Старый 28.05.2017, 15:29 #1
Ters-Maimal Ters-Maimal вне форума
Платина
Аватар для Ters-Maimal
 
instagram
 
Регистрация: 21.08.2016
Адрес: В паралельной вселенной
Сообщений: 4,278
Вес репутации: 3571
Ters-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможно
По умолчанию Аьрсбин Абу-Бакр

ВАЙН ВОККХАЧУ-ДАДАС ЛАРДИНА ДУКЪ !

ВОККХА-ДАДА !

\ БисмиЛлах1...\
1
Дуьненан ширалле, хьаьжжина Воккха.
Еххачу замано ,1амийна шортта.
Дика а ,ямартло, йоьвзина йоккха.
Доьналлехь тхан дахар ахь даьккхи Котта !
2
Доккха Дукъ ,хьайн белшаш х1иттош т1елаьцна.
Вайн Далла хьалха хьо, хат1-хилар кхоьруш.
Нийсонна 1у хилла, халкъана ваьцна.
Вог1у хьо Юьхь хилла, ва Воккха-Дада !.
3
Де-дийне мел долу ,хьекъалца к1арглуш .
Шо-шаре мел дели, сибташца хазлуш.
Хан-зама мел ели ,Наханна виэзаш.
Хьо воцуш ца торрург ,хилла ву Дада !
4
Ахь мосаз г1иттийна ,Маршонна К1ентий .
Суй болуш хьайн дашца,х1ай Нохчийн Дада ?
Ахь мосазза дерзийна ц1ий 1анон дов ?
Машаран Масла1атца ,х1оттаеш б1ов !
5
Хьо даим лаьттина ву ,тхан Мехкан Да.
Инарла тойнехь ву, дика-вонна Да.
Хьан хазчу сибтаца ду ,хьан къоман васт.
Хьан Оьздан маттахь ду, б1ешерийн г1аст !
6
Хьох гуттара тешна ду,сан жима къам !
Хьо лардеш хилла ву,Цу Делан Къур1ан !
Ткъа лааза х1у дисна ахь,кху лаьттат1ехь ?
Турпал чекх вийлина ,тхан Воккха-Дада .
7
Дажалан "1едало" ,хьо мостаг1 кхайкхира.
Дерриге халкъаца хьо ,Махках ваьккхина.
Иттаннах варх1 веро, хьо къар ма ца вира.
Ахь лардеш мел дериг,х1аллакдан лерина !
8
Дай баьхна ламанаш,хьан дита дийзира.
Хьомсарчу Д1ег1астах,лаамза ваьккхира.
Дай 1охку цу кешнех,хьо къиза хадийра.
Йоккхачех и киртиг ,хьан Синуо лайра !
9
Цу сенчу Сибрехахь ,1ай чилла хенахь.
Шелоно,махкалло ,байъинарш байра.
Г1ароле х1оьттина,вайн къоман хьармахь.
Массеран 1уьнал деш ,тхан Воккха-Дада !
10
Х1оранне чу-х1уьттуш ,хьаштонаш лоьруш.
Т1аьххьарниг схьайохуш ,берашна кхийдош.
Нахах ахь лечкъийра ,хьайн деган баала.
Хьо лаьттира нур хилла ,Яхь д1а ца луш !
11
Мацалло хьоькхуш берш ,д1абохка ца ларош.
Шелоно г1уорош берш ,бохбан а ка доцуш.
Дог-ховха хьан дашуо ,ир-кара х1иттош.
Тхан миска Наношна ,ахь Тиэшам белира !
12
Цу къизчу харцонах ,хьайн дог а ч1аг1дина.
1ожалла кхерсточух ,дера хьайн ка-тоьхна.
Же-яма кхайкхорах ,Барзаха г1аьттина.
Хьан Дола ма туьйлира ,тхан Воккха-Дада !
13
Г1орасиз висначуьн ,ахь бала айбира.
Гамуо ерг массо хьан, шаьлтано лецира.
Хьо сацон кхул т1аьхьа ,лаьттахь ницкъ бацара.
Хьо ч1ог1а хиларна ,вай Махка дирзира.(АлхьамдулиЛлах1)
14
И дерриш ахь лайнарш,дийцина вер вац.
Ма дарра сурт дийца ,вайн хьекъал тоьар дац.
Аллах1ан Лаамца ,хьо бахьна а хилла.
Цу балех вай доьвлира ,ва Воккха-Дада !
15
Ц1а боьрзурш д1анисбеш ,Турпал-юкъ йихкира.
Хьо тешнарг д1ах1оттош ,Са-парг1ат делира.
Къам далаза дели сан ,хьан дагуо элира.
Керла чкъор долалуш ,хьо дендан велира.
16
И чкъор ахь ийцира ,хьайн довха куьйгашт1е.
Хьайн Оьздачу нуьреха ,д1ахуттуш тхан з1е.
Ахь ч1аг1о лецира ,тхох т1аьхье еш кхане.
Ахь ниййат ч1аг1дира ,ца хьоьжуш халоне !
17
Ткъа г1аскхаша бихкина ,хьан лаам бара.
Хьох кхерам царна ,дукха боккха а бара.
Ма к1езга тергал вира ,ахьа комунист.
Хьайн ц1ена некъ болийра,шен йоцуш йист !
18
Ахь тхуна довзийтира ,вайн Делан Дош.
Ийманах ,Доь
Ters-Maimal вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.05.2017, 15:31 #2
Ters-Maimal Ters-Maimal вне форума
Платина
Аватар для Ters-Maimal
 
instagram
 
Регистрация: 21.08.2016
Адрес: В паралельной вселенной
Сообщений: 4,278
Вес репутации: 3571
Ters-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможно
По умолчанию

Г1ИЛЛАКХО БЕН КЪАРДЕШ ДОЦУШ !

НОХЧИЙН КЪАМ !
1
Дакъа д1адолла меттиг боцуш.
Кийра балхон доттаг1 воцуш.
Улле х1отта накъост воцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
2
Корта бохбича когаш шеллуш.
Когаш бохбича корта шеллуш.
Лоьран молха тоаьш доцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
3
Доьнал доцург г1ортор йоцуш.
Хьунар доцург Ваша воцуш.
Яхье амал йоьжна йоцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
4
Г1иллакхо бен къардеш доцуш.
Ц1ануо бен хьайн сица йоцуш.
Делах бен хьо кхоьруш доцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
5
Ломан бохьца хьайн Сий долуш.
Синна кхача марзо йолуш
Дезар коьртехь Маршо йолуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам
6
Шайн 1аламна т1алам болуш.
Лулахошца к1еда долуш.
Мостаг1ашца буьрса долуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам
7
Дустар барам Шар1а долуш.
Са ц1ена шайн дегнаш долуш
Ц1арматалла иэхье долуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
8
Комаьршонца саг1а долуш.
Къинхетамца дегнаш долуш.
Майраллийца ч1аг1уо йолуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
9
Дайн-Мохк безар ц1ийца долуш.
Элча везар дагца долуш.
Дела Хьукум коьртехь долуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.

Аьрсбин Абу-Бакр 19.05.17 шо:
Ters-Maimal вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.05.2017, 16:20 #3
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,512
Вес репутации: 2470
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Абу- Бакар, нохчийн г1иллакхан хазна шен сица 1алашйина ву..
цундера суна ч1ог1а мехала хета цуьнан йозанаш..

Халонехь ца воьвзинехь ,
Доттаг1 ву ма алалахь.
Оьг1азаллехь ца зийнехь ,
К1ант воьвза а ма алалахь.
Даьхнийца сутара верг ,
Стаг ву а ма мотталахь
И доцуш къоьллехь верг,
ледира а ма хеталахь !
2
Мисканаш Элчанна ,
безнийла а хаалахь.
Даьхнийно талхийна ,
уьш боцийла кхеталахь.
Деле шаьш кхидийна ,
До1анашца ларбина.
Т1етовжа хастамие
церан Синош ларалахь !
3
Даьхни сов дезаро ,
тилош вуй кхеталахь.
Цунна са гатдаро ,
1амалах хедорехь.
Шех йоолу цамгаро ,
хервохуш Бакъонах.
Жим-жима д1аваккхаро ,
хедавеш ц1аналлех !
4
Амма ша ларвелларг ,
Оьздачу Доьналлехь .
Шен буйнахь латтийнарг,
хьолуо ца талхорехь .
Вайн Дала айъинарг,
Г1азотан дозаллехь .
мисканийн Дола дерг ,
Наханна иэшарехь !
5
Юьхь доьхьал мел къежарг ,
дог ц1ена вац хьуна.
Хаза дош мел олург ,
и лардеш а вац хьуна.
Дахарехь Эхь-бехк дерг ,
къасташ а ву хьуна.
Ийманехь Нисвелларг ,
Ваша а ву хьуна !
6
Малхехь мел къегаш дерг ,
деший а дац хьуна.
Аьттонехь юххехь верг ,
массо накъост вац хьуна.
Дуккханна а езаш ерг ,
Нийсо а яц хьуна .
Иттаннах цхьаъ воолург ,
тоаме а ву хьуна !
7
Хьан Ден-Да ша вийнарг ,
хьо везаш вац хьуна .
Дашера-дош мел даьлларг,
мостаг1а а вац хьуна.
Вешийца коьртехь дерг ,
Доттаг1алла ду хьуна .
И Вошал латтош дерг ,
Вайн Тиэшам бу хьуна !
8
Цкъа а ша дика дерг ,
дукха хуьлуш дац хьуна.
Бух боцуш моьтташ дерг,
пайденна а дац хьуна .
Нохчийн мотт мел 1аьмнарг ,
Нохчо а вац хьуна .
Мостаг1чо дахьаш дерг ,
д1овш доцуш дац хьуна !
Аьрсбин Абу-Бакр 08.05.17

Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.06.2017, 22:04 #4
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,512
Вес репутации: 2470
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Хьо бецара сан Даймохк?
1
Хьо ецара ДегIаста, Исламах дог долуш ?
Хьо ецара Нохчийчоь, ГIиллакхийн бохь болуш ?
Хьо ецара Нохчийчоь, Доьналлуо кхиийнарг ?
Дуьненчохь яьлла-гоь, ПаргIато ларйинарг !
2
Хьо бецара сан Дайн-Мохк, лаьттатIехь къаьсттина ?
ГIийланиг мисканиг, дог оьцуш хьистина ?
Хьо яцара Нохчийчоь, Къонахий кхиийнарг ?
Лардинарг церан доь, Маршонехь яхчийнарг !
3
Хьо бецара Нохчийн-Мохк, дицдан хьайн йиш йоцург ?
Турпалан Нохчочун, тIаьхьенех кхерч болуш ?
Хьо бецара сан Дайн-Мохк, цу стигла кхоьвдинчу ?
Хьуьнарца кхочу бехк, Доьналлех лам болуш !
4
Хьо ецара Нохчийчоь, Маршонах кхача берг ?
Маршонан къийсамехь, Маршонна кхоьллинарг ?
Хьо яцара Нохчийчоь, Паччахьий Къаной берг ?
Массуо а бераш хьайн, Маликаш лоруш ерг !
5
Хьо ецара Нохчийчоь, Зударшкахь Сий кхаьбнарг ?
Эхь-бехках дуьззина, Iадаташ доттинарг ?
Хьо яцара Нохчийчоь, бакъонаш ларйинарг ?
Нийсонца дуьстина, Ламасташ нисдинарг !
6
Хьо ецара Нохчийчоь, хьайн Эхарт лардинарг ?
Хьо децара Нохчийн къам, Уммат дог гIаттийнарг ?
Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам !
Малх санна ша сирла, Яхь йолу Нохчийн къам !
7
Хьо бецара сан Дайн-Мохк, мостагIий кхийринарг ?
Уьш къежбеш цистина, шайн цIийла керчийнарг ?
Хьо бу И сан Дайн-Мохк, денбала безаш берг ?
Эккхабеш бода дохк, самабала декхар берг !
8
Нохчийчоь хьан КIентий, гулбеш де догIур ду !
ДегIаста хьан баала, дIаэккхо Де лоьхуш !
Нохчийчоь хьан КIентий, гIоттун Де догIуш ду !
Маршонан вайн гIала, Сийлаллехь юттуш !
9
Да виса хьан Дайн-Мохк, Iунал дан суй болуш !
Хьан Нанойн ДоIанашна, Делера жоп долуш !
Сий долу Нохчийчоь, дуьссийла хьуна тIе !
АллахIан Беркаташ, ерзош хьо Шена тIе !!!
Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 ш
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.07.2017, 00:08 #5
BarbaroSSA BarbaroSSA вне форума
من بني عاجيك
 
Регистрация: 19.07.2016
Адрес: ....
Сообщений: 8,338
Вес репутации: 6334
BarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможно
По умолчанию

почему-то мне не понравился его рассказ о том, как в масджидуль хьарам остановили обход ка1бы из-за того, что туда прибыла группа чеченцев в числе которых был и он сам. говорит мол остановили т1аваф (обход) и стали приветствовать чеченцев и т.д.
__________________
بربروسا الشيشاني الغروزنوي الأدملي
BarbaroSSA вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.07.2017, 17:37 #6
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,512
Вес репутации: 2470
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от BarbaroSSA Посмотреть сообщение
почему-то мне не понравился его рассказ о том, как в масджидуль хьарам остановили обход ка1бы из-за того, что туда прибыла группа чеченцев в числе которых был и он сам. говорит мол остановили т1аваф (обход) и стали приветствовать чеченцев и т.д.
может спонтанно это произошло..
в любом случае в мире есть те, кто нами восхищаются, как и те кто ненавидит)
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.07.2017, 17:53 #7
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,512
Вес репутации: 2470
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

ВАЙН МЕТТАН ХАЗНА !
1
Хьайн баххаш дицдина ,ахьа стенна буьйцу.
Хьайн Ден Да вийначу ,мостаг1ийн мотт ?
Хьайн орам бицбина ,ахьа стенна хуьйцу.
Хьо винчу хьайн Ненан ,вайн дашон мотт ?
2
Хьан къоман Синан мотт,1ама ца бойтуш.
Турпалчу Дайн иэсах , д1ахедош ву хьо.
Оьзда хьан сирла къам, акха ду бохуш.
1ехийна тилорчохь, д1ацоьстуш ву хьо.
3
Схьахьажий юхаверза, лераман Ваша.
Мел ч1ог1а ахь лехарх , карор яц хьуна.
Вайн меттан кхетамал, мерзаниг Йиша.
Массо а эшамна и, дарба ду хьуна.
4
Цу чохь ю к1оргенан, эзарнаш оьмарш.
Берриге хиламан, дог хьоьсту барам.
Говза шад бастаран, хьекъалан дустарш.
Адамаллийн лакхенан,г1иллакхан ларам.
5
Массо а Аллах1ан , бехкамаш лоьруш.
Нисдарца кхелина ,Г1иллакх ду мерза.
Дерриге дахаран ,Суннаташ доьвзуш.
Хьан Дайша лардина,кху 1адате верза.
6
Кху чохь карор хьуна, Вошаллехь Йиша.
Уггаре лаккхара, Оьздаллийн ларам.
Эхь-бехке амалшца, дог ц1ена Ваша.
Комаьршо йиллина, дихкина хьарам.
7
Г1о-орца оьшучахь, самонехь К1ентий.
Халонан доккхалле, ца хьаьжна кийча.
Г1елонна шелвелчахь, дог довха Йижарий.
Чот йоцу Джовх1арш ду,хьан къоман дийца.
8
Кху чохь ду Элчанна, г1иллакхан стоьмаш.
Тергамехь волчунна, къеггина гарца.
Кху матто кхиош ду, Са майра лоьмаш.
Яхь йолуш Иманехь,Бакъонан з1еца.
9
Кху чохь бу вайн Толам,Дуьненан Маршо.
Вайн ирсан болат Барт,денбарехь молха.
Т1аьхьенна беш т1алам,некъ боккху ч1аг1о.
Эхартахь Кхана вай,доьвр долуш хьалха.
(Дала мукълахь !)
*********
Аьрсбин Абу-Бакр
03.07.17 шо
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 17.07.2017, 15:39 #8
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,512
Вес репутации: 2470
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.07.2017, 15:20 #9

ГЕРГАРЛО !
1
Дала Ша дог1арехь хьакъ дина.
Гергало лардарехь доссийна.
Вайн ц1ийнан дехьа а къастийна.
Т1едожош хиттарехь
лерина !
2
Гергарло марзонаш лардина.
Г1иллакхца тодарехь шардина.
Лерамца ийъарехь хьистина.
Вошаллийн тергонца
хиттина.
3
Самонан г1ортолаш
х1иттийна.
Бахьанашца совг1аташ
кхелина.
Дагт1ера саг1анаш кховдийна.
Йишаллийн довха дош
даьстина !
4
Кху хьосташ къоман бух
хоьттина.
Амалаш марзонехь тайина.
Хералла юккъера лаьллина.
Уьйранаш тешамца
юьйцина.
5
Барт ларбеш ца темаш
иэшийна.
Лулахойн лерамаш кхоьллина.
Милла а хьаша-Да везарца.
Сийлахьан стоьмаш цо баржийна.
6
Гергарло хоьттинарг
туолийна.
Дала Шех хоьттина айвина.
Гергарло д1атеснарг иэшийна.
Дала Шех хадийна хервина.
7
Вай вовшийн т1едолхар д1атесча.
Гергарлон дахар ду делла.
И гергарло лардеш ца хилча.
Вайна Дела Реза а ца хилла !
8
Гергарло вайн кьоман ч1аг1о ю.
Ч1аг1оно ларъеш ерг Маршо ю.
Маршоно кхиош ерг Нийсо ю.
Ткъа Нийсо Ялсаманийн ков ду !
Аьрсбин Абу-Бакр
26.07.17 шо :
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.08.2017, 13:56 #10
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,512
Вес репутации: 2470
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

КЪАНУО !
1
Къаночо лардеш дерг ,Делан Хьакъ ду.
Халонций бен Доьналла доьвзар дац.
Къаночо лардеш дерг ,къомалла а ду.
Хьаштонехь бен ша Г1иллакх карор дац !
2
Къаночо лардеш дерг ,вайн Нохчалла ду.
Бохамехь бен Собар ша доьвзар а дац.
Къаночо лардеш дерг ,Адамалла ду.
Эшамехь бен Вошалла зиэлуш ма дац !
3
Къаночо лардеш дерг ,гергарло а ду.
Ларамца бен иза тарлуш ма дац.
Къаночо лардеш дерг ,Маьрша дукъ ду.
Къийсаман арахь бен иза ларлуш дац !
4
Къаночо лардеш дерг ,къома Са ду.
Маттуо бен гурашчохь иза кхобуш дац.
Къаночо лардеш дерг ,вошалла ду.
Г1елонан муьрехь бен кхоллалуш дац !
5
Къаночо лардеш дерг ,Мехкан Сий ду.
Яхь йолу хьуьнар бен и латториг дац.
Къаночо лардеш дерг ,къоман Эхь ду.
Ийманан бухт1ехь бен иза дехаш дац !
6
Къаночо лардеш дерг ,вайн Ирсах ду.
Тешамах хоьттина бен тоьлларг дац.
Къаночо ларбеш берг ,ц1ена Кхетам бу.
Эхартан стоьмех бен и баьлла а бац !
7
Къаночо лардеш дерг ,шен декхарш ду.
Цул доккха Беркат кхин хуьлуш а дац.
Массо и бог1ий вайн, Делера а ду.
Цуьнан Лаам боцуш Къануо хехь вац !
Аьрсбин Абу-Бакр 22.08.17 шо:
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход

Текущее время: 03:57. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 
Copyright © 2017