Старый 02.02.2018, 17:48 #1
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,418
Вес репутации: 8351
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию Бисултанов Апти

Лам лекха бу аьлча ломах
аьлларг аьлла доцу дела
х1орд к1орга бу аьлча х1ордах
аьлларг аьлла доцу дела
ломал лекха х1ордал к1орга
нохчийн бала болу дела
со мотт сецна висна тахна
аьлларг аьлла доцу дела
вайн дегнаш а вайн кешнаш а
цкъа бухдохур долчу Дала
цкъа бухбоккхур бу-кхa х1ара
нохчийн къоман беза бала
ишта ойла йина ас а
кхачадича дош а аз а
кхачадича дег1 а са а
Деле велха дезна сан а
Хьоьга деха хьакъ а волуш
доьхуш вац со Везан Дела
Хьуна хьалха бакъ а волуш
доьхуш вац со Везан Дела
байлахь бисначеран ц1арах
доьху Хьоьга Везан Дела
жоьрахь бисначеран ц1арах
доьху Хьоьга Везан Дела
к1ур хаьддачийн ц1арах Хьоьга
доьхуш ву со Везан Дела
х1у хаьддачиин ц1арах Хьоьга
доьхуш ву со Везан Дела
Тхан массеран к1ур хадахь а
Х1у хадахь а Везан Дела
Тхан къонахийн х1у ца хеда
беркат лохьа Везан Дела
Райя вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 16:54 #2
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Олхазаре

са хаддалц кхайкха хьо хIай маьрша олхазар
ва дийна хиларан жоп Деле доьхуш
тIам хаддалц кхерста хьо хIай маса олхазар
вай дегнийн баланаш тиен меттиг лоьхуш

вай вовшех кхаьрдича нийсдала мегачу
гIуллакхан ойлаяр дита ахь суна
вай вовшех къаьстича мага ца мегачу
ойланна доладар дита ахь суна

цу Далла хастамбеш тIома ца кхолларна
тIам акха ца волуш вуьсучу суна
цу Далла хастамбеш Нохчийчохь кхолларна
ког акха ца волуш вуьсучу суна

цу Далла хастамбеш дилха дог кхолларна
тIулгаш а чIагIаллех духучу дийнахь
цу Далла хастамбеш хьох тера кхолларна
баьхнаберш Нохчийчохь буьсур бац дийна

ирс долуш деца хьо хIай маьрша олхазар
нахаца нийсо хьан леха ца дезна
ницкъ болуш деца хьо хIай кура олхазар
дуьненан кIезгалле лакхара хьежна

тIемашкахь мох кхаьбна бIаьргашкахь Iожалла
синметтехь яхь кхаьбна дара-кх хьо хийла
наггахь ахь мохь тоьхча дIаьндарган озал а
и маса хуьлура хуьлура шийла

цу Делан Iаьршашна тхол гергахь кхоьллина
цу Делан лаамна тхол гергахь даьхна
ирс долуш дара-кхь хьо самаьрша кхоьллинарг
кхоьллича дуьйна схьа гIазотехь даьхнарг

хьо дезна дацара-кх лаьхьанал башха хьайн
IиндагIа хиларна и лаьттахь текхаш
Iаьршашкахь хьовза хьо шуьйра тIам баржабай
хьайх хьоьгуш дуьсучу тхан къина декаш

хьовза хьо кхарста хьо херцаршна тIехула
дохк санна сингаттам лаьттачу махкахь
сагIин гуо хьовзвбеш кху махка тIехула
тийначу доIанехь меллаша тахка

стигла а латта а мостагIех сийсачу
кху махках гIайгIанаш баланаш хьерча
есачу шахьаршкахь чангIалкхех цIийзачу
мехаша лоькху тхан дохийна кхерчаш

шайх къобал сагIа деш Делан дош толийта
сийх шек ца довлийта ламанийн баххьаш
кху махкахь иманан серло ца кхолийта
гIазотехь эгначийн и нуьре яххьаш

уьйш дуьхьалтуьйсу-кха хьо стиглахь хьевзича
осаллех са паргIатдоккху-кх хьан озо
сирла мохь тоьхна ахь тхан дегнаш кхевсича
харцадеш массо а харцонан доза

ког акха тIам акха са акха даьлла дерг
адам я олхазар экха я дийнат
де эшна нийсачу некъах шекваьлла верг
Iожалла я маршуо къасточу дийнахь

гIаттавеш къийсамехь мел воьжнарг хьахавеш
маршуонан туркх хилий Iаьршашка дала
доллучу дуьненна тIера шех сагIа деш
дуьнене Нохчийчоь йогуш ю ала
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 18:30 #3
i.am i.am вне форума
.
 
 
Регистрация: 09.10.2017
Адрес: .
Сообщений: 2,465
Вес репутации: 3433
i.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможно
По умолчанию

Янычар, одно из любимых, особенно в исполнении бирлант рамзаевой.
i.am вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 18:35 #4
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от i.am Посмотреть сообщение
Янычар, одно из любимых, особенно в исполнении бирлант рамзаевой.
У Апти этот стих тоже одни из любимых)
У меня есть несколько любимых его стихов, некоторые есть даже в моем исполнении)

потихонечку заполню эту тему)
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 21:12 #5
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Кхулла романтичный нохчийн стих сун цкъа хезна яц)



Цаевзарг

1.

Со хьоьца Iаш вара
Хьо чоьхьа елира
Iадийна цецваьлла
Ас хьоьга элира
— Цаевзарг алахьа
Со вевзий хьуна?
— Ца хаьа хьуна?

Жоп цхьалха далале
Хан-зама елира
Юха а со хьоьца
ТIекара велира
— Цаевзарг алахьа
Со гиний хьуна?
— Ца хаьа хьуна?

Цу хенахь ша-шеха
НеI екъаелира
Кхин хIусам хир йоцуш
Тхов бекъабелира
Со сайца висира
Хьо хьайца йисира
Мел долу хаттар сан
Жоп доцуш дисира

Вайн къастар хIораза
Иштта ма хуьлура
Хьо гучуяллалца
Хьо соьца хуьлура
ХIораза хьуо оьций
Иштта дIайовра хьо
ДIаяйча кхин а сов
Сан дагна товра хьо

2.

Со хьоьца волало хуьлу хьо тIома
Со хьуна велало хуьлу хьо гома
Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош
Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома

Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш
Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш
Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий
Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш

Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь
Со хьуна дарло хьо елало коча
Хьан йистцахиларо синбердаш херцош
Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу

Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар
Чуьртана доладар хьоьга догдахар
Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь
Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха

Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш
Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш
Дерриг а карийна дерриг а дайча
МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу

ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла
Мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла
Хьан озо вижавеш хьан озо гIаттош
Хьо гIам ду йиша ю ца хууш лелла

3.

Хьоьга ладегIар мохе цIа дехар
Хьоьга ладегIар тIулге са дехар

Хьо цхьаъ бен йоцуш ерг цкъа а ца хилларг
Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг
БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг
Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг

Хьо йицъян гIертар куьйга хи шардар
Хьо йицъян гIертар кога гIан къардар

Ден букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь
Къастийна дара те гергара хийра
Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь
Къастийна дара те самах я гIенах

Хьоьга ладегIар хьо йицъян гIертар
Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта.

4.

ДоIанна дехар
Хьо оьшу суна
И дехар хьеха
Хьо оьшу суна

Докъанна марчо
Хьо оьшу суна
И марчо хьарчо
Хьо оьшу суна

Хьан дош а сан дош а
Къайлаха жайнаш
Азаллехь яздина дарий те вайна

ГIенашна тешам
Хьо оьшу суна
И тешам эша
Хьо оьшу суна

Чуьртана бала
Хьо оьшу суна
И бала кхала
Хьо оьшу суна

Хьан дош а сан дош а
Къайлаха жайнаш
Эхартахь мукъна а гур дуй те вайна

1992 — 2009
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 21:20 #6
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию


Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду.

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю,
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду.
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 21:42 #7
Alpatu Alpatu вне форума
мимимишнайа
Аватар для Alpatu
 
instagram
 
Регистрация: 26.01.2010
Адрес: ...
Сообщений: 2,874
Вес репутации: 3329
Alpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможноAlpatu невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Янычар Посмотреть сообщение

Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду.

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю,
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду.

Мое любимое.яплакаюснихвсегда
__________________
Если у тебя нет пары, ещё не значит что ты не тварь.(с)
Alpatu вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.09.2018, 21:44 #8
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Alpatu Посмотреть сообщение
Мое любимое.яплакаюснихвсегда
Апти умеет )

Из чеченских поэтов, только он и 1ильман Юсупов могут так сильно )
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.10.2018, 22:36 #9
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

са(дагардар)
биъ са болчу х1окху ц1ийнан
иссолг1а цхьа са бу тийна
оцу сонехь 1аш ду са(н)
са ца карош дисна са

хьаладолий кораш толлу
авлияийн ойлайо
охьадуссий ц1енкъа толлу
презеденташ багарбо

олхазарийн кийрахь синош
тийначу шен вежаршна
доьлху иза ша шен къинош
карладохуш эзаршлахь

духар дац и хьулдеш цхьа а
марчо дайна диснадерг
марзо яц и лардеш цхьа а
дег1 а дайна диснадерг

готта хилла къора хилла
харц дуьненан х1ара б1ов
меттиг йоцуш бакъдерг дилла
лехарх карор боцуш тхов


хаьа цунна цхьа са дуйла
уггаре а эсалчех
и ша санна цхьалха дуйла
х1окху ц1ийнан есаллехь

ла илах1а иллаллах1у
олий хьалаг1отту и
ла илах1а иллаллах1у
олий гонехь хьийза и
ла илах1а иллаллах1у
Ахь кхоьллина долчу син
ла илах1а иллаллах1у
Дела вац Хъо воцург кхин

биъ са болчу х1окху ц1ийнан
иссолг1а цхьа са бу тийна
оцу сонехь 1аш ду са(н)
са ца карош дисна са
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.10.2018, 22:42 #10
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,500
Вес репутации: 2705
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

ДЕГ1АСТА

Дег1аста Дег1аста
азаллехь дуьйна хьо х1аллакьян г1ертачу
къизачу ницкъана юьхьдуьхьал лаьтташ
баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нийсдеш
турпала баьхначу хьан к1ентийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
эвхьанна безарийн б1аьра ца хьовсалуш
шовданийн б1аьра уьш хьийсарна ц1анлуш
кийра ц1ийх бузучохь са сирла латто
хьуна ницкъ беллачу йо1арийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
доллучу дахарехь оьзда юкъ йихкина
набаран кхоьлах а хьуна сагатдеш
доьзалийн вонехь а сада1ар доцуш
хьуна хехь лаьттинчу къонахийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
нуьцкъала хьох даьхна дуьненчохь даржийна
хьан лаьттахь коша барз хиллачех хьоьгуш
бартхаттар дицделла хьо Деле йоьхуш
эхарта дирзинчу хьан берийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
азаллехь Дала ша вайн дуьне кхоьллича
стигланаш латтанаш х1иттийна ваьлча
дуьненан 1аламаш нийсдина латто
диначу лекхачу хьан лаьмнийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
маьршачу буьйсана ламанан тарханаш
шовданийн мукъамехь ойлане техкош
экхано шен к1орни йохъечу хенахь
хьан г1енаш хьоьстучу тийналлин дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
Делан шен пурбанца малхо де доладеш
адамийн акхаройн г1ан-набарш хадош
хьан лаьмнийн бердашкахь шахьаршкахь бижина
бода д1атоттучу серлонан дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
зингатан дахар а мехала лерина
экханан бакъо а тидаме эцна
маршонца нийсдина нийсонца дустуш
тхан дайша кхоьллинчу г1иллакхийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
Дела ша резаво 1амалаш лелаеш
да-нана резадо доьзалаш кхиош
хьаша-да резаво ц1е кхерчахь латтош
хьан беркат лардинчу х1усамийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
мостаг1чо кху лаьттахь даха ца дитича
мархашлахь даьхна а са маьрша латто
т1улгаш т1ехь даьхна а дог кура латто
йиначу лекхачу хьан б1аьвнийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
Дела цхьаъ виначийн ламазаш дебадан
Элча бакъ виначийн ойланаш кхаба
хьан лаьмнаш сирлачу жам1ате кхайкха
диначу дуьххьарчу маьждиган дуьхьа

Дег1аста Дег1аста
Дела бен вала да воцуш хьо хьийзачу
тхан наной хьан къина боьлхучу дийнахь
г1азотехь дуьненан боданаш багош
хьан к1ентий оьгучу доккхачу дийнахь
Дала ларйойла хьо тхан Нана-Дег1аста
1995
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 21:05. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017