерриг дуьне а ду, лаьттара хьала стигала кхаччалц, поэт ша а ву дуьненан, цхьана халкъан хилла а ца laш – цо дукхахьолахь хазалла юьйцу, шен сих дуьту весет санна, дуьненах т1аьхьа дуьсург. Нохчийн поэзи прозел г1олехь хиларан бахьана иза а го суна – поэтан ша-шен ахка йиш хилар, дуьне шен цхьаннан а долуш. Иза вайн хилла ца 1аш, вайна гонахарчу къаьмнийн башхалла а ю, вайн хьелашца дехаш долчу (тlexIоьтинчу заманна дан х1ума а доцуш, вовшашлахь къийсалучу, шай-шай тоьлу бохуш, вовшех ца дешачу: х1ирийн а, г1ебартойн а, г1алмакхойн а, суьлийн а, кхечеран а. Гуьржи цу юккъе ца бог1у – уьш пачхьалкх кхоллалуш, юхуш, юха а меттах1уттуш схьадеъна къам ду, уьншарахь дуьйна схьа ч1аг1делла (я хилла даьлла) къам а долуш, культура а, литература а, философи а кхиъна, цаьрца нийсса—искусство а, кинематографи а йолуш. Церан поэзи а, проза а цхьана т1ег1ан т1ехь а ю – церан дийца х1ума ду. Суна х1ирийн Коста Хетагуров вевза ( суна санна, кхечарна а) балкхаройн – Кайсын Кулиев, г1алмакхойн – Давид Кугультинов, суьлийн – Расул Гамзатов а. Церан проза ца евза суна, поэзига кхочуш йолу.
Иштта ду нохчийн хьал а, поэзехь яха дуккха а ц1ерш а йолуш, проза г1ийла а къаьсташ. Дуккха а болчу нохчийн поэтех иттех стаг къасталур ву я шийтта: Мамакаев Мохьмад, Мамакаев 1арби, Сулейманов Ахьмад, Арсанукаев Шайхи, Хасбулатов Ямлихан, Кибиев Мусбек, Дикаев Мохьмад, Гацаев Са1ид, Абдулаев Леча, Бисултанов Апти. Ас лакхахь яхкийначу поэтийн ц1ераш церан пох1маллин башхаллашца яц, юха хенашка хьаьжжина ю. Суна царех дийца а лаьа. Мамакаев Мохьмаддий, Мамакаев 1аьрбий, Сулейманов Ахьмаддий цхьаьна вог1у. Арсанукаев Шайхий, Хасбулатов Ямлиханний шаьшшиъ ву. Кибиев Мусбек, Дикаев Мохьмад, Гацаев Са1ид къаьсттина лаьтта, х1ора а ша ваккха йиш а йолуш. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхо-йиъ стих ч1ог1а ю. Абдулаев Лечий, Бисултанов Аптий цаьрца вац, я царех д1а а ца уьй. Ас юха цу шиннах Кибиев Мусбек а туху. Мамакаев Мохьмада шен темин йоккхаллица, ницкъаца, ша дуьйцучун йозаллица 1адаво дешархо. Цуьнгахь, Мохьмадехь,шен дахар а, поэзи а, цхьаъ хилла долу доьналлин болар ду, са нисбеш, хаздина а доцуш, шен хал*къан къонахчуьнга хила дезаш долу болар. Иза тарх бу, инзара, ирча, 1аламо ма-кхоллара. Мохьмадан поэзи – иза а ю, пхьеро агаза болу 1аламан тарх, шен кийрахь дуккха а бес-бесара жовх1арш а долуш. Цу кхааннах (Мохьмадах а, 1аьрбех а, Ахьмадах а) пох1маллица говзалла йог1уш уггар а хьалха 1арби а ву, ца*рех уггар а к1езиг ваьхна волу. Амма, xleттe а, нуьцкъала верг Мамакаев Мохьмад ву. Мохьмадехь дерриг а ду, цхьацца дерг г1иллакхца хьулдина а долуш. 1аьрби – лирик ву, г1айг1анца ваьхна лирик я шен дагалецамашца. Цуьнан поэзи ерриг а дагалецам бу-кх аьлла хета, ша-шех болу я хиллачух, карарчух яздинехь а. 1аьрбин поэзи ч1ог1а экама поэзи а ю, хазалло кхуллу г1айг1а санна. Ахьмад цу шинцца а вог1у, юха мелла а д1а а къаьста. Романтизман даздар я дестор, дахарна т1ехула хьийзачу хиллачух я хетачух долу васташ Сулейманов Ахьмадан поэзи коьрта харш ду. Ахьмада мел ч1ог1а дош хоржуш, са нисбеш, кепа тухуш яздинехь а (цо маттаца болхбар цхьа а шеко йоцуш ду), цхьа деза, доккхадина, мифан я легендин куьце ца далош наггахь васт дац цуьнан, т1аьххьарчу шерашкахь язйина цхьа поэмий, масех стих ца йийцича.
«1еса поэма» ша лаьтта, иза цуьнан жайна ду, я цо шех т1аьхьа дитинарг, весет дуьтуш ма-хиллара.
Ахьмадна поэт бохург цхьа шатайпа ойла хилла, поэзи поэтал ша йиллал къаста йиш а йоцуш, поэт шаверриг а – поэзица ваха везаш, дахарна дикка лакха а ваьлла. Ахьмад ша ван а вара иштта.
Цуьнан поэзи, ерриг а аьлла, Нохчийчохь сецна а ю, «leca поэма» юкъара а йолуш. Цу чохь цо, Ахьмада, ша язъян ца кхиъначу стихийн я шена дагахь мел дисинчу (я дуьсучу) вастийн басарш дехкина, дуьне чулаца a гlypтуш.
Нохчийн поэзи йолаялар я бакъйолчу поэзин некъаш, цуьнан бух – Мамакаев Мохьмад ву нохчийн литературехь. Мохьмада къастийна яьлла хета суна (дукха йоккха херо а ца йолуьйтуш) нохчийн поэзи халкъан иллех а, назманех а схьа.
Мохьмад аьрта хета (ма-хеттара аьрта а воцуш), амма – хьалхара, цуьнан аьрталла ницкъ болуш а ю, кхин цкъа а лахлур а йоцуш, даш санна деза дош а долуш
Арсанукаев Шайхи а, Хасбулатов Ямлихан а, Гацаев Са1ид а, ДикаевМохьмад а (Кибиев т1аьхьа вуьту ас, т1аьххьарчаьрца вийэа вовшахтоьхча, ламин ши киртиг ю, хьалхарчара биллинчу буха т1ера хьала кхо киртиг д1аяьлча, цул т1ахьа йог1у ши киртиг, х1ора а цхьацца киртиг а йоцуш, оццул онда, нуьцкъала бух боллушехь, вай лакхахь вийцинчу кхаа поэтах лаьтта бух.
Шайн-шайн сайрат ца кхоьллина я ца кхоллаелла ала г1ерта со царех (уьш бен-бен хетахь а) я вукхарел дехьа ца бовлабелла, шайл т1аьхьа т1ебог1учарна, вукхара санна, кхин бух а буьтуш: уьш цаьрца д1аийна, шайл хьалха хиллачаьрца (шайн-шайн цхьацца xlума а долуш) я берриш а цхьаъ бу, цхьа т1ег1а, цхьана ораман генаш санна. Дикаев Мохьмад – Мамакаев Мохьмадна т1етуьйжу, цуьнан г1одан га хилла, Хасбулатов – кхаанна а, Арсанукаев Шайхис цара дуьйцург шордо, шеггара къинхетам кхин т1е а тухуш; Гацаевс – церан тидамах даьлларг я цара ца къагийнарг, б1аьрла доккхуш, къагадо – дахаран хазалла, иза юх-юха карла а йохуш. И ворх1 стаг цхьаьна ву, цхьана сица, цхьана заманца. Арсанукаевн поэзи ч1ог1а тийна а ю, 1индаг1 санна – ира дош аьлла а хьан лерса ца къахко, вас ца ян, «со х1 ара ву», бохуш санна хьоьга, хьуна ша вовзийта г1ерташ, хьо шега юхахьажийта: «Со а ву-кх, – ца боху цо, – со а ма ву»,– боху.
Хасбулатов Ямлиханан наггахь нислучу стихотворенис цецвоккху, массо а иштта х1унда яц-те кхуьнан аьлла а хоьтуьйтуш. Хасбулатовс т1ек1ел чудухку дешнаш, хьархочо шен ялта санна, царах кест-кеста цхьацца жовх1ар а нисло, Шайхин поэзи мелла а синхьааме хета суна, сел сиха долчу кху дахарера бехк баккхарца хьоьжуш санна, «кхин а ма ду х1умнаш» – бохуш, юьстара – б1аьргбетташ.
Дикаев Мохьмадан поэзи – воккхавер ю, шех а, дахарх а, цкъацкъа шел а лакхавала а г1ерташ. Лакхавалар а нисло. Гацаев дагахь вуьсу, матта т1ехь буьсу чам санна. И чемаш мерза a xyьлу, юха-юха а бийцарца.
Гацаевн поэзи цхьа хан ю – б1аьсте, цхьа мукъам а – къоналлин марзонаш я царех т1аьхьа дуьсург, шерашца карла а дуьйлуш. Нохчийн поэзин ерриг а пхьалг1 цара кхоьллича санна хета, цу масех поэта, цу чуьра д1а некъаш дан т1ебог1учарна чиркх а латош. Иза – бух бу, цхьа некъ, поэзин xьалхара б1ов, юха масех киртиг а ю, б1оьвнан бохь толлучу некъан. Шайн-шайн тача я поэзех лаьттачу юкъарчу ламин шайн ц1арах цхьацца киртиг йиллинарг (лакхахь вай бийцинчу поэтийн буха т1ера хьала) Кибиев Мусбеккий, Абдулаев Лечий, Бисултанов Аптий ву. Церан аз керла ду, кхечу беса, кхин г1айреш а йостуш.
Кибиев Мусбек нохчийн цхьанна а поэтах тера ца го – иза шел а дехьавуьйлу, шен сил а дехьа. Иза ша (цхьа адам) шен поэзехь воцуш ву, иза – са ду, лазаме са, ша-шеца къийсам латтош долу, шена х1ун бу ца хуу къийсам, Лермонтовн «Демон» санна, амма вайна х1оранна а – дешархошна – гуш, хезаш а болу къийсам. Вайна иза вешча – Кибиев – ваьш девза, шен-шен са а хаалуш. Вайна хаьа т1аккха, ваьш синошца кхоьллина дуйла. Абдулаев Лечин поэзин са «интуативно», шеггара (цкъацкъа хилларг ша-шена юха а кхуллуш) цхьацца х1уманна т1аьхьакхуьу – «истина» бохучу дашна я кхетамна, уьш жам1ашца шена ч1аг1деш, суфиша юьту притча санна. Цуьнан ойла юькъа ю, к1орге, к1их буьзна кан санна, юьзна, боданехь суй санна, къегаш. Абдулаевн поэзин са, Кибиевн санна, авторах д1акъаьстина дац, цуьнца шеца ду, авторца цхьана ойлане дуъйлуш, абадехь схьабина некъ мичара дуьйна болабелла, мича некъашца юхабоьрзу шаьшшимма цхьаьна талла г1ерташ, кхин юкъара стаг а во*цуш, сино бечу хьехамех –поэзи а хуьлуш. И ойланаш кхета цкъацкъа хала а хуьлу (Кибиевн а, Абдулаевн а): дикачу произведенийн башхалла кхета хала хилар а ю. Уьш массарна а яц. Лечин цхьаццайолу ойла Мамакаев Мохьмадна герга йоьду (со ала г1ертарг ойланан ницкъ бу, шоралла, халкьах болу кхетам), амма д1а ца уьй. Лечас цхьа кеп хадайо, гураш лоцу, «тхо» бохург д1а а доккхий, «со» бохучуьнца кхетадо, юкъара тема цхьалха яккхарца, ша дуьйцург шен а долуш. Лечин поэзи ша-шега дан хеттарш ду, шен къаьсттина жоьпаш, шена хетачух долу жайнаш а. Абдулаев ша ву, шеца – цхьаъ, нохчийн поэзин ша къаьсттина киртиг, дукхахйолу поэзи синан дуьне таллар а долуш. Бисултанов Апти цу шиннах (Кибиевх а, Абдулаевх а) поэзин лехамаш б1аьрсица боьзна хиларх къаьста –гушдолчух, юха цунах – гушдолчух – поэто кхуллуш долу кхин гушдерг а до*луш. Аптис – гойту, хаздо, цхьаннах кхин тударг а дуцуш. Иза аттачу маттаца а до, дош дашца д1анисдеш, дешан декар коьрта а долуш, жирг1ан тата кхечу татанах схьакъаьсташ ма-хиллара. Шен боцчу матте яьккхича эшам хуьлучу поэзех ю Аптин поэзи – дош дашца керчорах кхоьллина долу лерсин васт. Тхох (дезткъалг1ачу шерашкахь литературина юкъадеанчу чкъурах) дош х1ун ду а хиъна, дешан ницкъ а бевзина, цу дашна т1ехь кхоччуш болх бан волавелларг уггар а хьалха Апти а ву. Цуьнан цхьаццайолчу стихийн мукъамаш Мамакаев 1аьрбинчух тера хета суна — ритм а, стихан кеп а. Аптин поэзехь гуш кхин а ду, дуьненан поэзи цунна кхоччуш евзаш хилар (шинна а 1амеркан а, Азин а, Европан а), шен кхоллараллехь цо царах эцна болу дика пайда а, нохчийн меттан таронаш керлачу мукъамашка йохуш Абдулаевс шен ойланах цхьа маь1на доккхучохь, Бисултановс хазаллин сибат оьхьу, хазаллин чам цкъацкъа туьхца дурбеш, юха къахьбеш, марзбеш, дош – дешнашца легорехь, керл-керла васташ а кхуллуш. Цхьаццадолчу мог1анашкахь масех васт а нисло цуьнан. Дешархо цара цец а воккху: Аптина дош лело хаьа. Суна, xlapa мог1анаш яздеш волчу, нохчийн керла поэзи цу кхаа ц1арца а го (Мусбекаций, Лечиций, Аптиций) дуьненан поэзига кхочуш йолу нохчийн меттан поэзи. Поэташ дукха бу, бийцина ца валлал дукха, массо а хьуна товш а ца хуьлуш, я хьан са меттахдоккхуш. Гучуюьйлучу цхьацца ц1ерех суна боккъал а теша луург Оспанов Къосум ву, мелла а сатийсам Цуруев Шерипах буьсу суна, къахьегахьара-кх цо а, вуккхо а аьлла а хеташ, сайн дагахь. Поэзи – цхьана заманан стом бу, къаьсттина долчу цхьана шерийн. По*эзи гуттар а ца язло я гуттар а язлучух поэзи а ца хуьлу. Поэзи – хазалла ю. Хазалла йийца ца ло, гар бен. Поэзи – къоналла а ю, къоналлица йолу хазалла. Поэзин тема – и поэт ша хилча (Даймохк а, къам а хиларал совнаха) шен са, шен ойланаш, прозин тема – къаьсттина цхьа меттиг хуьлу, цхьа латта, цу лаьттахь деха къам, цигара 1едал, юха церан юкъаметтигаш а.
Прозаикана шен цхьа са ца тоьа, произведени кхолла, цунна юха а къам деза, цу къоман культура, кхиамаш я иэшамаш, цо юьхьарлаьцна некъ.
Нохчийн къам санна, цхьа а тайпа кхиар а доцуш, цхьана меттехь (юха – юха а гуо бохуш) чуччахьийзачу къо*ман культура а, экономика а я мехкан урхалла а ца кхуьу – прозаикана уггар а оьшуш йолу теманаш. Цунна, проза*икана, хиламийн шоралла, «простран*ство» ца тоьа тIаккха, истори а, дахар а, денна-денна карладуьйлу цхьа г1aлаташ доцург. Прозаикана пачхьалкх оьшу, къам, къоман г1иллакхаш. Прозаик – хилларг я долуш дерг гайта оьшу, ша бинчу я бечу некъе къам кхетамца юхахьажийта. Кху денналц схьаеъна йолу нохчийн проза поэзил оьшуш хиларан бахьана – къам кхуьуш цахилар а ду, юьхьар*лаьцна цхьа некъ а болуш, цу новкъахь боцу кхиамаш я, ма-дарра дийцича, яздан х1ума цахилар а. Яккхийчу романашкахь дийццал дахар дац кхузахь гуш, я кхуьуш а, т1емаш, баланаш, х1алакьхуьлу къона чкъураш бен, юха вайн цунна дан доцу цхьа а тайпа х1ума а. Ас дуьйцург халкъан дахар ду, ч1аг1делла я д1ах1оьттина, сина гурашкахь я халкъан культурица кхиъна, когадахна, я кхуьуш долу дахар. Прозаик цхьана х1уманах тешаш хила веза: я шен халкъах, я т1ех1оьттинчу 1едалх, и 1едал шен дуй а, ша цуьнан гражданин вуй а хууш. Айдамиров Абузара т1ом язбина, маршонехьа къийсина т1ом. Иза уггар а хила оьшу (благородни) тема а ю халкъан исторехь, х1унда аьлча иза аккупанташца,мостаг1ашца, хьан мохк а, хьан маршо а д1айоккхучу г1ерашца бина т1ом бу. Цул т1аьхьа х1ун яздина я яздан х1ун хилла? Х1умма а ца хилла, г1азкхийн революцис елла боху «серло» йоцург, цу «серлонца» т1аьхьа т1ебеъна иэшамаш а, къам махках а доккхуш, х1инца лаьтта х1ара т1емаш а. Вайна юха а т1ом буьсу, массарна а язбан, некъ ца буьсу, кхиамаш, г1алаташ дуьсу, гуттарлера г1алаташ, вай вовшийн бехке дала я вовшех летала, эшна ж1аьлеш ма-леттара. Вайн къомах юха а цхьа хало т1ех1уттушехь Крыловн баснин декъашхой хуьлу: «Однажды лебедь, рак и щука» – бохуш йолчу. Цул сов, проза – иза болх а бу, х1ора денна бан безаш болу, цхьа минот мукъа а йоцуш. Проза – оханна ду, 1аьржа болх, карара къолам охьабилларца сецна хила йиш а йоцуш, г1енашца а беш болу болх. Бакъволчу художникана литература – цамгар а ю, са дег1ах къаьсташ бен цкъа цунах къаьстар а йоцуш. Нохчийн прозаикех (оццул дукха болчу), хьо ву-кх прозаик аьлла, шен бийца некъ а,йозанан хат1 а, композицийн башхаллаш а йолуш, кхо-виъ стаг бен вац схьакъасто, Бадуевна т1ера кху дийне кхаччалц. Бадуевна т1аьхьа – Курумова Сели*ма йог1у, т1аккха – Айдамиров Абузар, юха – Окуев Шима, цунна т1аьхьа – Ах*мадов Муса а, цхьацца шен х1умнаш долу Эльсанов Ислам а хьахо вог1у кхузахь. Ас буьйцурш – шайн некъ, йозанан хат1, литературехь шайн дуьне кхоьллинарш бу я кхолла г1иртинарш. Бадуевгахь нохчийн мотт а го, цуь*нан заманахь хилла хьал а (куьзганахь санна гайтина), шен къомах лезна дог а, цо лехна хилла цхьа гечо а. Иза халкъах а – шех кхета моьттуш, 1едалах а – шен ду моьттуш, цу шиннах тешаш хилла, цундела цуьнга язделла. Курумова Селимас ша язъечу произведенешкахь шира мотт керла къагийна, ша кхуллу турпалхой дешархошна безийтарехь. Ас юьйцург «Дохк» ц1е йолу повесть ю, сюжет иштта б1аьрла яцахь а, турпалхойн амалш, церан мотт, цаьргара хьал, стеган дуьззина xloттo васт а. Айдамиров «летописец» ву, цо б1е шо аьхна, вайна бицбелла я буй ца хиъ*на турпалхой гучу а бохуш, халкъо бина некъ а буьйцуш, хилларг ма-дарра схьа а гайтина, цхьана масална гойтуш санна, ларлолаш бахарца. Вайца хилларг х1унда хилла, вай х1инца иштта х1унда ду гайтина Абузара. Нохчийн прозаикех уггар а дукха язйина стаг а ву иза, ша мел язйинарг (дикий, вон йоцуш) цхьана барамехь язйина, хуьлда иза роман, повесть я дийцар, художник бохучу кхетамна вуьззина юккъе а вог1уш, шен вахаран некъаца а, кхолларалица а цхьаьна. Абузарна шен тема карийна, цунна тешаме а висина, дийца шортта х1ума а долуш. Иштта вай язбан безаш х1инцалера ши т1ом а бу, уьш бовларан бахьана а, и бахьнаш даьхнарш а буьйцуш, цигара а, кхузара а – ший а да охьа а вуьллуш, «ц1ен», «к1айн» бохуш, ц1ерш тохкуш, къам декъа а ца г1ерташ.
Окуев Шимин тоьлла роман «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» ю. Окуев нох*чийн прозаикех (хьалхарчу чкъурах) уггар а пох1ма долуш хиллий-те аьлла xeтa суна т1аьхь-т1аьхьа, юха цун*на, Шимина, цхьа х1ума-м ца хиъча санна а хеташ: шен йоцу тема цахьеяр. Шимин тема – халкъан дахар ду, стеган кхиар, адамийн юкъаметтигаш, х1ара мохк, лаьмнаш, кху мех*кан г1иллакхаш а. Революци – кхечу къомо яьккхина йолу – Окуевн тема яц (я цхьан*на а нохчочун а), иза цигахь нуьцкъала вац, хьалхарчу романехь сан*на.
Хилам ма-барра охьаязбар хилла ца 1а яздархочун декхар. И хилам xlopa a сица, 1аламца, т1аьхьа хиндолчу жам1ашца гайтар ду. Оццул хала тема цхьана некъаца гайта ца ло я гайтича – харц а хуьлу, цхьаъ айвеш, важа вожош кхуллуш долу бакъдерг: цхьатерра ши стаг ца нисло я цхьабосса кхеташ а. Амма х1етте а Окуев лаккхарчех цхьаъ ву нохчийн литературехь, шен проза санна нуьцкъала поэзи а йо*луш.
Ахмадов Муса ша мел кхуллург керлачу хот1аца кхолла г1ерта, ца хилла йолу кеп а лохуш.
Ахмадов нохчийн прозехь «нова*тор» ву, дийцарна т1ера романана т1е кхаччалц. Цуьнан уггар а тоьлла произведени (яккхийчех) «Маьрк1ажехь дитташ» ц1е йолу роман а ю.
И роман х 1 инца а кхетта а я йийцина яц, цуьнца юста я кхето нохчийн прозехь кхин х1ума цахиларна (яздархой бац бохург дац иза, цу кепехь язйина х1ума яц бохург ду) – вайна дустар оьшу, ваьшкара дийца ца хаьа: ца девзарг – ца кхета. Шен цхьа некъ лоьхучех (яхйинарг к1езга елахь а), шеггара цхьа кеп я йозанан керла хорма кхолла г1ертачех Эльсанов Ислам а ву вайн прозехь.
Ошаев Халид суна яздархочул дукхах «просветитель», патриот, ис*торик, этнограф – веккъа – ц1ена халкъан 1у хиллий-те аьлла хета, я цун*на, Ошаевна, яздархо бохург коьрта декхар ца хилча санна а хеташ: цо прозехь хат1 ца лехна, ша-шена кхуллуш болу йозанан керла некъ.
Цо дерриг а – шена хуург – цхьабосса охьаяздина, шех иза даьлча довр долуш санна, цхьа а х 1 ума диц а ца деш.
Иза массо а метте кхиа г1иртина.
Иза кхиа а кхиъна.
Амма, бакъ а долуш, литература цхьана стага кхуллуш яц, – массара а кхуллуш ю, и цхьа стаг кхиорхьама хила а вог1у массо а юха, х1унда аьлча литература цхьана буха т1ехь бен ца кхуьу, цхьана х1уманна гонахьа, фольклора т1ера йог1у поэзи а, туьйранашкара – проза а санна.
Поэзи цхьана стагаца кхуьуш хилча, проза – халкъаца кхуьуш ю юха а, халкъ доцчохь хуьлуш а яц, маьршачу новкъахь кхуьуш долу маьрша дахар долу халкъ, шена чохь культура а, экономика а, пачхьалкхан урхалла а долуш, массо а т1ег1анехь буьйцург шен халкъан мотт а болуш.
Къам ца кхиъча – мотт а ца кхуьу.
Матто кхуллу Даймохк а.
Ткъа мотт ша яздархоша кхиабо: поэташа а, прозаикаша а. Цара иза 1алаш а бо, шаьш кхуллу турпалхой дешархошна безийтарца, церан амалшца, г1уллакхашца а, церан дешнех кицанаш а деш, дош къагош, хаздеш, шен меттехь д1а а нисдеш, хазчу йоь1ан ц1е а хаза хуьлу, бахарх терра, турпалхо везавеллачунна цуь*нан мотт а безалуш.
Суна ца хаьа, кху халкъах х1ун хир ду б1ешо даьлча я шовзткъа шо, бакъду, тахана санна долчу хьелашца (кхин хийцам боцуш) цу дийне вай довлахь, вай хIаллакьхилла-м ду, нохчий ду бахар бен, вайх нох*чийн къам дина болу нохчийн мотт белла д1а а болуш.
Вайна биснарг – мотт бен бац, цуьнца бен – кхин маршо а.
Мотт дийна хилча – къам а хир ду, Нохчийчоь а хир ю т1аккха, нох*чийн искусство а, литература а.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.12.2023, 15:39 #20
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,259
Вес репутации: 2660
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Нацкъара лела некъахо

Бексултанов Муса
(Арсанукаев Шайхи дагалоцуш)

Маржа, жималла- мелла а чIиркъе а, сонта а хуьлуш хиллера-кх (шел хьалха хIумма а ца хилча санна), дерриг а ша дийр ду а моьттуш. Сан а дара иштта цхьа шераш – хьенан ца хилла-кх… уьш!

Дезткъе итталгIа шераш дарий-те моьтту суна, «Орга» альманахан – журнал алар къилахь долчу – редакце, «Наггахь, сайн сагатделча» цIе йолу дийцар дIа а кховдийна, со Сибрех дIавахна шераш.
И поэт, соьгара дийцар дIаэцнарг («Орга» альманахан редактор), сайн ткъе цхьаъ шо долуш, дуьххьара гина вара суна, тхоьца, студенташца цхьанакхета, университете кхайкхина хилла.
Цуьнца, поэтаца, кхин цхьа-ши стаг а вара – суна тахана дага ца вогIу я хIара а вогIур вацара, кхуо аьлла долу цхьа дешнаш сайна тамашийна хетта ца хилча: и дешнаш цо 2004-чу шарахь карладохуш а хезира суна. Вукху шимма, цуьнца хиллачара, цхьа декхарш а, даймохк а, турпалхой а бийцира – дерриш а тхуна цаоьшурш (тхан шерашка хьаьжча) я банне а бала боцурш.

«Поэт – Арсанукаев Шайхи!», – элира тхан хьехархочо.
Поэта: «Баркалла, баркалла, – элира цкъа а, шозза а, дешнел хьалха куьйгаш а лестош, лазийна долуш санна, уьш некхе схьа а идош – поэзи… поэзи… иза… иза… тIуо бу… шуьри тIе лаьцна тIуо… бу поэзи…», – кхин хIумма а ца къаьстира.
Суна тIаьхьуо, иза вевзича, чIогIа тамашийна хийтира, багара аз а ца долуш, дешнаш а хедош, садеIар кхачийча санна, куьйгаш а лестош, къамелдечу стага:

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ»! –
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

ЛадогIа цкъа соьга, «хьекъале корта»,
ЛадогIа, яккхий дIа лергара потт:
Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,
МостагIче вистхуьлуш – ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал цIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга,
Услара даггара хестийна и.

БIешераш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу…–

боху дешнаш яздина аьлча. Цигахь цхьа шовкъ яра, цу дешнашкахь, гIайгIа яра цигахь, кIорггера болу бала а бара шен нохчийн къоман, цу къоман азбеллачу маттах а.
Суна М. Мамакаевн «Даймехкан косташ» евзара, А. Сулеймановн «Шуьнехь дош» а, оццу Сулеймановс илли олуш хилла долу Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» цIе йолу дешнаш а девзара суна.

Арсанукаевн «Ненан мотт» суна авторца шеца евзира, иза ша санна, дукха кхайкхаме, гIовгIане йоцу, амма, чевнан даI санна, поэтан кийра морцу, деган пхенаш шелдо цIе. Суна даим а юьстахуо хетара поэт ша кху дахарна, гуш хилча а, гуш а воцуш, ша хилар а бехк лоьруш, бехказлоннна кийчча кечвелла.

Ма чIогIа цецъяьлла,
Хьо хIунда йоьхна?
Цхьажимма садаIа ло суна пурба!
Йист мукънаъ хилахьа,
Я оьгIазъяхна?
ХIун дер ткъа…
Мегар дуй кху чохь ас кIур бан?
Доьху ас,
Сих ма ло суна тIечовха,
Синтем хьайн бохорна
Бехк ахь ма билла:
СадаIа веъна со,
КIадвелла чIогIа –
ГIалатийн хьуьн чохь цхьа
Лелла со тилла.
Сонталла
Я, лаахь,
Осалла лара –
ДогдагIац гIиллакхийн
КIоргенаш леха, –
Хьо йолча веъна со,
Ма ваккха ара –
ДIагIур ву, ма кхера,
Iийр вац со веха…
Со меттавогIур ву,
Хир вац кхин таьIна;
Яьржина ойланаш
Хьожур ву гулъян –
ТIаккха со дIагIур ву,
Кхин ас хьан неI а
Тухур яц…
Мегар дуй кхин цкъа а кIур бан?..

Поэт дукха язъяро ца во, цхьана гIайгIано во, я цхьана синхIоттамо. Ас лакхахь ялийна стих дийнна цхьа дахар ду, (иза хилла а ца Iа) эзарнашка шерашкахь цхьаь цхьаллица еха гIайгIа, къастар дац я балхам а, кхетар ду, сих кхиар, мел чIогIа вай дIасакъастарх (цкъа езначуьнца, везначуьнца) цкъа а къаьсташ цахилар, вайн синош вайца мел ду, дагалецамашца, ойланашца…

Иштта бу-кх сатийсамаш а, гуттар а сица бехаш болу, цкъа мацца а цхьаъ хир-кх, бохуш, паналле а туьйсу са а, шераш мел дIаидарх, къанваларх, вахарх, хьуо кхузара воцийла хууш, цигара вуйла, дIога цигара…

Жимчохь хийла
дехар дора нене:
–Вигахьа сийна
Гене йолчу со!

Цо олура:
–КIант, хьан «Сийна Гене»
Йолчу цкъа а
стаг ца кхачало.

Къар ца луш, со
тийсалора ненах,
Моьттуш кхачалур ву
цига гIаш.

ХIетахь хийла
гира суна гIенах,
Сийналлехь суо
паргIатваьлла Iаш.

Хийла некъ ас бина
хIетахь дуьйна.
Дарцо сан гиччош тIе
йилли кIац.

Амма и сан
деган хьоме туьйра –
Сийна Гене
йолчу кхочуш вац!

Лепа иза,
со тIевоьхуш, генахь…
Кхочур ву со!
Цига кхачало!

ХIора буса –
го и суна гIенах,
ХIора Iура –
волу новкъа со.

Со а вийли-кх хийлазза новкъа, я хIора буса, суьйрана, анайистаца малх лахлуш, цIийеллачу асанца, со кхузахь хIунда ву-кх, хоьттуш, са дерриг а цигахь хилча: са а, ойла а, хьиежам сан, сатийсам а, лехам а…

Юха иштта Iаш, буьйса Iаржъелча, буьйса гIайгIанца язъелча, бералле кхийдда-кх со, кхузара цига юхахьоьжуш, суо цигахь висича санна, тилавелча санна, вайча санна, наггахь суо схьа а карош, вела а луш, тен а туьйш…

Кхийти со.
Эххар а кхийти со хIунда
Ду суна чолхечу дуьненахь атта.
Кхийти со.
Эххар а кхийти со хIунда
Кхочу ницкъ халонехь дог кура гIатта:
ГIовгIане дуьненахь
Цхьа лам бу тийна.
Цунна кIел –
Цхьа юрт ю,
ТIехь бошмаш техкаш.
Цу юьртахь –
Цхьа жима цIа ду со Iийна,
Цхьа шийла шовда ду
Самукъане кхехкаш…

ТIаккха юха, тIаккха, хьо хьуо хьайх кхетта ваьлча, хьайн орамаш а дуй хиъча хьуьна, мор гIатто дог догIий-ц, хIара дуьне хьайн лара, хазахетар адамашца диекъа, мараветтавала, вела царна…

НеIарш ас йоьллур ю
ХIусаман шуьйрра,
Массо а воьхур ву
Суо волчу схьа:
–Чудуьйла, адамаш,
Ма хета хийра,
Тахана массо а
Хьаша ву сан!
Кегий нах,
Шайца аш я шайн къоналла,
Мехкарий,
Оьздалла шайн суна я.
Наной, аш
Я суна дегнийн дикалла,
Баккхий нах,
Шайн къоьжа хьекъал аш да!

Поэташ дуккха а хуьлу, массара а яз а йо, поэзи язъеш яц, кхоллалуш ю, кхуллуш а йоцуш, кхоьллинарш дукха хуьлу чIогIа, кхоллаелларш – наггахь. Наггахьчех «Ненан мотт» ю, «Сийна Гене», «Ма чIогIа цецъяьлла…», «ХIун дийр ду», «Мархийн дов», «Йоьлху гуьйре», – суна ерриг а гайта лууш йолу:

Йоьлху гуьйре,
Дерз тIесерсаш,
Лаьмнаш хьулдеш
ТаьIна дохк.
Генна варшахь
Говр ю терсаш,
Муьста суьйре –
Хьоме мохк.

Цхьа стаг хуьлу новкъа дIаоьхуш, сиха доцучу, дайчу боларца, ша гIелвелча, охьа а хууш, са а доIуш, гIатта а гIоттуш. Кхиберш ма-хьаддалу боьлху, и стаг цкъацкъа юьстах а кхуьйсуш, дIаса а тоьттуш, нацкъар а вохуш. Уьш генна дIа хьалха бовлу. Стаг эххар а тIаьхьакхуьу царна, шуьйрра некъ а эцна баханчарна. Уьш, цхьаберш, Iохкуш хуьлу, са а кхачийна, гIел а белла; вуьйш некъахь дуьхьалкхета, некъан халалла юхабирзина. Стаг ша ма-ваххара воьду – сиха доцучу, дайчу боларца.
Юха, эххар а, ша дIакхаьчча, цунна бухахь кхо-виъ го, новкъаваьллачу кхаа-веа бIенах.
Салам а луш, охьахуу стаг, бухахьволчу кхаа-веанга.
Бухарнаш гIеххьа цецбовлу, оццул шаьш хала бинчу новкъа хIара парггIата схьакхачарна.

Арсанукаев Шайхи дахарехь а, поэзехь а цхьаъ ву, я дахарехь ма-варра ву-кх поэзехь а: дукха бIаьрлаваьлла, мохь а ца бетташ, «Со» ву, бохуш, ийа ца луш, цхьанаэшшара долчу боларца, некъах бехк хеташ санна, нацкъаруо вогIу некъахо, шел сихачарна некъ дIа а луш, юха царел хьалха а вуьйлуш.
Уьш дукха бара, новкъабевлларш, массо а дIа а ца кхечира, дIакхаьччарца Шайхи а ву, ши Мамакаев а, Сулейманов Ахьмад а, Айдамиров Абузар а, Окуев Шима а, кхин масех а. Церан могIарера стаг а ву иза, церан хиллачу декхаршца – литература кхоллархо.
Цара хормаш ца лийхира, тайп-тайпана теченеш а: модерн а, сюрреализм а, я кхиерш а.
Цара язйира, де а, буьйса а мукъа а доцуш, тхо а ду, ала – тхо а къам ду, – шаьш язъечу юккъехула цхьацца жовхIар а дожош:

Баркалла,
баркалла,
баркалла,
баркалла,
Генара,
гергара сан некъаш,
баркалла!

Баркалла –
малхаца меттара гIитторна,
Аналлин сийналлехь,
къежаш, ирс хIитторна,
Делкъенийн малхехь со
сирварна ченаша,
ДогIанаша лийчорна,
хьестарна генаша,
Генара хьаша аш
кхачорна вехаза,
Iаморна доттагIчун
НеI тоха эвхьаза.

Баркалла,
баркалла,
баркалла,
баркалла!..
Генара,
гергара сан некъаш,
баркалла!

Шайхин уьйраш адамашца ю, цу адамийн дегнашца, церан некъашца, дахарца а, хIоранна а гIо дан аьлла, орцах хьаьдда са а хаалуш.

Нагахь хьайн гIо оьшуш
Велахь цхьаъ тахана,
Сихлолахь цунна тIе,
Кханеш ца йохкуш.

ХIун хаьа –
Кхана, хьайн
Аьтту а боьхна,
Вуьсий хьо,
Цунна кхин
ГIо дан йиш йоцуш.

Довха дош аьлла, цхьаъ
Хьаста догдагIахь,
Сихлолахь дIа ала,
Кханеш ца йохкуш,

ХIун хаьа –
Кхана и дагара далахь,
Я висахь,
ТIевахна,
Ала йиш йоцуш…

Амма цхьаццайолу ойла дукха ша-шеца хуьлу поэтан, шена цхьанна аьлла, хьулйина, вай халла бен тIаьхьа ца кхуьуш, дешнашца ца язйича санна, дагна бен ган йиш а йоцуш. Иштта йолу ойла сиха хьаьрча-кх, поэто хьуо вуьйцуш санна, – геннахь хьан дайна денош, хьан гIалат а, хьоьца дисина…

ХIун дийр ду,
ХIуммаъ дац доцуш цхьа доза.
Шен декхар вайгара
ДIадоккхуш хир зама.
Тапъалий Iе вайша –
Дийца вац говза.

Ткъа хьо…
Хьо – цIена ю.
Ахь хIуммаъ ма ала.
Толам ца къуьйсур вай –
Хирг хилла даьлла.

Дахарехь дерриг а
Нислац ма-хеттара.
Ткъа хIинца, къастале,
Лаьттар тапъаьлла,
Тоххара, вай дезаш,
Хийла ма латтара…

Амма, хIунда? ХIунда, поэт? Цу гIайгIанах вала санна, вай гучу хIунда дехи-кх ахь, забар санна, бакъдерг а дуьйцуш…хIара дахар сел къаьхьа хилча, анайист а хилча сел генахь, хьо хIун дита воллу-кх суна, стенах са Iехало-кха сан – суо вицвалла – зама йицлуш – мехкарийн бIаьра хьежначу ас муха еша-кх хьан стих царна, цул тIаьхьа ваьлла дIа а воьдуш…

Варий, йоI,
ма гIолахь поэте маре.
Ма теша поэтах,
дийцарх цо говза.

СовгIатна кхийдор ду
стигланийн дари,
Бохур ду:
–ГIо вайша седарчех ловза!

Ткъа кхано –
ахь хIусам готта ю алахь,
Йоьшур ю стих хьуна:
«Даймохк бу шуьйра…»

Я чохь-тIехь оьшуриг
далхо хьо ялахь,
Iехор ю, бер санна,
дийцина туьйра.

Шун хIусам яьккхинчу
книгашна юккъехь
Ма леха –
карор яц хьуна сберкнижка.

ГIелъелла ахь бахарх,
аьхкенан юьххьехь
Юьгур яц шеца хьо
Соче я ЧIишка.

Суьйренаш хийла а
токхур ю корехь,
Тийналлин марахь ахь,
дагах цIелетта.

Ткъа поэт, хьан майра,
оьгIаз ма гIолахь,
Лаьттар ву
кхечуьнга кхийдош хIоз беттан!

Варий йоI,
ма гIолахь поэте маре.
Ма теша поэтах,
дийцарх цо говза.

СовгIатна ма эца
стигланийн дари,
Ма гIолахь хьо цуьнца
седарчех ловза.

Шайхин дукха стихаш ю, поэмаш а, стихашкахь повесть а ю, роман а. Кхечу меттанашка – дозанал арахь а цхьаьна – зорбане а йийлина цуьнан стихаш, кхечу къаьмнийн пачхьалкхашкахь. Дукха къахьегна стаг а ву иза, тахна а иштта яздеш а ву.
Юха а, тIаккха а, вай мел дукха дийцарх, цIеххьанчех вац иза ша, гучу а ваьлла, дIавовчех. Даим ша хилларг ву: дуьххьара ша схьалаьцначу некъан боларца чекхволуш. Темана а ца хийцаелла цуьнан – адамаллин тема.

Цуьнан стихашкахь, къаьсттина «Мархийн дов», «Мох бу хьоькхуш» бохучу шина стихехь Лермонтовн а, Пушкинан а тIеIаткъам хаало суна. Шайхин кхолларалло тIеIаткъам бина могIанаш а карадо нохчийн, гIалгIайн а поэзехь, поэто жимма гайтина хIума, серладоккхуш, къагийна. Царех ю «ХIун дийр ду» аьлла йолу стих а, «ВуьрхIийтта шо» а, кхин дуккха а.

Бакъволчу поэтах тIекхуьурш Iемаш хуьлу, аьлча а цхьацца йолчу ойлано (ахь вешначу поэтан) кхин керла ойла кхоллайолуьйтуш. Произведенин дикаллин мах цо бен а ца хадабо: хьан керла ойла гIатторца бен.

Со теша, «Ненан мотт» цIе йолчу Арсанукаевн стихотворенино дуккхачу а поэташна некъ бихкина хиларх, ненан маттах кхин дика стих язъян йиш а йоцуш.

Ас гуттар а М. Мамакаевн «Даймехкан косташца» юсту и стих, цу шинца Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» а ялош. Цу кхаа стихехь санна, чулацам а, декхарш а, дешнийн ницкъ а кхочушхилла произведенеш вайн маттахь дукха яц. Уьш царех коьрта а ю, дуьххьара-м – хIетте а, дуьххьара орца даьккхинчех.

Кест-кеста: «Нохчийн декъазчу къоман декъаза литература», – олуш хеза суна Шайхис.
ХIан-хIа, мичара! Ма алахьа, поэт, иштта…

…Со меттавогIур ву,
Хир вац кхин таьIна;
Яьржина ойланаш
Хьожур ву гулъян –

ТIаккха со дIагIур ву,
Кхин ас хьан неI а
Тухур яц…
Мегар дуй кхин цкъа а кIур бан? –

боху гIайгIа йитахьа суна, декъаза ю а ца бохуш, оццул йолу еза гIайгIа, хьо а, со а ваьлла дIавахарх, дуьненчохь юьсу ерг…
Бакъ дац хьуна, поэт, бакъ дац хьуна, безам – зовкх ду бохург, безам-х – иза гIайгIа яй, хьан синан мерза хьиегIа чов, цкъа евзича – йиц а ца луш, гIенан дагалецам санна, дIакъастарх – дIа а ца йолуш… цу гIайгIанца витахь вайша, кху могIанийн гIайгIанца, ткъе пхиъ шо хьалха дуьххьара хьан сица ас ешначу…

P. S. ХIаъ, хIетахь, Шайхига дийцар дIа а кховдийна, шарахь гергга Сибрехахула ваьлла а лелла, суо цIа вирзича, редакце хIоьттира со, сайн дийцарх хIун хилла хьажа.
– Уьш, и мурдаш… уьш кху заманца… хIара зама хала,.. – Шайхи цхьаъ-м дийца хIоьттира, гуттар а санна, дешнаш а хедош, ши куьг шена орцах а доьхуш.
– Схьалол сан дийцар! – элира ас сихха. – ХIун мурдаш? Ахь хIун дуьйцу…
– Ма… ца… ас… аса тIетухур ду… хьо жима… хьо хIинца а жима…, – Шайхис сан дийцар шен некхе дIалецира, ший а куьг цунна тIе а дуьллуш.

Со вист а ца хуьлуш, дIавахара. Дийцар тIаьхьуо зорбане делира сан, ши-кхо бутт зама яьлча.

Юха хIинца, советан Iедал а, Нохчийчоь а йоьхначул тIаьхьа (и Iедал а суна девзара, хIетахьлера Нохчийчоь а), Шайхи со ларван гIерташ хиллий-те, аьлла хета суна, сан дийцар мелла а идеологица догIуш цахилар а гуш, со мила ву ца хаарна, дагара дийца а ца хIуттуш.

Баркалла хьуна, поэт, мухха хиллехь а, баркалла.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Метки
муса бексултанов, нохчийн литература, нохчийн яздархой, чеченская классика, чеченский писатель

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 18:15. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017