Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
01.11.2018, 17:44 | #11 |
...
|
БIАЬРГАШНА БIАЬРЗЕ ХИЛЛА …
БIаьргашна бIаьрзе хилий Яха боху соьга. Лергашна къора хилий, Лела боху соьга. Маттана догIа тоха Iама боху соьга, Ас шун бакъдерг доьху дела, Со галъяьлла боху соьга. Елхаран метта соьга Тахана ела боху, Еларна мета соьга Тахана елха боху. Лайн амалш йолчу нахах Элий лара боху, Дела воцу мунепикъаш Соь къобалбе боху. БIешерийн мур бу боху Иштта чолхе хIуттуш, Керла пачхьалкх кхуллу боху, Маьрша синош дойуш, КIант шен ден дуьхьал хIоттар ГIиллакхе ду боху. Вашас ваша цIийла керчор, ГIазот хуьлу боху. БIаьргашна бIаьрзе хилла Лела ца ло, лела! Лергашна къора Хилла, Яха ца ло, яха! Когах хьерча къинойн маша, Цо галдоху болар, Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те Хьан лазамийн доза? Со хьан Iуьйре леха йоллу, Дитна пелхьойн ловзар, Со хьан суьйре лаха йоллу, Бицбеш хилла хьовзам, Со дIайоьду лаха, делахь, Хьан лазамийн доза, ЦIийлахь Iуьллу сан кортали Соьга хьоьжу доьхна… |