Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
13.03.2021, 14:26 | #11 |
Золото
|
Кху дешнашца даьккхина илли дар- кх, 1имран Усмановс д1а олуш. Если, ненароком, знаете где искать, или случайно наткнетесь -просьба, скинуть. Очень нужно. Суна ца карадо. Карийнарг -через время д1а даьккхина нисло.
Мохьмад Дикаев СО ВОГIУ, ДАЙМЕХКАН АЗ ХЕЗНА Туркойн махкахь гIийла лелла, Винчу юьрта со вогIуш ву. Iуьйре юлуш, лам тIе вуьйлуш, Сан дай баьхна юрт лоьхуш ву. ХIунда лоьху ас ширделла Берахьлера сурт? Хьо хазъелла, хийцаелла, Сан дай баьхна юрт! «Марша ва хьо», – аьлла, юьртахь Дуьхьалъяла нана яц; Берийн бераш даккхий хилла, Царна со а вевзар вац. ХIунда вогIу со, къежвелла, Лaxa ненан чурт? ХIунда суна хьо хазъелла, Сан дай баьхна юрт? Нехан махкахь Iалур доцуш, Ломан кийрахь сан дог ма ду; ТIемаш доцу леча санна, Даймохк боцург ма гIийла ву. ХIунда лоьху ас ширделла Берахьлера сурт? Хьо хазъелла, хийцаелла, Сан дай баьхна юрт. |