Старый 28.05.2017, 15:29 #1
Ters-Maimal Ters-Maimal вне форума
Платина
Аватар для Ters-Maimal
 
instagram
 
Регистрация: 21.08.2016
Адрес: В паралельной вселенной
Сообщений: 4,341
Вес репутации: 3733
Ters-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможно
По умолчанию Аьрсбин Абу-Бакр

ВАЙН ВОККХАЧУ-ДАДАС ЛАРДИНА ДУКЪ !


ВОККХА-ДАДА !

\ БисмиЛлах1...\
1
Дуьненан ширалле, хьаьжжина Воккха.
Еххачу замано ,1амийна шортта.
Дика а ,ямартло, йоьвзина йоккха.
Доьналлехь тхан дахар ахь даьккхи Котта !
2
Доккха Дукъ ,хьайн белшаш х1иттош т1елаьцна.
Вайн Далла хьалха хьо, хат1-хилар кхоьруш.
Нийсонна 1у хилла, халкъана ваьцна.
Вог1у хьо Юьхь хилла, ва Воккха-Дада !.
3
Де-дийне мел долу ,хьекъалца к1арглуш .
Шо-шаре мел дели, сибташца хазлуш.
Хан-зама мел ели ,Наханна виэзаш.
Хьо воцуш ца торрург ,хилла ву Дада !
4
Ахь мосаз г1иттийна ,Маршонна К1ентий .
Суй болуш хьайн дашца,х1ай Нохчийн Дада ?
Ахь мосазза дерзийна ц1ий 1анон дов ?
Машаран Масла1атца ,х1оттаеш б1ов !
5
Хьо даим лаьттина ву ,тхан Мехкан Да.
Инарла тойнехь ву, дика-вонна Да.
Хьан хазчу сибтаца ду ,хьан къоман васт.
Хьан Оьздан маттахь ду, б1ешерийн г1аст !
6
Хьох гуттара тешна ду,сан жима къам !
Хьо лардеш хилла ву,Цу Делан Къур1ан !
Ткъа лааза х1у дисна ахь,кху лаьттат1ехь ?
Турпал чекх вийлина ,тхан Воккха-Дада .
7
Дажалан "1едало" ,хьо мостаг1 кхайкхира.
Дерриге халкъаца хьо ,Махках ваьккхина.
Иттаннах варх1 веро, хьо къар ма ца вира.
Ахь лардеш мел дериг,х1аллакдан лерина !
8
Дай баьхна ламанаш,хьан дита дийзира.
Хьомсарчу Д1ег1астах,лаамза ваьккхира.
Дай 1охку цу кешнех,хьо къиза хадийра.
Йоккхачех и киртиг ,хьан Синуо лайра !
9
Цу сенчу Сибрехахь ,1ай чилла хенахь.
Шелоно,махкалло ,байъинарш байра.
Г1ароле х1оьттина,вайн къоман хьармахь.
Массеран 1уьнал деш ,тхан Воккха-Дада !
10
Х1оранне чу-х1уьттуш ,хьаштонаш лоьруш.
Т1аьххьарниг схьайохуш ,берашна кхийдош.
Нахах ахь лечкъийра ,хьайн деган баала.
Хьо лаьттира нур хилла ,Яхь д1а ца луш !
11
Мацалло хьоькхуш берш ,д1абохка ца ларош.
Шелоно г1уорош берш ,бохбан а ка доцуш.
Дог-ховха хьан дашуо ,ир-кара х1иттош.
Тхан миска Наношна ,ахь Тиэшам белира !
12
Цу къизчу харцонах ,хьайн дог а ч1аг1дина.
1ожалла кхерсточух ,дера хьайн ка-тоьхна.
Же-яма кхайкхорах ,Барзаха г1аьттина.
Хьан Дола ма туьйлира ,тхан Воккха-Дада !
13
Г1орасиз висначуьн ,ахь бала айбира.
Гамуо ерг массо хьан, шаьлтано лецира.
Хьо сацон кхул т1аьхьа ,лаьттахь ницкъ бацара.
Хьо ч1ог1а хиларна ,вай Махка дирзира.(АлхьамдулиЛлах1)
14
И дерриш ахь лайнарш,дийцина вер вац.
Ма дарра сурт дийца ,вайн хьекъал тоьар дац.
Аллах1ан Лаамца ,хьо бахьна а хилла.
Цу балех вай доьвлира ,ва Воккха-Дада !
15
Ц1а боьрзурш д1анисбеш ,Турпал-юкъ йихкира.
Хьо тешнарг д1ах1оттош ,Са-парг1ат делира.
Къам далаза дели сан ,хьан дагуо элира.
Керла чкъор долалуш ,хьо дендан велира.
16
И чкъор ахь ийцира ,хьайн довха куьйгашт1е.
Хьайн Оьздачу нуьреха ,д1ахуттуш тхан з1е.
Ахь ч1аг1о лецира ,тхох т1аьхье еш кхане.
Ахь ниййат ч1аг1дира ,ца хьоьжуш халоне !
17
Ткъа г1аскхаша бихкина ,хьан лаам бара.
Хьох кхерам царна ,дукха боккха а бара.
Ма к1езга тергал вира ,ахьа комунист.
Хьайн ц1ена некъ болийра,шен йоцуш йист !
18
Ахь тхуна довзийтира ,вайн Делан Дош.
Ийманах ,Доь
Ters-Maimal вне форума   Ответить с цитированием
 


Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 18:57. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017