Старый 06.04.2023, 18:09 #11
Сэр с ЧИАССР Сэр с ЧИАССР вне форума
Платина
Аватар для Сэр с ЧИАССР
 
 
Регистрация: 27.11.2017
Адрес: grozny
Сообщений: 4,078
Вес репутации: 1718
Сэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможноСэр с ЧИАССР невозможное возможно
По умолчанию

ТIам сийна кхокха
ХАМИДОВ Iабдул-Хьамид.
(Берийн туьйра-пьеса)
Кхаа декъехь, ворхI суьртехь

Дакъалоцушберш:

Бикату – йоккха стаг
Леча
Лоьма
Куьйра – цуьнан кIентий
Iаьржа-Хожа
Жоьра-баба – цуьнан нана
Дугал – Хехо
Мугал – Хехо
Хьалхара Ялхо
ШолгIа Ялхо
Самарт – Йоккха стаг
Iимран – Эвлара кIант
Салман – Эвлара кIант
Мангалхо
Воккха стаг
ТIам сийна кхокха
Лергана семаниг
Махал масаниг –
БикатугIеран эраш
Баккхий а, кегий а нах

1959-чу шарахь НГIАССР-хь хиллачу драматургийн конкурсехь республикански жюрино 2-гIа преми елла хIокху пьесина.
....

.....Мугал: Со хьоьга ладугIуш ву-кх, Жоьра-баба. ХIун боху ахь?
Жоьра-баба: Вайн бIов йолчу агIорхьа схьагIертачу адамийн хьожа еттало суна. Йоккха хиларна бIаьрса телхина сан. БIаьргтохал массанхьа а! Хьажал, хьайна хIумма а гой!
/Мугал хьожу/
Мугал: Гуш хIумма а дац, Жоьра-баба. БIаьрго схьалоцу аренаш ерриге а еса ю.
Жоьра-баба: Мугал, сан тахана, кхо эзар шо кхаьчна, тохара санна, дика ца дало соьга гIуллакх. Гена махка жа дало вахана, цIахь вац сан кIант Iаьржа-Хожа. И цIахь воцуш, вайна тIелата тарло, цундела хьо а, Дугал а чIогIа сема хила веза.
Мугал: Дика ду‚ Жоьра-баба, тхойшиъ цкъа а ца хиллачу кепара сема хир ву. Жоьра-Баба: Маьлха-Аьзни хIун деш ю? Реза юй хIара Iаьржа-Хожин зуда хила?
Мугал: Яц. Цкъа хьостуш‚ тIаккха кхерош, дийцира ас цуьнга. ХIуъа а дича а, иза резахирг а ца хилла, асий‚ Дугалссий вайн бIаьвна чохь хьостамашца пенах дIатоьхна иза. Охашимма цуьнга аьлла, Хожин зуда хила хьо резахиллалц, иштта латтор ю хьо, аьлла. Тахана кхоалгIа де ду иза чохь йоллу, хIетте а Хожин зуда хила реза ю ша ца олу цо.
Жоьра-баба: ХIумма а дац, тахана ца алахь, кIира даьлча эр ду. КIира даьлча ца алахь, бутт баьлча эр ду. Амма, цо ша Хожин зуда хила реза ю аллалц, пенах дIатоьхначуьра схьаяккха мегар дац.
Мугал: Дика ду. /дIавоьду/
Жоьра-баба: /эрна ара бIаьрг бетта, ладугIу/. Мугала хIуъа а бахахь а, кхузахьа схьагIертачу адамийн хьожа еттало суна.
/Чехка чуэккха Мугал./
Мугал: Жоьра-баба, Жоьра-баба!
Жоьра-баба: ХIун хилла? Стенна хьоькху ахь, ватIийча санна, и мохь?
Мугал: Борз уьгIначу чхар тIера дIахьаьжча, ченан дохк ю гуш.
Жоьра-баба: ШайтIанан мох буй-техьа хьуна гург?
Мугал: ХIан-хIа, бац. Мох санна чехка, вай долчухьа говрашкахь вогIуш ши бере ву. Цу шинна тIаьха, ма-далло сиха догIуш, ши эр а ду.....
https://izdat-dom.ru/dramaturgiya/ha...5qk49512164323
__________________
Желаю всем спокойствия духа и кротости сердца.
Сэр с ЧИАССР вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 07:54. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017