Старый 09.07.2018, 17:50 #11
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

минутка смеха от Хасана Бакаева)

"Ц1а г1уо алиш"

Совет 1едал ч1аг1 деллачу хенахь, цхьана йуьрта г1алара хьаькамаш хилла баьхкан. Юртахой килса майданахь гула а бина, коьрта хьаькам къамел дан д1ахоьттан:

-- Вай сийлахь Совет-паччалкхан сийлахь дозанаш лардеш сийлахь Ц1ие Эскар ду. Цу вай сийлахь Ц1ие Эскаран шуна санна даар а, малар а деза. Цундела, вай комаьрша вовшах а тоьхна, вай салташна бепиг, жижаг, шура, т1уо, к1алд, кхи бола кхача а д1абахьийта беза.

Цхьана воккха стага вист хила пурба даьхна. Ша аьлларг т1етодан и волла моьтташ, хьаькамо пурба делла. Воккха стага аьлла:
-- Делахь, хьаькам, и со ларва ваханчу салтига шие ц1а г1уо алиш.

Шелара маьждиге боьда урам

Моцах ц1а базар веан хилла цхьа стаг говр эца. Цхьа вуно товш динах б1арг кхаьтта кхуьна. Т1е а вахан, йухкаш волчуьнга мах хаьттан кхуо. Пхитта сом доьха ша говрах, аьлла вукхо. Лере а таь1ан, эца веанчуо хьаттан:

-- Хьажахь, накъост, ма йорах йухка ахь хара говр. Лач1инам йац хара?
-- Хьуо вала а волаш, Шела а ма г1уо, Шела кхачахь, маьждиге боьда урам т1е а ма вала. Т1аккха маьрша д1алелайан говр йукх хьуна хар, -- жуоп делла говр йухкаш волчуо.

Пхитта соьмах говр а аьцна ц1а вахан важа. Цул т1аьхьа ши-кхо шо даьлча, ша муха кхоча а ца хуаш, Шела кхаьчна хилла иза говран т1аьхь. Воьдаш, к1ет1ахь 1аш волчу цхьана стаган т1е нисвелла хар. Цу стага дикка говре а хьаьжна, т1е а веан, дуьрст д1алаьцна.

-- Накъост, хара говр хьена йу? -- хаьттан цуо. Важа доьхьал вист хилла:
-- Хара Шела йуй?
-- Йу дера!
-- Хара урам маьждиге боьда урам буй?
-- Бу!
-- Т1аккха хара говр хьа йукх, -- аьлла, дин т1ера вахьа воьссан иза.

"Берзан буолар" дола говр

Хара хезза хила мега шуна. Цхьаъ веан базар д1айухуча хенахь говр эца. Йухкаш говрах б1арг а кхьатта т1евахан хар. Говр йухкаш верг хилла берд санна лекха, лергаш т1охал вахь хаьцна хьаьрса мекхаш а долуш, г1алакх-шаьлтан мукъ лаьцна, оьг1аза б1аргаш а къегош цхьа онда адам. Цхьа а цунна т1е а вахан оцу говран мах хатта а хутташ ца хилла, и дукха буьрса волаш. Ткъа и цхьаъ йоцарг йухкаш кхи говр а ца карина, цу къонахан т1евахан говр эца веанаг.

-- "Хар говр йухкаш йуй ахь?" -- хаьттан цуо.
-- "Йохка дагахь хьам йалина ас хара" -- жуоп делла вукхо.
-- "Ху доьха ахь кхунах?"
-- "Пхиъ туьмнах д1айала реза вукх со хар".
-- "Ткъа буолар муха ду кхуьна?"
-- "Буолар ша берза санна ду!"
-- "Долчух тера а ду, жимма хахка а хаьхкан хьажа мегар дарий со?" -- хьаттан эца веанчуо.
-- "Хьажа хьайна", -- аьлла дуьрст схьакховдина говр йухкаш волчуо.

Говран т1е а хиан, хаьхкан эца веанчуо. Говр хилла 1амоза, д1акхоссалой ц1ингаш кхуссаш, схьакхоссалой шена т1аьхь 1ачунна це тоха г1урташ. Цу говро д1ай-схьай и виттан, хала цунна т1ера вахьа а воьссан, говран дуьрст йолчуьнга д1акховдина кхуо. Т1аккха аьлла: "Делахь, накъост, хара говр йохка йалина волчу хьуна ала хума дац сан. Ахьа йохка йалина йолчу кху говрана а ала хума дац сан. Амма шие ворхий а дена наь1алт хуьлийла ишта буолар долчу барзана!"
Marty вне форума   Ответить с цитированием
 

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 16:03. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017