Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
|
28.05.2017, 15:29 | #1 |
Платина
|
ВАЙН ВОККХАЧУ-ДАДАС ЛАРДИНА ДУКЪ !
ВОККХА-ДАДА ! \ БисмиЛлах1...\ 1 Дуьненан ширалле, хьаьжжина Воккха. Еххачу замано ,1амийна шортта. Дика а ,ямартло, йоьвзина йоккха. Доьналлехь тхан дахар ахь даьккхи Котта ! 2 Доккха Дукъ ,хьайн белшаш х1иттош т1елаьцна. Вайн Далла хьалха хьо, хат1-хилар кхоьруш. Нийсонна 1у хилла, халкъана ваьцна. Вог1у хьо Юьхь хилла, ва Воккха-Дада !. 3 Де-дийне мел долу ,хьекъалца к1арглуш . Шо-шаре мел дели, сибташца хазлуш. Хан-зама мел ели ,Наханна виэзаш. Хьо воцуш ца торрург ,хилла ву Дада ! 4 Ахь мосаз г1иттийна ,Маршонна К1ентий . Суй болуш хьайн дашца,х1ай Нохчийн Дада ? Ахь мосазза дерзийна ц1ий 1анон дов ? Машаран Масла1атца ,х1оттаеш б1ов ! 5 Хьо даим лаьттина ву ,тхан Мехкан Да. Инарла тойнехь ву, дика-вонна Да. Хьан хазчу сибтаца ду ,хьан къоман васт. Хьан Оьздан маттахь ду, б1ешерийн г1аст ! 6 Хьох гуттара тешна ду,сан жима къам ! Хьо лардеш хилла ву,Цу Делан Къур1ан ! Ткъа лааза х1у дисна ахь,кху лаьттат1ехь ? Турпал чекх вийлина ,тхан Воккха-Дада . 7 Дажалан "1едало" ,хьо мостаг1 кхайкхира. Дерриге халкъаца хьо ,Махках ваьккхина. Иттаннах варх1 веро, хьо къар ма ца вира. Ахь лардеш мел дериг,х1аллакдан лерина ! 8 Дай баьхна ламанаш,хьан дита дийзира. Хьомсарчу Д1ег1астах,лаамза ваьккхира. Дай 1охку цу кешнех,хьо къиза хадийра. Йоккхачех и киртиг ,хьан Синуо лайра ! 9 Цу сенчу Сибрехахь ,1ай чилла хенахь. Шелоно,махкалло ,байъинарш байра. Г1ароле х1оьттина,вайн къоман хьармахь. Массеран 1уьнал деш ,тхан Воккха-Дада ! 10 Х1оранне чу-х1уьттуш ,хьаштонаш лоьруш. Т1аьххьарниг схьайохуш ,берашна кхийдош. Нахах ахь лечкъийра ,хьайн деган баала. Хьо лаьттира нур хилла ,Яхь д1а ца луш ! 11 Мацалло хьоькхуш берш ,д1абохка ца ларош. Шелоно г1уорош берш ,бохбан а ка доцуш. Дог-ховха хьан дашуо ,ир-кара х1иттош. Тхан миска Наношна ,ахь Тиэшам белира ! 12 Цу къизчу харцонах ,хьайн дог а ч1аг1дина. 1ожалла кхерсточух ,дера хьайн ка-тоьхна. Же-яма кхайкхорах ,Барзаха г1аьттина. Хьан Дола ма туьйлира ,тхан Воккха-Дада ! 13 Г1орасиз висначуьн ,ахь бала айбира. Гамуо ерг массо хьан, шаьлтано лецира. Хьо сацон кхул т1аьхьа ,лаьттахь ницкъ бацара. Хьо ч1ог1а хиларна ,вай Махка дирзира.(АлхьамдулиЛлах1) 14 И дерриш ахь лайнарш,дийцина вер вац. Ма дарра сурт дийца ,вайн хьекъал тоьар дац. Аллах1ан Лаамца ,хьо бахьна а хилла. Цу балех вай доьвлира ,ва Воккха-Дада ! 15 Ц1а боьрзурш д1анисбеш ,Турпал-юкъ йихкира. Хьо тешнарг д1ах1оттош ,Са-парг1ат делира. Къам далаза дели сан ,хьан дагуо элира. Керла чкъор долалуш ,хьо дендан велира. 16 И чкъор ахь ийцира ,хьайн довха куьйгашт1е. Хьайн Оьздачу нуьреха ,д1ахуттуш тхан з1е. Ахь ч1аг1о лецира ,тхох т1аьхье еш кхане. Ахь ниййат ч1аг1дира ,ца хьоьжуш халоне ! 17 Ткъа г1аскхаша бихкина ,хьан лаам бара. Хьох кхерам царна ,дукха боккха а бара. Ма к1езга тергал вира ,ахьа комунист. Хьайн ц1ена некъ болийра,шен йоцуш йист ! 18 Ахь тхуна довзийтира ,вайн Делан Дош. Ийманах ,Доь |
28.05.2017, 15:31 | #2 |
Платина
|
Г1ИЛЛАКХО БЕН КЪАРДЕШ ДОЦУШ !
НОХЧИЙН КЪАМ ! 1 Дакъа д1адолла меттиг боцуш. Кийра балхон доттаг1 воцуш. Улле х1отта накъост воцуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. 2 Корта бохбича когаш шеллуш. Когаш бохбича корта шеллуш. Лоьран молха тоаьш доцуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. 3 Доьнал доцург г1ортор йоцуш. Хьунар доцург Ваша воцуш. Яхье амал йоьжна йоцуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. 4 Г1иллакхо бен къардеш доцуш. Ц1ануо бен хьайн сица йоцуш. Делах бен хьо кхоьруш доцуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. 5 Ломан бохьца хьайн Сий долуш. Синна кхача марзо йолуш Дезар коьртехь Маршо йолуш. Цхьалха деха Нохчийн къам 6 Шайн 1аламна т1алам болуш. Лулахошца к1еда долуш. Мостаг1ашца буьрса долуш. Цхьалха деха Нохчийн къам 7 Дустар барам Шар1а долуш. Са ц1ена шайн дегнаш долуш Ц1арматалла иэхье долуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. 8 Комаьршонца саг1а долуш. Къинхетамца дегнаш долуш. Майраллийца ч1аг1уо йолуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. 9 Дайн-Мохк безар ц1ийца долуш. Элча везар дагца долуш. Дела Хьукум коьртехь долуш. Цхьалха деха Нохчийн къам. Аьрсбин Абу-Бакр 19.05.17 шо: |
28.05.2017, 16:20 | #3 |
бакъйолу аккази)
|
Абу- Бакар, нохчийн г1иллакхан хазна шен сица 1алашйина ву..
цундера суна ч1ог1а мехала хета цуьнан йозанаш.. Халонехь ца воьвзинехь , Доттаг1 ву ма алалахь. Оьг1азаллехь ца зийнехь , К1ант воьвза а ма алалахь. Даьхнийца сутара верг , Стаг ву а ма мотталахь И доцуш къоьллехь верг, ледира а ма хеталахь ! 2 Мисканаш Элчанна , безнийла а хаалахь. Даьхнийно талхийна , уьш боцийла кхеталахь. Деле шаьш кхидийна , До1анашца ларбина. Т1етовжа хастамие церан Синош ларалахь ! 3 Даьхни сов дезаро , тилош вуй кхеталахь. Цунна са гатдаро , 1амалах хедорехь. Шех йоолу цамгаро , хервохуш Бакъонах. Жим-жима д1аваккхаро , хедавеш ц1аналлех ! 4 Амма ша ларвелларг , Оьздачу Доьналлехь . Шен буйнахь латтийнарг, хьолуо ца талхорехь . Вайн Дала айъинарг, Г1азотан дозаллехь . мисканийн Дола дерг , Наханна иэшарехь ! 5 Юьхь доьхьал мел къежарг , дог ц1ена вац хьуна. Хаза дош мел олург , и лардеш а вац хьуна. Дахарехь Эхь-бехк дерг , къасташ а ву хьуна. Ийманехь Нисвелларг , Ваша а ву хьуна ! 6 Малхехь мел къегаш дерг , деший а дац хьуна. Аьттонехь юххехь верг , массо накъост вац хьуна. Дуккханна а езаш ерг , Нийсо а яц хьуна . Иттаннах цхьаъ воолург , тоаме а ву хьуна ! 7 Хьан Ден-Да ша вийнарг , хьо везаш вац хьуна . Дашера-дош мел даьлларг, мостаг1а а вац хьуна. Вешийца коьртехь дерг , Доттаг1алла ду хьуна . И Вошал латтош дерг , Вайн Тиэшам бу хьуна ! 8 Цкъа а ша дика дерг , дукха хуьлуш дац хьуна. Бух боцуш моьтташ дерг, пайденна а дац хьуна . Нохчийн мотт мел 1аьмнарг , Нохчо а вац хьуна . Мостаг1чо дахьаш дерг , д1овш доцуш дац хьуна ! Аьрсбин Абу-Бакр 08.05.17 |
30.06.2017, 22:04 | #4 |
бакъйолу аккази)
|
Хьо бецара сан Даймохк?
1 Хьо ецара ДегIаста, Исламах дог долуш ? Хьо ецара Нохчийчоь, ГIиллакхийн бохь болуш ? Хьо ецара Нохчийчоь, Доьналлуо кхиийнарг ? Дуьненчохь яьлла-гоь, ПаргIато ларйинарг ! 2 Хьо бецара сан Дайн-Мохк, лаьттатIехь къаьсттина ? ГIийланиг мисканиг, дог оьцуш хьистина ? Хьо яцара Нохчийчоь, Къонахий кхиийнарг ? Лардинарг церан доь, Маршонехь яхчийнарг ! 3 Хьо бецара Нохчийн-Мохк, дицдан хьайн йиш йоцург ? Турпалан Нохчочун, тIаьхьенех кхерч болуш ? Хьо бецара сан Дайн-Мохк, цу стигла кхоьвдинчу ? Хьуьнарца кхочу бехк, Доьналлех лам болуш ! 4 Хьо ецара Нохчийчоь, Маршонах кхача берг ? Маршонан къийсамехь, Маршонна кхоьллинарг ? Хьо яцара Нохчийчоь, Паччахьий Къаной берг ? Массуо а бераш хьайн, Маликаш лоруш ерг ! 5 Хьо ецара Нохчийчоь, Зударшкахь Сий кхаьбнарг ? Эхь-бехках дуьззина, Iадаташ доттинарг ? Хьо яцара Нохчийчоь, бакъонаш ларйинарг ? Нийсонца дуьстина, Ламасташ нисдинарг ! 6 Хьо ецара Нохчийчоь, хьайн Эхарт лардинарг ? Хьо децара Нохчийн къам, Уммат дог гIаттийнарг ? Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам ! Малх санна ша сирла, Яхь йолу Нохчийн къам ! 7 Хьо бецара сан Дайн-Мохк, мостагIий кхийринарг ? Уьш къежбеш цистина, шайн цIийла керчийнарг ? Хьо бу И сан Дайн-Мохк, денбала безаш берг ? Эккхабеш бода дохк, самабала декхар берг ! 8 Нохчийчоь хьан КIентий, гулбеш де догIур ду ! ДегIаста хьан баала, дIаэккхо Де лоьхуш ! Нохчийчоь хьан КIентий, гIоттун Де догIуш ду ! Маршонан вайн гIала, Сийлаллехь юттуш ! 9 Да виса хьан Дайн-Мохк, Iунал дан суй болуш ! Хьан Нанойн ДоIанашна, Делера жоп долуш ! Сий долу Нохчийчоь, дуьссийла хьуна тIе ! АллахIан Беркаташ, ерзош хьо Шена тIе !!! Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 ш |
05.07.2017, 00:08 | #5 |
من بني عاجيك
|
почему-то мне не понравился его рассказ о том, как в масджидуль хьарам остановили обход ка1бы из-за того, что туда прибыла группа чеченцев в числе которых был и он сам. говорит мол остановили т1аваф (обход) и стали приветствовать чеченцев и т.д.
__________________
بربروسا الشيشاني الغروزنوي الأدملي |
05.07.2017, 17:37 | #6 | |
бакъйолу аккази)
|
Цитата:
в любом случае в мире есть те, кто нами восхищаются, как и те кто ненавидит) |
|
06.07.2017, 17:53 | #7 |
бакъйолу аккази)
|
ВАЙН МЕТТАН ХАЗНА !
1 Хьайн баххаш дицдина ,ахьа стенна буьйцу. Хьайн Ден Да вийначу ,мостаг1ийн мотт ? Хьайн орам бицбина ,ахьа стенна хуьйцу. Хьо винчу хьайн Ненан ,вайн дашон мотт ? 2 Хьан къоман Синан мотт,1ама ца бойтуш. Турпалчу Дайн иэсах , д1ахедош ву хьо. Оьзда хьан сирла къам, акха ду бохуш. 1ехийна тилорчохь, д1ацоьстуш ву хьо. 3 Схьахьажий юхаверза, лераман Ваша. Мел ч1ог1а ахь лехарх , карор яц хьуна. Вайн меттан кхетамал, мерзаниг Йиша. Массо а эшамна и, дарба ду хьуна. 4 Цу чохь ю к1оргенан, эзарнаш оьмарш. Берриге хиламан, дог хьоьсту барам. Говза шад бастаран, хьекъалан дустарш. Адамаллийн лакхенан,г1иллакхан ларам. 5 Массо а Аллах1ан , бехкамаш лоьруш. Нисдарца кхелина ,Г1иллакх ду мерза. Дерриге дахаран ,Суннаташ доьвзуш. Хьан Дайша лардина,кху 1адате верза. 6 Кху чохь карор хьуна, Вошаллехь Йиша. Уггаре лаккхара, Оьздаллийн ларам. Эхь-бехке амалшца, дог ц1ена Ваша. Комаьршо йиллина, дихкина хьарам. 7 Г1о-орца оьшучахь, самонехь К1ентий. Халонан доккхалле, ца хьаьжна кийча. Г1елонна шелвелчахь, дог довха Йижарий. Чот йоцу Джовх1арш ду,хьан къоман дийца. 8 Кху чохь ду Элчанна, г1иллакхан стоьмаш. Тергамехь волчунна, къеггина гарца. Кху матто кхиош ду, Са майра лоьмаш. Яхь йолуш Иманехь,Бакъонан з1еца. 9 Кху чохь бу вайн Толам,Дуьненан Маршо. Вайн ирсан болат Барт,денбарехь молха. Т1аьхьенна беш т1алам,некъ боккху ч1аг1о. Эхартахь Кхана вай,доьвр долуш хьалха. (Дала мукълахь !) ********* Аьрсбин Абу-Бакр 03.07.17 шо |
17.07.2017, 15:39 | #8 |
бакъйолу аккази)
|
|
26.07.2017, 15:20 | #9 |
бакъйолу аккази)
|
ГЕРГАРЛО !
1 Дала Ша дог1арехь хьакъ дина. Гергало лардарехь доссийна. Вайн ц1ийнан дехьа а къастийна. Т1едожош хиттарехь лерина ! 2 Гергарло марзонаш лардина. Г1иллакхца тодарехь шардина. Лерамца ийъарехь хьистина. Вошаллийн тергонца хиттина. 3 Самонан г1ортолаш х1иттийна. Бахьанашца совг1аташ кхелина. Дагт1ера саг1анаш кховдийна. Йишаллийн довха дош даьстина ! 4 Кху хьосташ къоман бух хоьттина. Амалаш марзонехь тайина. Хералла юккъера лаьллина. Уьйранаш тешамца юьйцина. 5 Барт ларбеш ца темаш иэшийна. Лулахойн лерамаш кхоьллина. Милла а хьаша-Да везарца. Сийлахьан стоьмаш цо баржийна. 6 Гергарло хоьттинарг туолийна. Дала Шех хоьттина айвина. Гергарло д1атеснарг иэшийна. Дала Шех хадийна хервина. 7 Вай вовшийн т1едолхар д1атесча. Гергарлон дахар ду делла. И гергарло лардеш ца хилча. Вайна Дела Реза а ца хилла ! 8 Гергарло вайн кьоман ч1аг1о ю. Ч1аг1оно ларъеш ерг Маршо ю. Маршоно кхиош ерг Нийсо ю. Ткъа Нийсо Ялсаманийн ков ду ! Аьрсбин Абу-Бакр 26.07.17 шо : |
27.08.2017, 13:56 | #10 |
бакъйолу аккази)
|
КЪАНУО !
1 Къаночо лардеш дерг ,Делан Хьакъ ду. Халонций бен Доьналла доьвзар дац. Къаночо лардеш дерг ,къомалла а ду. Хьаштонехь бен ша Г1иллакх карор дац ! 2 Къаночо лардеш дерг ,вайн Нохчалла ду. Бохамехь бен Собар ша доьвзар а дац. Къаночо лардеш дерг ,Адамалла ду. Эшамехь бен Вошалла зиэлуш ма дац ! 3 Къаночо лардеш дерг ,гергарло а ду. Ларамца бен иза тарлуш ма дац. Къаночо лардеш дерг ,Маьрша дукъ ду. Къийсаман арахь бен иза ларлуш дац ! 4 Къаночо лардеш дерг ,къома Са ду. Маттуо бен гурашчохь иза кхобуш дац. Къаночо лардеш дерг ,вошалла ду. Г1елонан муьрехь бен кхоллалуш дац ! 5 Къаночо лардеш дерг ,Мехкан Сий ду. Яхь йолу хьуьнар бен и латториг дац. Къаночо лардеш дерг ,къоман Эхь ду. Ийманан бухт1ехь бен иза дехаш дац ! 6 Къаночо лардеш дерг ,вайн Ирсах ду. Тешамах хоьттина бен тоьлларг дац. Къаночо ларбеш берг ,ц1ена Кхетам бу. Эхартан стоьмех бен и баьлла а бац ! 7 Къаночо лардеш дерг ,шен декхарш ду. Цул доккха Беркат кхин хуьлуш а дац. Массо и бог1ий вайн, Делера а ду. Цуьнан Лаам боцуш Къануо хехь вац ! Аьрсбин Абу-Бакр 22.08.17 шо: |