Старый 18.11.2016, 20:13 #1
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,510
Вес репутации: 2462
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию Нохчийн Эпос - Илли

ТЕРКАЦА ХЬАЛА-ОХЬА ВЕХАШ ХИЛЛАЧУ ЭЛА МУСОСТАН, АДИН СУРХОН* ИЛЛИ

I

Къонаха мел вериг кхайкхина валийна,
Къонаха мел воцург кхайкхаза веана,
Цхьа юрт йиллира, тов, цу эла Мусоста.
Юрт йиллина ва ваьлча и эла ва Мусост,
Кхойкхуш т1ебалийра, тов, цу юьртан тхьамданаш,
Гулбелла т1ебахара цу юьртан тхьамданаш.
- Ассалам 1алайкум, х1ай эла ва Мусост!
Хьо кхойкху аьлла ма-даьхки
Тхо юьртан тхьамданаш.
Хьо лаа кхойкхурий, хьо тара кхойкхурий?
- Ас лаа ма кхойкху, ас тара ма кхойкху,
Ас йоьху ва шуьга т1ехь йоцу ва ясакх.
- Дакъаза ма вала, х1ай эла ва Мусост,
Да эла хилла хьан, нана сту хилла хьан,
Хьо эла веца хьо, тхо 1аьржа нах деца,
Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн,
Эхь деца ва хьуна хьо санна
Ва болчу элашна ва юккъехь,
Ма ехахьа ахь тхоьга т1ехь йоцу ва ясакх.
- Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,
Аш сиха схьалолаш т1ехь йоцу ва ясакх! -
И аьлла ва ваьлча и эла ва Мусост,
Г1ийла юха ма бирзира и юьртан тхьамданаш.

II

Хьаьвзина ма бахара и юьртан тхьамданаш
Рузбанна диначу рузбанан маьждиге.
Дагабийла ма х1иттира и юьртан тхьамданаш:
"Мусоста ма йийхира т1ехь йоцу ва ясакх,
Мила хир ву теша Мусостан олалла
Дожийна ва дерзо яхь йолуш ва к1анат?"
Шайна дага ма веара и Адин ва Сурхо:
"Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон,
Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон,
Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон,
И Сурхо воьхур вай Сурхо винчу цу нене", -
Олуш, бахана кхечира уьш цу Сурхон ва уьйт1а,
Коьртара ва куйнаш шаьш кара ва эцна,
Гор-бертал ма ийгира и юьртан тхьамданаш,
Ша араелир, тов, Сурхо вина ва нана,
- Шу марша дог1ийла, х1ай юьртан тхьамданаш!
Шу лаа леларий, шу тара леларий?
- Тхо лаа ма лела, тхо тара ма лела,
Хьоьга веха ма даьхкина хьан жима и Сурхо,
Вехча ло ахь тхуна хьайн жима и Сурхо, -
Олуш, лен бевли, тов, и юьртан тхьамданаш
- Доллачу дуьнен т1ехь сирла б1аьрг ва тоьхна,
Сема ла ва доьг1ча, Сурхол сов амал дац,
Х1ай юьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин,
Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,
Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо, -
Олуш, чуяхар, тов, Сурхо вина и нана,
Набарна ва вижна шен жима и Сурхо,
Яйн муьшка ва йина, ша самаваьккхина,
Т1аккха лен ма елира к1ант вина и нана:
- Со яла хьан дела1, сан жима ва Сурхо,
Хьо вижий ма 1илла, сан жима ва Сурхо,
Вижина 1уьллу 1уьйре яц ва хьуна еанарг,
- Х1ун хилла, х1ун дина, со вижна ца 1илла?
Дийцахьа ахь суна, со вина сан нана,
- Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша,
Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна,
Дег1аха мерза са цара хьайга ва дехахь,
Ахь дакьхий д1алолахь дег1аха мерза са, -
Олуш лен ва яьлча ша вина шен нана,
Ша ара ма велира и Адин ва Сурхо,
- Шу марша дог1ийла, х1ай юьртан тхьамданаш!
Шу даккхий дара-кха, со жима вара-кха,
Эхь-бехк хета ва суна, шу хьалаг1овттийша,
Дег1аха мерза са аш соьга ва дехахь,
Ас шуна д1адели дег1аха мерза са,
Дог реза ва дина, х1ай юьртан тхьамданаш, -
Олуш, хьалаг1овттийна и юьртан тхьамданаш,
- Балхабел аш соьга коьртера баланаш,
Мажаран тоьпаца ас каде ойур бу,
Елхаел аш соьга кийрара г1айг1анаш,
Дуткъачу туьраца ас каде ойур ю, -
Олуш, лен ма велира и Адин ва Сурхо,
- Бала беца, ва Сурхо, и эла ва Мусост,
Г1айг1а еца, ва Сурхо, Мусостан и ясакх;
Мусостан олалла дожийна дерзадар
Хьоь деха ма даьхкина,
Кхоьллинчу цхьанделхьа, ва Адин ва Сурхо,
Дожадай дерзадехьа Мусостан олалла!
- Ма довла дакъаза, х1ай юьртан тхьамданаш,
Вежарий дукха бу цу эла Мусостан,
Ша ваьхьар вуй техьа Мусостан олалла дожийна дерзада?
- Мусостан ва санна вежарий тхо ду хьуна,
Мусостал лика к1ант хьо хета ва тхуна,
Дехар ду хьоьга, дожадай дерзадехьа Мусостан олалла!
Олуш, лен ма бевлира и юьртан тхьамданаш,

III

Цу к1айчу г1овталца, 1аьржачу вертанца,
Чо чехка чола куй б1аьштиг т1е те1абеш,
Ва г1ожан меттана терсмаймал тур луьйзуш,
Ша хьалха ва ваьлла, уьш т1ехьах1иттийна,
Хьаьвзина ма х1оьттира и Адин ва Сурхо
Мусостан ва уьйт1а,
Кхойкхуш ара ма ваьккхира и эла ва Мусост,
- Ассалам 1алайкум, ва эла ва Мусост!
- 1алайкум ва салам, ва Адин ва Сурхо!
Хьо лаа лелий-те, хьо тара лелий-те,
Х1орш т1ехьах1иттийна, хьо хьалха ва ваьлла?
- Со лаа ма лела, со тара ма лела,
Ахь йоьху бохий-ца кхаьрга т1ехь йоцу ва ясакх,
Дакъаза ма вала, х1ай эла ва Мусост,
Да эла хиллий-ца хьан, баба сту халлий-ца хьан,
Хьуо эла веца хьо, ва эла ва Мусост,
Х1орш 1аьржа нах беца, хьо эла веца хьо,
Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн,
Ахь кхаьрга ма еха т1ехь йоцу ва ясакх,
Ма еха ва аьлла дехаре веъна со,
- Хьо елла яла хьо, х1ай Адин ва к1иллу!
И ала еара хьо, х1орш т1ехьах1иттийна,
Хьо сиха ерзалахь, ва Адин ва к1иллу!
Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,
Аш сиха гулъелаш т1ехь йоцу ва ясакх,
Аш сиха схьалолаш т1ехь йоцу ва ясакх! -
Олуш лен ва ваьлча и эла ва Мусост,
Т1аккха лен велира и Адин ва Сурхо:
- Хьо елла йолийла, х1ай эла ва Мусост!
Дада лай хиллий-ца хьан, баба вир хиллий-ца хьан,
Хьуо а лай веца хьо, х1ай эла ва Мусост?
Ахь хир ду аьллариг ца хилла ма даьлла,
Ахь хир дац аьллариг ва хилла ма даьлла,
Ахь к1иллу ву боху со Адин ва Сурхо
Хьан варх1е а ва дена цу Москох
Паччахьа совг1атна ва елла,
Цу бацах таелла, зезаго хазйина,
Хьан дола йирзина и охьара ва раьг1наш,
Хьалха ор ва доккхуш, т1ехь муш ва бустуш,
Караекъа г1ур ву со кханлерчу ва дийнахь,
Хьо цига ва воьллахь, ва эла ва Мусост,
Цигахь хуур ду вайна, к1иллу верг мила ву, -
- Кхетачу малхаца, хуьлучу ва сица
Эвла йисте гуллолаш, ва юьртан тхьамданаш,
Екъна караоьцур вай Мусостан и раьг1наш,
Мусостана дийр ду вай жерочун ва дакъа,
Делах бехк ва хетта, ва юьртан тхьамданаш, -
Олуш ц1ехьа вахара и Адин ва Сурхо,
Хьешашна диначу цу дуьхьал ото чохь,
Дег1ана ховха мотт ша куьйга биллина,
Набарна ма таь1ира и Адин ва Сурхо.

IV

Деана ма хилира и делан хаза са,
Нур дашо можа малх кхетале ва хьалха,
Малхал хьалха схьакхета и маьлхан з1аьнараш
Хазлучу заман чохь,
Дуьгу нускал ва санна, расха дин кечбина,
Хаза йо1 ва санна, ша каде кечвелла,
Дин хьаьвзаш ва хилла, ша каде т1ехиъна,
Ша ваха кечвелира и Адин ва Сурхо,
Ц1ийзаш, юххе девлира и дуткъа ва эраш,
Декаш т1ехьаьвзира, тов, чо шера куьйранаш,
Борз санна йора дин ша хала сецабеш,
Барзал майра дилхан дог ша кийрахь ва сецош,
Чал дера ва герзаш шен юкъах ва къуьйлуш,
Чо шера куьйранаш т1оьхула ва хьийзаш,
И дуткъа ва эраш ва улло ва ц1ийзаш,
Вахана ма кхечира и Адин ва Сурхо
Цу юьрта ва йисте, йиллинчу ва метте,
Ша хьалха ва ваьлла, уьш т1ехьах1иттийна,
Ша воьдуш кхечира и Мусостан раьг1нашка,
Хьалха ор ва доккхуш, т1аьхьа муш ва бустуш,
Ша екъа йолийра цо Мусостан и раьг1наш,
И делан делкъахан хилале ва хьалха,
Екъна кара ма елира цу Адин ва Сурхос
Мусостан и раьг1наш цу юьртан тхьамданашна,
- Шу ц1ехьа г1о шайна, ва юьртан тхьамданаш,
Мерза са гатделла, самукъа ва даккха,
Раг1 талла воллу со, х1ай юьртан тхьамданаш, -
Олуш, ц1ехьа хьовсийна и юьртан тхьамданаш,
Раг1 талла ма вуьйлира и Адин ва Сурхо,
Лаьттахула еддариг эраша ва лоцуш,
Стиглахула ва еддарг тоьпаца ва лоцуш,
Тоьпера ва яьлларг куьйранаша ва лоцуш,
Раг1 талла к1ордолцца раг1 толлуш ва лелла,
Раг1 талла к1ордийча, и Адин ва Сурхо,
Лекхачу динара ша лаха воьссина,
Схьаэцна юткъа нуьйр г1евланга товжийна,
Даржийна ва верта шена т1е ва тесна,
Чал дера ва герзаш шен мара ва къуьйлуш,
Набарна ма вижира Мусостан цу рег1ахь.

V

Мерзачу набарах воьллачул ва т1аьхьа,
Дахал воцуш ва дуьйна дилхан дог ва даьхна,
Тийсал воцуш ва дуьйна мерза са тийсина,
Х1окху Сурхос къастийна и бабин хаза йо1
Мусостан ва вашас Мусостана йиги бохуш,
Г1енах дуьхьалтеси, тов, цу Адин Сурхона,
Цу г1енан халалла мела хьацар ва хилла,
Набарах велира и Адин Сурхо.
- Да велла йиса шу, Мусостан ва раьг1наш,
Набарна товш яц-кха Мусостан шу раьг1наш, -
Олуш, ха хаьрцина, ша юха ма вижира и Адин ва Сурхо.
Шолг1а а вуьйлира и Адин Сурхо мерзачу набарах,
Дахал воцуш ва дуьйна дилхан дог ва даьхна,
Тийсал воцуш ва дуьйна мерза са тийсина,
Цу Сурхос къастийна и бабин хаза йо1
Мусостан ва вашас Мусостана ва йигна,
Мусостан ва нана ловзарга ва хьийзаш,
Ша вина ва нана ва йоьлхуш ва хьийзаш,
Г1ан-набарш яйра,тов, цу Адин Сурхона,
Син метта топ кхетта ц1ен экха ва санна,
Т1ехьа ши куьг ва тоьхна, ша хьалаиккхина,
Динан букъ ва лоцуш юткъа нуьйр тиллина,
Дин хьаьвзаш ва хилла, ша таь1аш т1ехиъна,
- 1аламат яраббий, х1ай веза тхан дела,
Г1енаха дайнариг бакъ хуьлуш дуй техьа? -
Олуш, юткъачу шедаца расха дин чехабеш,
Ша ц1ехьа вирзира и Адин ва Сурхо.
Шен динан дикалла, шен деган майралла,
Вахана х1оьттир, тов, и Адин ва Сурхо
Вехачу ва керта, йоьлхуш араелира Сурхо вина ва нана,
- Дакъаза ма яла, со вина ва баба,
Яра х1ун ду техьа дакъа доцуш ва белхар?
Ахьа суна дийцахьа ва вайна хиллариг.
- Со яла хьан дела1, сан жима ва Сурхо,
Хила х1ума ца дисна кху маьлхан дуьнен чохь:
Сан дагна ва езна и бабин хаза йо1
Мусостан ва вашас Мусостна ма йигна,
Мусостан ва нана ловзарга ма хьийза,
Хьо вина ва нана ва йоьлхуш ма хьийза.
Х1ара маьлхан дуьне даа ма вехийла хьо,
Со елхийнчун нана елхоза 1ен велахь,
Сан жима ва Сурхо! -
Олуш, лен ва яьлча ша вина ва баба,
И вухавирзира вехачу уьйт1ара,
Хьаьвзина х1оьттира Мусостан ва уьйт1а,
Лекхачу динара ша лаха воьссина,
Уьйт1арчу гоьзанах, дин лекха д1атесна,
Болатан туьра т1е деза ка те1адеш,
Хьаьвзина вахара и Мусостан х1усаме.
Барч буьзна бара, тов, и элийн ва стунаш,
Дух дуьзна бара, тов, и кегий ва элий,
Кад буттуш вара, тов, Мусостан ва ваша,
Дууш-молуш бара, тов, и кегий ва элий,
Морхашкахь ва лечкъа дашо малх ва санна,
Мусостан ва баьрчехь базаран кирхьанах
Ша лечкъаш яра, тов, и бабин хаза йо1,
- Ассалам 1алайкум, х1ай кегий ва элий -
Олуш, чувелира, тов, и Адин ва Сурхо,
- 1алайкум ва салам, ва Адин ва Сурхо! -
Олуш, хьалаг1евттира и кегий ва элий
- Хьо охьахаахьа ког лекхчу ва г1анта,
Даа ду ва хьуна бордаха ва дилха,
Мийла ду ва хьуна и сирла ва къаьркъа,
Сакъера бу хьуна и элийн ва стунаш, -
Олуш, лен ва бевлча и кегий ва элий,
Т1аккха лен ма велира и Адин ва Сурхо:
- Шун дилха ва даа чо екха вац со-ма,
Шун кьаьркъа ва мийла ва хьогах вац со-ма,
Стунашца сакъера к1иллу стаг вац со-ма, -
Олуш, лен ва ваьлча и Адин ва Сурхо,
Дезачу маларан кад ша бузуш боьттина,
Дехар деш, т1евеара цхьа воккха ва эла:
- Д1алаций мала ахь, ва Адин ва Сурхо,
Дезачу маларан кад, дехаре бу хьуна.
- Ахь доьху ва дехар суна-ма ца хаьа,
Цхьа дехар ду сан-ма дала таро ва йоцуш,
Дийцал ахь ва суна айхьа доьху ва дехар.
- Ас хьоьга ма-доьху, ва Адин ва Сурхо,
Мусост дукха ва везаш, Мусосте еана и бабин жима йо1,
Алар-дийцар ва доцуш йитина ва верзар.
- И дара ва хьуна ас хьоьга ва баьхнарг,
Ахь доьху ва дехар дала таро йолуш дац,
Ас хаттар дийр ду-кха цу бабин ва йо1е,
Мусост дукха ва везаш еана цо бахахь,
Пусар доцуш шуна ю и бабин хаза йо1,
Мусост дукха ца везаш, ялийна ша цо бахахь,
Валлах1, дера, воьрзур со сайн к1айчу нускалца, -
Бохуш лен ваьлча и Адин ва Сурхо,
Т1аккха хьалаиккхира, тов, Мусостан ва ваша.
- Х1ай, елла яла хьо, ва Адин ва к1иллу!
Эрмалойн ва баьрчехь турмала ва санна,
Товш хета ва суна и бабин хаза йо1
Мусостан ва баьрчехь, базаран кирхьанахь.
- Суна цул товш хета, Мусостан ва ваша,
Хьан дуткъачу дег1ана юьхьиг т1еерзийча осмалойн тапчанан, -
Олуш, каде яьккхина, кховдийна туьйхира, тов
Цу Адин ва Сурхос Мусостан вешина
Дег1ана аттачу, садала сихачу.
И тоьхна вожийна, лен вели бахара
И Адин ва Сурхо цу бабин ва йо1е:
- Дакъаза ма яла хьо, бабин хаза йо1,
Мусост дукхавезаш, хьо цуьнга еанехь,
Ца йига веъна со, бакъдерг ахь дийцалахь,
Мусост дукха ца везаш, хьо нуьцкъала ялийнехь,
Хьо йига веъна со, ва бабин жима йо1, -
Олуш, лен ва ваьлча и Адин ва Сурхо,
- Вешан ц1ахь дуьйцур вай,
Кху нахехь ма дийца, ва Адин ва Сурхо, -
Олуш, букъ т1е ши куьг ва тоьхна,
Сурхо хьалхаваьккхина, ша т1аьхьах1оьттина,
Т1аьхьа ара ма елира и бабин хаза йо1,
Шаьш хьаьрчаш делира, тов, расхачу ва дина,
Сакъера хевшина и элийн ва стунаш,
Даа-мала гулбелла и кегий ва элий тезета гулбина,
Ша ц1ехьа вирзира и Адин ва Сурхо цу бабин йо1аца.

VI

Шийла орца ма даьхьира цу эла Мусосте:
"Веза ваша ва вийна, олалла дожийна,
Нускал эцна ма воьду и Адин ва Сурхо", -
Олуш орца ва кхаьчча цу эла Мусосте,
Цу яйдакх ва говрахь, ерзанчу тоьпаца,
Цхьалхачу туьраца
Ша орцах ма кхиира и эла ва Мусост цу Адин ва Сурхох.
И эла ва Мусост шена орцах ва кхиъча,
Лекхачу динара ша лаха ма воьссира и Адин ва Сурхо,
Ша т1аккха ма воьссира и эла ва Мусост лекхачу динара,
Т1аккха лен велира, тов, и эла ва Мусост:
- Топ кхосса ва суна, ва Адин ва Сурхо!
- Со-м дера ваьхьар вац хьуна топ ва кхосса,
Со к1иллу веца со Адин ва Сурхо,
Ахь кхоссал ва суна, ва элан ва Мусост,
Веза ваша ва вийна, олалла дожийна,
Нускал эцна воьдуриг со Сурхо веца, -
Олуш, кхайкха ва ваьлча и Адин ва Сурхо,
Ша мажар ма кхоьссира цу эла Мусоста.
Цу х1урдан ва мохо куьйса эрз ва санна,
Ластийна ма витира и Адин ва Сурхо Мусостан мажаро,
Д1аман баттахь ва йоллу бакъ г1ирмин ва мажар
Ша каде яьккхина, кховдийна туьйхира, тов,
Цу Адин ва Сурхос цу эла Мусостна
Дег1ана аттачу, садала сихачу,
Ша тоьхна вожийра цу Адин ва Сурхос и элан ва Мусост.
Дукъ лакха ва ваьлча, динаца ва ловзуш,
Дукъа лаха ва ваьлча, нускалца ва ловзуш,
Веана х1оьттира, тов, и Адин ва Сурхо вехачу ва уьйт1а.
Т1аккха араелира, тов, Сурхо вина ва нана,
- Хьайн елхийнчун ва нана елхийна хьо ваг1ахь,
Хьо марша вог1ийла, сан жима ва Сурхо!
Хьайн елхийнчун ва нана елхоза хьо ваг1ахь,
Хьо марша ма вог1ийла, сан жима ва Сурхо! -
Олуш лен елира, тов, Сурхо вина ва нана.
Т1аккха лен ма велира и Адин ва Сурхо:
- Берахь дуьйна ас лаьцна дуьненан ва г1иллакх
Дохоза ца 1ийн хьо таханлерчу ва дийнахь:
Х1ара бабин хаза йо1 несалха ялий ас, -
Олуш, лекхачу динара ша лаха йоссийра и бабин хаза йо1,
Дой хьийзол ва йолу и йоккха ва уьйт1е
Т1ам хьовззол ца хуьлуш,
Ша халха ма хьаьвзира Сурхо вина ва нана:
- Хьо санна воцу к1ант ва нанас ма волда,
Сан жима ва Сурхо,
И вича ма ваха х1ара латта ва хьеша! -
Мерзачу безамца, хазачу ойланца
И нийса ши накъост сов хаза даха ма хии.
***
Ма лалда вай к1ентий вовшех тешам байна,
Ма лалда вай к1ентий вовшех безам байна,
Нанас дена ма волда яхь йоцу ва к1анат,
И вича, ма кхиа яра дуьне ва даа,
Нанас дена ма волда тешам боцу ва к1анат,
И вича, ма кхиа цу дийнахь делкъалца.
__________________________
* Адин Сурхо Ч1ебарлара схьаваьлла ву. Х1инца а нахана довза а девзаш, т1ехь чурт а долуш, каш ду цуьнан Макажахь, профессора Чокаев Катис дийцарехь.
Илли т1ехь вуьйцу эла Мусост г1ебарто хилла. Иза Жимачу Г1ебартахь (х1инцалера Малхбекан район) вехаш хилла. Хетарехь, илли т1ехь дуьйцург Сурхос декъна латта ду.
Marty вне форума   Ответить с цитированием
 

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 20:20. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017