Старый 30.12.2016, 17:39 #1
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Болатах кхоьллина хилла хьо латта,
Стигалан 1арчаш а шаьш йолчехь лаьтта.
Царел а ч1ог1а дилхан дог хилла
Дуьлинарг балано ца тардуш кийра.

Хьо винчу Ненан мел хьоме вара хьо,
Хьай къеначу Дадин синг1ортор йара хьо.
Латтийна аьхна бух т1е товжа йишина,
Лаьттина даимна тешаме вешина.

Тахана воьссина хьо винчу Дег1аста,
Ц1а йерзош ойланаш йаьржина, эххара.
Тохадеш хийла дог, са де1ар дицдина,
Собарах ца бухуш шу лоьхуш лелачийн.
Тамия 31.12. 2016 ш
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.02.2017, 22:08 #2
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Тховса корах ара хьаьжча..

Мокха шаршо тесна мархаш стигал къайла йехьна,
Куора к1елахь нускал санна кирхьан бухахь беш.
Мохо ловзош лайн седарчи хьиза т1ома даьхна
1аршашкара чу дийссинарш дуьне къагадеш.

Ларйан, йисна цхьалха лар, цхьалха урам х1оьтти
Сирла дети гуонах 1енош леста цхьалха дит.
Г1ура мехаш дера уг1уш царна улле г1ерта,
Мархан бехчалг д1а а туьттуш хьоьжуш къежа бут.

Кхаа талла йуккъехь йайна некъ ца карош буьйса,
Лаьтта цунна уллехь г1аларт дегош 1индаг1а.
Г1енаш тховса пана девла наб ца карош дисна,
Ткъа сан коран серло х1оьтти цаьрга ладег1а.
Тамия
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2017, 20:33 #3
полуночница полуночница вне форума
странник
Аватар для полуночница
 
 
Регистрация: 18.04.2013
Адрес: ДАЙМОХК
Сообщений: 220
Вес репутации: 513
полуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможнополуночница невозможное возможно
По умолчанию

Хьекъалан да волчо хиламех оьцур бу пайда,
Нахана ца еш шен дахарах кхардаман майда.
!амалех, адамийн марзонех гулбеш шен бахам,
Эхьо ца 1уьйдуш, дуьненахь йиш хир ю ваха.
А.Джабраилова
__________________
Молчание- великий друг, который никогда не изменит/Конфуций/
полуночница вне форума   Ответить с цитированием
Старый 12.03.2017, 16:25 #4
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 15.06.2017, 17:04 #5
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,418
Вес репутации: 8351
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию

Дуккханна б1аьргаша хьистина ойла
Хийла а кхийдина деган къайлене.
Хийламо, тешам луш, г1иттийна т1ома
Наггахьа кураллийца хьийжина гома.

Дуккхазаъ со левеш, тилла а хилла…
Сайн дагна дола дан аса биъна дуй,
Ларамза къар а бой, дог маьршачара
Вуьтура, цхьаллийна доттаг1а вой.

Хьоьх йолу ойланаш д1ат1оьттуш генна,
Кхи 1еха ца вала, аса ч1аг1онаш йо,
Амма хьо ца гуш, де новкъа даьлча,
Д1абов-кха сан кийрахь т1аьххьара суй.

Иса Махмудов
10.07.2016 шо
Райя вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.07.2017, 22:44 #6
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Имран Усманов
Дала шен къинхетам бойла цунах а, д1а г1ондолчу вайх а..

Бераллехь вай дуьне мел доккха хетара, меллаша д1а йоьдуш хетара хан,
Дуьне къахьло аьлча цунах ца кхетара, мотта ца моьттура со лур ву къан.
Йовхонах хьоьгуш хан йог1у шелвелча, жималлий ше хенахь ца бо вай хам,
Марзо а д1айолу къаьхьа кад мелча, къанвелча д1аболу дуьненан чам.

Зама, къайлах хьан боларан ас тидам бора, хьан х1ора амалан маь1на а гуш,
Дуьненан да ву ахь цкъа моттийтура, со ирсе цхьа а вуй те хеталуш.
Зама, ахь вадавой со цкъа мархашка хьора, дог 1ехадолийти хоьцура чу,
Лаьттах а текхий са ваьржи д1аг1ора, гулвой ахь юха а са кхуллура чу.

Хьоьца ас къуйсур дац, ницкъ бу хьан шорта, Ахь къанво хеназа, ахь шел а во,
Дуьне а, дахар а хьо хийца г1ерта, Къонахий дегнаш хьоьга къар ма ца ло.
Т1аьхьарчу хенахь со хьох ма ца кхета, яцйа хьо г1ерта те сан йисна хан,
Суна-м со башха кхи ваьхна ца хета, хетало гинарг ду буьйсана г1ан.

Зама, ма хаьа суна хьо соьл тоьлар юйла, к1езиг бен ца йисни сан яккха хан,
Ткъа хьуна хаарий со кийча вуйла, ца къарлуш д1акхехьа муьлха некъ хьан,
Зама, суна эхь хета и хан Деле йеха, х1у хаьа йоьхург юй кхечунна хан,
Хийла к1ант ваьхьи ахь дуьнена меха, къонахий чекх бовлахь сий хир дац хьан.
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.03.2018, 15:58 #7
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

Микаил Эльдиев

Ӏодика ма елахь... Меллаша ялий дlагlолахь,
Малхана делалой дlадоьду сирла тхи санна...
Синлазам белхабеш хилийта буьйсанан болар,
Лазаме я мерза хилийта сан кура цхьаьлла
Хьо йоцуш и хилахь, lодика ца еш дlагlолахь.

Сатийсам ма лолахь, Къабилан къа санна базбеш,
Яц хьуна ойланйин хелхарша йоьттина гlала.
Доьхначу дегнаша синошна кхел йоьхуш, арз деш,
Дlогlанан цхьа тlадам лаьтта ца lанабо Дала...
Сатийсам ма лолахь... Ца хилча санна дlагlолахь...

Дешнаш ма диталахь... Айхьа уьш мел хаза аларх,
Совдаьлча мерзачу мазах а lаьржа дlовш хилла...
Серсачу догlано экаме хьистина lалам,
Шийлачу вертанца дlахьулдеш тlеюссу чилла...
Дешнаш ма диталахь... Бералла санна дlагlолахь...

Цхьа дагалецам бен ца буьтуш дlагlолахь. Суна,
Диц ца дан цкъа мацах сан ирсе мlаьргонаш хиллий...
Мел вехха хьо ларъян сайн дагчохь сел хаза, къона,
Яздан а хьоьх лаьцна чекхдала йиш йоцун илли...
Тийналла ца къахкош, кӏайн марха санна дӏагӏолахь...
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.07.2018, 11:32 #8
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,418
Вес репутации: 8351
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию

Ойла сан кура ю алий,
Дагна сан ма елахь чов,
Дерриг сан бехкана ларий,
Дижийта г1аьттина дов..

Вайшинна безаман хьаса
Зен г1ерташ, ма ийзабе.
Дегнаша кхайкхина «хьаша»
Бехк боцуш ма чехаве..

Ахь иза доггаха хьаста,
Хьайн йовхо ца кхоаеш,
Йиш ма яц вайшиннан къаста,
Ягаеш безаман беш..

Гой хьуна, хьо-хьуо а кхетта –
Хьан б1аьрхиш ду цунна теш.
Ма елха, елха дац атта,
Безамо дог делхадеш..

Д1адахнарг дуьхьала туьйсуш,
Лехь а хьо наггахь соь харц,
Шеконийн дорцаца къуьйсуш,
Аса хьох догдуьллур дац..

Амма ахь, кура а ялий,
Дагна сан ма елахь чов,
Хьо езар хьайн ирс а ларий,
Екхало – хьоьгахь и тов…

Ахматукаев Адам
Райя вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.07.2018, 13:49 #9
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,418
Вес репутации: 8351
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию



Хабаев Исмаил
Райя вне форума   Ответить с цитированием
Старый 20.07.2018, 11:13 #10
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,418
Вес репутации: 8351
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию

Вайна юккъехь лазам Iуьллу, саьрмик санна, луьра.
Вайна юккъехь доза хилла, лаьтта шерийн пен.
ГIайгIа яц дIаяла туьгуш вайн бIаьргашна чуьра,
Хьалха санна, хIинца цо ца бетта вайна пе.

Вайна юккъехь херо уьду. Ю и стимал къаьхьа.
Вайна юккъехь - гIорийначу шовкъех хилла шаш.
Акхадевлла жIаьлеш санна, угIу вайна тIаьхьа
Дегайовхо эккхаш, кхоллаелла геригаш.

Вайна юккъе херо юьйли, цергков санна, ирча.
Вайна юккъе букар дижи синхааман каш.
Юккъаметтиг вайн талхийнарг нагахь шайтIа хилча,
Мичахь ду хьо суна хазъеш лелла маликаш?

Iилман Юсупов
Райя вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 19:57. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017