Старый 02.09.2008, 21:58 #11
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Мегар ду — мегар дац (Юрт-Да)

А мегар ду. Мегар ду — мегар дац
Мегар ду — мегар дац


Ма дара д1а дийцача х1ар х1ума
Дуьйцаш санна атта дац
Цу х1умане угара к1орге маь1наш
Бен вайн хуар дац


Цу ворхий деш дуьндахь
Олаш хилла бохаш нах дуьйца
Амма элир- бахар дерг вай дуьта,
Хунда аьлчи- маь1ан ***ца


Вайн мохкахь г1оттин хал ду шуна
Ч1ог1а г1илла

Вас йо хийла
1амал шена дикне йерзича, корматал т1е йерзича
Догахь долаш, даггар олаш
Дикне деба дар вай г1илла.


А мегар ду. Мегар ду - мегар дац.
Юрт-дас бохаш чунахь хьо тидам беш хунд вац?
Мегар ду- мегар дац


И уггар долаш лелина, угар лерина кегина х1уманаш ду
И лерина талла а товаш, к1оргера уза дина даькхан бахнаш ду
Йа мегар ду, мегар дац алли - цу т1ахь сацам ца беша
Адам хеца делла, довзан, хьагна – долачу х1умманехь тоам ца беша.


Бабин йо1а, мамин к1анта, нена веши сту
Велла д1а валлац дахаран т1аьхь кхьуш
Хар х1ун ду? Важа х1ун ду?

Сун даггар беза безаш, буьцаш болу нохчийн мотт
Керча ба ницкъа ма кхоча, хеста беш- инзаре ца мотт
Мегар ду, мегар дац. Йа дьуцаш санна дац
Д1а олаш дерг схьа лаца кхетам бацахь
Да х1умма ма дац


Вай эра дера цьунга, вай эра дар кхуьнга , вай эра дар нахи
Олаш хенахь, кхета кхеташ уьша алахь
Хир бу аьтто, вайн х1уа хетахь, вай хуарга дицахь
Ду йа дац, леларх ниса
Овдал ву ца бахита - дуьцаш чуна тидам беш


А мегар ду. Мегар ду — мегар дац
Юрт-дас бохаш чунахь хьо тидам беш хунд вац?
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 21:59 #12
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Макка Сагаипова-Хаза к1ант


Син к1ераме гул дела ду.
Хаза сюре вай хьура ю.
Вай безамаш хоржура бу.
Шайна везарг к1астура ву.
Вай безамаш хоржура бу.
Шайна везарг к1астура ву
.
До 1аш волу и хаза к1ант,
и мял хаза хета суна.
Хьо кхечунга дхьа ма хьежа,
со уоайлане 1ахь ма ита,
Хьо кхечунга дхьа ма хьежа,
со уоайлане 1ахь ма ита.


Ала соьга мичхьара ву.
Милхач нахах шьа вялла ву.
Синач стигал ялла ёлу,
везчу Дели выеха ёлу.
Синач стигал ялла ёлу,
везчу Дели выеха ёлу.


Со хьоьга бям яха лур яц,
хьо воцчунг со яха лур яц.
Безам бухург хала хум ду,
и массера лазама бу
Безам бухург хала хум ду,
и массера лазама бу.
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 21:59 #13
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Хасан Мусаев - Индира
________________________________________
Д1ауьду денош, д1ауьду зама,
Вог1у, хьоменаг, хьо йолче со.

Хьан б1аьра хьоьжуш,
Хьоьга дагар дуьйцуш,
Ца лаьа, хьоменаг, 1адика йан!

Тешор ю, хьомениг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!

1аьржачу буьйсанна, хьийзавеш набаро,
Хьоьжу со хьан суьрте, к1орда ца деш,

Дашо малх г1аттале, сан коре хьажале,
Кийча ву, хьоменаг, хьо йолче ван!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дешах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!

Йог1ур ю цхьа суьйре, вог1ур ву хин йисте,
Эра ду хьоьга, хьоменаг, йолахьа соьга,

Ахьа, охьа а таь1на, суна йела къежна,
Эра ду, эхь хеташ, ахь йигахьа д1а!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!

Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!!!...
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:00 #14
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Хасан Мусаев - Луиза
________________________________________
Хьоменаг, хьо шовдан йистехь лаьтташ го,
1аьржа б1аьргаш хино хьа дуьзна го.
Хьоменаг, хьо урам новкъа йог1уш го,
1аьржа б1аьргаш малхо хьа къагийна го.

Ма елха суна, езар сан,
д1ауьду денош сих делла,
д1а йоьду хьо, вуьтуш со цхьалха.

Стиглахь богу сирла седа, цуьнга хьоьжу со даимна, Луиза.
Боху сирла седано, вуьсу цхьалха йоцуш хьо, Луиза.

Ма елха суна, езар сан,
д1ауьду денош сих делла,
д1а йоьду хьо, вуьтуш со цхьалха.

Хазчу сарахь-суьренца, вог1у хьо йолчу сих велла, Луиза.
Кхечуьнца хьо лаьтташ го, дагар дуьйцуш йоьлу хьо, Луиза.
1адика йойла, езар сан,баркалла ду хьуна, сан даггара,
Ехийла ирсе даимна.
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:00 #15
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Хасан Мусаев - 1аьржачу Буьйсанна
________________________________________
Хьо йолче вог1ура со
Хьо сайна езарна
Хьо йолче вог1ура со
Хьан дешнах тешарна

Амма хьо хиллера ли веш
Хазачу хабарца
Амма хьо хиллера кхидош
Хьай безам кхичун д1а

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со

Д1аели ши шо хан зама
Ахь хьайна веза бохуш
Д1аиди хаза денош
Ахь соьга йог1у олуш

Чим хилла беги сан безам
Кхичуьнца сана йайча
Г1а хилла йоьжи даг т1ера
Баркалла ду соьгара

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со

Йог1ур ю цхьа шийла 1уьйре
Со хьуна дага вог1уш
Йог1ур ю цхьа ирча суьйре
Ахь соьга юха кхойкхуш

Мел эрна хир ду хьан елхар
Бузучу Малхе хьоьжуш
Мел эрна хир ду сатийсар
Со юха варе хьоьжуш

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:01 #16
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Хасан Мусаев - Пет1мат

Доьхьара урамехь хьо сайна йог1уш яйча
Кийрара къона дог тулг1и хилла хьойзира
Ц1и беснеш безамна ягалуш хетало
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Хьан б1аьргар х1и даьлча кхоьллина ма хетало
Хьо сайга йист хилча кийрар дог кхоллало
Ма хетар хьан б1аьрг нур къагадеш малхано
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Доьхьара ц1ен безам ас хьайга д1а кховдича
Сих елир хьо хьаста кийрара дилха дог са
Ц1и беснеш безамна ягалуш хетало
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:02 #17
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Ирс - Асет
________________________________________
Хаза суьйре т1емакхечи
Хьо х1ин йисте йог1и теша
Ломах долу шовда санна
Хьо йог1уш ю, жима Асет
Ц1а схьахьажа, елалохьа
Д1ахька парг1ат кийрара дог

Доьху хьоьга, йолахь соьга
Деги безам хьоме Асет

Хьо х1их къудал юьзна ялла
Вайшин къамел дула делча
Хьайна хиларг дийца аьлча
Ахь элира соьга Асет
Вайшин мерза безам бийна
Ца веза къант соьг веза бах

Кхоьри сомма сан хьоменаг
Вайша г1овшех кхи ца гарна

И маала сан хьоменаг
И ма дийца деги безам
Ас хьа ойла дукха йарна
Са корта къай белла бу хьун
Вайша вовше реза делахь
Вайшин безам ийна белахь

Кхи дахума вайшина дац
Д1аг1у вайша дуьне мел ду?

Ахьа те1на, ела к1яжна, цу элира жимчу к1анте
Хазчу сарахь нийсархошца, хьо вола хьа шовдан йисте.

Х1инца хьоьца со д1а яг1ахь са тайпана сий дайна ду

Сих ма ло хьа сан хьоменаг, кхана хьуна ас жоп лур ду.

Х1и йистера ша чу кхячна, чохь болчарех ша шек ялла
Цу элира йинчу ненег, шаьш лелориг дийца аьлла
Хьо тхай цхьаъ бен йоцу дела, уьш мегиш нах болу дела

Хаза бохькуш болу дела тховса оха, хьо д1алуш ю

Ша делла дош дага деъна, ша безамах йоли хиъна
Ша юхкуш юй шина хиъча, Асета ше 1ожал йира.

Йо1ал дукха бахам безна
Ше везарах йо1 якххина

Ши йо1 юхкуш йолчу нанна
Ша талхини хаа деза...
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:02 #18
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКАН ГИМН

Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
1уьйранна лом уг1уш тхан ц1ераш техкина.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш т1ехь дой хьийзо дайша тхо 1амийна.

Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра д1ах1иттина.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.

Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха д1алур яц!
Бос 1аьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.

Тхо цкъа а цхьаннена къарделла совцур дац,
1ожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю!
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу б1аьргаша хьуьнаршна г1иттадо.

Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш б1арздахь, бецан тхин мийра ду!
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьт1ахь ду.
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:04 #19
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Тимур Муцураев - Даймохк
________________________________________
Даккхичу герзашца, эчиган г1овг1а йеш.
Цамгаро йестина, Россия хьо.
Тха махка х1оьттича, маьрша нах халлак беш
Нохчичун д1акхалг1ар, баьлла х1ар мохк.

Со халлакх хуьлда, са нана латта.
Къизачу мостаг1чух хьо д1алатта
Со висахь вуьсийла йух болаьхь вожа.
Со лахьа, ас сей са дуьтур ду хьоьца.

Ког боцуш со висахь, летарву текхаш,
Куьг доцуш со висахь, йухкур ю цергаш.
Вайх лета мостаг1 ас, воккхур ву дохко,
Мостаг1чун ирча ниц1, буьрса бац со кхеро.

Со халлакх хуьлда, са нана латта.
Къизачу мостаг1чух хьо д1алатта
Со висахь вуьсийла йух болаьхь вожа.
Со лахьа, ас сей са дуьтур ду хьоьца.

Сема1ашкахь бейъина, баккхи нах, зудари
Лазина бераша, хьикхина маьхьари
Диъ баьъ са д1адоьлли, жимачу юрто
Ч1ир йитин хьо сацахь, хьо ва вац НОХЧО.

Со халлакх хуьлда, са нана латта.
Къизачу мостаг1чух хьо д1алатта
Со висахь вуьсийла йух болаьхь вожа.
Со лахьа, ас сей са дуьтур ду хьоьца.

Ц1е лета богуш бу, нохчо даймохк
И бала ца лейна ма г1олахь гор
Кхелг1ина и синош, хьоьхь тешна ду таг1на.
Эхкита йишаца хьай дилха дог.

Ц1е лета богуш бу, нохчо даймохк
И бала ца лейна ма г1олахь гор
Кхелг1ина и синош, хьоьхь тешна ду таг1на.
Эхкита йишаца хьай дилха дог.


Хамас - Нохчи къам - 03.06.2007, 00:35
________________________________________
Вовше гом ду адам дуьне сихделлахь хьийза,
Дар дел ж1алеш сан вовше цергш хьекхош къиза.
Марзо д1а яьлла, харцон т1ехь даьл дов,
Г1ило сом дакх вах йиш яц т1епаз вов

Нохчи чоь яра хьо тхуна хьоме
Даггара вист хил йиш яц ше къоме,
Гул бел нах, вовшах кхетта адам,
Х1оран кертахь д1а хоьттин кадам

Т1е беана т1ом хил стаг велхош,
Хьал г1еттин къам шай-шай бал белхош.
Йохин г1ишлош, нех д1а даьлла си
Машар кхайкхош-тоьар ду бохш 1анин ц1и!

Ам, цхьане бал бац
Бал бац! - Къа хет стаг висна вац
Х1умма доцург даздеш, герзнал ч1ог1 хеташ
Цхьам шег аьлларг бакъ хеташ

Мал вел 1а ше дахар дешел ц1ен ду бохуш
Ше керт бохам кхеч х1усмехь дог догуш
Кийрар г1ийл аз бен ца далахь велар
Бери аматехь леггер шад къийлар

Бахам лахам тахан хал ду
Вал ца лаьъ цхьанне, ше са мерз ма ду
Сингаттам масанхьа ма бу, х1оран ма лаьъ вах
Цун ойл яхьар нах!

Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

1аьржа бода хилла т1ом т1е беънера
Нохчи чоь сина ц1е латийна
Ягинера, ц1ел каьрчинера
Цхьа тамашена къам хийца делира

Цу хен дуьн верилахь лар лолахь
Йоьхь-1аржо когаш къеллахь ю хьун, тас ма лолахь
Хьаж юккъе кхет 1аьрж мохар
Д1а ца докх хино марз делла вай ц1и 1ано

Г1енахь доьхьул туьсу х1уманаш
Баккъал хуьлуш ду и гойт хено
Кхи дол къам марш дохил шу жоьжг1ат чу
Хьер даьл цхьа дол адам Нохчи чоь чу

Дал т1е тес бал т1е тес ж1алеш
Жими-воккху башхул яц ву лаьш
сов дойла кешнаш са ваш
Хьой цхьа жим кхетам чохь велахь диц ма делахь ахь х1ар дешнаш!!!

Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!

Керст къам, бусулб къам вовшех хьаьрчира
Дел цхьаъ веш болчу нахан юккъе 1ес 1едал даьржира
Къалах йинарг бен 1амал яцар цу хан чохь
Парг1ато яцар, дахар дацар, вацар

Цхьа стаг даг чохь кхерам, 1ожалан орам боцуш
Коьрта т1ира 1аьржа чо хиц балаз боцуш
Т1амо адам гал ма даьккхи, дукх дезар
Долчунах ма ваьккхи, шен йохург схьа ма яьккхи

Кхоум букх хьал кхуьъ ч1ор адам
дахитар гор, коьрт кхохь кхи х1ума дац
хьекъал дац, бехк боцчун са даккхахь адам
декъал хир ма дац, тешам хир ма бац

Кхи д1а т1е витахь эзар балехь валлуш вац
Цу т1ехь шеко яц, цхьаммо шайн динарг дуьтар дац
Г1илкхан ормаш д1а хедин, хьарам хьанал иэдин
Нана латтехь си ца дин

Х1ор шолх стаг мунафикъехь тар велла
Къин хетам аьхь бох дош вайн юккъар д1а даьлла
Гергарлонш хер дел, г1ел дел,
Мал дел, гам дел, 1арж дел д1а даьл

Ахчи хьаж, миск хьаж цхьане дег къаст ца ло
Гамо, ямартло цу т1ехь ницкъ бо нахан
Адмо ше бахам рицкъ цо ца кхоъ до ше са кхоъ до
Хьер даьл вай къам тахан!

Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.09.2008, 22:06 #20
Aset Aset вне форума
V.I.P. форума
Аватар для Aset
 
 
Регистрация: 27.08.2008
Сообщений: 258
Вес репутации: 31
Aset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможноAset невозможное возможно
По умолчанию

Бекхан

Йист





Саца а йист йоцуш, некъ бина велир.
Бакъонца малхане вирзина велир.
Дог бухахь юьзна йоьхь таккхина велир со,
Б1е шерахь бина мохь таккхина велир со.
Дог бухехь юьзна йоьхь таккхина велир со,
Б1е шерахь бина мохь таккхина велир со.

Пройден путь без конца и края,
Душа перед солнцем открыта, как мир...
Под сердцем кишку я тащил, наполняя,
Сто лет я носил свой накопленный жир...

Вай къастадан дезаш дуй ца хууш хилла со.
Вайн къастар долуш дуй ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со,
Нах баар хьакъ буйла ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со,
Нах баар хьакъ буйла ца хууш хилла со.

Не знал я, что нам все ж придется расстаться
Не знал, что на свете разлуке есть место,
Не знал, что людей пожирают собратья,
Не знал, что это считается честью...

Делчу дег1ахь ч1уг яккхарн каш даста волу со,
Лергахьа х1оз баккха каш даста волу со,
Сан негошна шозлаг1а г1ад даккха волу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха волу со...
Сан негошна шозлаг1а г1ад даккха волу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха волу со...

Могилу раскрыв, я возьму кольцо золотое...
Серьгу заберу я из уха мертвечьего ...
Найду для костей своих тело второе,
Разрою могилу, что для меня намечена...

Доккхачу дуьненахь ц1ий-шурий кхийссина,
Д1адекхар-схьадекхар, кхерамаш тийсина...
Саца а йист йоцуш, некъ бина велир,
Бакъонца малхане вирзина велир...
Саца а йист йоцуш, некъ бина велир
Бакъонца малхане вирзина велир...

Кровь с молоком вовек разливая,
Месть да расплата играют свой пир...
Пройден мой путь, без конца и края,
Душа перед солнцем открыта, как мир...


Альтернативный перевод
на русский язык:

Совершен путь, после которого уже не остановиться.
Солнце для вас сделало всё, что могло.
Всё, что не нужно, нами собрано.
А самое главное мы потеряли

Я не знал, что мы можем разделяться.
Я не знал, что это произойдет.
Не знал, что люди пожирают себе подобных.
Не знал, что это благословенно.

Вскрою могилу, сниму с покойника колечко.
Вскрою могилу, сниму с покойницы сережку.
Очерчу рамки своей могилы,
Которую, вы для меня уже вырыли.

На огромной планете борьба между жизнью и смертью.
Удары туда и сюда приходятся по тебе самому.
Совершен путь, после которого уже не остановиться.
Солнце для вас сделало всё, что могло.
__________________
Мы любим тех, кто нас не любит..
Мы губим тех, кто любит нас!
:Laie_80:
Aset вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Метки
нохчийн эшарш, тексты песен

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 20:39. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017