Старый 06.09.2015, 23:02 #1
Дис Дис вне форума
.........................
Аватар для Дис
 
 
Регистрация: 24.07.2009
Адрес: ......................
Сообщений: 1,261
Вес репутации: 2662
Дис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможноДис невозможное возможно
По умолчанию Юсуп Яралиев

Математика Iамор дIадоло деза эцаран таблица дагахь Iаморна тIера. Оьрсийн маттахь ма-Iамаярра, нохчийн маттахь а дагахь Iамо еза и нохчаша!
Амма цкъа хьалха дагардан Iамо деза, «цхьаъ, шиъ, кхоъ…» бохуш, бIена тIе кхаччалц.
Цхьаверг цец-м волу, дагардан-м хьанна ца хаьара олий. Дагардан волавелча, кхета: ца хаьа.
Пифагоран таблице хьаьвсиний шу кесталгIа? Тидам тIебахийттина, ойла йиний аш цуьнан, шаьш школера дешна девллачул тIаьхьа? Деладуьхьа, ма говза хIоттийна хьесап ду-кх и!!!
Езткъе цхьаъ улх ю таблицин. Оцу алхаш чохь дIанисдина ткъе ялхитта терахь: цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, ялх, ворхI, бархI, исс, итт, шийтта, дейтта, пхийтта, ялхитта, берхIитта, ткъа, ткъе цхьаъ, ткъе диъ, ткъе пхиъ, ткъе ворхI, ткъе бархI, ткъе итт, ткъе шийтта, ткъе пхийтта, ткъе ялхитта, шовзткъа, шовзткъе шиъ, шовзткъе пхиъ, шовзткъе бархI, шовзткъе исс, шовзткъе дейтта, шовзткъе ялхитта, кхузткъе кхоъ, кхузткъе диъ, кхузткъе шийтта, дезткъе цхьаъ.
ХIара ткъе ялхитта терахьдош багах ала Iамо деза уггар хьалха: багара мотт а ма бу буолийта безаш, атта карчийта безаш. Терахьдешнаш юха-юха доьшуш, шардеш, багара мотт хьовха, бIаьрг а, хье а булуьйтуш, Iамаяхь, дика Iемар ю таблица.
Царах хIара пхи терахьдош: цхьаъ, ткъе пхиъ, шовзткъе исс, кхузткъе диъ, дезткъе цхьаъ – цхьаццазза деана Пифагоран таблицехь.
Шиъ, кхоъ, пхиъ, ворхI, итт, дейтта, пхийтта, ткъа, ткъе цхьаъ, ткъе ворхI, ткъе бархI, ткъе итт, ткъе шийтта, ткъе пхийтта, шовзткъа, шовзткъе шиъ, шовзткъе пхиъ, шовзткъе бархI, шовзткъе дейтта, шовзткъе ялхитта, кхузткъе кхоъ, кхузткъе шийтта – хIара ткъе шиъ терахьдош шо-шозза далийна.
Диъ, исс, ялхитта, ткъе ялхитта – хIара диъ терахьдош кхоккхазза далийна.
Ялх, бархI, шийтта, берхIитта, ткъе диъ – хIара пхи терахьдош доьа-доьазза далийна.
(Вайн дошамаш тIехь, муха яздан деза аьлла, гайтина дацахь а, хIокху терахьдешнийн кепаш юьззина яло хьаьвсина вай, дуьйцург бух болуш хилийтархьама. Цхьаццазза, шо-шозза, кхоккхазза, доьа-доьазза – хIара хIуманан мосазалла гойтуш долу терахьдешнаш тхайна ма-хеттара яздина, хуучо нисдахь, вас а хир яц).
Инзаре доккха маьIна чулоцуш а, кхета атта а ю Пифагоран таблица. Цу чохь дIанисдинчу терахьашца нохчийн маттахь болх бан Iамахь, кIорггера карадоьрзур ду-кх нохчийн берашна дерриг математикин Iилма! Муьлхха мотт а, Iама а Iемаш, бийца хуучу, хьекъал долчу нохчийн берана и хала хир дац.
Цхьаболчу вайн къомах бу бохучу хьекъалан дайшка хаьттича, оьрсийн мотт хууш ца хиллехь, хIотталур яцара Пифагоре шен таблица.
«Таблица умножения» олуш долу «эцаран хьесап» нохчийн маттахь ца лелийча ца долучу хьоле бовла беза вайн хьехархой (къаьсттина – юьхьанцарчу классийн хьехархой!), ткъа цул тIаьхьа – дешархой а! Массо а классехь нохчийн маттахь дагахь хаа еза и таблица! ТIаккха математикех хIинца кхетачул а дуккха а дика кхетар бу; математика, ша бакъдолу Iилма санна, кхачам боллуш Iамор ю. Нохчийн маттахь лара а, хьесап дан а, эца а, декъа а, тIетоха а, дIадаккха а хуур ду берашна атта, эвххьаза, таханалера вайн интеллигенци санна, холча а ца хIуьттуш. Кхечу къаьмнех долчу адамашна (дукха ма ду дуьненахь къаьмнаш!), оьрсийн маттахь и таблица дагахь а Iамийна, хууш яц математика. Пифагор а хиллачух тера дац оьрсийн мотт хууш. Iаьрбаша юкъадаьккхина долу математикан хьесапдаран Iилма дуьненарчу къаьмнаша шайн-шайн маттахь Iамийна, шаьш къаьмнаш долу дела!
Дагахь Iамаде эцаран хьесап! Жимачо а, воккхачо а!
Деша а деший, хIара-м суна хаьара, алий, Iадда ма дита. Дагахь Iамаде!!! Тахханехь! ХIинццехь!

Цкъачунна х1ара кхо кеп тоьар ю, схьахетарехь. Эцаран хьесапан важа кепаш т1аккхахула йовзуьйтур ю вай. Дала мукъа лахь!
1 х 1= 1 Цхьаазза цхьаъ – цхьаъ
1 х 2= 2 Цхьаазза шиъ – шиъ
1 х 3= 3 Цхьаазза кхоъ – кхоъ
1 х 4= 4 Цхьаазза диъ – диъ
1 х 5= 5 Цхьаазза пхиъ – пхиъ
1 х 6= 6 Цхьаазза ялх – ялх
1 х 7= 7 Цхьаазза ворхI – ворхI
1 х 8= 8 Цхьаазза бархI – бархI
1 х 9= 9 Цхьаазза исс – исс
1 х 10= 10 Цхьаазза итт – итт
2 х 1= 2 Шозза цхьаъ – шиъ
2 х 2= 4 Шозза шиъ – диъ
2 х 3= 6 Шозза кхоъ – ялх
2 х 4= 8 Шозза диъ – бархI
2 х 5= 10 Шозза пхиъ – итт
2 х 6= 12 Шозза ялх – шийтта
2 х 7= 14 Шозза ворхI – дейтта
2 х 8= 16 Шозза бархI – ялхитта
2 х 9= 18 Шозза исс – берхIитта
2 х 10= 20 Шозза итт – ткъа
3 х 1= 3 Кхузза цхьаъ – кхоъ
3 х 2= 6 Кхузза шиъ – ялх
3 х 3= 9 Кхузза кхоъ – исс
3 х 4= 12 Кхузза диъ – шийтта
3 х 5= 15 Кхузза пхиъ – пхийтта
3 х 6= 18 Кхузза ялх – берхIитта
3 х 7= 21 Кхузза ворхI – ткъе цхьаъ
3 х 8= 24 Кхузза бархI – ткъе диъ
3 х 9= 27 Кхузза исс – ткъе ворхI
3 х10= 30 Кхузза итт – ткъе итт

Г1оза 1амайойла!!!
__________________
Каждое сказанное Вами слово может быть использовано против Вас
Дис вне форума   Ответить с цитированием
 

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 04:03. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017