Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
13.07.2022, 23:45 | #61 |
...
|
Сарралц со балхаца воллуш,
суьйранна хьийзаш а цlахь, экамчу кху дагехь йоллуш, цхьа мерза сагатдо-кх ахь. Матагов Ихьсан P.S. Дер х1етий) |
14.07.2022, 23:58 | #62 |
...
|
Кхузахь диси...
Вайна lиндагl латтийна дитт кхузахь дара. Со воьлуш, хьо къовзийна нитт кхузахь бара. "Хьайна баккхий седа лохьа" - аьлла хенаш, Ахь соь хьалха дуьйцуш хилла хаза гlенаш, кхузахь диси... Хlинца лаьтта хlара меттиг, хено кхунна къа ца хеташ тоьхна метиг. Дитт лаьттина меттиг лоьхуш lиндагl доьлху. Нитт дlабаьлла, хьоь къинтlера ялар доьхуш... Хьайна баккхий лохьа аьлла седа бац кхин гlенаш дац кхин хьо а яц кхин со а вац кхин... Вайн безамна гlийла доьлхуш lиндагl лаьтта, Цу lиндагlехь безам белла lуьллу лаьттахь... Минцаев lальви |
24.09.2022, 23:44 | #63 |
Золото
|
Рашидов меня все больше и больше удивляет) Къайлахь дита воллуш м ца хилла къант.. Более иезуитского палева я не встречал
__________________
Зри в корень. |
25.09.2022, 16:05 | #64 |
Saudade
|
Воккха стаг, а иштта?)
__________________
У всего есть год спустя.. |
25.09.2022, 22:11 | #65 |
Золото
|
Деци, даже не смей сравнивать)
Я имел ввиду смысл и подачу этих строк: . Со хилла, ца йоьвзаш, хьоьх 1ехавелла. Амма хьан ирс хила луурду суна!. Къайлаха вайшинна юккъехь мел лелларг, Даимна сан кийрахь дуьссур ду хьуна
__________________
Зри в корень. |
25.09.2022, 23:07 | #66 | |
Saudade
|
Цитата:
Рашидови и сийна туьтеш бен суна йоьвзаш байт а яц, иза ю иштта цхьа «налегке». В таком случае, мне больше импонирует слова Апти: Хьо бара уггаре боккха сан тамаша, Хьо яра уггаре йоккха сан къайле(с)
__________________
У всего есть год спустя.. |
|
23.02.2023, 15:22 | #67 |
Золото
|
Дахар
Ма чlогlа лаьцна-кх и – Дlо дитто цу бердан йист! Ма тасаделла-кх и цунах, Ма тасаделла-кх и цунах, Дlалуш шен берриге ницкъ, Орамаш – гlелделла пlелгаш – Къевлина тlе, кхин ца делла. Бердан йист-м йоллу чухарцца… Бердан йист-м йоллу чухарцца…. Лаьтта дитт, бlаьстенца сенлуш, Мох эшош, дарц эшош денна, Делахь а къийса ца г1еллуш… Мел боккха хила а беза-кх Цу диттан шен бердах тешам! Ма дезаш хила а деза-кх Дахар а – иштта даха… Яндарбиев Зеламха , зы Чем -то напоминает вот это : Ма ч1ог1а сатесна ъ хилла кх ас хьоьга, б1аьсте, Апти Бисултанова. Кхин д1а дага ца дог1у дешнаш. Х1орш а, нийса ца хила ъ а там бу. А в чем их созвучие, не понимаю сама) |
25.02.2023, 23:27 | #68 |
Я вам не хабиби
|
Нохчийчоь, сан сирла седа
Байчу мохо ийдеш т1ома, Хьоьстуш малхо, беттасино, Кхуьуш зезаг суна гина, Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь. Гена махкахь лелаш хиларх, Сан даг чохь и даим хилла: Сагатделча - хьоьжуш г1ийла, Деладелла - векхна хилча. Шарал дахлуш доца денош, Дагах летарх шийла шело, Цо ницкъ лора ларбан тешам, Нохчийчоь, сан деган безам. Хан т1екхаьчча - къаста дезаш, Чакхе декъал еш сайн некъан, Ган лаьар-кха и хьан зезаг, Нохчийчоь, сан сирла седа... Яндарбиев Зелимха ———— Зелимхан байташ Нохчийчоьне болучу безамах юьззина хуьлу, цхьа ша кепара, кхин болу поэтйин байташах тера а ца хуьлу. |
02.05.2023, 12:55 | #69 |
Золото
|
Даймахке-Нохчийчоьне!
Къорачу кхокханна Хезначу озанах, Бlаьрзечу барзана Гиначу йозанах, Пехех чекх хьаьжначу Рентгенан куьзганах Ца ги-те мостагlна Хьох дуй дог дуьзна сан?! Хьан маршо йезначохь - хlолламийн биргlанаш, Хьан къурд бан дезначохь - хьан къина билхинарш. Маттана тlетесна буржалан догlанаш, Моттаргlна ги тесна чилхьесийн обанаш. Iаса бен кхин гlортор йоцучу къаночух, Мер тlе пlелг лестабеш, и ваха lамочух, Къонахийн хьан цlераш шен иэсехь ларйечух, Къоман мел лезна чов сел дера дарйечух, Ас царех хlора дош экъа тlе йаздина, Тlаьхьа т1ейогlучу оьмаре арз дина, Даьгначу тептарийн цlарах и гlоттур ду, Аьгначу тlулга тlехь цо жоп шен хlоттур ду. Ткъа тахна-м ас а суо бехказа йаьккхина, Цхьа а бехк боцу са кlелхара даьккхина. Хьан лаьмнийн тарханийн мокха бос безарна, Хьох йаьлча цамаггал Нохчийчоь йезарна! Арсалиева Люба |
21.05.2023, 09:29 | #70 |
Золото
|
Люба Арсалиева.
Кхин д1а а, цхьа доггах, шен Нохчийчоьне болу безам а, цуьнах лазам а, балхош. Цlера йу со Нохчийчуьра! Чlерашна а lома чуьра Хаа, хlара ду сан латта, Шеко йолчо ша цкъа хатта, Бlаьрг дlабеллий, лерг дlадастий, Ворхlе ден сан каш схьадастий, Виснарг хlокху лаьттахь lилла, Даьlахкех шен чан а хилла. Хатта цу даьlахкийн чене, Хатта мел йаханчу хене: Хьан орамийн тlаьхье йуй и, Ахь ладегlна кхане йуй и? Цlера йу со Нохчийчуьра! Дера бу сан Даймохк луьра - Шена йамарт хиллачунна, Шеца кlилло хиллачунна. Керзийн этка Орган хи чохь Йуьлуш, мостагl бlаьрга гича, Иссе тlулгах хи чекхдоккхуш, Кlесаркlаг дlа къайлабоккхуш, Мехкан воцург махках валлалц, Ас ладоьгlу и де даллалц! Цlера йу со Нохчийчуьра! Керайуккъехь доlа дуьра Хиллалц, хlара Даймохк бехна, Хlокху лаьттахь маршо йехна - Маьрша хила хьакъболчарна, Харц мел бинчу бакъболчарна! Хьан лазамо lовжадина, Ломах дог сайн товжадина, Хьох дош аллал, векал санна, Сох жоп даллал, верас санна, Нохчийчоьнан со ма хилла! Нохчийчоь, хьо сан ма хилла! |