Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
04.05.2018, 17:03 | #21 |
бакъйолу аккази)
|
Г1АЙГ1АНЦА САТИССАМ !
1 Х1ара дуьне цкъацц1а ша гатло вайн баланна. Цхьаболу вайн К1ентий Оьздаллех буохарна. Муьжгеха д1атарлуш х1уьмуьлгех ловзарна. Шайн Дайн дукъ ца доьвзаш осала бовларна. 2 Х1ара дуьне наггахьа жимло сан даганна. Хуорамо д1алоций кханенаш кхулорна. Нохчийн къам орамех хедаш малдаларна. Вай дайъинчу мостаг1ийн мотт буьйцуш леларна. 3 Х1ара дуьне сих-сиха б1арзло сан хьежарна. Наной бу берашна Ден Дайн мотт хербина. Ткъа марой шайн тергуо декхарех йицйина. Доьзалшна хех лаьтта 1уьналла дайъина. 4 Х1ара дуьне наггахьа духу Са тиссарна. Кху маттаца мел долу Сийлахь нур кхуолийна. Вайн кхетам кхобу и баххаш д1атиссарна. Моттарг1ийн шалхонех 1уй оьшуш диссарна. 5 Юха доьдий х1ара дуьне серлонца дог-оьцуш. Ерриг вайн г1елонаш иэшорехь йагийна. Доь долуш т1ах-аьлла Кегийрхойн гуча буьйлуш. Лам санна Эхь долуш г1иллакхех буьззина. 6 Цу суьрто х1ара дуьне шовкъенехь ийъарна. Кханенаш вайн К1ентийн белшашт1ехь хиларна. Оьздачу Мехкарийн дог1мехь Сий дахарна. Вайн къоман х1у лардеш жоьпалла хиларна. 7 Массо а ойланех лаамаш къагийна. Ца темаш,эшамаш,хуорамаш байбина. Маршонан туркх хилла,кхетамна нисдина. Дерриге сайн дешнаш К1енташна хьажийна. 8 Воьхначу б1еналла ,Яхь ерг цхьаъ туолийна. Шина шайна мах боцу дуьне ду хьуна. Ларамца Толаман лакхение кхачийна. Вайн къоман кхетамехь Сийлалла ю хьуна. 9 И кхетам схьабаьлларг Ислам Дин ду хьуна. И ларбар Къонахийн Г1азот ду лерина. Вайн г1илкхаш лиелийнарг ша Элча ву хьуна. И кхетам Нохчаллийн орам бу кхиийна ! Аьрсбин Абу-Бакр 04.05.18 шо |
09.07.2018, 18:02 | #22 |
бакъйолу аккази)
|
вот такая народная философия из под пера Аьрсбийн Абу-Бакар:
"Нохчо а ву иштта лерина .Мостаг1чунна доьхьала буьрса ирча, юххе х1оьттинчу накъостанна тешаме хаза товш а волуш, Алхьамду лиЛлах1..." 1УЬНАЛЛА ! 1 Лекхачу ломаца Дартано буцу шен бен а, Адамеха,акхаройх цо ларбеш и бу. Шен 1уьналлехь к1орнешна боцуш шехь тем а, шен тоьвна дахарна кечдеш и сема ю. 2 Дин, Г1иллакх,1адат,Яхь,вайн маттаца къам а, лардинарш гуттара вайн Баккхий Нах бу. Уьш лоьруш ,ладуг1уш ца бахь вай хам а, Иэс дайна,мотт боцуш,вай х1аллак хира ду. 3 Ч1аг1онца, г1елонца йовзарехь марзо а, шайн къоман 1уьналдеш вайн Къонахий бу. И Сийлахь дарж дезарш г1еллахь вайн К1ентий а, Кегийрхой шун кхане д1айарна кхерам бу. 4 Къонахийн Сийлалла каруош яц мехах а, х1оранне а зил тохар шен карахь а ду. Дартанан лам боцуш кхуьуш яц т1аьхье а, Ийманца Яхь яцахь леш Нохчийн къам ду . 5 Шен къомах д1ахедаш 1инахчу воьжнарг , мотт хуьйцуш тилвелла ша д1авайнарг ву. Ша буьйцу хийра мотт шенчулла ойъург а, и къам мотт шен Дайлла тоьлла хеттарг ву. 6 Шен Динан мехаллаш дайдина хьийзарг а, шайт1анна массарел веза гергарниг ву. Да-Нана ца кхиеташ т1аьхьа дисна моьттарг а, хьекъалах иешарца ша телхинарг а ву. 7 Вай Динехь Кхетамца мотт ларбеш мел ду а, ямартхойн к1елонаш вай йуохор ю. Баккхийчийн хьехамаш тергоние мел лоьцу а, вайн къоман Синакхиетам бохь боккхуш бехар бу. 8 Харцонна х1илланна уггаре сов берш а, Бакъонца ч1аг1белла и вайн К1ентий бу. Шайн кхерчахь уьш кхиош Нийсонца тусуш а, Кхоьллина Ницкъ болчу вайн Делан лаам бу. Аьрсбин Абу-Бакр 07.07.18 шо : *** Дарта ю -Нохчаша "доккха дашон Аьрзо" олуш 3 метр шуьйра а долуш уггаре доккха олхазар ду. А. Мациевн а, А.Исмаиловн а дошамашт1ехь и дарта г1алат деш язйина ю, дрофа аьлла цхьана хина котамах таръеш. Империйн д1оьвшех ду иза а.И Дартана кхетам,цуьнца йоллу Маьрша марзо а йайъа лерина долуш. Гена йоцчу заманахь вайн Дайша и Дарта яра,Борз санна ч1ог1а лоруш Нохчочуьнан амалца тарйина лелош хилла а ю иза.Доьхьала хьаьжча ч1ог1а буьрса ирча ю,аг1ора хьаьжча иштта хаза а йолуш.Нохчо а ву иштта лерина .Мостаг1чунна доьхьала буьрса ирча,юххе х1оьттинчу накъостанна тешаме хаза товш а волуш ,Алхьамду лиЛлах1... |
25.03.2023, 21:49 | #23 |
Серебро
|
Дика белхаш бу вай ваш! Къоман кIант ву, говорит правду даже против себя, поэтому люди всех обществ его уважают, также он достойно, как свободный человек, принимает и критику, на что не способны люди с рабской кровью, речь не идет про оскорбления или ложь, а достойную критику и замечания.
|
25.03.2023, 23:45 | #24 |
من بني عاجيك
|
Бесспорно колоритный и наверное полезный человек, но приукрашивает, а где-то и отсебятиной занимается.
|
25.03.2023, 23:50 | #25 |
бакъйолу аккази)
|
шена Дала белчу ницкъаца къа хьогуш вукх Абу Бакар..
хан д1а эхарх, адамаш, зама хийца йаларх цкъа а къорда цадеш, шен некъах ца вухуш цхьа вог1уш ву.. |
25.03.2023, 23:59 | #26 |
бакъйолу аккази)
|
|